Главная » 2008 » Сентябрь » 25 » АКХАРОЙН Ц1ЕРАШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
АКХАРОЙН Ц1ЕРАШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
23:50
 ЧА

 

Чанах оьрсаша "Медведь" олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла.

 

Малхбузе Европехь к1езига йисна черчий. Черчий х1инца а йолуш ю Галицехь а, Балкански ахг1айрит1ехь а, Испани лаьмнашкахь а, Швейцарин цхьацца йолчу меттигашкахь а. Германехь, Англехь черчий яц.

 

Вайн махкахь черчий дуккха а ю. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Юккъерчу Азехь хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а, Кавказан лаьмнашкахь а ю черчий.

 

Ча адамашна доьхьал кхеташ меттигаш дукха хуьлу. Кхораш лахьо бахна зударий чано кхерош меттигаш а хилла.

 

Дечке воьдучу стагана хьуьн чухула боьдучу некъа т1ехь 1аш ча гина. "Д1аяла цигара, сайн г1уллакхе д1авахийта со!" олуш хилла стага, цунна адамийн мотт хууш санна.

Бакъду, цхьа кхерам т1ех1оьттича, я адаман хьожа кхетчи, мара ирах а бохуьйтий, хьожа йохуш лаьтта иза, корта д1ай-схьай а хьийзош, и хьожа муьлхачу аг1онгахьара схьаеттало хаа г1ерташ. Жимма а шекъялла, таллархо герга г1ертийла хиъчи д1аэккха ча. Ядар кхисса а луш жимма пурх а йоьрзий ду цуьнан. Амма ведчи т1аьхьа кхиалур воцуш чехка йоду иза. Шена цкъа топ тоьхчи, шозлаг1а тоха ца кхуьуьйтуш таллархочунна т1екхета иза. Мел лекха хиларх дечигана т1е йолу ча, лахарчу г1одца схьалаца генаш дацахь а. Хи чохь мека дан а хаьа цунна. Мел шуьйра хиларх, неканца хих дехьа а йолу ча. Гурахь ерстича хи чохь кест-кеста луьйчу иза. Гуьйре шелъелла хи т1ехь ша бичи и ша бохабой а луьйчу. Хи чуьра ч1ара а лоцу цо. Б1аьррасил а, лерган самол а ч1ог1а ду цуьнан, хьожанца билгалонаш хаар. Мох болчу аг1ор стаг цхьа километр генахь хилчи а, хьожа кхета чанна. Стаг гучу а валале цунах къаьхкий яда а йоду. Шена татанаш хезчи уьш цхьана а хьесапе ца хета чанна, ша хьожанца х1ума къасто 1емана хиларна.

 

Ча 1ай набарна д1аюьжу, шен бен чохь б1аьстаяллалц. Шен кога к1ел мотт а хьоькхуш 1уьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана к1елахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, г1оьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу т1екхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. Т1е дог1анан хиш 1ийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела д1айижа кечлуш, т1ехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо г1аш-генаш буха а дохкуш к1еда мотт буьллу. Наггахь ерг мотт а ца буьллуш, лаьттан ц1енкъи т1е юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна к1орнеш елахь, шен к1орнешца юьжу иза 1аьнна д1а. Ча 1аьнна д1айижар 1аламан хьелашка хьаьжжина ду. 1а деха долчохь дукха 1уьллу юьжий, 1а доца долчохь к1езиг 1уьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча 1аьнна цхьа к1еззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха 1уьллу южий. Х1унда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, т1аккха цунна б1аьста яллалц даа напг1а дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь 1алашдо. Бенара г1аьттича, йижна 1уьллуш тхьосделла дег1 хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна д1адалаза долу ло. Г1а далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...

 

Къен елла бежна я дахка, изза бен кхин яа х1ума йоцуш меца лела ча. Цу хенахь дера а хуьлу, т1е1оттаелчи кхераме а ю иза.

 

Аьхка хуьнан стом схьабаьлча г1адйоьда ча. Ма-дезза даар хуьлу цунна. Цундела ча ерста, т1аккха цунна 1а даккха атта хуьлу. Стен чано к1орнеш йо. Шина-кхаа баттахь якхайо цо уьш. Ерстича чано 13-19 сантиметр стомма мохь юьлла барх1 пуьнте кхаччалц 120-130 килограмм. Цундела к1орнеш кийрахь кхио а, уьш кхаба а кхачанан хирхаташ цунна тоьа.

 

Шиъ я кхоъ наггахь цул сов а хуьла чанан к1орни. Нана ша йоккха елахь а к1орнеш кегийра хуьлу. Кхиъна йог1учу цициган к1орнел бен ца хуьлу уьш. Иштта кегийра ца хилчи 1ай шен бенахь уьш кхаба ницкъ хир бацара ненан. 1а даккха охьа ма-йижжи и к1орнеш хилчи хала хир дацара нанна уьш якхо а, юзо а. Шен г1ора эшначу хенахь, 1а чекхдолуш йо цо уьш. Цундела уьш кхобуш г1елло иза. Чан к1орнеш шелонах ч1ог1а кхоьру. Цундела шайн ненан "кетар" к1ел хьерча уьш. Нанас яь1на т1е а хьовзайой дег1а т1е къуьйлуш шен 1аьнарца йохйо к1орнеш. К1орнеш йинчул т1аьхьа шина баттахь х1ума ца йоу нанас. Х1етте а мега иза шен кийра йиллина мохь хилар бахьана долуш.

 

Чан к1орнеш меллаша кхуьу. Анде евлича нанас шен бенара ловза ара йовлуьйту уьш. Амма 1уналла до цо царна. К1орнеш ловзу вовшийн лергаш а ийзош, вовшех тийсалуш охьатухарех а леташ. Шозлаг1чу шаре яьлчи а нанас доладо царна,шеца охьа а йийшайо. Таллархо, я маьрша стаг тосавелчи нанас "мохь хьокхий" хаам бо к1орнешка. Ша а, кхерам болчу меттера йодий гена йолу.

 

Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, ж1аьли-нускалаш а доу, массо а тайпа хьуьнан стоьмаш а боу, ялта а доу.

 

Хьарс-хьоча т1ейолий, дитта лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара кхораш биъна ша яьлчи, кхурана т1е а йолий генаш лестош кхораш а эгобо. Дитт ластийча охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена т1е ийзош кег а деш боу цо.

 

Кхораш д1абевлича пепнаш а, б1аьлланган б1араш а, ножан б1араш а доу чано. Уьш диъчи ча ерста. Акха никх карийчи и никх а бохабой моз доу чано. Накхарш лелочохь нехан никх бохабой а доу цо моз. Зингатийн барз а бохабой, зингатий а доу цо. Хи йистера т1улгаш керчош т1е-к 1ел а дохуш, цу к1елара н1аьний а кхоьбарчий а йоу. Чано нал а йоь, говр а, бежна а йоь. Иштта ницкъ болуш ю иза.

 

 ----------------------------------------------------------------------------------------------------
 

                                                  НАЛ

 

Нелах оьрсаша "Дикий кабан" олу. Муьлххачу а 1аламан хьелашца тарлуш Малхбузе Европан а, Кавказан лаьмнийн а хьаннашкахь, генарчу малхбалийн тайгехь а, Юккъерчу Азин, Иранан эрз болчу тог1ешкахь а, Тянь-Шанехь а, альпийски цанашкахь а хуьлуш ду и шатайпа экха. Нелана ца езаш меттиг ю, к1орга ло дуьллуш йолу Къилбаседе. Х1унда аьлчи, цунна напг1а латтош дерг лаьттан т1оьхлара чкъор ду. Иза г1орийча а, цунна т1оьхула стомма ло диллича нал кхин напг1а доцуш меца юьсу.

 

Нал, иза х1инца ц1ахь кхобуш йолчу хьакхарчийн хьалхенах ю. Нелан г1иллакхаш ц1ахь кхобучу хьакхичух тера ду: чехка болар а, уьш масех цхьана а йолуш борз т1ег1оьртича цунна майрра доьхьал х1оттар а.

 

Нал - ницкъ болуш экха ду. Шен деза дег1 каде леладо цо, лохачу ч1ог1ачу, когаш т1ехь. Шена новкъарло ян герга г1оьртанчу мостаг1чунна каде т1екхета иза. Буьрса экха шена зене дала т1едирзича цунна доьхоьал а х1оттало. Къеначу нелана кхераме доц цхьа а тайпа буьрса экха, цхьа ц1оькъалом доцург. Иштта адам а ду цунна къераме. Оццул ницкъ болуш долу и экха адамо доь герз тухий. Цуьнгара ницкъ, каде хилар, 14 сантиметр, урс санна ира к1омсарш хилар дика хаьа барзана а, чана а.

 

Нал адамах ч1ог1а кхоьру. Бакъду, чов хилла нал таллархочунна т1екхета. Кхин яха меттиг боцуш йисчи а йо цо адамана доьхьало. Ц1еххьана к1омсар а тухуш т1еэккха иза. Шайн-шайн реманаш хуьлу оцу акхаройн, шайна хьалхаяьлла боьрша нал а, т1аьхьах1иттина к1орнеш а йолуш. Боьрша йоккха нал ша къаьстана лела хьаннашкахь. Стенаш оре йог1учу хенахь реманах схьакхета боьрша нал. Царна юккъера кегийранаш лелхайо цо. Стенаш оре лаьцначул т1аьхьа юха а д1акъаста боьрша нал. Иза д1аяхчи юха реманах схьакхета цо д1акъахкийнарш. Наноша херсеш йичи ондеевлла боьршанаш цхьацца йолий кхерста йолало.

 

Яхка герга яхчи стечу нело лаьттах ор а доккхий шена бен бо, буц а кхин йолу к1еда х1ума а буха а юьллуш. Херсеш шена т1аьхьа х1иттина юьйлаяллалц оцу бен чохь хан йоккху цо. Нанас ч1ог1а дола до шен херсешна. Иштта къасттина болу доьзалаш цхьана а кхетий юха а тохара санна рема йо цара. Оре йог1учу хенахь боьршачу неларчашна юккъехь боккха т1ом хуьлу. Вовшийн цоьстур яра цара вортан т1ера дуьйна г1ода юккхе кхаччалц чохчам йиллачи санна, к1омсар д1а ца леташ стомма не1 дацахьара. Иза хилар бахьана долуш к1елхьарайовлу уьш 1ожаллех. Бакъду даръелла леттачу церан накхош цистина аьрснаш хуьлу. Ноябрехь, декабрехь стенаш оре йог1учу хенахь, т1амана кечлуш санна стамло церан и "аьчкан" ботт.

 

Кхерам боцчу меттехь паргг1ат юьйлалой лела неларчий, кортош охьа а охкадой, латта охкуш, бецан орамаш дууш яжа а ежаш. Т1уьнчу меттехь хоттала а 1ам чу а керча уьш. Цхьана х1уманах кхерам болуш шеко кхоллаелчи муц1ар ирах а йохуьйтий хьожа яха х1утту нал. Цо "хуьр-р-р-рюк" аьлла мохь тоьхчи, рема ежачуьра соца, ц1еххьана гулло уьш наной шешан херсешца юккъехь а юьтуш, боьршаниш гондахьа а х1уьттуш. Нагахь санна таллархой герга г1ерташ белахь, ц1еххьана д1алелха уьш бекъа эрз, декъа г1аш, синтарш кегдеш, чехка дур оьций, уггаре а луьстачу хьаннашна, коьллашна юккъехула каде чекхлелхаш оьрнашна, тоьлгашна т1ех лелхаш.

 

Нал шена кхерам болчу меттехь ч1ог1а ларло. Адамаш д1ай, схьай лелачу некъах т1ех яла дага деъчи муц1ар ирах а йохуьйтий х1аваъ чууьйзуш хьожа йохуш лаьтта иза. Цхьа шеко йолуш х1ума тосаделчи, хьоршам тоьхчи санна тарса а терсий "т1ап" олий йов иза. Оццала каде ду цуьнан д1аэккхар. Диттан га кагдичи а, цхьак1еззиг даьллачу татанах кхералой йоду нал. Оццулла само йолуш экха ду иза. Шен кегийрачу б1аьргашца нелана са дика ца го. Бакъду, хьожанций, лергийн самонций кхастало цуьнга шена кхерамехь дерг, доцург. Неларчий буьйсанна юьйлалой лела. Дийнахь садо1уш йийшина 1охку уьш, адам я экха т1екхачалур доцчу меттехь.

 

Латта охкуш ор а доккхий цу чу к1еда мотт а буьллий, охьаюьйшу уьш. И мотт, вай лакхахь ма-аллара, декъачу г1ах, бацах, эрзах буьллу цара. Акха 1ежаш, хьаьрса хьечаш, кхораш, стеш хуьлучу хенахь оцу стоьмийн хьаннашкхь еха уьш. Ло диллича эрзан тог1ешка охьайог1у.

 

Неларчаша юуш дуккху а тайпа х1ума ю: соьналлаш, бецан орамаш картолаш, хьаьжк1аш, хьуьнан б1араш, массо а тайпа хасстоьмаш, стоьмаш, садолу х1уманаш, н1аьний, моьлкъарчий, лаьхьарчий, олхазарийн тойнеш, х1оьаш, к1орнеш.

 

Ялташна, хасстоьмашна буьйсанна т1е лета уьш. Царна ч1ог1а зиэ а до. З1оьмалгах ца кхоьру уьш. Я татанах а ца кхерало. Гондахьа керт йичи а кхочу уьш ялташна т1е. Керта бухахула охкуш 1уьрг а доккхий чекхйовлу уьш. Йийначу нелан жижиг доу хьакха юуш болчара. Ц1оканах мачийн айраш, доьхкарш до. Цуьнан кхесах шотканаш йо. Нелан херсеш къорза хуьлу, букъа бохалла 1аьржа моханаш а йолуш. Каде хуьлу уьш. Шешан юткъийчу, амма ч1ог1ачу настарш т1ехь, ловзуш, леккха хьала а кхиссалуш.

 

 

 

 

Просмотров: 2644 | Добавил: borzik
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024