Главная » 2009 » Май » 25 » Яхь йолчу къонаха Нохчо к1енташна (байт)
Яхь йолчу къонаха Нохчо к1енташна (байт)
22:53

Х1ара дешнаш лерана ду яхь йолчу къонаха Нохчо к1енташна !

                                 

                             
Шен сий а цо дайахь, доьзал сий мадойа
Доьзал сий цо дайахь, къоман сий мадойа
Нийсархошна юккъехь, алан дош хьан дацахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.

Аьлла дош ларадан, стогалла хьан дацахь
Баккхи нах лара а, эхь, бехк а, хьан дацахь 
Лулахой цалоруш, осалла хьо велахь  
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
 
Хьай къоман йижарийн, сий деш а хьо вацахь
Тешаман накъост а, махкана хьо вацахь
Комаьрша Нохчо дог гойташ а хьо вацахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
 
Хьаша не1арехь витана, хьо баьрче ваьллехь
Бон берийн дог хьаста, Иман хьан цахиллехь
Ловзаргахь хьо велхахь, тезетахь-велахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
 
Мацвелча сатоха доьнал а, хьан дацахь
Дуьненан бахаман куралло 1ехавахь
Ненахой, стунцахой, лоруш а, хьо вацахь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо къонах воцийла.
 
Хьай къомах дог лозуш, ниц1къ хьуна цахиллехь
Дай Махкан сий дан а, яхь йоцаш хьо хиллехь
Ден, Ненан, дог хьосташ, б1архи хьан цадаьллехь
Хаалахь Нохчо к1ант, хьо к1илло хиллела !


Казбек Чеченский

Просмотров: 4428 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 4
4 Хьамзат Х.М.  
0
Хаза дешнаш дагах-мхьа кхета, хаза аьлча.

3 Хьамзат Х.М.  
0
Ва 1алайлум асСАЛАМ!

2 Мединат79  
0
Комментарин метта:

"Буьрса лом варшашкахь цо куьйга эшадарх,
Ткъес дарах, стиглара лоций,
Х1етте а, шен ц1ен т1ехь и зудчо кхеравахь,
Хаалах и къонах воций..."
(Мохьмад Сулаев. 70-г1а шераш.)


1 Ilyasan-Nur  
0
Ассаламу 1алайкум Салам-маршалла ду шуьга,сан бусулба нах-сан къам !

Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024