Главная » 2009 » Март » 20 » КЕРЛА ТУЬЙРА
КЕРЛА ТУЬЙРА
02:07
Эла Тепсаркъий, Жоьра-Бабин Жонсаркъий

Шуна дика дийцарг, диканца дукха шу дахарг, мацах-мацах эла Тепсаркъий, Жоьра-Бабин Жонсаркъий бохуш, ши жима стаг хилла цхьана йо1ана т1ехьийзаш.
— Ахьа Жоьра-Бабин Жонсаркъа д1а а вихкина, суна ездарин коч яхьахь, со хьоьга йог1ур ю, — аьлла и шиъ т1ехьийзаш йолчу йо1а эла Тепсаркъе.
Йо1ана хьалха доккха дош а дийцина, Жьора-Бабин Жонсаркъа волчу вахана эла Тепсаркъа.
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, вала, х1онсе г1ой вайша? — аьлла цо.
— Со-м ца вог1у, эла Тепсаркъа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — т1ейоха бедар а яц, т1ехаа говр а яц, юкъах д1адехка герз а дац сан.
— TIexaa говр а, т1ейоха бедар а, д1адехка герз а ас лур ду хьуна, — аьлла, хьовзийна иза эла Тепсаркъас.
TIexaa говр а, т1ейоха бедар а, юкъах д1адехка герз а делла, Жоьра-Бабин Жонсаркъа шена улло в ваькхкхина, волавелла эла Тепсаркъа.
Юьртах бовлале, Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1ехиина йолу говр, бук а кагбелла, охьа а кхетта, елла.
— Х1ан-х1ан, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вай дахаза ца 1аш делахь, сайна мел оьшу х1ума, айса кечйийр ю ас.
Цул т1аьхьа, юха а бирзина, ц1а бахана уьш. Хьалха шен дас юхуш хилла бедар а юьйхина, цуьнан хилла герз а дихкина, шен ден хиллачу гилана т1е нуьйр а тиллина, кечвелла Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Д1абоьлхуш-боьлхуш, цхьана дуьнен т1ехь х1орда йисте кхаьчна уьш.
— Эла Тепсаркъа, х1орда чу rlyp ву хьо, я х1орда т1ехь 1ийр ву хьо? — аьлла, хаьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъас, шен накъосте.
— Со хIорда т1ехь 1ийр ву, — аьлла, жоп делла эла Тепсаркъас.
— Со юха хьалат1еваллалц, х1окху х1орда йистехь 1елахь, — аьлла Тепсаркъе, Жонсаркъас, — со лийр велахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1ейоьвр ю хьуна х1ордана, т1аккха хьо ма ваддало, вадий, гена валалахь; нагахь санна со ца леш вуьсуш хилахь, ло санна к1айн чопаш т1ейоьвр ю хьуна х1ордана, т1аккха со юха хьалаволий хьажалахь.
И къамел а дина, х1орда чу вахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Жоьра-Бабин Жонсаркъа х1орда чу вахана шолг1а к1ира дузучу хенахь, ц1аста санна ц1ен чопаш т1ейоьвлла х1ордана. Сов ч1ог1а кхеравелла, ша х1ун дийр ду а ца хуъш, вада а ца луш, висна эла Тепсаркъа. ТIаккха кхин кхо де даьлча, ло санна к1айн чопаш юха т1ейоьвлла х1ордана. К1айн чопаш шена яйча, саца меттиг боцуш, ч1ог1а хазахетта эла Тепсаркъина.
Цхьа хан яьллачул т1аьхьа, б1аьрго ма лоццу дукха xIohc яхьаш, Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1е а ваьлла, х1онс-говраш хьалха а лаьхкина, ц1ехьа бирзина уьш. Цара ялочу хIонсан дола дечу говрийн 1уйшца кхо ц1оькъа айг1ар хилла: ц1аста санна ц1ен, к1ора санна 1аьржа, ло санна к1айн.
Оьхуш, тоъал х1орш гена боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда ц1аста санна ц1ен ц1оькъа айг1ар. Хьожа юкъкъе шедакхаж тоьхна, Жоьра-Бабин Жонсаркъас юхачовхабешшехь, эла Тепсаркъина т1е а хьаьдда, цунна т1оьхулла дехьа а кхоссабелла, хIорда чу бахана ц1оькъа айг1ар.
Кхоьруш, кест-кестта т1ехьа юхахьоьжуш вогIучу эла Тепсаркъас, цхьа юкъ яьллачухула, аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъе:
— Д1о вайна т1аьхьа бог1у бода, х1ун бода бу-теша, ма ч1ог1а т1етаь1на бог1у иза?
— Иза-м вайна тГаьхьа вог1у говрийн да вара. Д1а а къаьстина, яханчу айг1аро хаам бина цуьнга. Хьалхара рема лоллур ю ахьа, я т1аьхьара орца юхатухур ду ахьа? — аьлла, вистхилла Жоьра-Бабин Жонсаркъа, эла Тепсаркъе.
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, рема а лаьллина, дIаволавелла эла Тепсаркъа, т1акхкха Жоьра-Бабин Жонсаркъа т1амана кеч а велла, бухасецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржа Хожа.
— Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — х1инццалц хьан дас хьийзийна тхо, х1инца хьо а волавелла тхо хьийзо. Т1ом болабе хьайна х1инца.
— Во 1аьржа Хожа, дог дера а хьо ву, сина саготта а хьо ву, юьгуш йолу рема а хьан ю. Болабе хьайна т1ом, 1аьржа-Хожа, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Озийна 1одан пха тоьхна 1аьржачу Хожас Жоьра-Бабин Жонсаркъина. Хожас 1ад озошшехь, нуьйра х1оьа чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха юха чувогг1ушехь, Хожин 1одан пха к1елхула чакхбалийтина. Нуьйра чу ша нис а велла, пха тоьхна цо 1аьржачу
Хожина. Син метта кхетта, хьоьвзина говрара чувахана Хожа. Иза т1ехь хилла дин, шайн реми юкъа схьа а лаьллина, т1ера охьавоьссина, Хожин корта схьа а баьккхина, цунна т1ера ездарин коч-хеча а схьа а даьккхина, уьш шен таьлсаш чу а дехкина, эла Тепсаркъина т1аьхьакхиина Жоьра-Бабин Жонсаркъа.
Новкъа схьаоьхуш, кхин а гена боьвлча, Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьара т1ехьаьдда к1ора санна 1аьржа ц1оькъа айг1ар. Хьожа юккъе шедакхаж тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас юха човхабешшехь, эла Тепсаркъаина т1е а хьаьдда, цунна т1оьхула а кхоссабелла, х1орда чу бахана и ц1оькъа 1аьржа айг1ар.
Цхьа хан яьллачу хенахь т1аьхьаваьлла эла Тепсаркъиний, Жоьра-Бабин Жонсаркъиний Хожин шолг1а ваша.
— Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — хаытина эла Тепсаркъас, — д1о вайна т1аьхьабог1у 1аьржа бода, х1ун бода бу-те? Ма доккха х1ума ду иза!
— Иза-м х1ума дацара, говрийн да ву иза, вайна т1аьхьа вог1уш Эла Тепсаркъа, хьалхара рема лоллур ю ахьа я т1аьхьара орца юхатухур ду ахьа? — аьлла, хаытина Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, рема а лаьллина, д1аволавелла эла Тепсаркъа. Т1аккха Жоьра-Бабин Жонсаркъа, т1амана кеч а велла, т1аьхьасецна.
Герга г1оьртина говрийн да, 1аьржачу Хожин шолг1а ваша.
— Х1ан-х1ан, Жоьра-Бабин Жонсаркъа, — аьлла цо, — х1инццалц хьан дас а хьийзийна тхо, х1инца ахьа а ца дуьту тхо даха, т1ом болабе хьайна.
— Во 1аьржа Хожа, дог дера а хьо ву, сина готта а хьо ву. Юьгуш йолу рема а хьан ю. Вийна 1уьллуш волу ваша а хьан ву, т1ом болабе ахьа, 1аьржа-Хожа, — олуш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Жобра-Бабин Жонсаркъина, 1ад оьзна, пха тоьхна 1аьржачу-Хожас. 1ад озошшехь, нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1акхкха ша юха чувогг1ушехь, Хожин 1одан пха к1елхула чекхбалийтина. Шен нуьйра чу а нисвелла, тоьхна xIokxo, 1одан пха, 1аьржачу Хожин вешина. Син метта кхетта, хьоьвззина, говра т1ера чувахана Хожин ваша. Иза т1ехь хилла дин реми юкъа д1а а лаьллина, цунна т1ера ездарин коч-хеча а, корта а, схьадаьккхина таьлсашна чу а декхина, эла Тепсаркъина т1аьхьакхиъна Жонсаркъа.
Т1аккха шайн рема лаьллина xlopш д1абоьлхуш, юха а Жоьра-Бабин Жонсаркъа волчу аг1орхьа т1ехьаьдда ло санна к1айн ц1оькъа айг1ар. Жоьра-Бабин Жонсаркъас, хьожа юкъкъе шедакхаж а тоьхна, юхаэккхийначул т1аьхьа, эла Тепсаркъа волчухула хьаьдда, цунна т1оьхула а икхкхина, х1ордана буха бахана ло санна к1айн ц1оькъа айг1ар.
Цу к1айчу айг1арца орцах т1аьхьаваьлла х1окхарна 1аьржачу-Хожин уггаре а вокхкхах волу ваша.
Аренаш морцуш, лаьмнаш цоьстуш, сел буьрса т1аьхьаваьлла воккхах волу ваша Жоьра-Бабин Жонсаркъиний, эла Тепсаркъиний.
Юхахьаьжча, т1ег1ерта буьрса бода шен б1аьрга гича, эла Тепсаркъас аьлла:
— Жоьра-Бабин Жонсаркъа, х1ун ду-техьа вайна т1аьхьадог1ург? Ма буьрса 1аламат ду иза!
— Иза-м х1ума дацара, — олуш, жоп делла Жоьра-Бабин Жонсаркъас, — вайна т1аьхьавог1у говрийн да ву иза. — Х1ан-х1ан, эла Тепсаркъа, хьалхара рема доллур ю ахьа, я т1аьхьара т1ом юхатухур бу ахьа?
— Аса хьалхара рема лоллур ю, — аьлла, говраш а лаьхкина, д1авахана эла Тепсаркъа.
Сецна лаьттачу Жоьра-Бабин Жонсаркъина герга г1оьртина 1аьржачу-Хожин воккхах волу ваша.
— Х1ан-х1ан, — олуш вистхилла воккхах волу ваша, — х1инццалц хьан дас хьийзийна тхо, х1инца ахьа а ца дуьту тхо даха. Т1ом болабе соьца, Жоьра-Бабин к1иллу!
— Дог дера а хьо ву, сингаттаме а хьо ву, оха юьгу рема а хьан ю, вийна 1уъллу ши ваша а хьан ву, — т1ом болабе ахьа, 1аьржа-Хожа, — олуш, жоп делла цунна Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
1ад оьзна, пха тоьхна 1аьржачу-Хожин вашас. Нуьйра чуьра хьалакхоссавелла, кхо-пхийтта аьрша ирхвахана Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Юха чувогг1ушехь, нуьйра чу хиъна иза. Цу хенахь 1аьржачу-Хожин вашас тоьхна пха некха юкъкъехула чакхбаьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъина.
Хьала а иккхина, 1ад оьзна, пха тоьхна Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Деган метта кхетта, хьоьвззина, динара чувахана 1аьржачу-Хожин ваша. Паккха шен накъосте кхайкхина Жоьра-Бабин Жонсаркъа:
— Эла Тепсаркъа, корта а, т1ера коч-хеча а схьадаккха х1окху велла 1уьллучу Хожин вешин.
— Со ваьхьар вац, аса боккхур бац цуьнан корта а, я цунна т1ера коч-хеча а. Ваьхьар вац со, — бохуш, инзарваьлла хьоьвзина эла Тепсаркъа.
— Схьабаккха цуьнан корта, х1умма а хир дац хьуна, иза-м велла 1уьллуш вуй, схьа ца баьккхича бер бац иза. Со динара охьавоьссича, юха т1ехаълур воцуш, чов хилла суна, — аьлла Жоьра-Бабин Жонсаркъас.
Эла Тепсаркъа, х1уъу а хилча а, ца тигна велла 1уьллучу 1аьржачу Хожин вешин корта а, ез-дарин коч-хеча а схьадаккха.
Динара охьа а воьссина, хьовззийна корта а, ез-дарин коч-хеча а Хожин вешина т1ера схьадаьккхина Жоьра-Бабин Жонсаркъас. Уьш шен таьлсаш чу дехкина ваьлча, юха шен дина ца валалуш висина иза.
— Х1ан-х1ан, эла Тепсаркъа, — аьлла цо т1аккха, шен тешнабехк дагахь болуш волчу, ямартчу накъосте, — Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, дахьа ас, алий, xlapa ез-дарин кучамашший, хечешший, говрийн ремий вайша ший а т1ехьийзаш волчу йо1е д1алолахь. Т1аккха xlapa кхо корта сан нене д1алолахь, со ц1а вогГур воцуш вуйла д1а а хаийталахь...
Циггара, Жоьра-Бабин Жонсаркъа вита а витина, ц1а вахана эла Тепсаркъа. Жоьра-Бабин Жонсаркъа вехка а вихкина, вог1у ша аьлла, ез-дарин бедарш а, говрий рема а йо1е д1а а елла, ткъа Хожин а, цуьнан вежарийн а кортош Жоьра-Бабин Жонсаркъин нене д1аделла.
— ХГумма а дац, шен а, шен ден а ч1ир-х лехний цо, — бохуш, б1архиш къайллах, куьг хьокхий, д1адохура Жонсаркъа виначу нанас.
Xlopш т1ехьийзаш хиллачу элан йоь1ан са кхиъна, эла Тепсаркъас Жобра-Бабин Жонсаркъа вихкина цахиларх. Шен говр-ворда а йоьжна, араяьлла, цхьана дуьнен т1оьхула д1айоьдуш, велла 1уьллучу Жоьра-Бабин Жонсаркъина т1е кхаьчна иза. Т1аккха, сов дукха цунна йилхина, б1аьргаш а кхоьлина, лаьтташ Жонсаркъин говр а хилла.
Жоьра-Бабин Жонсаркъина юххе охьа а хиъна, сов дукха елхарна, ший б1аьрг а баьлла, йисина йо1 а, цуьнан балина сов дукха елхарна, йоь1ан говр а.
Цу хенахь, мичара долу ца хууш, йоь1ан куча-кара «зов» аьлла, чудоьжна цхьа к1айн ши шай. Иза шен кучара охьаэга доьлла ахча ду моьттуш:
— Да ват1а хьан, кучара ахча охьаэга а доьлла-кх сан, — аьлла, куьг хьаькхина, схьа а эцна, иза буйна а доьллина, охьахиъна йо1.
Цхьа хан яьллачу хенахь шен б1аьргех хьаькхна цо куьйгаш, ши шай буйнахь а долуш. Т1аккха б1аьргаш шаьш ма дарра хилла.
Хьала 1аьттина, т1еяхана Жоьра-Бабин Жонсаркъина а хьаькхна цо к1айн ши шай.
— Ма дукха 1иллина со вижина, — аьлла, ирах1оьттина Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Т1аккха шина а говран б1аьргех а хьаькхна цара к1айн ши шай — уьш а, б1аьргаш то а белла, д1ах1иттина.
Ч1ог1а дакхкхийдеш, мар-мара лилхина йо1 а, Жоьра-Бабин Жонсаркъа а. Йо1 а эцна ц1а а вахана, цунах шена зуда а йина, ваха хиъна Жоьра-Бабин Жонсаркъа. Х1инца а дехаш ду боху к1анттий, йоIIий, Жоьра-Бабий мерзачу безамца, бертахь.
Ма лолда вай, к1ентий, вовшех темаш ва байна!


Князь Тепсарка и сын вдовы Жонсарка

Чтобы хорошее вам рассказывали, чтобы с добром вы долго жили. Давным-давно, в далекие времена два молодых человека князь Тепсарка и сын вдовы Жонсарка ухаживали, говорят, за одной девушкой.
— Если ты свяжешь сына вдовы Жонсарку и в подарок принесешь мне дорогие платья, я выйду за тебя замуж, — сказала девушка князю Тепсарке.
Князь Тепсарка расхвастался перед девушкой, что сделает это, и пришел к сыну вдовы Жонсарке.
— Сын вдовы Жонсарка, пойдем в набег и пригоним табун коней, — сказал он.
— Я не пойду с тобой, князь Тепсарка, — ответил сын вдовы Жонсарка. — У меня нет ни одежды, ни коня,ни оружия, чтобы пойти с тобой в набег.
— Я дам тебе коня, одежду и оружие, — не отставал князь Тепсарка.
Дал он Жонсарке коня, оружие, одежду, но, как только они выехали из села, у коня, на котором ехал Жонсарка, от тяжести седока сломалась спина, и он тут же упал и сдох.
— Так-так, — сказал сын вдовы Жонсарка. — Если нам нужно поехать, то все, что мне потребуется для этого, я найду себе сам.
Вернулись они обратно. Жонсарка надел ту одежду, которую надевал его отец, взял оружие, которое носил отец, оседлал коня, на котором ездил отец, и приготовился в путь.
Долго-долго ехали они с князем и наконец очутились у берега моря.
— Князь Тепсарка, войдешь ли ты в море или останешься на берегу? — спросил сын вдовы Жонсарка своего спутника.
— Я останусь на берегу, в море я не пойду, — ответил князь Тепсарка.
— Жди меня на берегу, пока я не вернусь, — сказал сын вдовы Жонсарка. — Если я должен умереть, то на поверхности моря появится пена краснее красной меди. Тогда опасайся беды, которая может постигнуть и тебя. Если же останусь жив, то на поверхности моря появится пена белее белого снега. Тогда жди моего возвращения.
После этого разговора сын вдовы Жонсарка бросился в волны моря. К конце второй недели на поверхности моря появилась пена краснее красной меди. Князь Тепсарка так испугался, что не мог бежать, и не знал, что делать. Еще через три дня на поверхности моря появилась пена белее белого снега. Увидев белую пену, князь Тепсарка не находил себе места от радости. Через некоторое время из моря вышел табун коней, погоняемый Жонсаркой. Погнали они свою добычу, табун коней, к дому. В этом табуне было три жеребца, подобных барсу: красной масти, словно медь; черной масти, словно уголь; белой масти, словно снег.
Не одолели всадники с табуном и части пути, как к сыну вдовы подскакал красный, барсу подобный жеребец. Ударом кнутовища по лбу Жонсарко отпугнул его, и жеребец бросился в сторону князя Тепсарки, перепрыгнул через него и скрылся в море. Испуганный князь стал оглядываться назад и сказал сыну вдовы Жонсарке:
— Что это за мгла, которая с такой скоростью надвигается на нас?
— Это за нами гонится хозяин коней. Об угоне табуна ему сказал жеребец красной масти. Будешь ли ты гнать табун или останешься и дашь бой? — спросил у Тепсарки вдовий сын Жонсарка.
— Я погоню табун коней, — сказал князь Тепсарка.
И сын вдовы Жонсарка остался, чтобы отразить погоню. В это время к нему подскакал хозяин коней, Черный Хожа.
— Так-так, сын вдовы Жонсарка, — сказал он. — До сих пор нам не давал покоя твой отец, а теперь — ты. Начинай бой!
— Эй, Черный Хожа! Зол на нас ты, покой потерял ты, угнанный табун коней — твой, так ты и начинай бой!
Черный Хожа натянул тетиву лука и пустил в сына вдовы стрелу. Пока стрела летела, Жонсарка подпрыгнул в седле три раза на пятнадцать локтей, пропустил стрелу между собой и конем и опять очутился в седле. Выстрелил он в Черного Хожу и попал ему прямо в сердце, и тот замертво свалился с коня. Отрубил Жонсарка голову великану, снял с него дорогие одежды, положил их в талсы1 и догнал князя Тепсарку.
Не одолели всадники с табуном и части пути, как в сторону Жонсарки поскакал черный, как уголь, жеребец, подобный барсу. Ударил его Жонсарка кнутовищем по лбу и отпугнул. Тогда черный жеребец кинулся в сторону князя Тепсарки, перепрыгнул через него и скрылся в море.
Спустя некоторое время в погоню за князем Тепсаркой и сыном вдовы Жонсаркой бросился второй брат Черного Хожи.
— Что это за буря приближается к нам? — спросил князь Тепсарка.
— Это хозяин табуна пустился за нами в погоню. Князь Тепсарка, погонишь ли ты табун коней или останешься отбивать погоню? —спросил сын вдовы Жонсарка.
— Я погоню табун коней, — сказал Тепсарка.
И сын вдовы Жонсарка стал ждать погони. Приблизился к нему брат Черного Хожи.
— Так-так, сын вдовы Жонсарка! До сих пор твой отец не давал нам покоя, а теперь — ты. Начинай бой!
— Эй, черный великан! Зол на нас ты, покой потерял ты, угнанный табун коней — твой, убитый брат — твой, ты и начинай бой! — крикнул Жонсарка.
Пустил брат Хожи стрелу в Жонсарку. Пока стрела летела, сын вдовы подпрыгнул в седле три раза на пятнадцать локтей, пропустил стрелу между собой и конем и опять очутился в седле.
Пустил сын вдовы Жонсарка в великана стрелу, и тот свалился в коня. Жонсарка отрубил ему голову, снял с него дорогие одежды, положил их в талсы и догнал князя Тепсарку.
Не одолели всадники с табуном и части пути, как в сторону Жонсарки понесся белый, как снег, жеребец, подобный барсу. Ударил его Жонсарка кнутовищем по лбу, и тот, испуганный, бросился в сторону князя Тепсарки, перепрыгнул через него и скрылся в море.
На этом белом коне в погоню за ними бросился самый старший из братьев Хожи. Он сжигал по пути холмы и верхушки даревьев — столь разгневан он был на сына вдовы Жонсарку и князя Тепсарку. Князь в испуге спросил:
— Что это за погоня, что это за огненный смерч мчится на нас?
— Это мчится за нами хозяин табуна коней, — ответил сын вдовы Жонсарки. — Князь Тепсарка, ты погонишь табун коней или остановишься и дашь бой?
— Я погоню табун коней, — сказал князь Тепсарка.
И сын вдовы Жонсарка стал дожидаться брата Черного Хожи. Приблизился тот и говорит:
— Так-так, вдовий сын Жонсарка! До сих пор нам не давал покоя твой отец, а теперь — ты. Начинай бой!
— Зол на нас ты, покой потерял ты, табун коней — твой, убитые два брата — твои. Ты и начинай бой, черный великан!
Пустил старший брат Хожи стрелу в Жонсарку. Подпрыгнул он в седле три раза на пятнадцать локтей и опять очутился в седле. В эту секунду стрела, пущенная черным великаном, пронзила Жонсарку. Пустил стрелу Жонсарка, и раненный насмерть черный великан свалился с коня. Тогда стал Жонсарка звать своего друга:
— Князь Тепсарка, снеси с этого черного великана голову и сними с него одежды.
— Я не осмелюсь отрубить ему голову и снять с него одежды, — сказал испуганный князь Тепсарка.
— Отруби ему голову, ничего с тобой не станет, он же мертв, нужно отрубить ему голову! Если я спешусь, обратно мне на коня не взобраться. Видно, насмерть меня пронзила стрела, — сказал сын вдовы Жонсарка.
Князь Тепсарка не стал отрубать голову убитого великана и снимать богатые одежды. Спешился Жонсарка с коня, отрубил голову черному великану, снял с него дорогие одежды, уложил их в тале и хотел взобраться на коня, но не смог.
— Князь Тепсарка, — сказал он своему трусливому и коварному спутнику, — скажешь, что, связал меня и везешь эти дорогие одежды и табун коней, и все это передай девушке, которую мы оба любим, а эти отрубленные головы отдай моей матери и скажи, что я не вернусь...
Князь Тепсарка оставил сына вдовы Жонсарку, а сам вернулся домой и стал хвастаться, что связал сына вдовы Жонсарку и забрал дорогие одежды и табун коней. Все это богатство привез князь Тепсарка во двор девушки, а головы трех великанов отдал вдове.
— Смерть сына ничего не значит. Все-таки от отомстил за отца и себя, — приговаривала мать, незаметно рукой утирая слезы.
Но девушка догадалась, что князь Тепсарка обманывает, он не в силах был бы связать сына вдовы Жонсарку. Она собралась в путь-дорогу и поехала по свету искать Жонсарку. Где-то далеко-далеко она наткнулась на мертвого сына вдовы Жонсарку. Возле него стоял конь, который ослеп от долгого плача над своим хозяином.
Села она возле мертвого сына вдовы Жонсарки и так много пролила слез, что тоже ослепла. В это время неизвестно откуда в подол ее платья упали два белых пятака. Она подумала, что они упали с ее шеи, взяла их в руки и стала тереть глаза кулаками, в которых были зажаты пятаки. Глаза девушки опять стали видеть. Она подошла к покойному сыну вдовы Жонсарке и провела этими пятаками по его глазам.
— Как долго я спал, — сказал Жонсарка и вскочил. Потерли они пятаками глаза коня, и конь стал видеть.
Сын вдовы Жонсарка возвратился с девушкой домой, женился на ней, стали они жить в любви и согласии и были счастливы долгие годы. Да не умрем мы, молодцы, потеряв веру друг в друга!
__________________
Просмотров: 1939 | Добавил: papisedarchi | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024