Главная » 2008 » Октябрь » 1 » ОЛХУЗАРШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
ОЛХУЗАРШ НОХЧИЙН МАТТАХЬ
12:07

ДАРТА?>

 

Оьрсаша Дартах "Беркут" олу. Готтийро т1емаш а долуш, деха ц1ога а долуш йоккха аьрзу ю иза.

 

И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа аг1ор а, Къилбаседехьарчу 1америкехь. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул т1аьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тог1ешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш яц уьш.

 

Баннаш адам т1е ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта - стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. Х1оьаш март-апрель баттахь до 1-2. К1ай хуьлу уьш, ал бос бетталуш ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу к1орнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. 1ай еллачу бежанийн дилх доу цара.

 

Вайн республикехь наггахь бен яц дарта. Ч1аьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа г1амаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла.

 

Уьш к1езиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте д1овш дилла а гур бог1а а.
  
--------------------------------------------------------------------------------------- 
  
 

                                                     ДУРГЛИ

 

Оьрсаша дурглех "Стриж" олу. Ч1ег1ардигах тера ду иза. Лог-к1ело к1айн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш 1аьржа ду иза. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, г1аланашкахь, ярташкахь адамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. Б1аьста бовхачу махкашкара схьадог1у дурглеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу г1еранашца ду церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, т1улга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. Х1оа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка т1емаш а детташ. Декаран аз "виз-з-з...виз-з-з" бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш. Ц1ога ч1ерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. Т1емаш марс санна чоьхьа хьаьвзина ду. Цара садолу х1умнаш юу дела пайдехь лерина уьш.
  
--------------------------------------------------------------------------------------------
  
                                            КУЬЙРА

 

Куьйранаш а хуьлу бес-бесара. Къийгал доккха, букъ т1ера сиро бос болуш, мокха, корта таь1ночу басахь болуш, к1ай ц1оцкъам долуш, чук1ело сирла а, пурхалхьа луьстта 1аьржа сизаш долуш а ду цхьа шамайпа куйра. Цунах оьрсаша "Тетеревятник" олу.

 

Дахар цхьана меттахь а, д1ай-схьай кхелхаш а ду. Баннаш дечагийн баххьашкахь до цара. Х1оьаш к1ай хуьлу кхоъ я диъ. Диэкар зевне ду "къяк-къяк-къяк" я "хи-хи-хи". Т1емаш доцийро ду, цуьнан ц1ога деха ду. Оцо аьтту бо дадар сихдан а, дитташ юккъехулу д1ай-схьай дерза а, дедда доьддушехь хьоза лаца а. Куьйрано котаман к1орнеш а луьйцу, кхокха а лоцу, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазарш а, дийнаташ а луьйцу. Адамех ларлуш а, къаьхкаш а ду иза.
  
-------------------------------------------------------------------------------------------
  

                                             ЖИМА КУЬЙРА

 

Жимчу куьйранах оьрсаша "Тювик" олу. Кхокханалла ду иза. К1ай ю цуьнан логак1ело. Б1аьргаш ц1иэ ду. Хаьндарг йолчуьра дуьйна чук1ело албасехь ю, пурхалхьа юткъий 1аьржо моханаш а йолуш. Дахар буц-аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тог1ешкахь а, бошмашкахь а ду цуьнан. Цхьана меттера кхоьчахьа кхелхаш ду иза. Бен дитта т1ехь бо цо. Х1оьаш жимма сийна бос а бетталуш к1ай хуьлу. Тойна май бутт чекхболуш, июнь бутт болалуш доккху. Кхоъ я диъ к1орни доккху цо. Декар дахдой хуьлу "тью-ю-вик, тью-ю-вик" бохуш. Цундела аьлла цунах оьрсаша "тювик".

 

Дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу х1уманаш йоу цо.

 

Ялташна зуламе, садолу х1умнаш цо яарна пайдехь лоруш олхазар ду иза. Цундела уьш хуьлучу меттехь д1овш тийсар дика дац. Д1овшо бийна дахка а кхин йолу садолу х1ума а йиъчи иза ле.
  
--------------------------------------------------------------------------------------------
  
 

 

 

 

                                    КЪОРЗА КУЬЙРА

 

Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду.

 

Оьрсаша "Малый перепелятник" олу цунах. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чук1ело хьаьрса ю, пурхалхьаша к1ай сизаш а долуш. Ц1ога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. Б1аьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тог1ешкахь ду. Д1ай-схьай кхелхаш а, к1езгачех а олхазар ду иза. Х1оьаш июньехь до диъ я пхиъ. Х1оьаш ц1иэ т1едарчий а долуш к1айн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду.

 

Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша "Перепелятник" олу цунах. Т1емаш таь1начу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чук1ело а, пурхалхьа к1айн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таь1на ал бос болуш ю. Б1аьргаш можа ду.

 

Дахар хин берда йистошкахь, хин тог1ешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи д1ай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ т1ехь до цара. Х1оьаш кхаанне т1ера ялхан т1е кхаччалц до. Х1оьаш к1ай хуьлу, ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар ч1ог1а зевне ду: "къив-къив-къив-къив!" Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.
  
-------------------------------------------------------------------------------------------
  
 

 

                                                         К1АЙН КУЬЙРА

 

К1айчу куьйранах оьрсаша "Степной лунь" олу. Ялтийн аренашкахь, буц-аренашкахь хуьлуш ду иза. Бен латтахь, я бецан тоьлга т1ехь бо цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до 4-6 стиглан бос бетталуш к1ай. Додуш чехка дац иза. Боьрша куьйра х1аваэ лекха хьала а долий аг1у а берзабой бен болчухьа чухахкало. Аз декаш ду: "пир-р-р", "гик-гик-гик".

 Цуьнан даар дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу х1уманаш ю.

 
Къайчу куьйрина сурташ ма дарра хьаж йиш ю х1окхехь  http://www.deryabino.ru/ptaha/lun_stepnoy.htm
-------------------------------------------------------------------------------------------
  
  

                                  КХАЛЛАКЪ

 

Кхаллакъ олу корта а, хаьндарг а, т1емаш а, ц1ога а, 1аьржа а долуш, дег1 сира а долуш йолчу йоккхачу къийгах. Оьрсаша "Ворона" олу цунах. З1ок стомма а, еха а ю цуьнан. Ялтийн аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлу уьш. 1аьнан заманчохь ярташна, г1алина гергахь еха уьш. Цхьана меттехь ду церан дахар, гена д1ай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна т1ехь до. Х1оьаш 5-6 до апрель-май баттахь. Баьццаро бос а бетталуш стигалан басахь хуьлу уьш, мокха т1едарчий а долуш. Екар зевне ду "кра-а, кра-а" бохуш.
  
-------------------------------------------------------------------------------------------
  
  

                                           КХОКХА

 

Оьрсаша кхокханах "Голубь" олу. Горга, дуьзна дег1 а долуш, луьста, шера дег1а т1е йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

 

Оьрсаша "сизый голубь" олуш бу вайн ц1ахь, адамаш дехачохь г1аланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу г1еранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ т1е кхаччалц г1орта а, хаьндарг а, таь1но сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу х1уманах. Шина а аг1ор т1ома т1ехь шалха 1аьржа мозанаш ю цуьнан, т1омана пурхалхьа, т1ам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, б1аьргаш а ц1иэ ду. З1ок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

 

Цхьана метта дехаш а, д1ай-схьай кхелхаш, 1ен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла кара1емина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до т1улган я сацкъаран бердашца, д1атесна йитначу тишчу г1ишлош чохь, ц1енойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа к1еззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха х1оьаш дан.

 

Кхокхано шиъ до х1оа. К1орнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. Т1емаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта т1е хууш г1иллакх дац цуьнан.
  
--------------------------------------------------------------------------------------------
  

                                             КЪОР-КХОКХА

 

Оьрсаша "Горлица" олу къор-кхокханах. Вукха кхокханал дег1ана жима бу иза. Дег1 цуьначул куьцехь ду. Хаьндарг жимма ц1иэ бос а бетталуш овкъаран басахь ю цуьнан, чук1ело сийно бос бетталуш сира ю. Т1емаш ал бос болуш ду, 1аьржа т1едарчий а долуш. Ц1оганна йоьххьера месаш к1ай ю. Когаш ц1иэ бу цуьнан. Г1ортан т1ехь 1аьржа а, к1ай а раз-пурх сизаш ду.

 

Дахар хьаннашкахь, хин тог1ешкахь, стоьмийн бошмашкахь ду церан. Стен боьршан шишша цхьана а кхеташ до цара баннаш хьаннийн йистошца а,бошмашкахь а. Баннаш дитташ т1ехь до цара. Нилхха синтарш а йохкуш, чекх са а куш. Тойна май баттахь доккху. Х1оа 2 хуьлу цуьнан. Бадар вукха кхокханан санна ду. Амма цуьначул атта ду. Лечкъана лелаш бац къор-кхокха. Ардаш юккъехула д1абоьдачу некха т1ехь а, телеграфни сераш т1ехь а хоий 1еш хуьлу къор-кхокха. Бекар хаза ду цуьнан, эшаран аз санна дагах кхеташ. "Къур-кхурр... кхур-кхурр..." бохуш.

 

Бажар лаьттахь ду цуьнан, ардаш т1ехь, некъаш т1ехь а. Ялта а, бецан х1у доу цо.
  
--------------------------------------------------------------------------------------------
  

                                                 КХОР-Б1ЕЛИГ

 

Кхор-б1елиг жима хьоза ду. Вайн ярташкахь хуьлучу стечу хьозанах тера ду иза. Цул жима доца дег1 ду цуьнан. Дитташ т1ехь цхьана гена т1ера вукха гена т1е а хуьйшуш лела иза. Чуьркаш, мозий луьйцу цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Бен диттан генаш т1ехь бу. Г1а меттах даьккхина а ша долу меттиг билгал ца йоккху цо. Дека хезаш а дац иза. Тилкхазбелла б1аьрг ца кхетчи, иза дитта т1ехь ду дац а ца хаьа.

 

Оьрсаша кхор-б1елигах "Малая мухоловка" олу.

 

 

                                  

Просмотров: 1754 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024