Главная » 2007 » Декабрь » 7 » АГАНАН ЙИШ
АГАНАН ЙИШ
21:00

 
                Нан
ас олу Хьавана:

"Набаро хьоь кхайкхина,

Мерза наб е, ма елха,

Кхана ер ю хьо хелха..
 
Ловзаш лелаш к1адъелла,

Ченаш ловзош г1елъелла,

Хьо ма елха, хазаниг,

Б1аьргаш хьаббе, хьомениг..
 
Малх схьакхета 1уьйренца,

Малх чубузу суьйренца,

Хьо ма елха, д1айижа,

Вайна еъна буьйса 1аьржа.."

 
Нанас олу Хьавана:

"Набаро хьоь кхайкхина,

Мерза наб е, ма елха,

Кхана ер ю хьо хелха.."


              
                       *              *                *
 

 Ма хаза ю буьйса,

Мела мох хьоькхуш,

Екхначу стиглахь

Седарчий ловзуш.

Корах чухьоьжуш,

Хьо ма серладолу,

Бетаса, делало,

Д1адижа, боли-лу
,

Ламанан басенца

Мохаца техкаш,

Попано йийшийна

Шоршалан к1орнеш.

Мокхачу берда т1ехь

Йижина к1орни

Сема сай 1уьллу бах,

Д1адижа, боли-лу.

Т1ахъаьлла хир ву хьо,

Ц1оькьалом санна,

Кьовсамехь тор ву хьо,

Догмайра нохчо,

Алалай, балалай,

Д1адижа, боли-лу.

 

 
 
 
 
-------------------------------------------------------------------------------------------------------------- 
ЦУГАЕВ САЛМАН  
    ( Аганан йиш)
 
 
 
 
 
 
 

Стиглара мархаш охуш
Вовшашка кхаънаш дохуш
Маликаш вайга дог1у
"Д1авижа" хьоьга боху.

 

Хи чуьра чIара богIу
Ломара куьйра догIу
Хьуьнхара туьйра дог1у
«Д1авижа» хьоьга боху.

Учара уче ларъеш
Массарнаъ дера дездеш
Гуди ду «гIам-гIим» бохуш
«ДIавижа» хьоьга бохуш.

Баттара мIараш йохуш
Даккхийра синош дохуш
Пису ду «хар-хир» бохуш
«Д1авижа» хьоьга бохуш.

 

 
 
 
 
------------------------------------------------------------------------------------------- 
Писулиг
 « Аганан йиш» 
    Ду со месал, ду со кура,
    Бабин писулиг ду со.
     Бабас йоттахь молу шура,
    Бабас тохахь доьлху со.

 

    припев:
    Суна корахь бен ца гина,
    Арахь дог1уш шийла ло,
    Нанас пешан уллохь дина,
                                           Пешан уллохь кхиъна со.


 Сан дов дац-кха цкъа а цхьаьнца
 Ж1аьлица йа дехкаца.
 Маьнги т1е д1а парг1ат хаьрций,
 Дижна 1уьллу дехха со.

припев:

    Суна корахь бен ца гина,
    Арахь дог1уш шийла ло,
    Нанас пешан уллохь дина,
    Пешан уллохь кхиъна со





Просмотров: 8872 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/11
Всего комментариев: 6
6 Dodam  
0
Х1ара аса язйина эшар-м хьанна а лакха йиш йолуш ю,
муьллах а ц1е а йоккхуш..)
Суна ч1ог1а хаза хета х1ара)
Аса сайн вешин берашна локхур х1ара,
уьш кегий болуш..))

5 Муслим  
0
Шуна а хуьлда Дела реза, сан хьоме махкахой!
Дала мукълахь сих-сиха гур ду вай "Писулиган"
агIонаш тIехь...

4 Dodam  
0
Муслим, марша вог1ийла хьо!!!
Ва, ма ч1ог1а хаза ю иза байт ян-м..)
Суна-м дуьххьара хезаш ю иза..
Наношна хаза хетар ду аьлла хета суна,
ахьа иза язйина)
Т1аьхьара мукъам а балош берашна
лакха мегар ма ду иза..)

"...сан деган кийсак..."
ма нийса дешнаш ду уьш...


3 Hamid  
0
Дела реза хуьлда хьуна wink

2 borzik  
0
Муслим!
Дела реза хуьлда хьуна.Ахьа и хаза байт а эцу жимачу маликан суьрт кху чу дилларна. )))

1 Муслим  
0
АГАНАН ЙИШ

Мархаш д1атеттина,
Ц1еххьана къегина,
Схьакхетта беттаса санна,
Шаршу д1ахилийна,
Чоь серлаяьккхина,
Сан к1орни, хьо доьлу хьанна?

Дахаран х1орда т1ехь
Хьо идош халонех
Ас хьоькху сайн деза пийсак...
Хьайн нана йиц ца еш,
Даймахках воккхавеш,
Кхиалахь, сан деган кийсак!

Хьо муха кхуьур ву,
Кхиъча хьох мила хир ву -
Хоьттуш хьоь седарчий хьуьйсу.
Кхиъна хьо валаре,
Шайна т1е кхачаре,
Цара а гуттар сатуьйсу.

Сан к1орни сихлолахь,
Меттахь ма вахлолахь:
Дукха ду лаьтта т1ехь хьашташ!
Хьо шайца хиларе,
Ахь шайна rlo даре
Хьоьжуш ду дуьнен чохь адмаш!.

Дахаран х1орда тIехь
Хьо идош халонех
Ас хьоькху сайн деза пийсак.
Хьайн пана йиц ца еш,
Даймахках воккхавеш,
Кхиалахь, сан деган кийсак!

1963


Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024