Главная » 2008 » Июль » 20 » АКХАРОЙН Ц1ЕРАШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
АКХАРОЙН Ц1ЕРАШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
22:56
 ТАРСАЛ

 

Тарсалах оьрсаша "Белка" олу. Тарсал массанхьа а дойзаш ду. Туьйранахь а дукха меттигаш ю тарсал хьахош. Каде а, хаза а ду иза. Диттан гаьннаш т1оьхула цуьнан лелар йоккха исбаьхьалла йолуш ду.

 

Тарсалаш ехаш меттигаш дукха ю. Полярни гонашкара, къилбехьа, Испани а, Греци а кхаччалц долчу мехкашкахь уьлу уьш. Вайн Советски Союзехь, Малхбузехьа 1аьржачу х1урда т1е кхаччалц а, малхбалехьа Самаре, Свердловске кхаччалц а, къилбехьа аг1ор Алтайхь а. Вайн Кавказан лаьмнашца йолчу хьаннашкахь а, Кореехь а, Японехь а хуьлу уьш.

 

Тарсалан ц1окарчий,муьлххачу а кхечу акхаройчел а, механа еза ю. Тарсалаш дитташна т1ехь деха. Амма лаьтта охьа диссар а к1езиг дац церан. Лаьтта охьа а эккхий, додий кхечу дечиг т1е хьаладолу тарсал. Лаьттахь яа х1ума а лоху цо. Къайлах адам, я экха тергалдо цо. Шена т1аьхьа ваьллачух къехкаш диттан гена т1оьхула боьххье кхаччалц хьаладолу иза. Кхин д1а даха меттиг йоцуш дисчи кхоссалой кхечу дечиган гаьннаш т1е долу тарсал, я, лаьтта охьа а эккхий, додий хьалха т1е нисъеллачу дечиган г1ода т1оьхула хьаладоду.

 

Тарсалаш цхьана меттера кхоьчахьа д1акхелха. Кхелхана д1аяхар лаьттахула хуьлу церан, яккхийра реманаш цхьана а кхетий. И рема доьхьал нисъеллачу юьртах а, г1алех а чекхйолу. Церан д1ай-схьай кхалхар гурахь хуьла. 1а буьрса дог1ург хиларан цхьацца билгалонаш тосало царна. Яа х1ума йоцуш шаьш меца юьсург хиларх къаьхкий кхелха уьш кхоьчахьа д1а. Шерачу аренашкахула д1а кхелхаш доккха зе хуьлу царна.

 

Дитта т1ехь йолчу хенахь царна т1екхача аьтту боцуш хиллачу акхароша доу уьш. Масала, берзалоша, цхьогалаша, дингаташа, оьпарчаша, олхазарша.

 

Шаьш д1акхелханчу меттехь ялх-ворх1 ша доккху цара. Т1аккха цигара, шаьш хиллачу юха кхелха.

 

Тарсалийн дебар сиха хуьлу. Д1а-схьа кхелхаш х1аллакьхилар меттах1утту церан, сиха дебар бахьана долуш. Цхьана аьхка шозза хуьлу церан дохкана. К1орнеш кхаанни т1ера иттанне т1е кхаччалц йо. Баннаш дечиган 1еханах до цара, гондахьа г1аш, синтарш а дохкуш. Бен бухара к1адбеш тарсалийн чоьш а хуьлу. Дечагийн хареш чохь а до цара баннаш.

 

Тарсалийн коьрта кхача бу: хьуьнан б1араш, стоьмаш, стоьмийн х1уш, олхазарийн х1оьаш, ц1азамаш, ж1аьлин-нускалш. 1аьнна д1а1алашдо цара б1араш а, кхин тайпа кхачанан сурсаташ а.

 

 -------------------------------------------------------------------- 
 

                                    ОЬПА

 

Оьпанах оьрсаша "Хомяк" олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжк1аш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чук1ело а, лога к1елхьара а 1аьржачу босахь хиларна. Букх хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш к1айн ю. Т1ехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала яц, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. Оьг1азе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. Оьг1азе дарлой, шок а етташ, ц1ийза а ц1ийзаш т1екхета иза стагана. Ж1аьла доьхьал нисделчи цунна хьалха т1е а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа к1елхьара. Т1екхетий цергаш ч1ог1а юхку цо. Уьш д1а-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.

 

Адамах къахкаш яц оьпа. Мелхо а уьш дехачу меттехьа герга г1ерта иза.

 

Оьпа ялта диъна ца 1а. Цхьа пунт хиллал ялта 1ай даа т1аьхьалонна д1ахьулдо цо лаьтта бухахь. Шена чохь 1ен бен баьккхина ца 1еш йиъ-пхиъ чоь кечйо цо. Ялта чудухкуш "амбар", юьжу мотт, х1ума юу чоь, нехаш д1акхуьссийла, хьоштаг1а. Багахь доьлашна юххехь 50 грамм ялта хьо цо. Цхьа кийла ялта 1а1ош 20-зза д1ай-схьай йоьду иза. Цхьа пунт ялта т1аьхьалонна д1адерзош 320-за ялташ дийначу уьрда т1е хьала а йолу, юха 1уьргах чу а йоьду иза. Ши метар к1орга охка ца латта. Цо аьхъканчу 1уьрган дохалла йиъ метар, ах метар хуьлу. Оццулла ч1ог1а болх бан дуккху а хан еза цунна. Шена лиъчи чехка охку цо латта. Яьшки чу йоьллина оьпа, и а хадийна, пена к1елхулацхьаметар, ах метар деха 1уьрг а даьккхина, д1аяханера цхьана буьйсанна. Оьпанан бен шина аг1ор чекхболуш хуьлу. Цхьанахьаша раз чуйоьдийла йокку цо. Вукхазхьашхула нисса хьалайолийла йо. Къоначара чуйоьдийла цхьаъ бен ца йо.

 

1ай йийшина 1охку оьпарчий. Бакъду, массо а хенахь ца йо цара наб. Х1ума яа самайовлу уьш. 1ай наггахь бенара хьала а йолу оьпа, довхо де деъчи.

 

Оьпа гурахь кхин долу акхарой санна ч1ог1а ца ерста. Цундела юуш х1ума а йоцуш 1а даккха г1ора ца хуьлу цуьнан. Дехкаша санна 1ай напг1а лаха корматалла яц оьпанан. Ша т1аьхьалонна гулдина ялта доу цо 1ай. Оьпано садолу х1умнаш а йоу. Жима а, доккха а экха дац оьпаночул дукха к1орнеш еш. Ейтта а, пхийтта а, берх1итта а к1орни йо цо цкъа ехкаш. Ши к1ира кхаьччи к1орнеша шайна къаьс-къаьстана, лаьттах охкуш, баннаш до.
 
-------------------------------------------------------------------- 
                                      Зу

Зунах оьрсаша "Еж" олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш.

Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, г1ан патаршлахь, коьллийн керта к1ел, я къухашлахь таь1начу меттехь. Буха к1еда мотт буьллу цо, екъа буц, г1аш, иштта кхин йолу к1еда х1ума буха а тосуш.

Зуно кхаанна т1ера барх1анна т1екхаччалц к1орнеш йо. Зунан к1орнеш ирча хуьла, са а ца гуш, т1ехь чо а боцуш, ерзина. Нилхха к1айн, к1еда к1охцалий хуьлу цунна т1ехь. Шен бен цхьанна тосабелчи к1орнеш кхоьчахьа д1ахьо зуно. К1орнеш дукха ца 1а шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий юьйлало уьш. 1аьнна кечам бан ца хууш 1ай ледарчу хьелашкахь юьсу к1орнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла 1а деъчи яккхийрнаш а ле шелонна, 1аьнна чукъовлаелла яцахь.

Б1аьста, 1аьнан х1усамера арайолий, йолало зу, шелонаш д1аевллачул т1аьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина 1уьллу зу.

Дийнахь, малхехь йох а луш йижна 1уьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш яц иза. Б1аьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш 1адда лаьтташ волчу стагана когаш к1ел схьайолу иза. Шен и муц1ар когарчу мачех д1а1оттаелчи хьоршам а тухий, муц1ар к1ел а хьош, д1ахьаьрчий к1охцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг 1адда сецчи юха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса д1айоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу х1уманах хьожа а йоккхуш, яй йорт а етташ. Зуно садолу х1умнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка яьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, г1овг1а йо цо. Т1аккха иза д1аболалушшехь, катухий, ц1ога схьалоцу. Дег1 зунна т1е детташ, к1охцалий 1итталуш текхарг ле. К1охцалах х1ума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьг1азе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш

 

 

 

Просмотров: 1843 | Добавил: borzik
Всего комментариев: 1
1 maga  
0
barkalla shuna

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024