Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

БАУДДИ

(Харц яхьах лаьцна <дацдина> дийцар)
  (чаьккхе)
 

Кулсум яцара, ша Бауддина хан а йиллина, буса едда маре йоьдуш гучу а яьлла, шен вокхахволчу вашас йиттина, йишас барт биттина, шена г1ело йича, шайн жимчу оти чохь ша йисинчу заманчохь, шен кехатан пондар кара а эцна, б1аьргех даккхийра мелчу хин т1адамаш а оьгуш, Бауддина х1ара йиш лекхнарг?

 

 

Йитахьа со, сан дика ваша,

Чеха ма ехьа со, сан хаза ваша,

Мел хала дуьйцу х1ара дуьне дитар,

И санна, хала ду беза нах бита.

Йитахьа со, сан дика ваша,

Чеха ма ехьа со, сан хаза ваша,

Мел хала дуьйцу са дег1аха къастар

И санна, хала ду беза нах бита.

Йитахьа со, сан дика дада,

Хьийза ма ехьа со, сан хаза дада,

Наний, бер къастар мел хала дуьйцу,

И санна, хала ду тхойшинна къаста.

Йитахьа со, сан дика нана,

Чеха ма ехьа со, сан хаза нана,

Дог лоцуш кхетта дош мел хала дуьйцу,

Иштта чевнаш ю тхойшинна йийраш.

Ахь бохург вай дича, сайн нахаха йолу,

Ахь бохург ца дича, хьоьха со йолу,

Х1инца х1ун де аса, нана ялариг?

Хьох дагаюьйлуш ю, нана ялариг.

Ц1е яьлла ма яьлла шийлачу кийра,

Боьссина бала хьаьвзинчу ва коьрте...

1алур яц ва хьуна, дег1ах са къастталц,

1алур яц ва хьуна, хьоьца со ца хилча.

 

И йиш ша лекхна яьлча, мохь тоьхна йилхина, Бауддига ша цаяхийтар ла ца делла, дуучу х1уманах мотт ца тухуш, Кулсума ца даьккхира де а, буьйса а?..

 

Бауддис ца элира, шен расхачу динахь, шена т1ехьа а хаийна, ша Кулсум ядийна вог1уш:

 

- Кулсум, хьан нахах яларх шек ма ялахьа, со ву-кх хьуна хьуна веззачу тайпана вайшиъ даллалц, - аьлла?

 

Цо и аьлча, Кулсума, Баудди къевллина т1ехьахула мара а вуллуш, ца элира:

 

- Баудди! Хьуо цу тайпана ахьа хир ву моттийтина дела йог1ий со-м хьоьга, цундела везий суна-м хьо х1инца хьалхалерчул а дукха, - аьлла?

 

Тховсалерчу кху 1аьнан шийлачу буса Кулсуман да Асхьаб ц1е лато дечиг дан а, я шайн буг1анашка хьажа а кхин ара ца велира. Кулсум, г1ора а йина, къажа а къежна 1уьллура. Иштта и 1уьллуш 1уьйран ламазна араваьллачу Асхьабана карийра, Кулсум шена евзича, цуьнан бос байра, цунах къахетта, цуьнан дог лаза а доладелира, амма ц1еххьана ша Бауддига Кулсум яхча мегар а дац, ц1а а юьтур яц аьлла, биъна дуй дага а беъна, Асхьаба, чехка шайн чу а иккхина, шен ший а к1ант хьала а г1аттийна, Кулсум ядийна лулара шайн нуц волчу яьхьира. Дийнах дикка хан яьлча, Кулсум, лийча а йина, кхеран невцо д1а а йоьллира, тезет а лелийра. Кулсумна т1аьхьа нехан хийра зударий белхахь а, кхуьнан дестей, йижарий ца боьлхура, Асхьабах а, шайн воккхахволчу к1антах а кхоьруш.

 

Кулсум йитина Баудди, цхьайолчу заманна холчах1оьттинехь а, т1аьхьо меттавеара...

 

 

 

 

ЛАМАНАН ХЬОСТАНАШ

(Яцйина)

 

..Ламанхочун амал санна,

Онда хуьлда аьтту куьг!

Хуьлда комаьршонах дуьзна,

Доттаг1а, хьан аьрруниг!

 

Цу шаьлтанан диттал ч1ог1а

Ира хуьлда марг1ал мотт!

Цунах вай дош ала дог1у:

Мотт ца луьйчохь вай х1ун до?

 

Хезний шуна: Ломахь ютту

Ч1аг1онна и лекха б1ов:

Бухахь - шуьйра,

Лакхахь - готта,

Тахна а и ч1ог1а тов!

 

Хезний хьуна: ширчу пхьеро

Муха бина б1аьвнан го?

Хьоькхуш, шарбеш х1ора кхера

Биллина шен метта цо.

 

Хьан дош хир ду дешийн меха,

Ахь са диллахь цунна чу!

Даим дагах кхеташ нехан,

Б1ешарахь и дехар ду!

 

Шен дешан да воцуш мел верг

Куйнан да вац хьуна шен!

Даим сема латтаде лерг,

Б1аьрг а сирла латтабе!

 

Тоьпан дашший, говза дошший

Дайша нийсса лерина.

Шаьлтане ца хададелларг,

Дайша дашца дерина.

 

Бахам байна меттиг хилахь,

Ма хеталахь цкъа а къен.

Къен ву хьуна сий, эхь дайнарг,

Наь1алт хуьлда дена шен!

 

Ен бухахь дерг 1айганий бен,

К1ежтийсарх цо, хуур дад.

Воьлуш дийцарх, дагахь дерг шен

К1иллочо хоуьйтур дац!

 

Басех хахкабелла кхера,

Буххе кхаччалц, соцур бац.

Къерачу къуьнан куьйгаш т1ера

Эхь Органе ц1анлур дац!

 

К1илло стагах хьакъ ду кхарда,

Массанхьа - чохь, урамехь.

Хьайн сий жимчохь дуьйна ларде,

Бедар – ц1ена йоллушехь.

 

Аьрру куйга кад а лаций,

Дуьхьалвала хьешана.

Аьтту буйна тур а эций,

Вала дуьхьал мостаг1на!

 

Дег1ехь ницкъ сов болчу цхьамма,

Ша санна, цхьаъ эшаво.

Хьекъал долчо, г1ортахь жимма,

Эзарнах а х1оз ма бо.

 

Гома дечиг-м нисъен ярий,

Хьаькхча ирчу дагарца!

Ткъа 1овдалниг, витахь даррехь,

Ша коша д1авиллалца!

 

Б1ег1анган дог кийрахь лелош,

Болат-шаьлта йоьхкучул,

Дог болатан хилар тоьлу,

Шаьлта дечган тоьлу цул!..

 

 

...т1аьхье хир ю <Д. М.>



Источник: http://Кавказчат. форумера
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (15.05.2008)
Просмотров: 2667


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024