Главная » 2008 » Май » 6 » АКХАРОЙ,ОЛХУЗАРШ,НОХЧИЙН МАТТАХЬ
АКХАРОЙ,ОЛХУЗАРШ,НОХЧИЙН МАТТАХЬ
22:29
ХЕНАК1УР

 

Хенак1урах оьрсаша "Дятел" олу. Боций когаш а болуш, сто санна ира з1ок а йолуш, шиъ хьалхаша д1ай, шиъ т1ехьа бирзиний биъ-биъ п1елг а болуш олхазар ду иза. Т1емаш шуьйра ду цуьнан. Ц1ога ч1ог1а а, декъа а, йоьххьера ира а ду. Х1оьаш, х1оьа кепел доцийра ду. Боьршачу хенак1еро декъачу диттан г1одах з1ок етта, автомат санна чехка. Вайн махкахь 5 тайпа , 14 беса ю хенак1ур. Хьаннашна зуламе йолу садолу х1уманаш цара х1аллакъеш хиларна пайдехь лерина уьш.

 --------------------------------------------------------------------------------------------
 

                                   БАЬЦЦАРА ХЕНАК1УР

 

 Баьццарчу хенак1урах оьрсаша "Зеленый дятел" олу.

 

Букъ баьццара бу цуьнан, ц1ога т1оьхалара деши басахь можа ду, лахара дег1 баьццара бос а бетталуш к1ай ду. Т1емаш а, ц1ога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йолуш. Хьаж а, мекхаш а 1аьржа ду (боьршачуьнан ц1иэ т1едарчий хуьлу), коьрта т1ера а, логера а месаш ц1иэ ю. З1ок 1аьржа ю.

 

Дахар хьаннашкахь, тог1ешкахь бошмашкахь ду. Баннаш дечиган хари чохь до. Х1оа 3-6 хуьла. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар доккху.
Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар лаьттахь а,
диттан г1одца а ду. Церан коьрта даар зингатий ду.
--------------------------------------------------------------------------------------------  

                                    КЪОРЗА ХЕНАК1УР

 

Оьрсаша къорзачу хенак1урах "Пестрый дятел" олу.

 

1аьржан, к1айн, ц1иэн кхаа басара ду цуьнан дег1 хазчу куьцехь, иза къарзъеш, 1аьржачу т1ома т1ехь к1айн т1едарчий ду цхьа хаза зезаган куц а х1оттош. Боьршачуьнан к1есара-к1аг болу меттиг ц1иэн ю, корта 1аьржа бу. З1акарна т1ера коьрта т1ехьа кхаччалц 1аьржа сиз ду шина а аг1ор. Цу т1ера хенашка кхаччалц охьадог1у 1аьржа га. Б1аьргашна т1ера охьа к1айн беснеш ю. Т1иэхьа аг1ор чук1иэло а ц1иэ ю цуьнан. Вукха хенак1уран санна ду цуьнан дахар. Вукха хенак1уро санна бен диттан хари чохь бо. Тойна апрель-май баттахь доккху, 4-6 х1оьах. Дадар чехка ду. Цхьаъ ша а хуьлу иза, шиъ цхьаьна а хуьлу. Декар "кик-кик-кик" бохуш ду.
 Садолу х1уманаш йоу цо. 1ай акхачу стоьмийн х1уш доу.
--------------------------------------------------------------------------------------------
Х1УТТУТ
Х1уттутах оьрсаша "Удод" олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. З1ок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта т1ехь, мох ласториг санна мог1ара пелагаш а долуш, к1ужал бу. Т1емаш шуьйра ду. Т1емаш 1аьржан, к1айн мог1арш долуш къорза ду цуьнан. К1ужалан йоьххьехула 1аьржа сиз доьду, аьлчи а к1ужалан х1ора мас йоьххьера 1аьржа ю. Цунах з1акар т1ера дуьйна к1есарк1ог т1е кхаччалц хьаьвзина 1аьржа ах х1оз х1утту. Корта а, г1орта а, чук1ело а можа ю.
Яхар еса аренашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара б1аьста схьа а йог1у, гурахь д1а а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. Х1оьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа к1еззиг цхьанакхетий г1ера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу х1умнаш йоу цо. Екар "х1уп-х1уп-х1уп-х1уп, п1иж-ж-жакъ" бохуш ду.
------------------------------------------------------------------------------------------

Х1УЬРЦ1АЛДИГ

 

Оьрсаша х1уьрц1алдигах "Трясогузка" олу. Можа а, к1айн а хуьлу х1уьрц1алдиг. Шен дег1алла деха ду можачу х1уьрц1алдиган ц1ога. Боьршачунан корта я сира, я 1аьржа хуьлу. Букъ баьццара бос а бетталуш можа бу. Т1емаш 1аьржа ду. Ц1ога нисса д1а дог1аделла ду шина аг1ор к1айн сизаш а долуш. Стечуьнан дег1 можа ду, букъ т1ера бос кхоьлано бу.

 Можачу х1уьрц1алдиган дахар цанийн аренашкахь а, 1аьмнашкахь а, хин тог1ешкахь а, лаьмнашкахь а ду. Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар т1е а, дакъаделлачу синтар т1е а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехьа г1оьртича дека а декаш т1оьхула х1ийза х1урц1алдиг, я цхьана кондар т1ера вукха кондар т1е хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлга к1еллахь я бецан кондаршлахь. Х1оьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано т1едарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.
-------------------------------------------------------------------------------------- 
 

                    К1АЙН Х1УЬРЦ1АЛДИГ

 

 Оьрсаша "Белая трясогузка" олу к1айчу х1уьрц1алдигах. Шашах к1ай а дац иза, сийно бос беттало цунах. Коьртан туьта а, букъ а, кога к1ело а, накха а, ц1ога а, т1емаш а 1аьржа ду цуьнан. Букъ овкъаран басахь сира бу. З1акарна т1ера дуьйна б1аьрга т1оьхула г1ортан т1е кхаччалц 1аьржа сиз ду. Шина аг1ор ц1оганан йистехула а, т1емаш т1оьхула а к1айн моха ю, бухара дег1 а, к1ай ду. Дахар вукха х1уьрц1алдиган санна ду. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Б1аьста къилбехьа бовхачу махкара схьакхелхаш а, цига юха кхелхаш а цхьанакхетий г1еранаш хуьлу церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, ц1еной тхойнашкахь а до. Х1оьаш к1айн хуьлу таь1но сира т1едарчий а долуш 5-6. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Декар "жижиг-датта , жижиг-дата" бохуш санна ду.

-------------------------------------------------------------------------------------------

 

 

Просмотров: 3176 | Добавил: borzik
Всего комментариев: 1
1 Мединат79  
0
ЧIогIа дика йина а, мехала а агIонаш ю. Арахьа а, кхузахь (цIахь) а оьшуш ю. Вушта... Мегар делахь ала... Х1уттут йолчохь цуьнан шен - х1уттутан - сурт хила-м дезара. Куц-кеп нийса дийцина ма ду...

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024