Главная » 2008 » Июль » 20 » ХАЛКЪАНА ТИДАМАШ.
ХАЛКЪАНА ТИДАМАШ.
23:44

            1АЛАМАН ХИЙЦАМАШ.              

1. 1УЬЙРЕ ц1иелча, йочана хир ю олу, ткъа суьйре ц1иелча, йоькхана хир ю олу.

2. К1ур ирх оьхуш белахь, йоькхана хир ю, нагахь аг1ор оьхуш белахь, кхоьлина хир ю олу.

3. Говр йижича, йочана хуьлу олу.

4. Цициг хьаьрчина дижина, йочана хуьлу олу.

5. Стиглахь луьста седарчий хилахь, йочана хуьлу олу.

6. Беттан гуо лаьцна хилахь, йочана хуьлу олу, ткъа
ц1ена, шера бутт хилча, йоькхана хир ю олу.

7. Ч1ег1ардигаш лахахула, лаьттах хьакхалуш-ца хьакхалуш лелаш хилча, йочана хир ю олу, уьш дукха лекха стиглахула лелаш хилча, йочана хир яц олу.

8. Мотт ца хуу бер "бур-бур" деш делахь - йочана хир ю олу.

9. Энаш долу стаг цара ц1еххьана хьовзавахь, йочана хила герга ю олу.

10. Сийна б1аьргаш болчун б1аьргаш сов къегина белахь а, йочана хуьлу олу.

11. Эттамаь1игаш сийналлина (бецана, дечкана) т1е йолуш елахь, 1а шийла хуьлу олу.

12. Гуьйранна дийначу бежанан яххьаш хебна делахь, 1а шийла хир ду олу.

13. Цициго аьтту т1одаца муцарг йилича, йоькхана хуьлу олу, ткъа аьрру т1одаца йилича, йочана хуьлу олу.

14. Ж1аьла лайлахь керчича, дарц долу олу.

15. Къийгаш 1уьйранна маьхьарца меттахъевлча, йочана хуьлу олу.

16. Котамаш екча а, йочана хуьлу олу.

17. Селасат екча а, йочана хуьлу олу.

18. Дуьххьара стигла къилбехьара къевкъича, йоькхана хуьлу олу.

19. Зингаташ сингаттаме д1а-схьа хьийзаш делахь - йочана хила г1ерташ ю олу.

20. Хиш г1овг1а еш делахь - йоькхана хуьлу олу.

21. Вовшашна т1е хиш диттича, йочана хуьлу олу.

22. Нагахь бераш арсех ловзуш делахь - йочана хуьлу олу.

23. Синтар дуьйчу хенахь буьйсанна беттаса кхетахь, стиглахь дуккха а седарчий долуш хилахь - дийначу синтаро хьекъана стом бахьа олу.

24. Зингатийн бен бохийча, йочана хуьлу олу.

25. Бийна лаьхьа коьллаш т1е я керта т1е хьалаоьллича, йочана хуьлу олу.
Просмотров: 1107 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 1
1 Dodam  
0
Сийна б1аьргаш долчунна б1аьргаш
сов къегина белахь йочана хир ю тов?)))
Х1ара тидам бу-кх уггаре хазаниг)))
Суна-м дуьххьара хезаш ду х1ара...)

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024