Главная » 2008 » Сентябрь » 13 » Байташ
Байташ
20:08

   Бералла (Саиев 1умар)

Бералла д1адоьду юха некъ боцуш

Къоналле кховдаеш т1аьхьенан раг1

Дахаро белла и мур ирсах кхолуш,

Сийсазъеш дегнашкахь ямартло, хьаг1 !

Д1адоьду хецна ша маса дин санна

Д1атуьлу геналлехь лар юьтуш ейн.

Ткъа и лар массо а ханна

Чуюьжу дахаран юьхь хуьлий вайн.

Х1аъ, ю и синтеме бераллин зама

Зовкх хьоьгуш д1аихна самукъне хан.

Ков доьллу цо вайна - дахарехь 1ама,

Доьналлин ницкъ кхуллуш вон-дика лан !

Просмотров: 1049 | Добавил: Hamid | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 2
2 papisedarchi  
0
Берало, хьо сиха ма ло.
Жима собар деш хила хьо.

1 borzik  
0
Хьамид!
Ч1ог1а хаза байт ю.Баркалла Дела реза хуьлда хьуна!

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024