Главная » 2009 » Июнь » 8 » АЛАРШ (пхьоьг1анехь)
АЛАРШ (пхьоьг1анехь)
17:04

1. ЭЦА ЦА ОЬШУ...

 

БУКУР воьллачу стаге аьлла боху:

- 1ад духкий ахьа?

Вукхо жоп делла:

- Ца оьшу хьуна харж ян. Дала ша схьалур ду хьуна, вала вахлахь...

 

2. ХЬЕХАМ

 

Воккхачу стаге хеттина:

- Йо1е-м хьо еза олуш ду. Ткъа боьршачу стаге, иза везаш велахь, и д1а муха хоуьйтур ду?

- Цуьнга иза хаийта ца оьшу. Боьршачу стагана ша везарг бен ца веза.

 

3. К1АНТА АЬЛЛАРГ

 

Марненан а, несан а дов даьлла хилла. Цаьршинга ладоьг1уш 1ийначу к1анта аьлла:

- Нана, со дечке воьду хьуна. Со зудчух ца воккхуш х1ума делахь.

 

4. ТОЬЛЛАРГ МИЛА ВУ?

 

Цхьа дай, к1анттий хилла, стаг а вийна, хьаьдда вог1уш. К1анта хаттар дина дега:

- Вайх тола муьлхурниг тоьлла? - аьлла. Дас жоп делла:

- Вайшиъ тоьлла, - аьлла.

- Т1аккха вайша са а хадийна, нахах а къехкаш, стенга воьду? - аьлла хаьттина к1анта.

 

5. ХАЗАДОШ

 

Цхьа стаг хилла новкъахула вог1уш. Нийсса некъ хадош бижина саьрмик хилла. Оьг1азвахначу стага вордан ч1ург ц1оган т1ехула яьккхина. Кхосса а белла, саьрмак дуьхьалабаьлла хилла цунна.

Шега и белур боцийла хиъначу стага, вордана т1ера охьа а воьссина, т1е а вахана, коьрта т1е куьг а хьекхна, аьлла боху:

- Хазниг, д1абалахьа, суна некъ битахьа, хьо дика а барий.

Меллаша, текхна д1абахана боху и саьрмак.

 

6. БЕЗАМ

 

Т1ехьийза йо1 деца а къовса магийна олуш ду.

 

7. ДОГ ТЕДАР

 

Йо1 йича, резавоцуш хиллачу дега аьлла:

- Борц бийначу к1а ца долу.

 

8. К1АНТ Ц1Е ЯККХИЙТУШ ХИЛА ВЕЗА

 

Некъа т1ехь хи 1анийна а, шен ц1е яккхийта еза к1анта олуш хилла вайнехан.

 

9. КЪОНЪЕЛЛА ОЙЛАНАШ

 

Махкат1ехь вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг. Саппа бохуш ц1е а йолуш. Йоккха маж а ялийтина, laca кара а лаьцна, лелаш хилла иза. Цхьана дийнахь ловзарга а вахана, хаза самукъа а даьлла, ц1а веана хилла иза. Эцца шен къоналла дага а еана, цо аьлла ша шега:

- Маж, хьо a oxьайocca, laca, хьо тхов т1е яла, суьлхьанаш. шу а пен т1е довла, дег1, хьо - парте* дала. Схьало сан дечиг-пондар, п1елг таса воллу со.

_________________

*Коммунистийн парте.

 

10. КОМАЬРШАЛЛА

 

Цхьана шина стага, хьера а вахана, цхьаний цхьацца гали ахьар деана шайн-шайн доьзалшна.

Цхьаммо, шен зуда, ахьар а хьакхийна, юург ян х1уттушехь, чувеана стаг ца хилча, ара а волий, воьдуш-вог1уш верг я ц1ахь хилча - лулахо чукхойкхе, цуьнца бен рицкъанах кхеташ ца хилла.

Важа волчу башха лулахой а, хьеший а лесташ ца хилла, уьш бог1ахьара аьлла саготта и ша а ца хилла.

Маццах цкъа вовшахкхетча:

- Хьажахь, сан-м и ахьар вуно сиха чекхдели хьуна, - аьлла писалла валаволлучо.

- И ахьа айхьа деъна дела даьлла хьан иштта сиха чекх, хьешаца охьа а ховш, даал ахьа т1аккхахула, - аьлла вукхо.

 

11. Г1ИЛЛАКХ ТОЬЛА

 

- Уггаре а тата ч1ог1а долуш х1ума х1ун ю хаьий шуна? - хаьттина цхьамма пхьоьханахь лаьттачу нахе.

Шемалан Йоккха топ яцахь, шена-м ца хаьа, аьлла цхьамма.

- До1а къекъар** хила тарло иза, - аьлла вукхо.

- Кхаа хьешана комаьрша белла кхачаночул доккха тата доккхур дац дуьнен т1ехь цхьана а х1умано, - аьлла шен хаттарна ша жоп делла оцу стага.

_________________________

**Стигал къекъар (диал.)

 

12. КЪАНАЛЛА

 

Воккхачу стаге хаьттина:

- Муха ду хьан г1уллакх?

- Къанбеллачу кхуоран санна ду, - аьлла цо. (Б1аьста марг1ал долу, 1ай - шелонна - уьш, дог мурдоьлла хиларна, х1аллакьхуьлу).

 

13. ДАГАРДИЙЦАР

 

- Ламанах бухдуьйлу бес-бесара шийла шовданаш хьо да йолуш оьхуш хилча, царах билгалдаьккхина цхьа шийла шовда ас малайта аьлча, соьга малайтур дарий ахь?

- Малайтар дара, далор, ас, мала аьлча, ахь мериг хилча, 1ебариг хилча.

- Ой, ахь мала аьлча, айса мериг ца хилча, мала вашариг ца хилча, мелча 1абариг ца хилча, Хьехан-Ц1оганара дуьйна Келабаса валлалц 1овеана, х1ай хьенех, хьоьга а бахуш, со х1ун деш вег1ар вара?

 

14. САМУКЪАДАЛАР

 

Самукъа долу х1ума х1ун ду бохуш, нах хабаршка бевллачохь Дадас аьлла бах:

- Лозуш йолу кхела д1а а яккхийтина, д1аяьллачу церган кевна юккъе мотт а 1уьттуш, ц1авар ду.

 

15. 1АЛХАС АЬЛЛАРГ

 

1алхас, хотехь ирзош а дохуш, йиллина 1алхан-Юрт.

- Маса дин а, хаза йо1 а ма эшайойла кху юьртахь, - аьлла боху 1алхас и юрт йилла дуьххьара хьоккха ша охьатухуш.

 

16. ИРЧОХ МИЛА ВУ?

 

Цхьана зудчо шен ц1ийндега аьлла:

- Ва стаг, ирчаниг аьлла мохь тоьхча, ма хьоьга беттий хуур дара...

Вукхо жоп делла:

- Деллахь хуур дара-кх, хьо чохь ца хилча-м...

 

17. ЦХЬАЪ БЕН ВОЦУ К1АНТ

 

Д1аз-аьлла т1ара далийтина веанчу хьешо харцахьалелачу х1усамден к1антана. И воьлхуш хезна, чуеана нана:

- Ой-х1, х1унда туьйхи ахь, х1унда туьйхи ахь? Цхьаъ бен ма вац тхан xlapa. - аьлла, к1ант хьаста х1оьттина.

- Цхьаъ бен хила а ца хилча я и хила а ца хилча, къа дац шу? - жоп делла хьешо.

 

18. КЪЕХОЧО ХЬОЛАДЕГА АЬЛЛАРГ

 

Хьоладас шен х1усаме вигна хилла къен стаг. Бахам а гайтина, хьоладас дозалла дарца аьлла:

- Муха хета хьуна xlapa сан х1усам, бахам?

- Бахамна ала х1ума дац. Хьуна моттахь а, х1усам яц-кх х1ара, хьеннан хилча а, - аьлла къечо.

- Ой, и х1ун ду ахь дуьйцург?! Кхин х1ун ду кху чохь т1е-оьшург? - хаьттина цецваьллачу хьоладас.

- X1apa х1усам хилча, цхьана сонехь техкош ага хир дара кху чохь, - доцца жоп делла къечу стага.

 

19. ДОККХА Х1УМА Х1УН ДУ?

 

Доккха х1ума муьлхарг ду-те дуьненахь йоккхучу хенахь? - хаьттина цхьана хьекъалче.

- Бакъ доцург бакъ ду бохуш, бакъ долчун бакъ дац бохуш валлалц вахар ду-кх доккха х1ума, - аьлла боху хьекъалчас.

 

20. САКХТАШ

 

- Сакхте дерг х1ун ду? - хаьттина цхьаммо хьекъалче.

- Масех тайпана ду, - аьлла вукхо.

- Дийцахьа ахьа... - т1едиллина хаьттинчо.

- Цадог1ург дийцаррий, дайн г1иллакхех - да-нана ца ларар, хьарамчух ца ларваларал доккха сакхт хир дац. Цул сов, воккхачун сий ца дарал доккха сакхт хир а дац.

Лаьттан1 кийрахь валлахь а оьзда а, г1иллакхе а хила веза, - аьлла боху хьекъалчас.

 

 

Просмотров: 1869 | Добавил: borzik | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024