Главная » 2008 » Ноябрь » 11 » Керла туьйра. Седан дахарах лаьцна...
Керла туьйра. Седан дахарах лаьцна...
00:23
Седа Паписедарчи.

 Ширачу заманахь стиглахь седарчи ца хилла. Хан йаьлча, бодане буьйса серла якха Дала кхоьллина седарчи. Уьша лардан Беттаса кхоьллина. Буьйсанна кхерсташ лела Беттаса. Седарчи хазаллехь 1ехалуш, ша арабаьккхина болх бицбо цо.  Седарчи хьоьсташ, цаьрца мерза хабарш дуьйцуш йоккху цо шен хан-зама. Седарчи хи чу хьоьжа. Хин чуьра шайн сарташ ч1ог1а хазало царна.

 Ша куьзган чохь санна  го царна шаьш. Амма и шайн сурт дуй ца хаа царна.
 
 Уггаре бокха , уггаре уллора вайна седа Малх ц1е йоьлуш бу.
Сарралца дуьне дохдеш, вайн 1алам хазадеш лела иза.
Беттасан безам бу Малх. Амма цунах гена баьлла лела безаш бу. Малхан йижарий бу стиглара седарчи.
Цунна хаа Беттасо лебой шен йижарий. Царна муха хоийтар ду и ца хаа цуна.
 
 Сарралца ша шех богаш лела Малх. Буьйсана хин чу болу и. Шен дег1ан хи кхарза. Хино бечу томах наб кхета цунна. Цунах къа хетий,  хино сама ца бокху Малх.
 
 Хин чу бижина болу Малх го седарчишна. Шаьш маре доьлхачу хьенахь цуьнца дагара дийца лууш хуьлу уьш. Седарчишна хууш ду, Малх Беттасин безам буй. Амма уьш цкъа а вовший кхета йиш йолуш доцийла хаа царна.

 Хаза хабарш дуьйцуш, Беттаса шена седа  реза хилийта хьожу. Седа реза хуьлу Беттасина. Амма Малхан дагахь дериг хьажа лууш хуьла.

 Гиний шун седарчи маре доьлхуш?
Уьш охьа оьгуш гиний шун?
Шаьш маре доьлха а моьттуш хин чу лега уьш.
Уьш дакъаз довлийта ца лууш церан йишас , Малхас, шеца цу хин чохь сеца до уьш.

 Буьйсана дижадо цо уьш шеца. Дийнахь ше стигал ларайа, дуьне дохда ара болу Малх. Дийнахь Беттаса гуш ца хуьллу седарчишна.
Иштта декъаза безам бу цаьрца бериг.

 Амма седарчи доцуш  1аьржачу буьйсана стигал хаза ца хуьлу.


Просмотров: 1250 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 2.0/4
Всего комментариев: 1
1 papisedarchi  
0
Стиглара седа охьа бужаш гича олаш ду "седа маре боьдуш бу". Цунца лерин яздина хьара туьйра.

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024