Главная » 2008 » Февраль » 17 » БАЙТАШ ( стихи )
БАЙТАШ ( стихи )
00:42

 Бухадиев Муса Айдаевич пох1ма долуш поэт ву. ?>

Иза вина 1952-чу шеран 29-чу октябрехь 

Казахстанан Караганда-г1алахь. 

1959-1969-чуй шерашкахь Лакха-Неврерчу 

юккъерачу школехь дийшира цо. 

Школа кхиамца чекхъяьккхинчул т1аьхьа, 

иза Кубански юьртбахаман институте деша вахара. 

Цо 1974-чу шарахь цу институтан стом-хасстом а, 

кемсаш а лелоран факультет чекхъяьккхира. 

Мусайн стихаш арахоьцу вайн республикан 

"Даймохк", "Теркйист", "Теркан бакъдерг" газеташна а, 

"Орга", "Стела1ад" журналашна а т1ехь. 

Мусан байташ шайн цхьа башха кеп йолуш ю.. 

Шуна уьш хаза хетар ю аьлла дегайовхо-м ю сан, 

хьоме бераш..) 
 

Нана 

 

Жовх1ар деза хьо массарел, 

Делан совг1ат мерза сел, 

Хаац, вовшийн дела вай мел...

Цкъа а лур дац хьо езар шел! 

 

Токхо, беркат, совг1ат, бахам, 

Марзо, безам, ирсан барам, 

Къинхетамийн сирла йовхо, 

Комаьршаллин оьзда бакъо.. 

 

Хьайниг санна, бац къинхетам, 

Яц комаьршалла, бац безам, 

Хьайниг санна, нана, тешам 

Хуьлуш бац, мел хиларх лерам.. 

 

Жовх1ар деза хьо массарел, 

Делан совг1ат мерза сел, 

Хаац, вовшийн дела вай мел...

Лур дац цкъа хьо езар шел!

*              *              *

Зули яц и, набъеш 1ийриг?

 

Маша, хьаса, тай я т1ийриг,

Чухий, мушший, бухка, тел,

Муьлхачех бо бабас уьйриг,

Стенна оьшу муьлха, мел?

 

Синтар, диттий, хенний, гуьйриг,

Мангал, шадий, баьхьий, бел, -

Хаьий шуна цаьрца дийриг?

Муьлха муьлхачо йо г1ел?

 

Х1уьнан йоьжна т1ера чкъуьйриг,

Т1ум лур юй те цуьнан шел?

Муьлха ву шух ч1ог1а луьйриг?

Бераш, жимма собардел..

 

Зули яц и, набъеш 1ийриг?

Х1ара-м, гарехь, елла г1ел,

Мегаш ма дац сов т1ех дийриг,

Бераш, к1езиг набарш ел!)

*              *              *

Со-м, Нана, цецъяьллий..

 

Дашо ахча, хьайбан лаг,

Ши дум кхиъна эмкаллий,

Кхийра кхаба, попан чийлак,

Таьлсаш чохь саьмгаллий,

 

Дато доьхка, к1айн б1ег1аг,

Хен кхуора шапталлий,

Аьчкан черма, ножан шелаг,

Ц1еста к1удал, 1аж-баллий,

 

Ба1ар, басар, ширдолаг,

Г1ад, цаний, мангаллий,

Ч1иж, можа карчолаг,

Яй чуьйна, буька зайлий,

 

Т1ома лела бирдолаг.

- Нана, дада самваьллий?

- Хьалаг1аттахьа, Баколаг,

Иза-м хьуна г1ан дайний,

 

Дала дойла дика мел дерг!

- Со-м, нана, цецъяьллий..

- Цец ма яла, сан хазниг,

Цуо-м хьуна ирс деллий..)

*              *              *

Сан к1орни..

 

Тукар, т1арий, тайдечиг,

Топ, тапча, тур, шаьлтий,

Ков, аьлха, т1улг, г1айракх,

Сахьт, мух1ар, гуьлмаьндий,

 

Муьлха деза, ахьа ала,

Сан к1орни, самадала.

Туьха, сискал, т1уо-берам,

Х1оъ-молха, дуо, вертий,

Вота-пондар, синкъерам -

Го, ц1ено, ков-керттий.

 

Муьлха деза, ахьа ала,

Сан к1орни, самадала.

Нуьйра, дуьрста, дин, шеддий,

Тай-маха, 1ад, урчакх,

Малх, стигал, бутт, седий,

Ахча, бохча, шок, байракх -

Муьлха деза, ахьа ала,

Нанин дог, самадала.

Туьйра г1ерта чекхдала,

Самаяьлла ю г1ала,

Х1ай, к1орни, самадала,

Буй хьуна сан бала?

 

Дала хьуна ирс лойла,

Хьо-м Делан малик ду!

Вон долчух лардойла,

Хьо-м ненан дог ма ду.

Х1ай, к1орни, самадала,

Дела кхаба ахь хьайн нана!)

*              *              *

 

Просмотров: 9998 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/6
Всего комментариев: 20
20 Zacharypremo  
0
http://pillsgen.site sera , dukes , fluency

19 Kennethmync  
0
http://vermoxbezreceptu.etowns.net - http://vermoxbezreceptu.etowns.net/vyprodej700.jpg
http://vermoxbezreceptu.etowns.net 5. kveten 2016 ... diskuze Cymbalta Cymbalta online Adresse Cymbalta 30 mg drogy fibromyalgie a drog Cymbalta Cymbalta lek na predpis. Cymbalta a hubnuti... on-line triamterene pfizer koupit orlistat na nohy brand viagra kde koupit jak ... provera oral jelly na prodej koupit inderal otc reakce na aldactone diclofenac ... http://vermoxbezreceptu.etowns.net - vermox

18 виагра купить в интернет магазине  
0
Женская и мужская виагра! О Фарма рулит!

Купить виагру в России http://ofarma.ru - посмотрите

Больше не стоит нигде искать. В нашем интернет магазине вы найдете все, что так долго искали! С Новым Годом!

17 RobbiePHEND  
0
Darius Rucker is a famous country singer, so don't miss the possibility to visit http://dariusruckerconcerts.com - Darius Rucker tour merchandise

16 didi  
0
super

15 Milena  
0
Stihi prosto otlichnye. Dal ettu bojld shu.

14 DEGI  
0
Дера ву ч1ог1а хала стаг)))) Воккха хилахь цу х1ундийра ца хаа суна.Шена цхьа там ма ца хилланехь со нохчичоь дхьагур ву оли тхуна кхерамаш туьйсу.)))) Шен дега хьо даймохкар ара х1унда ваьлла бохуш бехкаш дог1у. biggrin

13 Dodam  
0
))))) Деги-м вуьззина къонах ву,
оццул жима волушшехь!)))
Тов, йо1ас язйинарг 1амор яц?)))))
Дала дукха вахавойла Деги!!!
Дала беркате дойла цуьнан дахар!!!

12 DEGI  
0
Хьуна Дела реза хуьлийла Додам,амма Деги (бакъдериг аларна къинт1ера йалар доьху ) башха реза ца хилий сан.)))
Йо1а язйинар ша муха йоьшур ю садикехь,аьлла г1еххьа дегабаам бина суна))

11 Dodam  
0
Зовкхе Даймохк

Массо а беранна ехийла нана,,
Массо а беранна вехийла да.
Лаьа суна, вехийла массо а маьрша,
Ирс долуш, барт болуш ша винчу махкахь.

Хьежалахь, дашо малх, массарна г1оза,
З1аьнаршца дохделахь дог х1оранна а.
Дехийла адамаш ирс долуш, г1оза,
Х1ара нана вайн Даймохк зовкхе беш денна!

Юсупова тамила, 7 шо


10 Dodam  
0
Маржа я1, сан Даймохк!

И дог1а дилхича
Д1ах1уьтту 1аьмнаш,
Сан ши б1аьрг билхича
Схьах1уьтту лаьмнаш.
Маржа я1, сан Даймохк,
Маржа я1, маржа,
Ницкъ белар шовданах
Хьан арахь варжа!

Джамбулатов Рамзан


9 Dodam  
0
Суьйре дика хуьлийла шун, Деги а, цуьнан нана а!)
Сайн мел долу "Стела1ад" журнал теллин аса,
иза Даймахках лаьцна байт лоьхуш)
Дуккха а ян-м ю уьш, амма жимачу беран 1амо тамехь ерг каро атта дац..((
Ткъа кхарех цхьаъ Рамзанас язйина ю, важа - цхьана жимачу йо1а язйина..
7 шо долчу Юсупова Тамилас..)

8 Dodam  
0
Деги нана)) Хьан ц1е-м ца хаа суна)
Дела реза хуьлийла хьуна иштта соьх хаза дешнаш аларна!)
Суна-м кхин ницкъ ца хилир хьуна иза г1о деш..
Дукха хьолахь вай мало еш дуьсу иштта долу дика г1уллакхаш кхочуш хиланза((
Ткъа иза байт аса язйийр ю хьуна, Дала мукъ лахь!!!
Тховса лохур ю аса иза, ткъа кхана кху чу йоккхур ю,
мегаш дуй?)
Т1аьхьа-м ма ца йисна со, ца йисний?
Со кху деношкахь кху чу хьаьжна а яцар..
Со ц1ахь, Нохчийчохь, 1аш ма яй)
Ткъа кхузахь инетаца халонаш ю)

7 DEGI  
0
Додам дехар дара сан хьога.Кеста Дегин садикехь цхьа мероприятие ю стихаш а эшарш а локхуш.Сан дехар дара хьога детский, даймахках лаьцна нохчийн маттахь стих йелахь кхуззе чу яккхар.Дика дуй ?)))

6 DEGI  
0
Дела дуьхьа ма онда баланаш лайна хилла цу къонахчо а, цуьнан х1усам-нанас.Амма цуьнан НАНА и гехь школе кхехьна йолу Деладуьхьа ма онда дог долуш хилла..Додам и Дела реза хуьлда хьуна а цуьнан сборник арайоккхуш г1о мел дина чарна.Цуьнах лаьцна ахьа яздинарг доьшуш дукха йилхина со.Деладухьа моттар суна кхин къехетам болуш а кхечунна бала болуш нах вайна юкъехь бисна бац.Хьо санна болу накостий ма эшабойла вай нахана юкъехь.Гой хьуна Додам х1ара сайтанан темашка хьаьжца хуур дара хьан оьздангалла.Хьуна бераш дукхадезаш хилар билгало ю х1ара сайт.Дала аьтто бойла хьан.

5 Dodam  
0
Маршалла ду шуьга, Деги а, цуьнан нана а..)
Джамбулатов Рамзанах дийца сан ду дуккха а..
Х1инца-м иза воцуш ву, шу марша..
Дала декъала войла иза..
Суна дуьххьара гира Рамзан тхайн ишколехь
сан йишас цуьнца йиначу цхьанакхетарехь..
Нохчий ц1ерабохуш ах шо кхачаза жима хилла Рамзан.
Салтех кхеравелла цамгар кхетна, кога ца воьдуш висина хилла иза.
Нанас гехь ишколе кхийлина иза, юха мелла а ког баккхалуш
метта веана Рамзан. Ша цамогуш вара аьлла ца 1аш,
белхаш а бина цуо.. Жима волуш дуьйна байташ язъеш а хилла цуо.
Амма цуьнан 60 шо кхаьччий бен дуьххьара гулар ара ца елира Рамзанин байтийн..
Иза а суна дага деана хилир.. Вай махкахь вевзаш волчу
Маигов Саламбеке дехар дира аса, г1о дахьар иза гулар арахоьцуш, аьлла.
Иза реза хилир цу г1уллакхан. Т1аккха аса Рамзанера байташ схьа а еана
(цуьнан х1усамнанас Мадинас печатны машинки т1ехь д1аязйина яра уьш),
ерриш а комп т1ехь набрать а йина, айса предислови а язйина,
иза диск Саламбеке д1аделир.
Дукха хан ялале цуо кийча гулар схьаеира тхуна, 1000 экземпляр.
Ва, Везан Дела, Рамзанин цунах хилла кхаъ дийцина ца валлал х1ума дар!
Шен книга ца гуш ша валарна кхоьруш вара бахар цуо..
Делан къинхетамца, иза цунна ган а гира, цунах доккха совг1ат а хилир..
Рамзанел цхьа шо ах шо хьалха д1аелир цуьнан х1усамнана Мадина.
Доьзал церан бан а бацар..
Ч1ог1а дика адмаш дара уьш..
Дала ялсамани хьеший бойла-кх царех...
Аса, х1ара сайт берийн йолун дела,
цуо берашна язйина байташ бен ца йоху кху чу..
Амма цхьаерш кхин а йохур ю аса,
Дала мукъ лахь!

4 DEGI  
0
Суна бехк ма билалаш.Джамбулатов Рамзан цхьанха вуьцуш ца хезнера суна,амма дика язйеш хилла цо.Вайн бакъболу поэташ бовр бу вай сема цахилахь.Валлах1и-Биллах1и ма доккха г1уллакх ду аша дешдерг.Дала аьтто бойла шун.

3 Dodam  
0
Мадина, марша йог1ийла хьо!)
Дала т1аьхье беркате йойла кху г1уллакхан!)
Суна мел ч1ог1а хаза хийта хьо еана,
сан генара-гергара Доттаг1а..)
Ларамца Додам..

2 ДеганАз  
0
Х1унда дека ч1ег1ардигаш?
Х1ун хазделла олхазаршна?
Х1унда доьлу Гуди, леташ?
Алал, бераш, хаьий шуна?
Ану бабин яккхий г1езаш,
Т1емаш детташ, хьийза екаш.
Тайниг Ама хелхаюьйлу,
Ткъа Пису ду т1араш детташ.
Массарна а хазахета,
Вайн Маликат деша йоьдуш. happy

Ж. Махмаев


1 ДеганАз  
0
Дела реза хул шуна массарна, дика болх беш ду х1окх чохь smile
со хьеэелла-м йог1у, амма сайн ма хулу г1о-накъостал дан хьожур ю, Ин Шаьа Аллах1 happy
и т1еххьар байт ешча со ца йоьлхуш 1а ма ца ели tongue

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024