Главная » 2008 » Октябрь » 26 » Керла туьйра.Шеран хан-зама.
Керла туьйра.Шеран хан-зама.
17:19
Седа Паписедарчи.

Сайфулахьина яздина туьйра.

Шеран зама 4 хуьла боха. СоЬга хаьттича иштта дац и.

Керла шо Кхолламан батто доладо. Амма вайна ма-хаара,  1аьнан дуьххьара бутт шо  чекхдолучу хенахь бу. Шеран т1аьххьара бутт бу и. Хьаждаран бутт. Шо - воккха стаг а, йоккха стаг а ду. Маца кхоьллина и шиъ, вайна ца хаьа. 1аьн заманахь хан хуьлу б1аьстенна кечам бан, д1аяхан хенашна ойланаш ян а. Балабоссаран бутт ла дуг1уш хуьлу т1ейог1учу замане.
Шаьшшин уггаре жима йо1, Б1аьсте, ара хоьцу цара. Шелонах йоьлхуш , араяла ца лууш и йо1 хала лела. Цуьнан баьргех хин т1адамаш хуьлу доьлхуш. Татолаш хьуьлий довду уьш.  1аламан ницкъ болу Далла г1о деш массанхьа д1аса яьржа Б1аьсте. Зезагашца бай кечбеш, керлачу г1ашца дитташ кечдеш, татолашца мерза зурманаш лоькхуш, дуьне хазадо Б1аьстено. Шен когара мачаш йоххалца лела и. Ц1ийш тиссалца когаш боха бой, дега-нене кхойкху  и:"Х1инца цхьа жимма д1айижа мегий со", - олий.
Шен месаш шар а йина, 1аламах йоккхаеш 1аш йолу Аьхке, даимна хуьлу кийча шен йиша хийца араяла.Стоьмаш, хастоьмаш муьттах дузош, йовха буьйсанаш яхьаш, деха денош д1ахьаш  хуьлу вайца аьхке. Стиглара седарчий хелха дуьйлуш, адамийн дахар хаздеш, самукъане хуьлу аьхкенан хенахь. К1анах дашо хуьлий д1ах1уьтту аренаш.
Баьргех хи дуьйлуш, стигал елхаеш аьхке ц1аерзаян т1ахьа йог1у цунна Гуьйре. "Дас-Нанас хьуна сагаттадо, хьан довхачу куьйге сатесна цара.
Ахьа гулданза долу стоьмаш, хастоьмаш аса чудерзора ду", - олий.
Шийла мохе шен г1о а дойтуш, денош дацдеш, буьйсанаш яхъеш, сихонца каетта Гуьйрено. Шен доьзало диначу дикане хьажаза ша  дуьне дитарах кхоьруш араволу воккха стаг хьаждаран баттахь.. Кхолламан баттахь цуьнца цуьнан х1усамнана арайолу. Балабоссаран баттахь шай доьзало х1ун дийра ду-те бохуш ойланаш йо цу шимма. Амма хан ца йолийтуш керлачу шерца арайолу Б1аьсте. Шен араяла езий хууш Аьхке 1а, Царна т1аьхьа яха езаш Гуьйре хуьлу. Иштта хьийзаш ду-кх вайн дуьне.
 Дала дуьтийла и хьийза.


Просмотров: 1348 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 4.7/3
Всего комментариев: 1
1 papisedarchi  
0
Хьоме доттаг1и! шуна ху аьлла хета сан гарна?

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024