Главная » 2008 » Апрель » 6 » "Стела1ад"
"Стела1ад"
14:02

Агамерзаева Заира, 3 кл. дешархо) ?>

 
Малх..

Стиглахь лепаш дашо малх бу,

Сийна-сийна стигал ю.

Ас мохь туху, г1ора ма-дду:

«Стигал, малх, со ирсе ю!

Ирсе ю со ца хазарна,

Тахна лелхаш т1еман герз,

Вайн наной а ца белхарна,

Ца г1иттарна к1уьрца ц1е!»

Йовха з1аьнарш лаьтта 1ена,

Зезаг г1иттош бацалахь.

Кхин ма гойла вайх цхьанна а

Т1еман ирча баланаш!
*      *      *

Бердк1елара юккъерачу школан дешархо...

Мудаева Хадишт
 

Ехийла вайн Нохчийчоь..

Сан Даймохк, хьо хийцабелла -

Адамаш г1иллакхе ду.

И ирча т1ом д1а баьлла,

Нохчийчоь парг1ата ю.

 

Машаран малх серлабаьлла

З1аьнаршца вайхьоьстуш бу.

Массеран самукъадаьлла -

Нохчийчохь парг1ато.

 

Баланаш кхин цкъа ма гойла,

Бохамийн дойийла доь.

Вайх Дала къинхетам бойла -

Ехийла вайн Нохчийчоь!

*      *      *
Абдулаев Леча..
Лазийний? Лазийна, хьаха.

Къаръеллий? Дера ца елла!

Луъураш дуьйцийла наха -

Нохчийчоь яла ца елла!

 

Йожийний? Йожийна, хьаха.

Г1оттур юй? Ас вала дуьллу-кх:

Г1оттур ю г1оттучу малхах,

Яха, кхин марг1ал ца туьлуш.

 

Бакъ хиллий? Бакъ хилла, хьаха.

Беллачех хьогчу вай дохуш-м...

Амма вай кхуьур ду даха,

Белларш схьабелира, бохуш!

«Стела1ад» № 2, 2008 шо

*       *       *

Джамбулатов Рамзан

 

Маржа я1, сан Даймохк!

И дог1а дилхича
Д1ах1уьтту 1аьмнаш,
Сан ши б1аьрг билхича
Схьах1уьтту лаьмнаш.
Маржа я1, сан Даймохк,
Маржа я1, маржа,
Ницкъ белар шовданах
Хьан арахь варжа!

*      *      *

Кибиев Мусбек

 

Даймохк...

Хазалла, Даймохк, хьан лаьмнийн

Стенах тарйийр ю-те ас?

Дешнаш дац хазалла йийца,

Кийрара далац сан аз.

Кхехкалуш ламанах шовда

Бухдуьйлу, лестаеш буц.

Кийра мел к1орга со кховдарх,

Дийцалац, лаьмнаш, шун куц.

 

Амма сан ойлано, кхерсташ,

Б1аьргашца тидамаш бо, -

Баьццара холхазаш санна

Йолчу цу хьаннашкахь го.

Малхаца г1евттина хьалххе

Г1овг1ане, оьг1азе хиш,

Баца т1ехь эзарнаш маьлхаш

Чохь керчо 1уьйренан тхи.

 

Мархаш цкъа чухьолхий буьрса,

Ког баккхал латта ца го.

Уьш лаьмнийн белша т1е юьйший,

К1айн денойх буьйсанаш йо.

К1ур баьлла моттуьйтуш, генахь

Хьаннашкахь г1аттало дохк.

Буц лестош, ног етташ боьрахь,

Болало шок етта мох.

 

Хазалла, Даймохк, хьан лаьмнийн

Стенах тарйийр ю-те ас?

Дешнаш дац хазалла хасто,

Карадац ницкъ кхочу аз.

Жимчохь со кхиъна сан латта,

Со вина хьоме Даймохк,

Шо-шаре къонлуш хьо лаьтта,

Деладеш кийрара дог...

                  *                *               *

 

      

Просмотров: 3003 | Добавил: Dodam | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 6
6 DEGI  
0
Дера матто дакъаза баьхна нах шорта бу вайнахана юкъехь(.

5 DEGI  
0
Духхьара лераниг йо1арий ду бохуш ца 1амош дуьхьал ваьллера Деги)))
Тукар,т1арий,.. ...)))
Шолг1аниг;
Шаьлта, доьхка, кетар-кач,
Мажар, тур, я хьаьрсан хьач,
......................................
Уже 1амийна )))

4 Dodam  
0
Дала мукъ лахь, иза дагардарш аса кеста
кхин а шортта яздийр ду..)
Бухадиев Мусайн книга ю суна
схьакхача езаш Теркйистера дуьйна схьа
Соьлжа-г1ала кхаччалца!)

3 DEGI  
0
Дагардар, ч1ог1а дика ду.Х1инца массо а х1ума дитина и 1амош ду тхо. smile

2 Dodam  
0
Ииий, суна ма ч1ог1а хаза хийти ахьа яздина!)
Хьо Дегин нана ма ю, юй?
Хьуна а хийла Дела реза цунна иза
байт ешарна! Со-м кхузахь цкъачунна
х1умма а деш яц, амма дагахь-м ю со
кху чохь болх бан..)
Ларамца Додам.. smile )

1 DEGI  
0
Дегина х1ицций бен элпаш 1емаш дац цундала аса яздо цунна меттана.Стих аса цунна йийшира и ч1ог1а цунна хаза хетта.Иза охашимма дагахь 1амор ю.
Шуна Аллах1 реза хьулийла ала лаьра х1ара болх барна. Х1ара сайт ч1ог1а оьшуш йара.Схьахетарахь дукхах болчу наношна ца хаа.Хаахьара кху чохь дуккха а нах хир бара.

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024