Главная » 2008 » Сентябрь » 21 » Керла туьйра. ПИСУЛИГ ДАГАРДАН 1ЕМАШ
Керла туьйра. ПИСУЛИГ ДАГАРДАН 1ЕМАШ
17:19

  ПИСУЛИГ   ДАГАРДАН  1ЕМАШ         

 

1, 2, 3, 4, 5



Дехаш-1аш хилла цхьа писулиг.

Цунна цхьаан т1е кхаччалц дагардан хууш хилла. Иштта, ша мацделча юург еха хууш, вон лела хууш, шен лиъинчу хенахь д1адижа хууш а хилла иза. 


Писулиган да а, нана а, я йижарий-вежарий а ца хилла. 


Цундела и писулиг байт1ехь дехаш хилла.

Малх схьакхетча, писулиг д1адоьрзуш хилла. Амма малхана писулиг ч1ог1а дезаш хилла. Цунна къахеташ хилла цициган к1орнех.

- Цхьаъ бен доца цициган к1орни, - аьлла, бистхилла Малх. - Ас дохдийр ма-ду хьо.
- Суна-м хаьа хьуна кхин х1уммаъ дан ца хаий, - баркалла ала хууш ца хилла писулигна.
- Жима бу-кх и хьан дашон корта. Хуммаъ дац, суна-м хал дац хьо дохдан, - олуш, юха а бистхилира Малх.

Иштта хиира писулигна ша цхьаъ бен цахилар. Шен хаза ц1ога а цхьаъ бен доций кхийтира иза. Шен дашон корта а цхьаъ бен боций хиира. Шен батт цхьаъ бен йоций хиира. Шен мара а, дег1 а цхьаъ бен цахилар хиира.

Малха схьакхетча, ше б1аьргашчу и хьаьжча, цхьа б1аьрг бен схьабоьллуш ца хилла писулиго.
Ши б1аьрг цхьанний муха боьллур бу? Шинна т1екъаччалц дагардан хууш цахилча.

- Сан б1аьрг цхьаъ бу. Кхин цхьаъ бу. Сан лерг цхьаъ ду. Кхин цхьаъ ду. Сан бесни цхьаъ ю, кхи цхьаъ ю.

Шовдан йисте деана, писулиго хаттар дина.
- Мерза, шийла шовда, хьа маса берд бу?
- Шиъ бен хила йиш яц. Х1унда бохура ахь?
- Шиъ бен сайн б1аьрг хила йиш йоцудела хоьттур аса-м, - жоп делла писулиго.

Ишта 1емар писулигна шинна т1екъаччалц дагардан.
Ц1адог1уш цунна гина хаза полла. И баа дагадеъна цунна. Хьалакхоссаделла писулиг, полла лаца. Амма полла д1абахана.

Писулиго шен ког карчийна. Доьлхуш 1аш хилла писулиг.
- Ма делха, писулиг. Хьан-м кхин кхоъ ког бай. Сан ши т1ам бен бац, - аьлла, къахетта писулигах ч1ег1ардигна.
- Ткъа бан маса бара уьш сан? - хаттар дина Писулиго.
- Бан-м биъ бара хьан, амма цхаъ лазийна ахь, - аьлла, д1адахана ч1ег1ардиг.

Ишта Кхоъ, Диъ 1емина писулигна.
- Цхьа дика доцуш, во ца 1оттадели сох. Суна-м дагардан хуур ду иштта, - бохуш, 1ийна писулиг.
- Хьайн цхьаъ бен доцу ц1ога шина белша т1е а диллий, хьайн биъ ког кара а лаций, дадалахь кхузара, - аьлла, шок туьйхира Махо.

- Цхьаъ ц1ога, шиъ белш - кхоъ хуьлу. Биъ ког, цхьаъ ц1ога маса хуьлу? - бохуш, писулиг хиина 1ашшехь, дог1а доладелла.
Бераш, шуна ца хаьа, мел ду - цхьанатоьхча цхьа ц1огий, биъ коггий?

Да ца дахло вай писулиг, и мел ду ца хиича.

Дагар дай вай?
Вайн писулиг цхьаъ бен дац.
Цуьнан хаза ши б1аьрг бу.
Амма беа когах цхьаъ лазийна.
Кхаа когаца да ца дахало.
Цхьаъ (1), шиъ (2), кхоъ (3) – дадалахь,
Диъ (4), пхиъ (5) – сихонца!


СЕДА ПАПИСЕДАРЧИ.



Просмотров: 1267 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 3
3 papisedarchi  
0
Шу сих-сиха чу дог1аш хилча тхуна г1он хира дера аьлла хета суна.

2 Dodam  
0
Седа, ахьа ма дика болх бина кхузахь!)
Дела реза хуьлийла хьуна а,
иштта кху чохь болх беш мел волчунна а!
Дала аьтту бойла шун массо дикачу х1уман т1ехь..)
Ларамца..

1 papisedarchi  
0
Писулиг дагарда 1емана. Вай берашна хаи дагарда? surprised

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024