Главная » 2008 » Сентябрь » 26 » БАЙТАШ ( стихи )
БАЙТАШ ( стихи )
00:32

Рамзан Джамбулатов

 

Бийца цхьа а

Мотт ца хууш,

Лелабарх ахь

Лекха куй,                                      

Нохчийн нанас

Нохчийн дена

Вина хиларх                          

Пайда буй?

 

Даймохк кхойкхуш

Кхаьчнехь бала,

Хьуна хьайна

Бу юьхьк1ам,

Мичча кхачарх

Дита ала:

« Ма оьзда ду

нохчийн къам! »

*    *    *

Хьаша-да воьссинехь керта..
Сайн дена Абубакарна

Дин парг1атбаьккхича хьешан,
Шен к1анте аьллера дас:
- Г1иллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.

Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.

Цкъа жимчохь хезнера суна,
К1иллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.

Т1еоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.

Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов...
*      *      *
Ткъа х1ара дешнаш-м массара а
ойла ян мегар долуш ду..)

Ойла яй бен
Дош ма ала,
Дохковаларх
Пайда бац.
Аьлла дош-
Кхайкхаза бала
Цхьа чов йоцуш
Доьрзур дац...





 

Просмотров: 3066 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 6
6 Хамзат  
0
Хаза байташ ю кхучохь ДЕЛ РЕЗА ХУЬЛИЙЛ Х1АРА САЙТ ЕШ КЪАХЬЕГНАЧУННА

5 DEGI  
0
Ч1ог1а хаза байт ю аса дегина а ,1аморю Даламукъалахь!

4 papisedarchi  
0
Дикам ду шушина 1амо хума кхучохь карина))) wink

3 Hamid  
0
Даламукълахь!!! biggrin

2 musa  
0
Хорш сан стихаш ю.Аса сайна дагахь 1аморю.Шаш нохчий бу бохуш лелаш болчарна ешар ю.Даламукълахь! exclaim

1 papisedarchi  
0
« Ма оьзда ду

нохчийн къам! »Дала сий долда вай массера.


Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024