Главная » Файлы » Мои файлы

Байташ..
[ ] 19.05.2008, 20:10
Бухадиев Муса...

Тукар, т1арий, маха, тай,

Бассам, кисий, дари к1айн

Ша, дол, аьрша я г1аддий,

Урчакх, т1арг1а я 1аддий,

Уьйриг, мижарг цхьа мисхал,

Нехча, берам я сискал,

Шар я морза, муьста бод,

Хьо д1аяла, нанийн дог..

*            *            *


Шаьлта, доьхка, кетар-кач,

Мажар, тур, я хьаьрсан хьач,

Дума, сискал, йоьза тас,

Нитташ, ч1имаш, хохийн хас,

Ц1азам, кока, хьормат, 1аж,

Г1абакх, хорбаз, паста, наьрс,

Кхийра кхаба, дечкан текх -

Хьо д1авала, мерк1ел мекх..

*            *           *                 

Мангал, беллий, шаддий, лом,

Лаьцнехь мекхо, кхиац стом,

Стом ца кхиъча, хилац сом,

Сом ца хилча, кийчча т1ом,

Т1амо буха туху т1ом,

И ца безахь даккха сом,

Дезахь сом, ахь кхиъбе стом,

Эшахь стом, хьайн ларде лом!
*          *          *
Эдуард Мамакаев...

Дуьйла, бераш, массо тхоьца,

Хьуьнха лахьо ц1азамаш.

Ца го шуна: б1аьсте яьлла,

Кхиъна рег1ахь муьстаргаш!

 

Тахна маьлхан де ду вайна,

Ирзу деко г1ур ду вай.

Жирг1а тоха, тоха т1араш:

Лаьмнаш хелха дохур вай!

 

Даккхий пепнаш хир ду хьуьнхахь,

Кхохкаделла, 1индаг1 деш,

Зезаг хир ду деладелла,

Байлахь корта лестабеш.

 

Кхоьруш дац вай Жоьра-Бабех,

Майра дегнаш вайнаш ду.

Къена ешап дуьхьал далахь,

К1озарш лаьцна текхор ду!

 

Гулло, бераш, дуьйла тхоьца,

Лечкъаргех вай ловзур ду.

Туьйра лаца дуьйла тхоьца,

Вайга б1аьсте кхочуш ю! 

*         *         *

Махмаев Жамалди..

 

Къоман хазна...  

Ч1ог1а оьшу, йоцуш чот,

Массо къаьмнийн меттанаш.

Амма винчу ненан мотт

Кхечаьрца ма бусталаш.

 

Со дуьххьара сайн нанас

Нохчийн маттахь хьаьстина.

Харцхьа лелча, со дадас

Нохчийн маттахь човхийна.

 

Маьлхан ц1е ас дуьххьара

Нохчийн маттахь яьккхина.

Хьоме дешнаш - «Нана», «Машар»

Нохчийн маттахь яздина.

 

Нохчийн оьзда, дайн г1иллакхаш

Нохчийн маттахь лийрина.

Доттаг1аллин марзо, уьйраш

Нохчийн маттахь евзина.

 

Совг1атана белла Дала,

Синош кхуллуш азалехь,

Нохчийн мотт - и къоман кхане,

Къоман хазна, дозалла.

 

Г1уллакхашца денна кхиош,

Лаккха ойъуш меттан сий,

Къахьегалаш, шаьш ца кхоош,

Х1ай сан кегий доттаг1ий!
*         *         *
Джамбулатов Рамзан 
 
Бабин туьйра..
Бабас, лохчу

Г1ента хиъна,

Т1е церг хьокхуш

1аж д1абиъна,

Йовлакхан т1ам

Охьахецна,

Жима пису

Караэцна,

Елаелла

Тамехь, шуьйра,

Д1адолийра

Иштта туьйра.

 

Х1уш кхаьрзина

Г1абакхан,

Чай кечдина

Г1алмакхан,

Тхан Маждада

Тахана

Ешап долчу

Вахана.

 

Баьрчехь 1ийна

Цу 1аьно,

Зурма лекхна

Шайт1ано.

Т1ера лазар

Дайделла,

Ешап хьала

Айделла.

 

Ешап долчохь

Сецна г1ам,

Ду и холчохь –

Байна гам.

Доьлху ешап,

Доьлху г1ам,

Доьлху, бекош

Берриг лам.

 

Х1оттош ирча

Къематде,

Докъарх лета

Сийна ц1е.

Уьду ешап,

Уьду г1ам,

Лаьхьа т1аьхьа текха.

Убар хьийза,

Лоьхуш 1ам,

Дагийна ваз некхан.

 

Чукагбелла

Туьркан бохь,

Жоьра Бабас

Бетта мохь:

- Дало, шайт1а,

Дала кех,

Даьллехь 1аьбба

Сан туьркех.

Г1ам ц1а дирзи

Кхирстина,

Ешап санна

Дистина.
 

Жоьра Баба

Метта яьлла,

Цу т1ехь туьйра а

Чекхдаьлла..))        
Категория: Мои файлы | Добавил: Dodam
Просмотров: 3316 | Загрузок: 0 | Комментарии: 1 | Рейтинг: 4.8/5 |
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024