Главная » 2008 » Апрель » 24 » 1алам,акхарой,олхузарш нохчийн маттахь
1алам,акхарой,олхузарш нохчийн маттахь
15:40
 Ц1ИЭН БОС БОЛУ ПЕЛИКАН

 

Ц1иэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу.

 

К1еззиг ц1иэ бос а бетталуш к1ай ю. Т1емаш йоьххьера 1аьржа ду. Коьрта т1ехь жима к1ужал бу. Еха з1ок ю цуьнан. З1акарна к1елахь т1аьрсиган т1оьрмиг бу. Т1емаш д1а-схьа даржийчи 2 метр ду. Х1урдан г1айрешца, бердащца, хишца, 1аьмнашца хуьлуш ю пеликан.

 

1аьржачу х1урдан къилбаседа-малхбузехьа х1урдан йистошца а, Азов х1урдан йистошца а, Каспийски х1урдан къилбаседехьа йистощца а, Г1алмакхойн аренашкарчу 1аьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Сирехь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. Б1аьста къилбехьара бовхачу махкара схьайог1уш а, гурахь юха цига д1айоьлхуш а вайн хиш, 1аьмнаш долчохь; цхьана к1езигчу ханна сеца уьш. Х1инцачул хьалха Теркан йистошца а, 1аьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а ч1ерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тог1еш еза царна.

 

Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до 1аьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна т1екхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до х1ораммо х1оа. Тойнахь 33-38 дийнахь 1а. К1орнеш йоха июнь-июль баттахь. Таь1на мокхачу басахь хуьлу уьш.

 

Ч1ог1а ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. Г1аттар хала ду цуьнан. Т1емашца г1оттуш хи т1оьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа т1емаш а лестош. Т1оьхула хьийзаш 1едал а ду цуьнан. Г1еранца х1аваэхула мог1а бой йоьлху уьш. Г1араг1улеш санна са бой а йоьлху. Хи т1оьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. Ч1ерий доу цара, хи гомхачу д1а а лоьхкуш, з1акаршца каде схьа а луьйцуш.
---------------------------------------------------------------------
 

          ХЬИЙЗИНА МЕСАШ ЙОЛУ ПЕЛИКАН

 

Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша "Кудрявый пеликан" олу.

 

Вукху ц1иэ бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш к1ай ю, сиро бос а болуш. Т1емаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. Г1ортанна т1иэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. Д1ай-схьай даржичи т1емаш шина метре кхочу.

 

Вукху ц1иэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.
---------------------------------------------------------------------
 

                                             СЕЛАСАТ

 

Оьрсаша селасатах "Иволга" олу. Боьршачу селасатан т1емаш а, ц1ога а з1акара т1ера дуьйна б1аьрга т1е кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а 1аьржа ду. Важа долу дег1 къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, к1ай ю, мокха т1едарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ д1ай-схьай кхелхаш ю. Б1аьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайог1у уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка д1айоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, г1иллакх дац церан. Цхьана дитта т1ера г1евттича кхоьчу дитта т1е ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа "ч1ий-и-йкъ" "п1аьв-плаьв" олий ека. Цкъацкъа "плю-тиу-лиу" бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. Х1оьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос к1айн бу х1оьийн, 1аьржа т1едарчий а долуш.
--------------------------------------------------------------------------------------------
 

                            1АЬРЖА КОРТА БОЛУ СЕЛАСАТ

 

Оьрсаша "Черноголовая иволга" олу цунах. Изза бен кхин башхо йоцуш, вукху селасатах тера ю иза. Башхо цхьаъ ю, з1акарна т1ера дуьйна б1аьргашна юххехула г1ортанна т1иэхьа кхаччалц 1аьржа ю месаш. Вуьш санна цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу. Баннаш дитта боьххьехь до. Х1оьаш май-июнь баттахь до 3-4. К1ай хуьлу уьш, жимма ц1иэ бос а бетталуш, ал т1едарчий а долуш. Садолу х1умнаш йоу цара.
--------------------------------------------------------------------------------------------
 

                                  СУЬЙЛИН-Ч1ЕГ1АГ

 

Суьйлин-ч1ег1агах оьрсаша "Сойка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза шуьйро хьаж а долуш, доцийро т1емаш а долуш. Ц1ога нийса а, шера а ду. Логак1ело к1айн ю цуьнан. З1акарна бухехьара схьа б1аьрга к1елахула лога т1е кхаччалц 1аьржа томмаг1 ду. Т1емийн юьхкаш т1ехь к1айн т1едарчий а долуш сийна месаш ю. "Куьзга" олу цунах. Дег1, хьаьрсо бос болуш, ал ду. Хьуьн чохь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а г1ера йой а лела уьш. Охьахийшар диттийн генаш т1ехь а, лаьттахь а ду. Ядар хало ду цуьнан. Бен диттийн генаш т1ехь бо. Х1оьаш 5-7 хуьлу, баьццаро бос а болуш, мокха т1едарчий а долуш. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Декар зевне ду "ч1ие-ч1икеъ" бохуш.
--------------------------------------------------------------------------------------------

 

Просмотров: 3942 | Добавил: borzik
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024