Главная » Статьи » Мои статьи

Вайнехан г1иллакхаш
            III дакъа
 
                                      АДАМ А, ЦУЬНАН Г1ИЛЛАКХАШ А
 

Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латтор ду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шен духар, суртсибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалхаболу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна цадар.

Стага уггар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла - ах дин ду», - аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латтаво, цуьнан дог-ойла ц1анйо, иза къинойх ларво. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цу чохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? - Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

Тахана вайна моттадала тарло ц1ена лелар Европера, кериста мехкашкара схьадеъна. Иза бакъдац. Кериста нахана саба довзар а, х1ума яале хьалха а, йиинчул т1аьхьа а куьйгаш дилар а, кест-кеста, дег1 ц1андеш, лийчар а бусалбанашкара 1емина. Иза хилла юккъерчу б1ешерашкахь, исторехь «Ж1аран т1елатарш» («Крестовые походы») аьлла буьйцу т1емаш керистанаша бусалбанашца бечу хенахь. Цул хьалха, мог1арера нах стенна буьйцу, Европерчу къаьмнийн паччахьаш а шарахь масехазза бен луьйчуш а ца хилла.

Иштта, бусалбанашкара 1емаш юкъадеъна ду кериста къаьмнашлахь даьржина хилла г1иллакх - къонахчо зуда лерар а («рыцарийн сий-ларам»).

Хетарехь, бусалба дин т1еэцале хьалха унахц1еналла мелла а г1ийла хиллачух тера ду нохчийн а.

Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

Духар уггар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хилла шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хилла цо (оьрсийн г1иллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», - олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хилла боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь - и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар - иза шен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на иштта ду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

«Ах стаг бедаро во», - бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Изза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй - вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан - болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй - аьхка мангал хьокхуш я кхитайпа болх беш.

Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо - царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

Боьршачу нехан духаран коьрта билгало - иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккху шена - шен могашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стаг вац ша бохург ду иза.

Боьршачу стеган духарна т1ебохуьйту тидам кхин боккха а ца хилла, уггаре ч1ог1а оьшу лехамаш кхочушбичхьана: духар дег1ана парг1ат, бехкечу меттигийн кхоччуш хьулам беш, г1одаюкъ, барч къевлина хилар. Боьршачу стага шен духаран мелла а к1езиг тидам беш хилар билгалдолу халкъан иллешкахь оцу хьокъехь дукха доца дуьйцуш хиларца а:

 

 

Цу к1айчу г1овталца, 1аьржачу вертанца,

Чо чехка чола куй б1аьштаг т1е ва тоьттуш,

Пхьоьханахь вара тов Жоьрабабин ва Гани.

 

 

Ткъа мехкарша мелхуо а боккха тидам т1ебохуьйтуш хилла бедарна. Иза дика го нохчийн иллеш дешча а. Царах цхьанна т1ехь дуьйцу хит1а йоьду йо1 кечъяларх:

 

 

Туька йиллал ва дари шен дег1а дерзийна,

Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,

Чилхьесан бухкарца, цу ц1естан к1удалца,

Цу х1урдан ва мохо ездари ловзадеш,

Эсаран ва мохо кисин т1ам ловзабеш,

Пошмакхийн ва кийрахь ва к1архаш ц1ийзабеш,

Пошмакхийн айрашца некъан йист ва лоргуш,

Хит1а яха елира тов ворх1 вешин ва йиша.

 

Кхечу илли т1ехь иштта мог1анаш ду:

 

 

Набарха ца йоккхуш бос хаза Таху,

Лергех оьхкина дашо ва хьалкханаш,

Г1одах дихкина и дашо ва доьхка,

Хьалха доьхкина ва дато туьдаргаш -

Уьш чехка ша яьхна вахар-кха ишхойн ва 1ела.

 

Оцу йллийн шина кийсиге хьаьжча а, вайн ч1аг1дан аьтто бу: цкъа делахь, йо1стага кечлуш шена к1ади а («туька йиллал дари»), дети а («бере кечвал») кхоош цахилар; шолг1а делахь, цо г1абалица цхьаьна коьрта туьллуш доккха йовлакх а (ездарин я кисин), ткъа кога туьйдинчу пошмакхашна чухула бухуш к1архаш а хилла; кхоалг1а делахь, шен кечъяларехь йо1а пайдаоьцуш хилла дешех (хьалкханаш, дашо доьхка), ткъа иштта кучан я г1абалин туьдаргаш кечдеш, детех.

Зударийн духар цу зудчун хене а, ц1ера яьлла я ялаза а, болх беш я дикане-вуоне йоьдуш а хиларе хьаьжжина хилла.

Ша тайпа, денна а лелочу бедарех къаьсташ хилла йо1стага маре йоьдуш т1едуху духар.

Духарца кхечарал соввала г1ерташ 1едал ца хилла нохчийн. Нагахь шен елахь а, шен лулахочун я накъостийн йоцу бедар т1еюхар а товш хеташ ца хилла. Амма шаьлтий-доьхкий, кхидолу герззий уггаре а тоьлларг нисдан хьожуш хилла х1ора а.

Кегийчу наха цхьаьннан йоцу бедар вукхуьнга луш 1едал а хилла, шайх цхьаъ йо1аца ирахь1ен я хийисте х1отта воьдуш. Иштта, къечу заманахь кхолладелла ду халкъан эшара юкъара х1ара мог1анаш а:

 

 

Цкъа хелха валлал ши этиг елара,

Цкъа велаваллал дащо церг елара...

 

Вайнехан цхьа башхалла а хилла духар лелорехь: бедарна т1ера цхьа а вета я нуьйда тасаза юьтуш ца хилла, и д1аяьстина лелар оьзда ца хилла. Бакъду х1инца цуна б1останехьа мода кхоллаелла, стаг оьзда лелаш хилча иза 1овдал хеташ я цунна цхьаъ кхолла г1ерташ. Мехкарий-м бийца а ца оьшу… олуш хаза дацахь а, шай гай гуш доцуш бедар ца хилча дош а ца хеташ, х1инца нохчийчоьхь дерг ду-кх иза, кху ц1ахь 1ачунна хууш а хира ду иза.

Бедар т1еюьйхина араваьлча, шен леларан, ког баккхаран ойла ян езаш хилла стага. Иза цуьнан амал, дог-ойла гойтуш хилла. Товш лоруш ца хилла дукха партал, текхна я, ц1е яьллачу воьдуш санна, хьаьдда вахар. Боккхучу когаца а шен оьздангалла гайта езаш ву стаг. Лаьтта т1е буьллу ког а боккхачу ларамца билла беза, х1унда аьлча, халкъан дийцаро и дар т1едожадо вайна: «Шена т1ехула, бен а ца хеташ, кхийсалуш, когаш бетташ ма лела, сан кийра схьаван везаш ву хьо,- олу боху лаьтто. - Ас т1е1аьвдина, п1ендарш чучча дохуьйтур ду хьан». Леррина, и латта лазор долуш санна, ког боккхуш болар дара, масала, вайна вевзаш волчу поэтан, 1илманчин Сулейманов Ахьмадан.

Кех араваьлча, дуьхьал кхеттачуьнга вистхилар т1едужу стагана. Вистхиларан корта салам ду – Ассаламу 1алайкум. Салам нохчаша массаьрга а ца ло. Салам шен хенарчу, я шел дукха баккхий я кегий боцчу нахе луш 1едал ду вайн. Ханна хьо жима велахь, ахьа хьалха д1адала дезаш ду салам. Хьо вог1уш а волуш, лаьтташ я хевшина 1аш нах (я ша цхьа стаг) хилча, салам далар хьуна т1едужу. Говрахь вог1учо г1ашлочуьнга дала деза, лакхара (ломара) охьавог1учо лахара хьалавог1учуьнга дала деза, хи дог1учу аг1ор вог1учо - цунна дуьхьал вог1учуьнга. Цуьнан маь1на шел аьтто мелла а к1езиг берг тоьллачо ларар ду, ницкъ болчо ницкъ эшнарг (жимчо воккханиг) ларар а ду.

Салам а делла, стаг т1евеъча, дег1 нисдина хьалаг1аттар т1ехь ду хиъна 1ачунна, нагахь т1евеънарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалаг1аттар я хьалаайавалар г1иллакхехь ду. Т1аьххьарчу хенахь цхьаболчу кегийчу наха долийна дуьйцуш ду, стаг т1евеъча, хьалаг1атта ца оьшу бохуш. Иза вайн оьздангаллехь 1аламат осала х1ума ду, чекхдалийта йиш йолуш а дац. Цу хьокъехь нохчийн кица а ду: «Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала».

Бакъду, маьждиг чохь хьалаг1итта мегар дац. Делан ц1а чохь Далла 1амалъян гулло, цундела цу чохь дуьненан г1иллакхаш, 1адаташ хьалхадаха мегар дац.

Нохчийн 1адатехь салам ца луш бу дикка баккхий нах, зударий, пхийтта шо кхачаза бераш. Салам даларан метта маршалла хаттаран кхечу хорманех пайдаэца тарло дара. Хьайл дикка воккха волчу стеган ахь де (1уьйре, суьйре, буьйса) дика йо, «могаш-парг1ат» а хотту. Воккхачу стага «Далла везийла», я «Диканца дукха вехийла» - олий, дуьхьал жоп ло. Ткъа пхийтта шо кхачаза долу бераш шаьш дистхила деза, хьо царна дуьхьал жоп делчхьана волу.

Стага (наха) дечу г1уллакхе хьаьжжина вистхилар а ду вайнехан г1иллакхехь. Масала, стаг муьлхха а болх беш хилча: «Болх ирс долуш хуьлда хьан!» - олу, цуьнца цхьаьна билггал цо дечуьнца доьзна вистхилар а ду вайнехан. Аьр вай, стаг мангал хьокхуш хилча: «Маьлхе хуьлда хьан!»; ялта д1адуьйш я асар деш хилча: «Хьекъийла хьан!»; дечиг доккхуш хилча: «Г1оза дагорг хуьлда хьан!»; х1ума юуш хилча: «Г1оза юийла!»; ц1ена бедар юьйхина хилча (нагахь и хьайн гергара стаг, доттаг1а я юххера вевзаш велахь): «Г1оза лелайойла!»... Маршалла хаттаран метта лела и тайпа дикалааран дешнаш а. Дикалааран сецна евлла хорманаш дукха ю.

Зуда ялийна меттиг хилча, нохчаша олу: «Дала т1аьхье беркате йойла! Дала цхьабарт бойла!». Йо1 яханчаьрга (дукха хьолахь нене): «Дала декъал йойла! Т1аьхье беркате йойла!». К1ант вина хилча: «Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла!», ткъа йо1 йича, и дешнаш аьлла ца 1аш, т1етуху: «Дала ворх1 вешин йиша йойла!».

Нохчийн доьзалехь к1ант ву къаьсттина ч1ог1а веза хьаша. Иза ден сийлахь ц1е д1акхехьа а, доьзалан х1у, ца дойтуш, даржо а, мехкан к1ант - къонаха хилла д1ах1отта везарг а ву. Иза дац йо1 хилар вайнехан доьзалехь бохам бу бохург. Йо1е ша тайпа лерам бу. «Йо1аца беркат дог1у ц1ен т1е», - олу нохчаша.

Кхин а дуккха а ду билггалчу хьелашкахь стага ала деза дуьххьарлера дешнаш. Уьш д1адевлча, стага маршалла хотту. Т1евеъначо салам делча, бухарчо и д1а а оьций, «марша вог1ийла!» - олу. Вукхо «Делан маршалла хуьлда шуна а!» - жоп ло. Т1аккха могашалла а, ц1ера хьал а, гергарнаш а, и. кх. д1. а хотту. Цу тайпана вовшийн хьал-де хаттарх нохчаша т1екаре олу, ткъа доггах вовшашца гергарло лелочу нехан юкъаметтигах - чукаре.

Цхьана хенахь, бусалба динца вайна салам юкъадале, дуьххьарлерчу дешнашца хоттуш хилла маршалла. Оцо а гойту маршо вайн къомана коьрта мехалла хилар.

Х1инца х1окху кицанан маь1на дер вай: «Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, т1ехьа хьажаза, дош а ма ала». Ког баккхарх вай лакхахь мелла а дийцира, х1етте а жимма т1етухур вай. Х1окху кицано «хьалха хьажий бен, ког ма баккха» бохург, дуьххьалд1а долчу маь1нехь (цхьа кхерам я чуэккха ор, тасавала т1улг) хилла да 1а. Иза, ахьа г1иллакх х1отто дезаш меттиг нисъяла тарлуш ду, цундела тидаме хила бохург ду. Нагахь хьо вог1у некъ кхечуьнца ж1ара болуш белахь, саца а сецна, цу аг1ор вог1уш хьайл воккха стаг вуйла хьажа веза, велахь, некъ ца хадош, сацавала а веза иза т1ехваллалц. Иштта, шена некъ битина хьо лаьтташ, воккха стаг хьалха вистхила декхар ву, хьан г1иллакх шена гинийла хоуьйтуш: «Баркалла! Дела реза хуьлда!» я «Дала сий Дойла!» - олуш. Т1аккха жимхас цуьнан «де (буьйса, 1уьйре, суьйре) дика а до, могаш-парг1ат а, хьажа х1ума ду-дац а хотту.

Нагахь хьо говрахь велахь а, иштта саца веза, некъ ца хадош, говрара а воьссина. Нагахь хьуна дуьхьал вог1уш воккха стаг хилча, иштта говрара а воьссина, цуьнга вист а хилла, иза аьтту аг1ор т1ехвалийта веза. Хьо г1аш хилча а изза дан деза: воккха стаг, зуда - аьтту аг1ор, ткъа жиманиг - аьрру аг1ор т1ехвалийта.

Новкъахь воккхачуьнца воьдуш хилча, хьо цуьнан аьрру аг1ор х1отта декхар ву (воккхачунна аьтту аг1о юьту бусалба динехь а), вайнехан г1иллакхехь аьтту куьг, ког, ха, аг1о еза лору дела. Шу кхоъ хилча - воккханиг юккъехь, цул жиманиг цунна аьрру аг1ор, уггар жиманиг - аьтту аг1ор х1утту. Иштта д1анислур бу г1аш боьлху нах пхиъ я ялх хилча а. Ткъа дуккха а нах новкъа боьлхуш хилча, кегийрхойн цхьа тоба хьалха хила еза, важа тоба – т1аьхьа, юккъехь - баккхий нах.

Нагахь стаг зудчуьнца (йоккхачу стагаца я хийрачу) вог1уш хилча, цо иза аьтту аг1ор йита еза, ша жимма хьалха а волуш; нагахь шен гергарчу зударшца (х1усамненаца, йишица, и. д1. кх. а) вог1уш велахь, уьш аьрру аг1ор а, жимма цул т1аьхьа а хилча нийса хир ду нохчийн г1иллакхехь.

Вай кхузахь хьаха ца деш, дахарехь нислуш цхьацца хьелаш хуьлу (масала, чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвалар, наь1ара уллохь цхьаьна нисвалар, машенна чу хаар, и. д1. кх. а), амма муьлххачу а хьелашкахь воккхачунна а, зудчунна а хьалхе д1аяла еза. Цуьнан маь1на шерийн дукхалла, г1орасизалла ларар ду. Вукху аг1ор (къоналла, могашалла, хьал «лоруш») хилча, цунах оьздангалла ца хуьлу, иза ницкъах (харцонан ницкъ белахь а) озавалар, кхеравалар ду. Ткъа иза оьздангаллина нийсса б1останехьа кхетам бу - осалалла, шина а аг1онна - и тайпа «г1иллакх» лелочунна а, шеца и леладойтучунна а - цхьатерра эхье х1ума а ду.

Х1инца хьовсур вай лакхахь далийначу кицанан шолг1ачу декъан: «...т1ехьа а хьажий бен, дош а ма ала», - маь1на даста. «Дош» нохчийн маттахь стага д1аолу аьзнаш хилла ца 1а. Цуьнца стага деш долчу «г1уллакхан» маь1на а дог1у. Нагахь стагана: «Дош дацара цо лелориг», - аьлча, кхеташ ду хадориг цуьнан къамелан мах хилла ца 1аш, цуьнан г1уллакхан мах а хилар.

Поэта Кибиев Мусбека иштта аьлла дашах:

 

 

Дош доцург дош дац,

Дашал доккха х1ума дац...

Тухий, дашо стаг во дашо,

Тухий, иза дакъазвоккху...

 

Кхечу поэта Хасбулатов Ямлихана иштта аьлла:

 

 

…Мацца а б1аьргашна

Ца гучу дукъ т1е

Даг чуьра йовхо д1а

Т1аьххьара хьош,

Сайн некъан беза мохь

Бихкина букъа т1е,

Сайн метта лела ас

Дуьтур хьо, Дош.



Источник: http://Кавказчат. форумера
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (01.06.2008)
Просмотров: 9406


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024