Главная » 2008 » Октябрь » 3 » НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА
НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА
10:25
НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ-ОЬЗДАНГАЛЛА

 

 

XIapa «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» боху жайна яздина ду вайнахана шайн къоман гIиллакхаш кIopгepa довзийтаран а, царах диканaш дахарехь лело, вонаш дIатаса аьтто хилийтаран Iалашонца. Ийманца догIучу гIиллакхaшца цхьаьна, вай кхузахь хьахорду цуьнца цадогIурш а - церан нийса цахилар билгалдаккха а, уьш дIатаса вайна атта хилийта а.

 

XIapa жайна лаьтта дIадолорах а, бархI декъах а, дерзорах а. Кху тIехь къестош ду xIapa тайпа хеттарш:

 

- Оьздангалла а, дахарехь цо лело маь1на а;

- Нохчийн къоман оьздангaллин коьрта мeхaллaш;

- Адам а, цуьнан гIиллакхаш а;

- Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а;

- Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш;

- Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а;

- Зама а, оьздангаллехь болу къоман кхетам хийцабалар а (ши дакъа).

 

 

I дакъа

 

 

ОЬЗДАНГАЛЛА А,

ДАХАРЕХЬ ЦО ЛЕЛО МАЬ1НА А

 

 

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан мaьIнa шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх - иза адамаша, вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьал дIа xIopa стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца laш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.

Оьздангалла - иза кхечу садолчу хIумнийн хила йиш йоцyш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш а ю.

Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхaш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо БIешерaшкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхaш...», - олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, xIyндa аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, xIapa дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь.

3амано а, xIopa дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара.

Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iexopaн, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.

Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуъненан къаъмнийн ерриге а оъздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаътта диссийна ду, шен Динца цхъаъна. Ткъа и дин цхъаъ бен а дац - бусалба дин, ислам.

Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре - Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна - делла. Дин – иза лаътта тIexь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаътта диссийна дахаран-Iepaн дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Ieca гIиллакхаш а кхуллуш. TIaккxa Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iaмo Дала Шен Элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг - Мухьаммад-пайхамар - Делера Салам-Маршалла Хуьлда цунна – элчанийн мyxIap.

Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь ала доссиинарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIepa адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIe доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан.

Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Ieca гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Ieca гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.

Кхузахь хаттар xIoттa тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Ieca я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц.

И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», - боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIнa гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.

Делан Элчас - Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна - аьлла: «ГIиллакх - динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIe иштта йийцина:

 

 

lаж lожана буха божар хууш ду,

Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?

Гlиллакх дитт ду, ткъа хьекъал - цу диттан стом,

ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?..

 

Кхузахь «гlиллакхах» дозуш хlоттийна «хьекъал». Иза нийса а ду, нагахь дуьйцург адамашна пайде долу хьекъал делахь.

Амма кхечу кепара «хьекъал» хила а тарло адамехь - гlиллакх доцу хьекъал, оьзда доцу хьекъал, зуламе хьекъал. И тайпа хьекъал долчу стеган мах хадош, нохчаша олу: «Iилма-м шайтlанехь а ду». Цундела вайн къоман философехь хьекъалал а, говзаллел а, Iилманал а лакха хlоттош хилла оьздангалла.

Билгалдаккха деза и тайпа хьал массо а къаьмнийн хьежамашкахь цахилар. Стаг шен говзаллехь ларош, шен гIуллакха тlехь кхиамаш бохуш хилчхьана, цуьнан оьздангаллин сурт-сибат мухха хилча а, сий деш а, лоруш а хуьлу, масала, цхьадолчу Европерчу къаьмнийн. Нагахь стаг дика поэт велахь, нахана дегнех кхета байташ язъеш, иза харцахьа лелар, цо къаьркъанаш мийлар, и оьзда цахилар кхин чlогlа тидаме а ца оьцу цигахь. Иза хьал ду х1инца Нохчийчохь а. Шен говзаллехь пхьар хилар коьрта ду, кхидlа дерг мехала а дац бохург ду иза, бер харцахьа лелар санна xIумa лоруш.

Ткъа нохчийн къоман философехь иштта дац. Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна тIехь ду муьлххачу а кхечу стагана тIехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Халкъалахь цlе дIаяханчу стага кхечарачул а чIогlа ларбан безаш хилла уьш, хlунда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца я цхьа осалниг далахь кхарда кийчча.

Гlиллакхашка хьаьжжина, стеган мах xaдoрexь «къиза» а, дуьххьал дlа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхaш, цуьнан цlе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу xlyмaнo. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iaш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхl тIaьxьeннa а.

И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг ryттap чIагIвина латтош хиллa, дикачу гIуллaкxaшнa, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостyш ца Хилла, гуттар а оьшyчу дIахахка кийчча дин а латтош хилла. ХIинца а Iаламат дукха бу и гIодаюкъ яста йиш а йоцуш я чомехь вижар-г1аттар доцуш лела кIенти, Дала Аьтто Бойла Церан!

Ша воьжча, шен цIe йоьжча, дегlана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаая цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема, амма хIинца к1еззиг бисна цу х1умана само еш берш.

И нохчийи гIиллакх дика девзаш ву «Эвтархойн Ахьмадах долчу илли» тIехь вуьйцу гIалагIазкхи. Цу иллин боцца чулацам иштта бу.

Эвтархойн Ахьмад воьду аренца лела. Цхьанхьа, паначу махкахь, шен динна баргол а тоьхна, и бажа лаьллина, «чергазийи юткъа нуьйр гIевлинга йиллина, чергазийи ва чоа даржош тle ва тесна, чал дера герзaш, нанас бер ва санна, шен мара къуьйлуш», набарна вуьжу Эвтархойн Ахьмад. Иштта лела араваьлла цхьагlалагIазкхи кхочу цига. Шен дин иштта бажа лоллий, Эвтархойн Ахьмадана юххе, цунна тIepa ах верта шена тle а озадой, набарна тевжа гlалагlазкхи а. Вуон гIан-набарш гина, самаваьллачу Ахьмадна шена юххехь вижина Iуьллуш гlалагlазкхи а го, шен дин чехош лелaш цуьнан гила а го. И ца лалой, Эвтархойн Ахьмада олу:

 

 

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!

Ахь суна ца бина тешнабехк,

Ас бийр бац хьуна!

Хъан дино кхерий-кха сан жима расха дин!

Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?

ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнaшкахь!..

 

Латарна кечам бина ваьллачул тIaьxьa, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

 

 

Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!

Ахь сема ладогIа, собаре хилий:

«Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со вийча,

Цхьа гIалагIазкхи вийна Эвтархойн Ахьмада», -

Аьлла, дIадоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;

Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,

Махкахь цIе йоккхуш дика кIaнт хьо хилча,

«Цхьана гIалагIазкхичо вийна Эвтархойн Ахьмад», -

Аьлла, цIе южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад...

 

Къонахчун валар а, вахар санна, цхьана дикчу, оьздачу, лекхачу Iалашонна хила дезар билгалдолу оцу иллехь. Хьо мел оьзда ваьхнехь а, хьан валар декъаза хилча, доха тарлуш ду дерриге а, йожа тарлуш ю мел йоккха цIе а. Цундела стага и цIе Iожалло ша лаццалц ларъян езаш а ю, тIaккxa цуьнан тlаьхьеннa тlедужу изза декхар.

Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь дIайоьду и дика цIе хилла. Иштта дика цlе яьккхинчу къонахчунна вуон болх хила лууш а, и цlе цунна йогlуш ца кхаьчна бохуш, тайп-тайпана эладитанаш дуьйцуш нах нислуш а хилла. Цунах лаьцна ду халкъан кица: «Лекхачу ножана хьоькху мох ца эшна». Амма хьаьгIнаш лелочу нехан эладитанаш бахьанехь, шен оьздангаллин декхар тесна дита бакъо яц цхьаьннан а. «Деши, мел хоттала хьекхадахь а, бехлур дац», олуш а ду вайн халкъан кица.

Оьздангалла халкъ шex лаьттачу xIopa стеган шeн-шен хуьлу. Вайн йиш яц цхьа халкъ оьзда ду, важа дац ала. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар даладахь а, уьш кхето догIy оцу я кхечу «халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тlелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маь1нехь. Бакъ а долуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу тайп-тайпанчу къаьмнийн. Масала, дустур вай цхьадолу нохчийн а, оьрсийн а гlиллакхаш (оцу къоман гlиллакхаш массарна а бохург санна девза дела даладо вай уьш). Нохчийн доьзалехь гlиллакхехь дац да-нана а, йоI а, к1ант а, нус а, цхьаьна охьа а хевшина, xlумa кхоллуш. И иштта хила деза аьлча а, акха ду вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьа а ховший, xlумa а юу, мала а молу, я церан къомана осал xlумa а дац иза. Цхьана aгlop, иза доьзна ду оьрсийн къам кериста динехь хиларца а.

Амма нохчийн гlиллакх-оьздангаллин ша-тайпа билгалонаш гучуйовлу вайна, бусалба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш бу гlебартой, балкхарой. Цара салам, (куьг кховдор) боьршачу наха вовшашка делла ца Iаш, зударша вовшашка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа, хууш ма-хиллара, вайн нохчийн боьршачу наха вовшашка бен луш а дац салам.

И тайпа гlиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман оьздангаллехь а карайо. Амма шайн дикчу гlиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш. Кхечу кепара хуьлийла а дац. Хlунда аьлча, массо а дикчу гlиллакхийн бух - Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Амма xlopa а къомо – шен дуьнене хьежаме, шен дахаран хьелашка, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина, - оцу хьехамашна тle а доьгIна, шен-шен гlиллакхаш кхоьллина. Цхьадолчукъаьмнаша Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тlеэцна, ткъа кхечукъаьмнаша, дегIан паргIато кхин тIe а йоьхкуш, шайна халонга бохуш тIеэцна уьш. Масала, бусалба дино боху адамашка шайн дегIана хьулам бе духарца. Боьршачу стеган хьулам бан беза меттиг (Ioвpaт) - иза цIонгера гоьле кхаччалц йолу меттиг ю. Иза къайлаяьккхичхьана, ламаз дан а магадо. Амма цхьа а нохчо xIуттур вац ишттачу духарца Iамал ян, я ишттачу духарца адамашна юккъе а вер вац, я шен доьзалехь а лелар вац (бакъду, хIинца-м нисвала а тарло цу тайпана шен доьзалехь паргIат леларг а, амма вай дуьйцург нохчийн Iaдaтexь хила дезарг ду.

Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай.

Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра, гучувала ша аьлла, Мамакаев Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка xIycaмexь тIex йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла схьавеънера. Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура Абузара, мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла.

Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ цахадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. Генара схьавогlучу стагана хьалхахула тlехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш xlyмa дац иза. Xleттe а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.

Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоlстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIepa йогlу йоl воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кlудал охьа а хlоттайой, бyкъ а берзабой, дlaxlyттyш хилла иза, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогlуш зуда хилча, и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дlaxIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоций (амма тIаьхьарчу хенахь и гIиллакхаш чIога ширделла, хIинца нана стенна йуьйцу, да а хуьлу шен бер мара а дуллий паркехула я алсам адам долчахь волалуш, цхьаннех а къийла а ца луш, иэхь-беркат а дайна). «Амма вай дуьцург вайн нохчийн 1адатехь хила дезарг, вайн дайша лелинарг ду. Х1инца вайна юкъара ц1ахь 1аш болчарна хууш хир ду, и вайн дайша лелийна г1иллакхаш аьттехь а юха дог1ур доци, иштта х1инца долу хьал нохчийчохь д1а доьдахь цхьа массит шо даьлча вайн къам оьрсийн къомах (дукхох дерг) д1а тара лур ду, тара дела а ду… (ша цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, х1ума ца хилахь). Х1унда аьлча жими-воккхи а дац, я вовшех ларам бац вай, цу иваннера лаам кхочуш хили, вай барт бохий цара»…

 (т1аьхье хир ю)

Просмотров: 2113 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024