Главная » 2009 » Март » 20 » КЕРЛА ТУЬЙРА
КЕРЛА ТУЬЙРА
02:03
Чинг1аз

I
Дала аьтто бойла шун! Маха байна нехаш ма кегаярш, шинара дайна хотеш ма кегаярш! Ши г1аж йоцуш ж1аьлеша ма хьийзадарш, нагахь хьовзийча, тишчу кертана улло шу ма нисдаларш! Базарахь г1уллакх шун ма хиларш, нагахь хилча, шуьгахь верта хиларш! Диканна т1едеттарш, вонна т1ехкхиссарш! Хьоькхучу мохо вониг д1акхоьхьуш, диканиг т1екхоьхьуш, хазачу нускалшца шу дукха дахарш!
Аса дукха безамехь цхьа хаза туьйра дуьйцур ду шуна, дика, леррина ладог1алаш, т1аккха шайна хетарг схьааьр аша!
Хьалха заман чохь цхьа стей1, майрий хилла дов-дош доцуш, дукха бертахь, хаза дехаш-1аш. Цу зудчун а, майрачун а цхьа а доьзалхо ца хилла. Доьзал болчу дайх-нанойх ч1ог1а хьоьгуш а хилла и шиъ, х1уъу а дарбанаш лелийча а, доьзалхо хуьлуш а ца хилла цу шиннан. Дикка хан-зама яьллачу хенахь, к1ант хилла кхеран. И к1ант шайн хилча, цунах 1аламат даккхийдеш, иза ловзош, хьоьстуш хилла дас, нанас:
— Оха хьуна Чинг1аз ялор ю, хьо воккха хилча, — олий. Бакъду, цу шинна а, я нахана а, Чинг1аз мила ю, хууш-м ца хилла, Чинг1аз хаза йо1 ю, бохуш, туьйранахь юьйцуш, хазаррий бен.
Мотт а 1емина, наха дуьйцучух кхеттарг ша хиллачул т1аьхьа, шен дений, нанний наггахь воьлхуш хилла к1ант:
— Чинг1аз ялале суна, — олий.
Дассий, нанассий даима а, хьо воккха хилча, Чинг1аз ялор ю вай хьуна, бохуш, к1ант сацо г1ерташ, цунна и амал 1амийна хилла. Амма к1антана, Чинг1аз ялае, бохуш, велхаррий бен, шена а хууш ца хилла Чинг1аз я юург ю, я йо1 ю, я кхин х1ума ю. Х1етте а воьлхуш хилла к1ант, дас, нанас иза, ца оышпушехь, дукха йийцарна. Лелаш, воккха а хилла, зуда ялорг хилла к1ант: лекхачу дег1ахь, шуьйра белшашкахь, вуткъа г1одаюккъехь, когана сиха, хабарна собаре. Цу хеначу вахча, к1антана хиъна, Чинг1аз, кхин х1ума а йоцуш, туьйранахь хазалла юьйцуш йолу йо1 хилар. Эххар а цхьана дийнахь, г1апъаьлла, воьжна к1ант:
— Суна аша Чинг1аз ца ялаяхь, х1окху меттара хьала ца г1оттуш, лийр ву со, — аьлла.
Дас а, нанас а аьлла:
— Туьйранахь юьйцуш хазар бен, хьуначул башха, Чинг1аз мила ю а, хилла а, ца хилла а ца хаьа тхуна. Оха муха ялор ю хьуна иза? Хьашт доцуш вала а ца г1ерташ, хьалаг1атта, тхан хьо воцург кхин доьзалхо а вац, хьо вал ийта йиш а яц. Хьуна еззарг, лехна, кхин йоьвзаш йолу хаза йо1 ялор ю вай хьуна!
Х1уъу а цара дийцича а, к1ант хьала ца г1аьттина. Кхин цунна х1ун дийр ду а ца хиъна, дахана шайн эвларчу цхьана Жоьра-Бабех дагадаьлла дай, наний:
— Забаренна, вилхича, иза сацо, жима волуш, хьуна Чинг1аз ялор ю, олура оха тхешан к1анте. Х1инца кхетамчу а веана, воккха хилча, шена Чинг1аз ца ялаяхь, кху меттара хьала ца г1оттуш, лийр ву ша, аьлла, воьжна тхан цхьаъ бен воцу к1ант. Хьо, х1ума хууш, говза стаг ю а, аьлла, наха йийцина, хьох дагадала а, цунах дерг хатта а деанера тхойша, цу к1антах даьлча, тхешан кхин дан х1ума цахиларна. Ахьа дина г1уллакх оха диц а дийр дацара, цу т1ехь гlo дахьара ахьа тхуна, — аьлла.
Ла а доьг1на, Жоьра-Бабас хьехар дина царна:
— Шайн к1антана уггар хазанаш, диканаш т1еюху бедарш а, тешаме герзаш а эций, уьш к1антана улло охьадахка. Уггар диканиг харжий, балабай уьйт1арчу гоьзанах дин а таса. Иза дина шаьш доьвлча, к1антана т1е а г1ой, цуьнга ала: Хьажал, к1ант, оха хьуна эцначу х1окху герзашка а, уьйт1арчу гоьзанах тесна лаьттачу дине а. Хьуна мел оьшург а оха эцна, кечдина. Х1инца айхьа лаха, хьайна дагайоьхна Чинг1аз. Уьйт1ахь гоьзанах тесна лаьтта дин тарса а боьлча, шена уллохь 1охку бедарш а, герзаш а шена ган а гича, Iexa а велла, хьалаг1оттур ву шуна иза.
Жоьра-Бабас цу тайппана шайна хьехар дича, ц1а дахана чехкка лехна, уггар диканиг, хазаниг дин а, герзаш а, т1еюху бедарш а эцна дассий, нанассий к1антана. Т1аккха Жоьра-Бабас шайга ма аллара, дин гоьзанах а тесна, бедарш а, герзаш а к1ант охьавуьжучу маттана улло охьадехкина.
Гоьзанах д1атесначу дино т1а детташ, латта стигал ирх оьхуьйтуш хилла, терсаш цо детташ долу ц1ог1а йоккхачу юьртан массо а маьПехь нахана хезаш хилла. Tie а дахана дас, нанас к1анте аьлла:
— Схьахьажал, к1ант, оха хьуна эцначу духаре а, герзашка а, арахь гоьзанах тесна лаьттачу дине а. Царал диканаш махкахь а карор яц хьуна. Х1инца хьала а г1аттий, кеч а лой, хьайн нийсархошца сакъера гlo. Хьанна хаьа, цхьа хаза йо1 каро а мега хьуна, т1аккха Чинг1аз дагара ер ю хьуна.
Цара мел дехар дича а, хьистича а меттах ца хьайна, ур-аттал хьала а ца хьаьжна к1ант. Де а цу к1антана кхин дан х1ума а ца хилла, цхьаъ бен воцу к1ант валийта-х яций йиш, аьлла, кхераделлачу дас-нанас барт бина: т1еховша тоьлларш дой а, т1едуху хаза барзакъ а, дехка дика герзаш а, некъана шортта баа мерза-хьена кхача а кечбина, шайн к1антана Чинг1аз лаха кхузткъей кхо бере вахийта. Цу арабовларх Чинг1аз лоьхуш массо а меттехула лелаш, хийла зама яьлла церан. Карахь болу кхача а биина кхачийна. Мац а, г1ел а белла. Шаьш т1ехоьвшина лела кхузткъей кхо говр а мацалла йиина. Цул т1аьхьа г1аш лелла уьш, йо1 лоьхуш. Кара ца йина иза царна. К1ентан дассий, нанассий кхузткъей кхаа беречуьнга ч1ог1а д1ахьедина хилла: Чинг1аз а йоцуш шу юха даг1ахь, оха дойур ду шу, аьлла. Цундела, ц1а баха а ца баьхьаш лелачу заман чохь, барт бина оцу наха:
— Вай йо1 а йоцуш ц1а долхахь, дас-нанас дойур ду. Кхузткъе цхьа стаг кхузахь а 1ийна, ши стаг ц1а вахийта веза вай, вайх хилларг д1адийца, — аьлла.
Ц1а ваха ваьхьаш цхьа а ца хилла, ша-ша верна кхоьруш. Шен лаамехь ц1а ваха луург, цхьа а вала а ца ваьлла, кхаж тесна, кхаж баьлла шиъ ц1а хьажийна, кхузткъе цхьа стаг буха а соцуш. Даа х1ума а доцуш, буьйлабелла лелаш, мацалла г1елбелла, ницкъ эшна бисина уьш. Лелаш, хала а, атта а ц1а а кхаьчна, к1ентан дегий, неней шаьш лелийнарггий, гинарггий ма дарра д1а а дийцина, шина накъоста цаьрга аьлла:
— Х1инца, шайна лаахь,тхойша вуьйр а ву аша, лаахь, къинхетам а бийр бу, кху дуьненахь мел лехча а, тхуна Чинг1аз боху йо1 карош яц. Ща ваза а ца ваьлла, и шуна хаийта веана тхойша.
Дас-нанас ца вуьйш витина xlapa шиъ, дов а дина.

II
Юха а, даханчу дас-нанас Жоьра-Бабега хаьттина:
— Меттара хьала а ца г1оттуш, леш воллу тхан к1ант. Чинг1аз лаха оха бахийтинчу нахана иза кара а ца йо. Х1инца х1ун де оха? — аьлла.
Жоьра-Бабас хьехар дина дений, нанний:
— Шайн к1анте г1уллакх ма дарра д1а а дийций, ала, тхуна х1уъу а дича а, Чинг1аз карош яц. Хьо велча, а, висча а хьуна кхин дан х1ума дац тхан. Аравалий, хьо г1ой, лаха хьайна Чинг1аз.
Ц1а а дахана, Жоьра-Бабас шайна дина хьехар ма дарра к1анте д1ааьлла кхара. Ша х1уъу а дича а, кхин г1уллакх хирг а ца хилла, хьала а г1аьттина, шена дас-нанас эцна бедарш т1е а юьйхина, герзаш д1а а дихкина, нуьйр тиллина дин а кечбина, некъана баа кхача а эцна, Чинг1аз боху, шена дагайоьхна йо1, лаха араваьлла к1ант.
Дукха воьдуш, к1езиг воьдуш, хьанна хаьа, иза мел ихна, дуккха а некъ бинчул т1аьхьа, некъана араяьккхина юург йиъна кхача а йина, г1елвелла, ницкъ а эшна, говр кхин д1а ца яхалуш к1елйисча, цхьана йоккхачу хьуьна юккъехула чекхваьлча, лилула-сийначу бай т1оьхула охьадог1уш, седа санна хьаьъна, шовданан хи долчу т1екхаьчначу к1антана дагадеана:
— Кху ирзехь садо1уш саца веза со, говр а г1елъелла, со а к1елвуьсуш воллу, — аьлла.
Когех баргол тоьхна, говр бай т1е яжа д1а а лаьллина, цу хи йистехь йоллучу куллана т1ехьа а ваьлла, нуьйр гоьвлинга а йиллина, верта т1е а тесна, охьавижна к1ант. Амма шен коьртехь болчу баланна наб кхеташ ца хилла кхунна: цхьана а заманна Ч1инг1аз даг т1ера йолуш а, иза шена муха карор ю-техьа боху ойла д1айолуш а ца хилла. Иштта xlapa ойла еш 1уьллучу хенахь, ц1еххьана цхьа г1овг1а а хезна, д1ахьаьжначу кхунна гина: дашо-дато месаш а йолуш, бедда бог1у ши кхокха.
— Ой, xlapa ма тамашийна х1ума ду, — бохуш, вертана к1елхьахула хьоьжуш 1ачу кхунна кхин а инзаре х1ума гучудаьлла: цу охьадог1учу хина т1оьхула хьоьвзина кхо го а баьккхина, хи йисте охьахиинчу шина кхокхано, бегабелла шайна т1ера дашо-дато бедарш д1аяьхна. Бедарш д1аяьхча, Маьлх-Аьзни санна, хаза ши йо1 хилла д1ах1оытина шина кхокханах. К1ант цецваьлла, тамаш а беш, хьоьжуш 1ачу хенахь, хи чу а иккхина, лийча йоьлла ши йо1. И шиъ лийча йолалушшехь, цхьана aгlop бедда беана, церан санна дашо-дато бедарш а йолуш, кхоалг1а кхокха а хи йисте охьахиъна. Иза ма гиннехь, луьйчуш йоллучу шина йо1а аьлла:
— Же, Чинг1аз, сихха хьайна т1ера бедарш д1а а яхий, лийчал, чехкка д1адаха деза вайн, хьелуш дохку вай!
Дег1 дега а дина, шена т1ера дашо-дато кхокханан бедарш ластийна охьа а тийсина, лийча хи чу яьлла Чинг1аз а. К1антана хиъна, ша лоьхуш йолу Чинг1аз боху йо1 иза хилар. Ч1ог1а дог тохаделла, х1инца-х ма карий суна, айса лоьху йо1, xlapa х1ун дича, карайог1ур яра-техьа, аьлла, ойлане ваьллачу к1антана, ц1еххьана дагадеъна:
— Кхуьнан кхокханан бедарш лачкъо еза аса, ерзина д1аяха кхуьнан йиш а хир яц, т1аккха караяза а ца яьлла, xlapa кара а йог1ур ю, аса бохург а дийр ду кхо, — аьлла.
Луьйчуш дохкучу зудаберашна хууш ца хилла, кулла т1ехьа вижина 1уьллуш к1ант вуйла. Меллаша текхина, тебна, вахана Чинг1азан кхокханан бедарш а лачкъийна, юха а веъна, кулла т1ехьа охьахиъна к1ант. Хи чохь лийчина а яьлла, хьалаяьлла д1ахьаьжча, Чинг1азан бедарш ца карийна кхаа йо1ана. Д1а а хьоьвсина, схьа а хьоьвсина, д1ай-схьай боьвлла а лехна — бедарш ца карийна.
— Х1инца х1ун дийр дара-техьа? — аьлла, цецъяьлла г1айг1ане йоьжна кхо йо1.
— Аша х1ун лоьху? Х1ун яйна шун? — аьлла, мохь тоьхна куллана т1ехьарчу к1анта.
Адаман лар йоцчу пана махкахь, ц1еххьана к1ентан аз хезча, кхераелла, маьхьарий а хьоькхуш, д1аедда кхо йо1. К1анта т1аьхьа мохь тоьхна:
— Д1а ма ида, мехкарий, сох ма кхера шу, со-м шу санна адам дай! Шун бедарш соьгахь ю, схьа т1едуьйла суна. Аса шайна т1едуьллучу г1уллакхана ч1аг1о яй т1е а лаций, иза кхочушда дуй баа суна, шайн бедарш д1а а эций. И ч1аг1о аша ца яхь, бедарш д1а а лур яц шуна.
Кхаа йо1а жоп делла:
— Дан тарлуш делахь, ахьа бохург кхочушдийр ду оха, кхочушда ца мега долу г1уллакх, ахьа тхоьга а ма ала. Схьадийцал хьайн дагахь дерг. Х1ун г1уллакх ду хьуна оха дан дезарг?
К1анта хаьттина:
— Шаьш вовшийн муха хуьлу дийца суна, х1ун гергарло ду шуна юкъахь дерг? Цул т1аьхьа дуьйцур ду аса шуна, сайн дагахь дерг.
Мехкарша жоп делла:
— Тхо кхо йиша ю, цхьана нанас цхьана дена а йина, ворх1 ваша а ву тхан нанас дена вина, ахьа а дийца тхуна хьо мичара, мила ву, алий!
Ша мичара, мила ву а, юьххьера дуьйна ша арабаьккхина некъ а цаьрга д1а а бийцина, к1анта Чинг1азе аьлла:
— Хьо соьга ян еза, ца яг1ахь, xlapa дуьне дуур долуш а вац со, ахьа соьга ян дуй биъначул т1аьхьий бен, xlapa хьан бедарш д1а а лур яц аса.
Йо1а аьлла:
— Ахьа йола ма эллинехь, хьо мила ву а ца хууш, со хьоьга яр нийса хир дац. Хьалха цкъа захало дийцина барт бан беза вайша. Xlapa дуьне кхуллуш дуьххьара дуьнена чу баьлла цхьа боккха наж бу кху дуьненан юкъаметтехь. Т1ейог1учу еарийн буса дуьйна, ваьштта, кхаа а буса цу боккхачу ножа к1ел вог1ур ву хьо. Со а йог1ур ю хьуна оцу ножа к1ел. Циггахь дуьйцур ду вайшиммо вовшийн дагахь дерг. Т1аккха хуур ду суна, хьоьга ян мегар ду я дац!
— Делахь хьо оцу кхаа буса айхьа бохучу ножа к1ел йог1ур ю, алий, дуй баа суна, xlapa хьан бедарш аса д1алур ю хьуна, — аьлла к1анта.
Массо а тайпана дуйнаш биъна Чинг1аза. К1анта юха а аьлла:
— Ахьа цу кепара дуйнаш баарх, д1алур яц аса бедарш. Сайн нанас дена винчу ворх1а а вешийн ц1ийла а керчийла со, церан голаш а яжийла аса, цу кхаа буса оцу ножа к1ел ца йог1у елахь, алий, баа суна дуй, т1аккха лур ю аса бедарш д1а!
Чинг1аза, к1анта ма аллара, дуй а биина, цо бедарш д1аелла. Шен бедарш схьа а эцна Чинг1аззий, цуьнан ши йиший, кхокханийн духарш т1е а дуьйхина, т1ема едда цхьана aгlop д1аяхана. К1ант а ваьлла цигара ц1а вахана.
К1ант вехачу юьртахь, церан лулахь 1аш хилла нахана вон болх хилча хазахеташ, нехан барт бохош йолу цхьа г1ам-зуда. К1ант Чинг1аз лаха араваьлла лелаш вуйла а хиъна, к1ентан дай, наний долчу а оьхуш, царна тамехь, хаза хабар а дуьйцуш, к1ант ц1а вог1у ларвеш хилла цо, иза ц1а кхаьчча, цуьнан г1уллакхана юккъе эладита лело. К1ант ц1а вог1у ларва, йолах лаьцна кхин стаг а хилла г1ам-зудчун. И стаг к1ентан дай, наний долчу вахана 1аш, веана ц1а кхаьчна к1ант. Иза ц1а ма кхеччи, хьаьдда ваханчу ямартчу стага г1ам-зудчуьнга д1ахаийтина, к1ант ц1а кхачар. Г1ам-зудчо цу стаге хаьттина:
— Ц1а веана к1ант муха вара: велавелла вара я оьг1азе вара? — аьлла.
— Велавелла вара, — аьлла, жоп делла стага.
— Делахь-х1ета цунна Чинг1аз карийна хьуна, со хьожур ю и х1ун ду а. Аса бох-бохург ахьа дичахьана, вайша церан захало дохор ду, — аьлла, к1ант ц1а веанчу хьаьдда г1ам-зуда.
Яхана чу ма еллинехь, к1анте аьлла кхо:
— Дийцахь, муха ду вайн г1уллакх? Кариний хьуна Чинг1аз? Иза хьуна карийнехь, аса гlo дийр ду хьуна иза яло.
Ша мел лелийнарг а, йо1аца ша бина барт а, ма дарра д1адийцина к1анта.
— Хьо цига воьдуш аса накъост тухур ву хьох, накъост воцуш ваха мегар дац цига, тоьшийла яц цу йо1ах, — аьлла, л евина к1ант г1ам-зудчо.
Новкъа волуш г1ам-зуда йолчу а вахана, хаийтина к1анта, Чинг1аза шена йиллинчу метте воьду ша, аьлла. Г1ам-зудчо, хьалххе дийцина, кечвина хилла ша к1антаца вохуьйту стаг. Цу стаге сенаш долу маха белла зудчо, шаьшшиъ к1анта буьйцучу ножа к1ел охьа ма хиъинехь, Лантана ца хоуьйтуш, цуьнан чоин юхах xlapa маха буллур бу ахьа. Цунна наб кхетар ю хьуна. Чинг1аз т1ееъча, х1уъу а дича а, к1ант самавер вац хьуна, xlapa маха ахьа схьабаккхалц. Чинг1аз шаьшшинна т1е а еъна, к1ант сама а ца волуш, иза д1а ма яхханехь, чоиэх боьллинчуьра маха схьабоккхур бу ахьа, к1ант самавер ву хьуна. Цо хьоьга хоттур ду, Чинг1аз еарий кхуза, аьлла. Ян а еара, хьо сама а ца ваьлла, д1а а яхара иза, эр ду ахьа. Т1аккха захало духур ду хьуна церан, кхаа буса изза болх ахьа бичахьана, аьлла, хьехар а дина, к1антах а тоьхна, д1ахьажийна г1ам-зудчо ша кечвина ямарт стаг. Говрашкахь вахана xlapa ши накъост, дуьне долош дуьххьара дуьнен чу баьллачу ножа к1ел. Д1а ма кхеччинехь, шайн говраш барголаш а тоьхна, яжа д1а а лаьхкина, еарий буса, ножа к1ел а вахана, охьахиъна ши накъост, Чинг1аз цига йог1у ларъя. Шаьш охьахиина дукха хан ялале, к1антана ца хоуьйтуш, цуьнан чоин юхах, г1ам-зудчо ма аллара, сенаш долу маха боьллина накъоста. Маха чоиэх ма боьллинехь, наб кхетта д1атоьвжина к1ант. Буьйсанах дикка хан яьллачу хенахь дашо-дато бедарш т1е а юьйхина, еана схьакхаьчна йо1. Паллъаьлла eгa а елла, шена т1ера пелагийн бедарш охьа а тийсина, к1антана улло а еъна, хьаьжча, к1ант ч1ог1а наб кхетта карийна Чинг1азна. К1антана улло хиина 1ачу стаге хаьттина Чинг1аза:
— Шуьшиъ кхузахь волу дукха хан юй? Юантана наб кхетта дукха хан юй? — аьлла.
Юентан накъоста жоп делла:
— Маьрк1ажехь дуьйна ву тхойша кхузахь. Х1етахь дуьйна наб кхетта а ву xlapa сан накъост, — аьлла.
T1e а яхана, к1ант самаваккха г1оьртина Чинг1аз. Д1а а, схьа а карчийна, хьала а айбина, к1егар а хаийна, — амма к1ант сама ца ваьлла.
Иза самавер воцийла а хиина, шен кхокханан бедарш а юьйхина, т1ема едда д1аяхана Чинг1аз. Ша д1айоьдуш, х1умма а ца аьлла цо.
Чинг1аз д1а ма яхханехь, к1ентан чоиэх боллу сенаш долу маха схьабаьккхина накъоста.
К1ант, самаволлушехь, вистхилла:
— Ма ч1ог1а наб кхетта хилла суна. Чинг1аз еарий кхуза? — аьлла.
— Чинг1аз ян а еара, х1уъу а дича а, хьо самаверг а ца хилла, д1аяхара иза, — аьлла накъоста. Шолг1ачу буса а оцу ножа к1ел буьйса ларъя вахана xlapa шиъ. Цу буса а к1ант охьа ма хиъинехь, цуьнан чоин юхах сенаш долу маха боьллина накъоста. К1антана наб кхетта. Чинг1аз хьалхарчу буса санна еана, к1ант набарх ваккха а г1иртина, иза сама а ца ваьлла, д1аяхана, йист а ца хуьлуш. Йо1 д1а ма яхханехь, к1ентан чоиэх боллу маха схьабаьккхина накъоста.
Самаволлушехь, Чинг1аз еарий кхуза, аьлла, хаьттина к1анта шен накъосте.
— Ян а еара, хьо сама а ца ваьлла, д1а а яхана, — аьлла, жоп делла накъоста.
— Д1айоьдуш х1умма а элирий цо? — аьлла, юха а хаьттина к1анта.
— Йист а ца хуьлуш, шен кхокханан бедарш т1е а юьйхина, т1ема едда д1аяхара иза, — аьлла вукхо.
1уьйранна са хилча, говраш т1е а хиъна, волавелла а лелла, кхоалг1а буьйса т1екхаьчча а, хьалха санна, вахана оццу ножа к1ел охьахиъна xlapa шиъ. Шена цкъа а ца кхеттачу кепара, сама а ца волуш, хьалхарчу шина буса ч1ог1а наб кхетарна, шен накъостах шекваьлла волчу к1анта ойла йина:
— Тховса т1аьххьара буьйса а ю, Чинг1аз кхин юха а йог1ур яц, тховса наб ца кхоьтуьйтуш, ларвала веза со, — аьлла.
Буьйса т1екхаьчча, мел ч1ог1а наб ца кхетийта xlapa г1иртича а, г1уллакх ца хуьлуш, наб кхетта к1антана. Кхунна х1ун ду ца хоуьйтуш, хьалхарчу буьйсанашкахь санна, къайлах маха боьллина кхуьнан чоиэх ямартчу накъоста. Паллъаьлла, бедда беана дашо-дато бедарш т1ехь йолу кхокха к1антана улло охьабоьссина. Егаелла шена т1ера кхокханан бедарш охьа а тийсина, к1антана т1е а яхана, д1ай-схьайа ластийна, и самаваккха г1оьртина Чинг1аз. К1ант х1уъу а лелийча а, сама а ца ваьлла, иза цуьнан накъостан бехк хилар а хиъна, ша д1айоьдуш к1ентан накъосте аьлла Чинг1аза:
— Xlapa к1ант самаваьлча, ножан а нажжаз, элан а эладита, туьран а туьрдит, к1ант, ша стаг велахь, кхочур ву суна т1е бахара алалахь аса! — аьлла, Чинг1аз, шен кхокханан бедарш т1е а юьйхина, т1ема едда д1аяхана.
Чинг1аз д1а ма яхханехь, к1ентан чоин юхах боллу сенаш долу маха схьабаьккхина накъоста. К1анта, самаволлушехь, хаьттина шен накъосте:
— Чинг1аз еарий кхуза. Ша д1айоьдуш х1умма а элирий цо? — аьлла. Накъоста жоп делла:
— Ян а еара, хьалха санна хьо самавериг а ца хилла, д1а а яха. Цо д1айоьдуш, ножан а нажжаз, элан а эладита, туьран а туьрдит, к1ант, ша стаг велахь, кхочур ву суна т1аьхьа, ала цуьнга, — элира.
Чинг1аза шена буха дитинчу дешнийн лерина, маь1на доккхуш, ойла ян воьлла к1ант:
— Ножан нажжаз бохург — xlapa хьан накъост нажжаз ву, бохург ду; элан эладита — кхо лелориг нехан эладита ду, бохург ду; туьран а туьрадит — xlapa тур тохий, кхуьнан корта баккха, бохург ду; к1ант, ша стаг велахь, кхочур ву, бохург — со дика к1ант велахь, ша карор а ю, шена т1е а кхочур ву, бохург ду, — аьлла, массо а дешан ойла а йина, маь1нех кхетта к1ант. Хьаьлаиккхина, кхин х1ума ца олуш, шен ямартчу накъостан, тур тоьхна, корта баьккхина кхо.

III
Циггара кхин ц1а ца воьдуш, Чинг1аз кароза 1ийр ма вац ша, аьлла, шен дина а хиъна, йо1 лаха волавелла к1ант. Дукха оьхуш, к1езиг оьхуш цхьана пана махка а ваьлла, xlapa д1авоьдуш, доккхачу хи т1е кхаьчна к1ант. Садо1ур ша, аьлла, говр яжа д1а а хецна, оцу хи йисте охьахиъначу к1антана хи чохь йоллуш юьхк гина. Xlapa цуьнга хьоьжуш, цуьнан тидам беш 1ачу хенахь, паллъаьлла, едда еана йоккха аьрзу, ткъапъаьлла, юьхкана т1екхетта, цунна юкъахь ч1ара лелаш а тарбелла, иза бадо дагахь. Цу юьхках м1араш чу а яхана, цо д1а а лаьцна, юьхка т1ехь йисна аьрзу.
Мацалла г1ел а велла 1ачу к1антана дагадеана:
— Аса дера еза и аьрзу юьхка т1ера схьа а яьккхина, ен а йийна яа, т1аккха мацаллина цкъачунна г1оле хир ю суна, — аьлла.
Т1евахана юьхках тасаеллачуьра аьрзу схьа а яьккхина, иза яа дагахь, хи йисте охьалахвелла к1ант. Аьрзуно к1анте аьлла:
— К1ант, со ма ехьара ахьа. Со, ен а йийна, яарх, хьо мацаллех хьалха а вер вац. Ца юьйш, ахьа со д1ахецахь, хьуна цхьа ч1ог1а хало т1е а 1оттаелла, хьо холчух1оьттинчу дийнахь гlo дан йог1ур яра со. Д1аяхийта со. Дика хир ду хьуна!
— Делах биънарг дуй болуш, ч1аг1о йо аса, хьо ца йиъча, со мацалла леш велахь а, хьо д1аяхийта, — аьлла, аьрзу хецна д1а а яхийтина, говра а хиъна, д1аволавелла к1ант.
Хи йистехула x1apa д1авоьдуш, дикка дехьа ваьлча, хин тулг1ено юьстахкхоьссина лаьттачу цхьана боккхачу ч1ерана т1е кхаьчна xlapa. Х1инца хьох буур бай аса, аьлла, катоьхна ч1ара схьаэцна к1анта.
Ч1ара бистхилла:
— К1ант, ахьа со цабаарх, хьо мацалла а лийр вацара, хи чу д1ахецахьара, д1абахийтахьара со. Хьуна эшначу дийнахь, цхьа дика а дийр дара аса.
— Дер хоьцур бу-кх, со мацалла лийр велахь а, — аьлла, ч1ара меллаша бихьина хи чу д1ахецна к1анта.
Цигара д1авоьдуш, йоккхачу хьуьна юккъе кхаьчна и. Хьуьнах волавелла лелаш, иччархоша боьг1начу гуро а лаьцна, д1асаетталуш лаьттачу барзана т1е кхаьчна к1ант. Xlapa борз ен а йийна, кхунах даьккхина жижиг дууш, дикка д1авахалур ву со, аьлла, борз ен дагахь т1еволавелла к1ант.
Шена т1е кхоччушехь, борз йистхилла:
— К1ант, ахьа со ен а йийна, сан жижиг цадаарх, хьо мацалла а лийр вацара, кху гуро лаьцначуьра парг1ат а яккхий, д1ахецахьара ахьа со. Хьан г1ад а дайна, эшначу дийнахь, аса доккха накъосталла дийр дара хьуна, — аьлла.
— Дер йохуьйтур ю-кх, со, хьан жижиг ца диъча, мацалла лийр велахь а, — аьлла, гуро лаьцначуьра д1а а хецна, д1аяхийтина к1анта борз а.
Говра а хиъна, д1аоьхуш, эвла йистехула охьадог1учу хи йисте кхаьчна к1ант. Цигахь мацалла д1а а ца вахавелла, говр яжа д1а а лаьллина, юьрта вахана xlapa. Цу юьртарчу нахера мах а белла, даа х1ума а эцна, юха шен говрана т1е а веъна, кхузахь садо1уш кхо дей, кхо буьйсий доккхур ду ша, аьлла охьахиина. Цигахь садо1уш к1ант 1аш, 1уьйранна са ма хиллинехь, малх схьакхетарца еанчу цхьана зудчо, малх чубуззалц к1удал чохь хи кхехьна. Шолг1ачуй, кхоалг1ачуй дийнахь а кхехьна зудчо малх д1абуззалц хи. Кхоалг1ачу дийнахь суьйранна хи т1е еъча, к1анта хаьттина зудчуьнга:
— Со кхузахь laш волу кхоалг1а де ду. Кху кхаа дийнахь сарралц хи кхоьхьу ахьа. Оццул дукха х1унда кхоьхьу ахьа иза? Мича хьо ахьа айхьа д1акхоьхьу хи?
Зудчо аьлла:
— Кху тхан юьртахь исс корта а болуш, нуьцкъала 1аьржа-Хожа ву. Оцу Хожас, дукха хан йоцуш, хазалла г1араяьлла, Чинг1аз ц1е йолу йо1 ялийна. Чинг1аз йоккха хиллалц, цунах шен зуда ца еш, иза кхобуш 1аш ву исс корта болу 1аьржа-Хожа. Чинг1азна чохь лийча 1ам кечба, соьга нуьцкъала кхоьхьуьйтуш ду цо xlapa хи.
— Со вог1ур вара хьоьца, исс корта болу Хожа суна гайта ницкъ кхочур барий хьан? — аьлла к1анта.
— Цхьана п1ерасканехь охьавижча, юха п1ераска т1екхаччалц сама ца волуш 1уьллу иза. Нагахь санна цунна наб кхетта ца хилча, вайша даьхьар дацара хьо и волчу вига, х1унда аьлча, хьо валийна, аьлла, со а, веана хьо а, ший а дуьйр дара цо. Схьавола, аса вуьгур ву хьо иза гайта, — аьлла, и к1ант шеца а волуш, хи а эцна, ц1а яхана зуда.
К1ант гучу мавеллинехь, Чинг1азна а воьвзина, кхунна Чинг1аз а йоьвзина. Вовшашца даггара къамел доладелла кху шиннан. Чинг1азе к1анта хаьттина:
— Хьо муха кхаьчна кхуза? Нуьцкъала ялийна хьо я хьайна лууш еъна хьо?
— аьлла.
Чинг1аза жоп делла:
— Нанас дена вина ворх1 ваша а вийна, нуьцкъала ялийна со кхо. Исс корта болу Хожа а, кхуьнан говр а турпалан ницкъ шайца болуш ду. Кхарна лиънарг, кхаьрга кхочуш а дало. Кхуьнгара а яьлла, д1а ца яхалуш, г1елонехь йоллуш ю со, дан амал а доцуш.
— Кхуьнан мел ницкъ бу а, говран мел ницкъ бу а, церан къайле хаахь, цунах лаций а дийцахьара ахьа суна, — дехар дина к1анта Чинг1азе.
Чинг1аза дийцина кГанте шена хууш дерг:
— Тахана, п1ераскана дийнахь, охьавижча, юха п1ераскана де т1екхаччалц, сама ца волуш, наб еш Iуьллу xlapa. И п1ераскана де т1екхаьчча, хьалаг1оттий, юха п1ераска кхаччалц, ц1а ца вог1уш, лела воьду. Кхуьнан говран а бу боккха ницкъ, ворх1е а стигала хьалаяла а, ворх1е а лаьтта буха яха а, дуьненан массо маьПе кхача а. Адамийн мотт а хаьа цуьнан говрана.
— Xlapa, юха п1ераскана де кхаччалц, сама волуш вацахь, вайша дада деза,
— аьлла к1анта.
— Дадарх кхуьнгара дер дац. Вайша д1а ма дедда, кхуьнан говро xlapa сама а воккхур ву, цу т1е а хиъна, т1аьхьаваьлча, кхо вайша схьа а лоцур ду, — аьлла Чинг1аза.
— Делахь дика ду, xlapa лела ваххалц, со хьуьна юккъехь лечкъина, къайлаваьлла 1ийр ву, Хожа самаваьлча, цунна мерза кхача а х1оттабай, хьайна иза ч1ог1а дукха веза кеп х1оттаяй, хаза хьаста а лой, ала, 1аьржа-Хожа, ма боккха ницкъ болуш, хьуьнаре ю вайн говр, ма дика ду-кх, xlapa вайн йолуш. Мичара, муьлхачу ремера ялийна ахьа иза. Паккха Хожас хьуна дуьйцур ду, ша говр мичара, муха ялийна. Аса а, цига а вахана, цунах йолу говр ялор ю. Цу говра а хиъна, вайша дедча, к1елхьара дер ду, — аьлла, к1ант, хьуьнах а вахана, д1алечкъина.
Шераскана де т1екхаьчча, исс корта болу Хожа лела ваха хьала ма г1аьттинехь, цунна мерза кхача хьалха а биллина, шена иза ч1ог1а дукха веза моттуьйтуш, елаелла, хьастаелла, Чинг1аза хаьттина Хоже, к1анта шена ма хьеххара, нуцкъала говр, цунна мичара яьлла. Исс корта болчу Хожас, цу къамелах шекваьлла, ЧингIазе аьлла:
— Маржа я1-кха! Цхьаммо хьехна хир ду хьуна, иза соьга хаттар. Со ца кхоьру хьуна, цхьаммо а цигара говр ялорна. Делахь а, ахьа аларна, дуьйцур ду аса, и турпала говр муха ялийна. И а аьлла, дийцина Хожас:
— Bopxl ломал дехьарчу, борх1алг1ачу ломахь ехаш цхьа Жоьра-Баба ю. Цуьнан кхоъ кхел ю. Цу кхаа кхело муьлххачо а йина бекъа, xlapa сан говр санна турпала ницкъ болуш а, адаман мотт хууш а хуьлу. Xlapa говр цигара ялийна аса. Кхаа буьйсанна и кхо кхел яжо а вахана, уьш ян а ца йойтуш, кхаа 1уьйранна ц1а ялийча, царах цхьана кхело йина бекъа ло Жоьра-Бабас. Кхаа буса яжа а еш, 1уьйранна кхо кхел ц1а ца ялаяхь, уьш яйинчу стеган корта, тухий, схьа а боккхий, хьокхан т1е буллу цо. Оцу тайпана даьхна кортош т1едухкуш кхузткъе кхо хьокха бу Жоьра-Бабин. Царах цхьа хьокха, т1ехь корта а боцуш, лаьтташ бу. Цу хьокхан т1е буллур бу, иза соьга хатта, хьоьга аьллачуьнан корта а, нагахь иза цига водахь. Цуьнга иза д1а а ала хьайна, — аьлла, шен дина а хиъна, лела вахана исс корта болу 1аьржа-Хожа.

IV
Исс корта болу Хожа лела ма вахханехь,Чинг1аз йолчу вахана к1ант. 1аьржачу-Хожас шега мел дийцинарг а ма дарра к1анте д1адийцина Чинг1аза.
— Я оцу кхело йина бекъа ялор ю аса, я кхузткъе кхоалг1ачу хьокхан т1е сайн корта буллуьйтур бу аса йоккхачу стаге, Жоьра-Бабе, — аьлла, Чинг1азе маршалла а делла, шен говра а хиъна, — хьо йоцу дуьне дуур дац аса, — аьлла, новкъа ваьлла к1ант.
Bopxl лам а битина, дехьа а ваьлла, борх1алг1ачу ломах чувоьлча, цхьана басахь ирхъяхана лаьтташ цхьа гIала2 гина к1антана. Волавелла, цу т1е а вахана, чуваьлча, Жоьра-Бабина т1е кхаьчна к1ант. Цуьнан де дика дина цо.
— Диканца дукха вехийла, марша а вог1ийла. Лаа-тара лелий хьо? — аьлла Жоьра-Бабас.
— Со лаа-тара лела. Хьан кхело йина бекъа оьшуш, иза хьоьга еха веанера со, — аьлла, к1анта дийцича, Жоьра-Бабас жоп делла:
— Эх1ей, маржа кIант я1-кха! Хаза бос-сибат долуш, безамехь жима стаг вара хьо. Х1аллакьхила воллу хьо, д1аг1охьа Бабиниг. Хьоьга яккхалур яц кхузара бекъа. Хьол ницкъ болчаьрга а ца яккхаелла. Д1ахьажал д1орачу хьокхашка! Царах кхузткъе шинна т1ехь адамийн кортош ду, и бекъий яха а г1оьртий, ца яхалуш, эшна бисинчу нехан даьхна ду хьуна уьш. Кхузткъе кхоалг1а цхьа хьокха — т1ехь корта а боцуш бу, хьан корта цу т1е бахарна кхоьру со. Ща г1ахьара хьо, — аьлла, дехна Жоьра-Бабас кIанте.
— Аса х1ун дича, яккхалур яра соьга и бекъа? — аьлла к1анта.
— Д1о лаьтташ йолу кхо кхел, кхаа буса яжа а юьгуш, уьш цхьа а ян а ца йойтуш, кхаа 1уьйранна малх кхетташехь, ц1а ялаяхь, цара хьалха йина бекъа лур ю хьуна. Нагахь санна оцу кхаа буьйсанна уьш, д1а а яхана, яхь, хьан горга корта д1орачу кхузткъе кхоалг1ачу хьокхан т1е буллур бу. Кхоь а буьйса ч1ог1а йоьхна, буьрса йогIур ю, дарц а дер ду, мох а хьокхур бу, ша а тухур бу, стигланаш ирча къекъар ю, латтанаш дегор ду, б!аьрга негIар тухучу муьрехь,
хьан б1аьргаш говрашна т1ера д1акарчахь, кхелаш т1апъаьлла йовр ю, уьш яхь, хьан корта ца баьккхича ер яц со. Ц1а г1ахьара хьо, иза тоьлар дара хьуна, — аьлла Жоьра-Бабас к1анте.
— Х1ан-х1ан, ц1а гlyp вац со. Я бекъа йоккхур ю аса, я лийр ву со, — аьлла, кхо кхел а эцна, Жоьра-Бабас шега rlo аьллачу arlop, хьуьна юккъерачу, шерачу ирзех а вахана, кхелаш хьалха яжа д1а а лаьхкина, царна т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, уьш ларъеш, хиина Iaш хилла к1ант.
Кхано буьйсанна, хан яьллачу заман чохь, ц1еххьана мох а баьлла, дог1а а деана, къора а тоьхна, дарц а даьлла, ша билхина. Латтанаш дегийна, стигланаш къоьвкъина. Инзаре йоьхна, ирча еана буьйса. Амма к1анта кхелашна т1ера б1аьрг д1абоккхуш ца хилла.
— Ассалам 1алайкум! — аьлла, цхьаммо т1ехьа ц1еххьана салам а делла, к1ант юхахьаьжна, амма юхахьаьжча, т1ехьа адам а ца гина кхунна. Сихха хьалхахьаьжча, кхелаш ца гина. Хьалаиккхина д1а а, схьа а хьаьдда к1ант. Массо маьПе а иккхина, дан х1ума а ца хилла, висина к1ант. Х1уъу а дича а, кхелаш ца карийна. Кхин дан х1ума а ца хилла, г1елвелла, воьхна, xlapa охьахиъча, мичара ели а ца хууш, еана схьаиккхинчу, тохара хи чуьрчу юьхко а лаьцна, кхо ен ца юьйш, д1ахецначу аьрзуно аьлла:
— Со йоьвзий хьуна, к1ант?
— Хьо санна аьрзунаш дукха ю дуьненахь, суна муха йоьвзур ю хьо, — аьлла, жоп делла к1анта.
— Хи чуьрчу юьхко лаьцначуьра, парг1ат а яьккхина, ахьа д1ахецна аьрзу ю со, хьуна цатам хиллий а хиъна, rlo дан еъна со. Хьайна хилла бохам схьабийца. Х1ун гlo оьшу хьуна? — аьлла аьрзуно.
К1анта, шена хилларг ма дарра д1а а дийцина, яйна кхелаш каро хьоьгара накъосталла оьшу суна, аьлла.
— Вотталхьана, со юхакхаччалц, са ца гатдеш 1елахь, — аьлла, д1аиккхина аьрзу.
Bopxle а стигла а яхана аьрзу, кхелаш ца карийна, ворх1е а лаьтта буха а яхана, ца карийна. Массо маьПе а яьлла, хьаьжча а, ца карийна. Юха а, стиглан 1аьрчешка а яьлла, хьаьжча, цигахь ежаш карийна кхо кхел. Т1емаш детташ, лелхийна, кхелаш к1антана хьалха схьа а ялийна:
— К1ант, шена дина дика ца хиинчунна, шена вон дича а хуур дац хьуна, ахьа сайна дина дика дицделла яцара со, 1одика йойла хьан, — аьлла, д1аяхана аьрзу.
1уьйранна са ма хиллинехь, малх кхетарца д1а а йигина, Жоьра-Бабин уьйт1а кхелаш д1ах1иттийна к1анта. Жоьра-Бабас аьлла:
— Хала а, атта а цхьа буьйса яьккхи ахьа, к1ант. Ахьа санна цхьацца буьйса яьккхинчу нехан кортош хьуьлларчу хьокхашна т1ерачу кортошна юкъахь а ду хьуна. Т1ейог1у ши буьйса ларъя кхин а хала хир ду. Ч1ог1а ларлолахь, хьо вен ца лаьара суна, хьан хазачу коьртах кхоам хета. Варий, варий, ларлолахь!
Шолг1ачу буса а, хьалха санна, ирзе а вахана, кхелаш яжо охьахиъна к1ант, тховса-м бойтур бацара аса сайна тешнабехк, аьлла. Хьалхарчу буьйсанал а йоьхна еана буьйса.
— Ассалам 1алайкум! — аьлла, т1ехьахула салам делла к1анте.
— Х1инца-м левийр вацара ахьа со, — аьлла, ша воллучохь, жимма arlop хьаьжна xlapa. Б1аьргаш юхахьажадале, т1апъаьлла, хьалхара кхелаш яйна висина к1ант. Д1а а, схьа а хьаьдда, дехьа а, сехьа а иккхина, ца карийна кхелаш. Пел а велла, х1оытина, к1ел а висина, цхьана хи йисте сада1а охьахиъна к1ант, кхелаш карорах дог а диллина.
— Со боьвзий хьуна? — аьлла, хи йисте беанчу ч1еро хи чуьра корта аракъадийна.
— Хи чохь мел дукха ду ч1ерий, суна муха боьвзур бу хьо?! — цецваьлла к1ант.
— Хи йисте а кхоьссина, юха хи чу а ца бахалуш, со 1уьллучу хенахь, т1екхаьчча, со бала а ца болуьйтуш, хи чу а кхоьссина, лечуьра хьалхабаьккхира ахьа. Хьуна х1ун бохам хилла, схьадийца соьга, х1ун накъосталла оьшу хьуна соьгара? — аьлла ч1еро.
Шена хилларг д1а а дийцина, кхелаш яхана яйна, уыи каро гlo де шена, аьлла, дехна к1анта.
— Вотталхьана, к1ант, кху меттера д1а а ца волуш, хьо кху хи йистехь сацалахь. Хишний, х1ордашний чохь елахь, ша лехна ялор ю хьуна хьан кхелаш, — аьлла, къайлабаьлла ч1ара.
Хи чу а бахана, дуьненахь мел долчу массо хишна чу а хьаьжна ч1ара, ца карийна кхелаш, ворх1е а х1ордана чу а хьаьжна, ца карийна ч1ерана кхелаш. Дуьненна го баьккхина 1уьллучу 1апказ ц1е йолчу х1ордана чу а хьаьжна, ца карийна кхелаш. ТIаккха оццу 1апказ х1ордана буха а бахана, хьаьжча, бухарчу г1амаршла а йийшина, 1охкуш карийна ч1ерана кхелаш. ЦIога детташ, х1орда бухара дуьйна лелхийна, яла а йина, хи йистехь 1ачу к1антана хьалха кхелаш д1а а х1иттийна, ч1еро аьлла:
— Х1ан-х1ан, к1ант, хьан кхелаш х1орш ю хьуна. Шена дина дика а, вон а хууш хила веза стаг. Сайна дина дика дицлур долуш бац хьуна со. 1одика йойла хьан, марша 1ойла хьо, — аьлла, д1абахана ч1ара.
Буьйса д1а а яьлла, 1уьйранна малх кхетташехь, кхелаш Жоьра-Бабин уьйт1а х1иттийна к1анта. Жоьра-Бабас аьлла:
— К1ант, хьол хьалха и кхелаш яжо ихначаьрга, цхьана бусий бен ца ларъеллера. Ахьа ши буьйса ларйина. Кхоалг1ачу буса а хьоьга кхелаш ларъяларе сатуьйсу аса. Варий, варий тховса, къаьсттина ларъелахь кхелаш, ледарло ца йолуьйтуш. Хьо вен ца лаьара суна. Тховсалера буьйса, хьалхалерачу шина буьйсанал а йоьхна, буьрса хир ю хьуна. Ледара ма хилалахь!
Кхоалг1ачу буса а, ша хьалхарчу шина буса кхелаш яжийначу метте а вахана, хьалха санна, кхелаш яжо охьахиина к1ант. Буьйсанах хан яьллачу хенахь инзаре мох баьлла, дог1а тоьхна, дарц даьлла, т1о тоьхна, латтанаш дегийна, стигланаш, лелхаш санна, къекъайоьлла.
— Тховса-м левойтур вацара аса саламца, — бохуш, шен ма хуьллу лерина, ларвала г1ерташ, к1ант 1ачу хенахь, ц1еххьана цхьаммо т1ехьахула:
— Ассалам 1алайкум! — аьлла.
Ч1ог1а ларвала г1ерташ 1ачу к1анта, б1аьргийн негIарш карчийна. ТIапъаьлла, кхелаш яйна. Ша г1ел а велла, к1елвиссалц, кхелаш лоьхуш а лелла, уьш карорах дог а диллина, цхьана хьуьна юккъе охьа а хиъна, к1ант садо1уш 1аш, мичара ели а ца хууш, еана схьаиккхинчу цхьана барзо:
— Со йоьвзий хьуна? — аьлла, хаьттина.
— Маc борз хуьлу хьуьнах, суна муха йоьвзар ю хьо? — аьлла хиъна 1ачу к1анта барзе.
— Таллархоша боьг1начу гуро лаьцначуьра парг1ат а яьккхина, ахьа дIахецна борз ю со, хьуна бохам хиллий хаьа суна. Схьадийца, соьгара х1ун оьшу хьуна? — аьлла барзо.
— Х1инцачул холча а, юьхь1аржа а х1оьттина вац со. Яжош лаьттачуьра, т1апъаьлла, кхелаш а яйна, висина со. Уьш караярал, доккха накъосталла дацара ахьа суна дан! — аьлла к1анта барзе.
— К1ант, кху меттера д1а ма валалахь. Кху дуьненахь елахь, аса кхелаш схьаялор ю хьуна, — аьлла, кхелаш лаха д1аиккхина борз.
Доллучу дуьненахь а лехна кхелаш, ца карийна. ТIаьххьара а, кхелаш карорах дог а диллина, дуьненан йистехь болчу ворх1 ломал т1ехьарчу боккхачу лам т1е яханчу барзана, цу ломан уггар а лекхачу коьрта т1ехь ежаш карийна кхелаш. Буьрса yrIуш, ц1ог1а детташ, кхерийна хьалха а яьхна, лаьхкина, лелхийна к1антана хьалха кхелаш д1а а х1иттийна, барзо аьлла:
— К1ант, сайна дина диканиг а, вониг а дицлур долуш яц со. Шена дина дика а, вон а хууш хила веза, к1ант, 1одика йойла хьан, — аьлла д1аяхана борз.
Малх схьакхетташехь, Жоьра-Бабин уьйт1а а йигина, кхелаш д1ах1иттийна к1анта. Жоьра-Бабас аьлла:
— К1ант, х1инца х1окху лаьттачу кхело бекъа йийр ю. Кхел яхка йола ма еллинехь, бекъа яа дагахь, цунна т1е лаьмнаш санна зингатий керчар ду хьуна. Оцу зингаташкара хьоьга схьаяккхалахь, бекъа хьан ю, хьуна лур ю аса иза. Масала, ца яккхалахь, бекъа йоцуш вуьсур ву хьо.
Кхел бекъа еш яхка йоьлла, еа маьПера лаьмнаш санна зингатий т1ег1оьртина, бекъа яа дагахь. Пархъаьлла, баттара тур а даьккхина, зингаташна дуьхьал ваьлла к1ант, кхел бекъа йина яллалц, зингаташ лардеш хилла, цаьрга иза ца яийта. Т1ег1оьртинчу зингаташна тур детташ, уьш х1аллакдина. Кхело бекъа йина ма елли, кхоссавелла цунна т1е хиъна к1ант. К1ант т1е ма хиъинехь, д1аиккхина ворх1е а стигала а яьлла, ворх1е а лаьттах йоьлла, дуьненан еа а маьПе а иккхина бекъа, амма к1ант букъ т1ера охьа ца воьжна. Еана шен нанна улло д1а а х1оытина, «гарр» аьлла era а елла:
— Т1ехь юй хьо, Т1ут1-мут1? — аьлла бекъано.
ТIохъаьлла бокъанна шед а тоьхна. — «К1ел юй хьо, алашин т1оьрмиг?» — аьлла, вистхилла к1ант.
Шозлаг1а а д1аиккхина, хьалхачул а халчу меттигашкахула д1а а, схьа а хьаьдда, массанхьахула чекх а яьлла, еана шен нанна улло юха а д1а а х1оытина, егаелла бекъа:
— Т1ехь юй хьо, ТIут1-мут1? — аьлла.
Т1охъаьлла бекъана шед а тоьхна:
— К1ел юй хьо, алашин т1оьрмиг, — аьлла к1анта бекъане.
Кхозлаг1а а д1аиккхина бекъа, массо а меттехула чекх а яьлла, стиглан 1арчешка а кхаьчна, цигара чукхоссаелла, еана шен нанна улло а х1оьттина, «гарр»... аьлла era а елла:
— Т1ехь юй хьо, Т1ут1-мут1? — аьлла бекъано к1анте. ТIохъаьлла бекъана шед а тоьхна:
— К1ел юй хьо, алашин т1оьрмиг? — аьлла к1анта.
Ша тоьлург хиларх дог а диллина, к1анте бекъано аьлла:
— К1ант, хьо соьца ларалур вуйла хии суна, х1инца дуьйна хьо сан да а ву, со хьан бекъа а ю. Вайшинга далур а доцуш х1ума дац кху доккхачу дуьненахь: стиглахь а, лаьттахь а, лаьмнашкахь а, х1ордашкахь а. Х1инца сайн ненах кхузза екхар ю со. ТIаккха хьуна луъучу д1аг1ур ду вайша. Схьат1ехаа суна.
Жоьра-Бабин 1одика а йина, бекъан т1е а хиъна, д1аиккхина к1ант.

V
Шаьшшиъ д1адоьдуш:
— Вайша стенга доьду? — аьлла, хаьттина бекъано к1анте. К1анта ша арадаьккхина лело г1уллакх ма дарра дийцина бекъана:
— Х1инца исс корта болчу 1аьржачу-Хожера Чинг1аз ц1е йолу йо1 ядо доьду вайша, — аьлла.
Х1етталц ловзуш, некъара пурх д1ай-схьай лелхаш йоьду бекъа, к1анта шега арабаьккхина некъ бийцича, ойла лахъелла, г1айг1ане яьлла. Шекваьллачу к1анта бекъане хаьттина:
— Хьуна х1ун хилла, аса вайша стенга доьду, аьлла, дийцале, мел хазахеташ, ловзуш, сакъералуш яра хьо, вайшинга далур доцуш х1умма а дац, бохуш. Пел х1унда елла хьо? Стенан ойланаш йо ахьа?
Бекъано жоп делла:
— Исс корта болчу Хожин бу, бохуш, ахьа буьйцу дика дин, сан нанас вина, сан ваша ву. Сан чул алсам бу цуьнан ницкъ. Вайша дадарх, цуьнгара цадаларна кхоьруш, г1айг1а ю суна.
— Вайша исс корта болчу Хожех а, цуьнан динах а дер делахь а, дацахь а, цара х1аллакдийр делахь а, Чинг1аз ца ядийча, дер дац вайша, — аьлла к1анта.
Чинг1аз ядо исс корта болу Хожа волчу дахана к1ант а, бекъа а. Х1орш д1акхаьчча, наб кхетта, вижина 1уьллуш хилла исс корта болу Хожа. К1ант варе сатуьйсуш, цунах х1ун хилла ца хууш, сагатлуш, маьлхан нур т1ехь догуш, коре а хиъна, йоьлхуш 1аш Чинг1аз а хилла
Просмотров: 2100 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024