ПИСУЛИГАС тахана
                                                                   
Салам. Со хаза долуш, жима долуш, месала долуш пису ду. Сан ц1е Писулиг ю.Со байт1ехь карийна ду.Со куьга керайуькъа дилина, йовха 1а тухуш хьестош лелош ду. Суна шу моссу ишта леладойла лаьа.
 Суна лаьа шуьга дийца сай дахар.
Ас шуьга ладуг1ур ду. Нагахь суна туьйра дица лууш хан йог1а. Шуна дика хуург шуна туьйра муьлханиг ду. Суна шу ч1ог1а дукха деза.Мяуууууууу!!!
 
23,сентябрь,2008 ш.
Шинара.
Тахана вайна дог1а дара доьлхаш. Суна корехь хиина 1е лаьара. Бакъдериг дийцича, дижина.
Набарах 1ебаш даци со. Тахана г1енахь, со дахка болче хьошалг1а дахара. Им бацар соьх озалуш.
Кхала хума яц теша ,бохаш со лелашахь, дахко сом човхира.
- Вайна мархи бут бу,- жима собаре хила,-аьлла йохьаржа хоттира со дахко.
 Суна цицки марха дийца дагадеара, амма сайна собар дехна, ц1а дирзира со.



24,сентябрь,2008 ш.
Кхаара.

 

Ду со месала,ду со кура.
Жима писулиг ду со.
Куьзганчу хьаьжча соьл хаза хума дац, шуна муха а хетахь.
Дог1а дог1аш дац.
Дехки гуш дац.
Х1у кхоллар яра теша? Сан цициг марха мац делла. Шура? Ца еза суна шура. Т1о дика хир бара суна.
Бовха хьокам бу. Т1е мала шура- тоьхна чай ду...
Хинца бетах мот хьаькхана, сай кура ц1ога шардина, дера деза со юртахь х1у ду хьажа даха.
Ц1а дирзача сайна гинарг дийца луур ду суна.
Дахар со.

 


25, сентябрь,2008 ш.
Еара.

 Ма хаза де ду тахана.
Мот хьакхан сай дег1 шардина, чохь да дезаш долу г1улакъаш кхачадина, ара дала деза со.
Сан кедахь куьг ма тохалаш аьлла, дахар со междиган керта.
Со санна ара даьлла лелаш цха- ши цициг дара.
 Цара керланаш ца дийци суна.
Делахь,дера деза со баба йолче хьошал даха, аьлла, со юрта йисте 1аш йолу баба Санет йолчу кхечара.
Хаза хийтира бабина. Сихонца суна шура йоттира цо.
Сай ,делкъац марха, даьстина, со бабин истанга т1ехь д1а дижира.
Хье ца луш бабин цициг "Мовсар" ц1а деара. Кхоьссана со д1а даькхара цо, истанга т1ехь аса  йохйина метигара.
Со ара даьлла ц1а деара.
Новкъахь ,ц1а йог1аш тхай г1аз гира суна. Цуна моттара ша суна ца йоьвза.
Гена даьлла аса цуьнга кхайкира:
-Хьо ара хьа ялийтина ? З1акардахни юрта юкъахь лелаш товша дац.
Суна ша йовзана реза йоцаш, г1аз соьхха лата даг1ахь яра.
Амма сан когаш сиха хиларна, со мох санна дедда ковкерта т1е делара.
Ишта дукх хьара дахар. Вадолуш вериг- водаш,латалуш вериг-леташ.




ВАЙ ПИЛЛИГ-
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024