Главная » Статьи » Мои статьи

Вайнехан г1иллакхаш
Шу могуш а, маьрша а ,дуккха а,Дала даха дойла хьоме бераш!

Ширачу заманахь дуьйна вай наха,шаьш ц1а,йа б1ов ешшехь "хьешан ц1а" олий цхьа х1усам къастош хилла .Иза уггаре тоьлла ,керла динчу ц1а чоьхь, х1усам хилла. Даиман ц1ена латтош хилла и х1усам.Цхьа а цу х1усамехь хьаша воцург вуьжуш ца хилла.Хьешан ц1а,вай наха ,ц1ог1а лерина лелош хилла.Мел хала де шен т1ехоттарх,вай дайша, наноша хьешан ц1а дола деш хилла.Хьешан олий, шен кхачанах тоьлларг, йаа-х1ума д1а йуьллуш хилла.Цундела мичча хенахь хьаша веача ,х1ешан х1усам кийча хилла хьаша т1еэца.Эцо гойта, вай дай а наной т1евог1у х1аша ч1ога лоруш, везаш хилар.Вай дайша , хьаша ца вог1уш йолу х1усам,оьзда х1усам йац олуш хилла.
Оьздачу вай неха ,хьешан ц1а ,олуш йолу х1усам х1инца а ю.Дала цу х1усаме бахка ц1ена а, оьзда а хьеший ма эша бойла царна.
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (07.12.2007) | Автор: Г1арсби
Просмотров: 1544


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024