Главная » 2008 » Октябрь » 13 » Керла туьйра.
Керла туьйра.
23:41

 Седа Паписедарчи.

Ирсах буьззина Безам.Безамах дуьззина Ирс.


Масийта эзар шо хьалха, дуьне кхоьллича, доьхьара малх белабелла  гуча баьлча, Дала кхоьллина ирс а, безам а. Маликаш дахийтина ирс а, безам а дуьненна т1е досса де аьлла. Ши малик жима хилла. Малхан хазаллах 1ехаделла маликаш ловза девлла. Малхан з1аьнарш цаьрца ловзаш хилла. Шаьшимма ара баьккхина некъ бицбина лелаш хилла жима маликаш. Ирс дистхилла безаме:
- Хьо х1ун дахьаш дог1уш ду кху дуьненчу?
 Безамо жоп делла:
- Со дуьненна дахар хаза да, мерза да кхоьлинна Дала.
- Со а  ма ду и дуьнена дахар мерза да доийташ. Со а ма ду  аьтто, барт хилийта доийташ.
- Со бу дуьненна марзо яхьаш. К1еда, хаза, бертахь, собарехь дахар хилийта бог1аш.
- И соьга далур ма дара. Хан-зама  хаза йа. Дахар хаза да.
- Суна-м хинца хаа вайшиъ цхьана х1унда доийташ ду, - аьлла дистхилла Ирс.
- Сан сагатта ца далийта доийташ хир ду-кх хьо.
  Шаьшшинна к1адделла ши малика ц1а дахана. Буьйсана шелделла Ирс  а, Безам а вовшех хаьрчана. Ирсо безам бохбеш, безамо ирс дохдеш буьйса яьккхина цу шимма.
Шаьшшинан дегнаш диллина, вовший чучча хьаьрчина дуьненахь даьржина и шиъ. Ирс доцуш безам ца хуьлу. Безам боцуш ирс хила йиш яц.
Ирсах буьззина безам, безамах дуьззина ирс хуьлда шуна массарна.
Просмотров: 1078 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 5.0/4
Всего комментариев: 1
1 papisedarchi  
0
ДАЛА ИРС ДОЦАШ МА ДУЬЙТИЛЛА ВАЙ. ДАЛЛА БЕЗАМ БОЦАШ МА ДУЬЙТИЛЛА ВАЙ.

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024