Главная » 2009 » Апрель » 20 » Бисултанов Апти ( байт)
Бисултанов Апти ( байт)
00:47
 
                                                                      Апти Бисултанов
 
                                                                           
                         ДЕГ1АСТА              
                                                                   

Юха а ярташ т1ехь сенлуш ду к1арраш,
Юха а ц1инлуш ду ламанийн карраш.
Дег1аста , Дег1аста , хьох дагайолуш,
Хетарехь, юха а б1аьсте ю йолуш.

Далла хьо езарна билгало юй те,
Делан мас-маликийн орца и дуй-те?
Цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш,
Сел серлайовлар хьан маршонан херцарш.


Хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу,
Хьан стигал яьккхина - 1ожаллин талу,
Амма хьо хазлуш ю 1ийданехь санна,
Хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна.


Сан цхьа ког кошахь ву, важа-хьан лаьттахь,
Упханах г1оьртина, со ирахь лаьтта,
Дег1аста, Дег1аста, со а ву дийна,
Дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь.


Дагна т1е куьг дуьллий, хьоьга ладоьг1уш,
Дашна т1е дош уьллий, хьо Деле йоьхуш,
Хьох дина до1а ду- сан некъийн хазна,
Къеначу сан ненан хьох йолу назма.

Сан кхиндерг дацара- лардан я дайа,
Весете дилла я байракхах айа-
Дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен,
Мотт 1емаш, дуьххьара хьох аьлла дош бен.

Хьох ведда д1авоьдуш, ведда ц1авог1уш,
Дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш,
Сайн эрна кхерстар а хетара хьанал,
Маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана.


Тиналлин к1оргенехь аьрцанийн к1ожехь,
Маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь,
Къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас
Некъе ладоьг1уш цхьа юьрт хилчахьана...

 

 
Просмотров: 3523 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 5
5 Мединат79  
0
Дег1аста хьан иллех-назманех хьоьгу!
Син рицкъа къийделла - ас орца лоьху!..

4 Mansour  
0
Allah atto boyla!

3 Dodam  
0
Нанас сахиллалца дов дора йо1ана,
Нанас сахиллалца йо1 чехайора.
Ткъа арахь доьлхура гуьйренан дог1анаш,
Хетарехь, цара а къинхетам ца бора,
Дахкаро хьулдина дайначу седарчийн,
Урамехь кхерстачу цхьалхачу илланчин...
Ма к1езга дар-кха уьш: нахана хетаршший,
Цу нанна моьттуршший, кху юьртахь хилларшший...
Ма к1езга дар-кха уьш доккхачу дагна!
Дуьххьара шен ирсах тешначу дагна!
Ц1еххьана са акха даьллачу дагна,
Луучу б1аьрхишца мохь тоьхна ала,
Сел къиза садетта ницкъ боцуш кхи и:
"К1айн говр ю бехкениг, к1айн говр ю, нана!
Сирла са хиллалца терсийца и!"

2 musa  
1
Ч1ог1 хаза байт ю.Аса дагахь 1амор ю. biggrin

1 papisedarchi  
1
Аптис йаьзйеш йолу байташ ч1ог1а хаза ю.
Дала беркате дойла цо дириг.

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024