Главная » 2008 » Сентябрь » 26 » ВАЙНЕХАН ПОЭТАШ
ВАЙНЕХАН ПОЭТАШ
00:59

БИСМИЛЛАХИРРАХЬМАНИРРАХЬИЙМИ?>

 

Х1АЙ ДАЙМОХК, САН КУЬГ Д1АЛАЦА!

 

Х1ора а дуьненчу долучу адмана шен-шен некъ ло Дала.

Цхьанна - сирла, ирсе, шера.

Кхечунна - хала, нуьцкъала, дукха халонаш йолуш.

 

 

Хала ду шен ирсах,

Безамах вала.

Цул хала - дахаран

Некъах чекхвала.

 

 

 

И дешнаш яздинарг ву Хьалха-Мартан к1оштарчу

Г1ойт1а ц1е йолчу юьртахь вехаш волу поэт Джамбулатов Рамзан.

Иза вайн махкахь вевзаш, цхьа ша тайпа кхоллам болуш стаг ву.

Шен дахарехь дукха халонаш лайна цо.

Рамзан вина 1943 шарахь.

Шен ах шо а кхачале ненаций, вешиций махках ваьккхина иза ( цу хенахь да дийна вацара).

И де цуьнан дахарехь уггаре а ирча дара.

Х1орш д1абига баьхкинчу салтех кхеравелла,

цамгар кхийтира Рамзанах – когаш т1е хьала ца г1атталуш висира иза.

Цуьнан турпала нана Палада бахьана долуш,

генарчу Казахстанехь 1ожаллех к1елхьарбевлира Рамзанг1еран жима доьзал.

Шен 7 шо кхаьчча, нанас г1о а деш, школе вахара Рамзан.

Цу хенахь мелла а ког баккхалуш вара иза.

Школа ц1ахь, Г1ойт1ахь, чекхъяьккхира цо.

Могуш вац аьлла ца 1аш, Рамзана болх бира

Хьалха-Мартан к1оштан газетехь а, г1ишлошъярехь а, шен юьртарчу школехь а.

Амма цамгаро даиманна а заь1апхойн г1удалкх чохь витира иза.

Иштта хала киртиг т1ех1оьттича, дукха нах доьналлех буху.

Рамзан вацара царех. Дахарехь шен меттиг лоьхуш,

цунна карийра иза поэзехь...

 

 

…Амма со кханенах теша,

Тешаро шен дола ваккхал.

Ког боккхуш, вер ву со беша,

Ирс хеташ когаш т1ехь латтар.

Сайн иллех дуй аса биъна,

Дахарехь нийса некъ лаца.

Бакъо яц иштта 1ен хиъна,

Х1ай Даймохк, сан куьг д1алаца!

 

 

Поэзига шен болу безам ч1аг1барна Рамзана даиманна а баркалла олу

нохчийн къоман г1араваьллачу поэтана Сулейманов Ахьмадана.

Дахаран массо а аг1онаш лоцуш, дагах кхеташ ю Рамзанан стихаш.

Даймохк, Нана, доттаг1, безам…

Берашна язъйинчу стихаша а лоцу доккха дакъа цуьнан кхоллараллехь.

Суна Джамбулатов Рамзан дуьххьара 2001 шарахь апрель баттахь

цуьнан Хьалха-Мартан №1 йолчу юккъерачу школехь

дешархошца хиллачу цхьанакхетарехь гира.

Цу дийнахь хиира суна цуьнан араяьлла цхьа а сборник ца хилар.

Карарчу хенахь Рамзан ч1ог1а могуш вац – дог лозуш ву иза.

Ч1ог1а х1окху сборнике сатуьйсуш а ву.

Суна ц1енчу даггара сайгара а, Рамзанера а, тхайн доьзалера а

баркалла ала лаьа х1ара сборник ара хецарна

вайн махкахь вевзаш волчу Маигов Саламбекана.

Дела реза хуьлда хьуна, Саламбек!

Везачу Дала хьайн дагахь долчу дикане кхачавойла хьо!

Иштта, аса даггара баркалла олу

Рамзанан дахарехь накъостий хилла лаьттинчу нанна Паладина а (Дала геч Дойла цунна),

х1усамнанна Мадинина а, вешина Русланна а.

Къаьсттина доккха баркалла ала лаьа

«Грозненски рабочий» газетехь болх беш йолчу Вазаева Асетана а.

Дела реза хуьлда шуна массарна а!

Везачу Дала могшалла а, доьналла а ма эшадойла, Рамзан, хьуна а!

Дала вахавойла хьо, хьуо везачарна!

 

Хьалха-Мартан яхархо

Эдельмежидов Яраг1ин йо1 Малика.
 
Маликас статья язйиначул т1ехьа Рамзан кхелхина.Цуна Дала гечдойла.Ша вирзина меттиг Дала декъала йола.Дала йалсаман хьаша войла цуьнах.Амин.

 

Просмотров: 1405 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 4
4 Dodam  
0
Хьаша-да, схьа чоьхьа вала..

Цамгаро лаьцна со,
Вожийна метта,
Шерашкахь ас тоькху бала.
Мегар дуй-даций
Соьга ма хетта,
Хьаша-да, схьа чоьхьа вала.
Нагахь хьо г1елвинехь
Шелонан хьуно,
Дарбане байташ ас
Йоьшур ю хьуна.


3 Dodam  
0
Рамзанан дахарехь дуьххьара а,
т1аьххьара а араяьллачу байтийн гуларан
предислови ю х1ара....
Делан къинхетамца ша д1акхалхале
гира цунна иза гулар..
ша иза ца гуш валарах ч1ог1а кхоьруш а
вара иза..((
Аллах1а геч дойла-кх цунна а, цуьнан х1усамнанна
Мадинина а.. Аллах1а ялсамани хьеший бойла царех..
Г1арсби, хьуна а хуьлийла Аллах1 реза!
Вано ч1ог1а мехала болх бу ахьа беш берг!
Аллах1а аьтту бойла хьан!
Ларамца...

2 DEGI  
0
Дела реза хуьлда шуна.Аша бийриг ч1ог1а оьшуш болх бу шуна.Х1ара статья суна кхечанхьа а гинера,амма кхузахь санна хаза еша дог дохуш яцара.Со х1ора сарахь ши къант юххе хаавой шун аьлчаа вай сатана чу йолу шина къантана кху т1ехь мел йриг еша аса.Шайн туьйра йа байт хазалахь иза х1ора денна юха йошуьйту соьга.
Дала аьтто бойла шуна а вай массера а .

Шу доггах сайн гергара хетарг .Дегина нана.


1 papisedarchi  
0
Хьар статья чу йиларна дела реза хулда хьуна. Рамзанан Дала геч дойла. Цо яздина вайна дисанариг, дала беркате дойла.

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024