Главная » 2008 » Август » 29 » ОЛХУЗАРШ
ОЛХУЗАРШ
20:43
 

Г1АРАГ1УЛИ?>

 

Оьрсаша г1араг1улих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш т1ехь лекха а олхазар ду иза. Б1аьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь мог1анаш дина схьаоьхчу г1араг1улин г1еранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш г1орг1ачу декаро адамийн дегнашка б1аьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха д1акхелха г1араг1улеш. Екхначу стиглахь 1аламан исбахьа сурт х1оттадо мог1анаш хуьйцуш йоьдучу г1араг1улин г1ерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

 

Г1араг1улин з1ок нийса а, еха а, ира а ю. Г1ортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. Ц1ога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш.

 

Г1араг1улеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар д1ай-схьай кхелхаш ду. Б1аьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йог1у уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. Г1араг1улин коьрта туьтан т1ехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа г1араг1ули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю т1еман йоьхьигаш 1аьржа а йолуш. Цуьнан лаг а 1аьржа ду, б1аьрга т1ера охьа шина а аг1ор к1айн сиз а долуш. И шиъ сиз г1орта кхаччалучохь букъ т1ехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна т1иэхьа ц1иэ т1еда бу цунна. Когаш 1аьржа бу.

 

Г1араг1улин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу г1араг1ули. Баннаш дечу хенахь г1еранаш хуьлу церан. Хиш, 1аьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. Х1оа шиъ до г1араг1улино, вайн ц1ерачу котаман х1оьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, ц1иэ т1едарчий а долуш хуьлу цуьнан х1оьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. Ч1ог1а ларлуш 1едал ду г1араг1улин. Адам аьттехьа г1оьртича бенара г1оттий д1айоьду иза. Т1ома г1аьттина йоьдучу хенахь д1аяхйина г1орта а, т1иэхьаша д1ахецна ши ког а цхьана мог1ара нисбо цо. Цундела х1авао доьхьало яр к1езиг ду.

 

Баннаш дечу хенахь масех г1араг1ули цхьана а кхетий рог1-рогг1ана охьахууш, хьалаг1оттий кхиссалуш, т1емаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара.

 

Г1араг1улин даар борц а, горох а, к1а а, бецан х1у а, бецан соьналлаш а, садолу х1уманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду.

 

Ал-басахь а, к1ай а, 1аьржа а хуьлу г1араг1улеш.

 

1аламан хазна еш уьш хиларе терра г1араг1улеш ларо декхар ду адамийн.

-------------------------------------------------------------- 
АКХА Г1АЗ

 

Акхачу г1езах оьрсаша "Дикий гусь" олу.

 

Акха г1езаш масех тайпана ю, к1айн а, мокха а. Ц1ахь кхобучу г1езийчулла ду церан дог1маш. Цхьаерш кегийро ю. З1акарш а, когаш а ц1иэ хуьлу церан. Юткъа еха хуьлу церан г1ортош. 1аьржа з1акарш йолуш а ду акхачу г1езийн тайпа.

 

Хиш, 1аьмнаш долчу меттехь, бецан а, ялтийн а аренашкахь, хьаннийн йистошкахь хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Шишша цхьана х1уттий до цара баннаш, хин бердан йистошкахь, 1аьмнашкахь, эрз болчу тог1ешкахь, тоьлгашкахь, шачйолчу меттехь.

 

Бен буха буц а юьллуш, месийн до а дуьллуш тобо цара. Можо бос а болуш 4-6 х1оа до г1езо. Аз ч1ог1а декаш ду акхачу г1езан. Тобанаш йой лела уьш. Адамах, экханах ларъяла хаьа царна.
---------------------------------------------------------------- 
 
МОКХА АКХА Г1АЗ

 

Мокхачу акха г1езах оьрсаша "Серый гусь" олу.

 

Ц1ахь кхобучу г1езал дег1ана жима ю иза. Г1орта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху г1езачул. З1ок, можо бос болуш, ц1иэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш ц1иэ бу.

 

Х1урдан йистошца а, хищца а, 1аьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа г1езаш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. Х1урдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. Х1оьаш июнь баттахь до 4-6. Т1ема йовдар хала ду церан. Т1емаш доцийро хиларна чехка лесто деза. Т1ома евдда лакхахула лела церан г1еранаш. Х1урда чохь, хиш чохь, 1аьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу х1умнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.
 
-------------------------------------------------------------------- 
 
 

Г1ИРГ1А

 

Г1ирг1анах оьрсаша "Коршун" олу.

 

Г1ирг1анаш бес-бесара хуьла, таь11ана ал басахь т1емаш долуш, чук1ело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а ц1ога, готто т1емаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а.

 

Баннаш до дитташ т1ехь, ламанан даккъашца т1улган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, т1арг1а, кхин йолу к1еда х1умнаш. Х1оьаш до апрель бутт чекхболлуш - май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ х1оа до г1ирг1ано мокха т1едарчий а долуш. Цкъацкъа г1еранаш йой а лела г1ирг1анаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета. Ижо лахар лакхара охьа б1аьрг тухуш ду, наггахь бен т1ам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта х1аваэхь го туьйсуш генна д1адоьду г1ирг1а. Церан даар ду къиэелла х1ума, хе юьстахтесна белла ч1ара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш д1акхиссанчохь а карадо царна напг1а.
 
--------------------------------------------------------------------
 

1АЬРЖА Г1ИРГ1А

 

1аьржачу г1ирг1анах оьрсаша "Черный коршун" олу. Доккха олхазар ду иза, готтиро т1емаш а долуш. Ц1ога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара б1аьрг кхетчи 1аьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела "1аьржа г1ирг1а" олу цунах. Амма цуьнан бос таь1на ал бу. Чук1ело хьаьрса ю, таь1на ал т1едарчий а долуш. Корта басна сирло бу.

 

И тайпа г1ирг1анаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь а ду и тайпа г1ирг1анаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тог1еш, 1аьмнаш долу меттигаш еза царна. Г1алина а, ярташна а гергахьа даан напг1а долчохь хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадог1у февраль-март баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш т1арг1а а бехчалгаш а кхин тайпа к1еда х1уманаш а йохку. Х1оьаш апрель баттахь до 2-3. Мокха т1едарчий а долуш, к1ай хуьлу х1оьаш. К1орнеш июль баттахь бенара г1овтта. Сентябрь, октябрь баттахь бовхачу махка д1акхелха уьш. Лаккха х1аваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу х1уманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара.

 

Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу д1овшо х1аллакдо уьш.

 

Юьртабахамна пайдехь а хиларна, к1езиг а хиларна ларо дезачех ду 1аьржа г1ирг1а.
 
--------------------------------------------------------------- 
 

Ц1ИЭН Г1ИРГ1А

 

Ц1иэчу г1ирг1анах оьрсаша "Красный коршун" олу.

 

Ц1иэн г1ирг1а вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. Чук1ело сирла лепаш ц1иэ бос бетталуш ю. Цундела "ц1иэ г1ирг1а" олу цунах. Ц1ога, йоьххьера тукарца хадош юкъ яьккхачи санна, шалга ду цуьнан.

 

Дахар хьаннашкахь, хьуьнан-кортехь ду, церан. Баннаш диттийн баххьашкахь до цара. Х1оьаш апрель бутт чекхболуш до шиъ я кхоъ. Т1едарчий долуш къорза хуьлу уьш. Декар х1окху кепара ду: "Къий-я!" "Къий-къий-къий-къий-я!".

 

Цуьнан даар моьлкъарчий, лаьхьарчий, дехкий кегийра олхазарш ду. Къиэеллачу х1уманан дилх а доу цо.
 
-----------------------------------------------------------------
 

З1УГАРЧИЙ ЙОУ Г1ИРГ1А

 

 

Деха ц1ога а долуш, готтий т1емаш а долуш, лечанах тера г1ирг1а ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чук1ело сирло ю, ал т1едарчий а долуш. Оцо з1уганаш йоу дела оьрсаша "Осоед" олу цунах. Декаран аз иштта ду: "кии-е!" я чахко "ки-ки-ки-ки! "

 

Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа г1ирг1анаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара.

 

Май бутт болалуш до цара баннаш, шен г1ашца схьадаьхначу диттийн марг1алех. Х1оа 1-2 до жимма ц1иэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. К1орнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте д1акхелха уьш. Б1аьста апрель баттахь юха дог1у. Даар накхаран мозий, з1уганаш, церан кхоьбарчий.
 
-------------------------------------------------------------------
 

Г1УРГ1АЗ

 

Г1ург1езах оьрсаша "Лебедь" олу.

 

Г1ург1аз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара з1ок можа ю уггаре а йоккхачу г1ург1езан. Къоначийн з1акарш ц1ечу басахь хуьлу. Тундран 1аьмнашкахь хуьлу уьш. Д1ай-схьай йоьлхучу хенахь х1орднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. Х1оьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу х1оьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, г1ортий хи буха оьхуьйту цо. Т1емашца г1аьттина йоьдуш г1орта хьалха д1аяхйо. Екар хаза ду цуьнан "гангго... ганг-го" бохуш. 1аламехь к1езиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.

 

Ц1иэн з1ок йолу г1ург1аз. Цуьнан з1акаран бухехьа 1аьржа ма1а ю. Можа з1аг ерш санна к1езиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара х1оьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 х1оа до цхьаммо. Т1емаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо г1орта. З1ок нисса охьаерзийна латтайо. Аз г1орг1а ду, йиш - хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу х1уманаш а йоу цара.

Просмотров: 1660 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024