Главная » 2009 » Май » 11 » Яндарбиев Зелимхан ( байт)
Яндарбиев Зелимхан ( байт)
00:38
Нохчийчоь, сан сирла седа..

Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьсташ малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гира,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.

Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь хьо даим хилла:
Са гатта делча – хоьжуш г1ийла,
Деладелла – векхна хилча.

Шарал дахлуш доца денош,
Дагах лестарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.

Хан т1екхаьчча – къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сай некъан,
Ганн лаьаркха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа..

1987.
Просмотров: 2379 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 6
6 Мединат79  
0
Иштта седа ле –
Т1аьхьа, эзар шерашна
Яга юьтуш серло шен...

Иштта ле аьхкенан буьйса, –
Дезаш долчу дегнашкахь
Шен аьхналла юьсуш...

Безам ншпа ле –
Богуш, богуш,
Баьгна ц ца болуш...

(«Зил т1ера йозанаш». 1997)


5 Dodam  
0
Аллах1а декъала войла Зеламха.....

Суна уггаре хазахетачех цхьаъ....

Дахкарх хьерчаш йог1у х1ора 1уьйре,
Шийла хьацар детташ стигланна.
Ахь юха а, цатам даг чохь къуьйлуш,
Тешаво со дахарх, диканах.

Йочанийн ткъаршлахь текха денош,
Шийла доь1у дитташа а са.
Х1инций-х1инций бохуш, дог а сецош,
Г1алаташ ахь лайна хийла сан.

Суьйренаша хьоьхуш шийла хорша,
Ойланаша хьоьхуш бохамаш,
Ваьхна со, хьан тешамо дог дохдеш,
Цуо ларвина хийла бохамах.

Зама уьду, акха эмалк хилла,
Наггахь текха, ц1ийзаш, дууш са...
Амма доьху, цкъа а дог ма дилла
Кханалерчу дийнан диканах.

Буьйса еъча, дарцехь барзах уг1уш,
Хьайн ойланна б1агор хьийзабеш,
Не1 д1акъовларх айхьа, дог1а тухуш,
Хила-кх со кхочур вуй диц ца деш...


4 papisedarchi  
1
Нана

Цхьацца стигал - шина б1аьргахь,
Екхна, сийна, сирла,
Шина стиглахь цхьацца малх а
Суна хьоьгахь гина...
Цаьрца декхаш, цаьрца кхоьлуш,
Гина х1ара дуьне.
Тахана а цаьрца хьоьжу
И соь,
Амма т1уьна...


3 papisedarchi  
0

Тийначу буьйсанан бода
Г1айг1анна хуьлу сов т1ера.
Ларамза са буйна додахь,
Хьостур вац кеста синтемо.

Гуьйренан г1а т1ехь г1ов санна,
Лацалуш шеконан пардо,
Д1аяьлла карор ю марзо,
Г1иртинчийн хьо ц1ена лардан.

Б1аьргаш а боьлхур бац,дог а
Лозур дац,богур бац кийра,
Дуьххьал-д1а к1ордор ву доттаг1,
Езнарг а хетар ю хийра........
__________________


2 papisedarchi  
0

[size=11]
Нохчийчоь,
Шаьлтанан дитт хилла летта хьох дахар,
Тоьпан бирг1анах хьежна хьоь дахар!-
Х1етте,сан ирсана йисна хьо яха,
Со теша:сан дуьхьа йисна хьо яха......
[/size]

1 papisedarchi  
0
Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш,
Ас хьоьга кхийдийнарг яцара х1уьттаре:
Малх г1аттон де доцуш, йисина 1уьйренаш,
Малх сацон де доцуш, де диъна суьйренаш.
Беттасин буьйсанаш, седарчийн стигланаш –
Ма гена хиллера, сан даго къийлинарш.
Дахаран анайист дуьненахь лехнарг а,
Шен даг чохь карийча, цунах ца тешнарг а –
Цхьатерра пекъар ву, цхьатерра декъаза,
Къестон а ца оьшуш - хенара, хеназа,
Леха а ца оьшуш – генара, гергара,
Вийца а ца оьшуш – ненера, дегара,
Ву хьуна, дуьххьал-д1а, хьо шех ца кхетарна,
Дог оьхьна вехачу шех хьо ца тешарна.
__

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024