Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

Бакъ а долуш, стаг д1аваьллачул т1аьхьа а даха дуьсу дош, хьан дика я вуон алсамдоккхуш. Кхузахь хьахо дог1у нохчийн «къамел» бохучу дешан маь1на а. Стаг луьйчу хенахь цо я къа латадо (харцдерг дуьйцуш, г1ийбат деш), я мел боккху (диканиг, нийсаниг дуьйцуш) бохург ду иза.

«Туьро йина чов йирзина, матто йинарг ца йирзина», - олуш а ду вайнехан. Цундела шена дага деъдеънарг дуьйцуш, эрна бага леян мегар дац стага. Х1унда аьлча, цкъа делахь, хьан х1ора дош д1аяздеш ду маликаша; шолг1а делахь, хьан дашо дика а, зулам а дан тарло.

Х1ора стеган шен-шен хила деза дош а, мотт а, х1оранна а хаа деза ша х1ун дийца деза а. Масала, товш а дац, оьзда а дац зудчо къонахчун мотт буьйцуш я боьршачу стага зударийн мотт буьйцуш; бераша «къена» къамелаш дийцар я къеначара «бераша а ца дуьйцург» дийцар. Х1ораннан шен меттиг а, шен мотт а, шен харш а хила деза. Уьш кегадалар - халкъана т1е бохам бог1уш хиларан билгало ю.

Схьаоьцур вай пхьоьха. Хiора юьртахь, шен билггала меттиг а йолуш, х1уттуш хилла пхьоьха. Юкъ ехккал хилча, х1ора стеган бакъо хилла пхьоьхана ваха. Иза ша тайпа кхетош-кхиоран ишкол хилла, керла х1умнаш, хилларш, лелларш хаза йиш йолу меттиг а хилла. Оцу пхьоьханашкахь дешан хьалхе, гуттар а санна, баккхийчаьргахь хилла, цара кегийчарна пайде дерг, кхетаме дерг дуьйцуш а хилла. Жимха, шега дош делча, вистхуьлуш хилла. «Шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а аш аларна сайна хетарг эр ду-кх ас», олуш хилла цо, баккхийчеран сий деш. Нагахь шен бан безаш цхьа хаам белахь, я шена мехала хеташ х1ума делахь довзийта дезаш, жимчу стага: «Цхьа-ши дош эр дара ас, аш пурба лахь (я бехк ца биллахь)», - олий, шена вистхила бакъо йоккхуш хилла.

Зударий пхьоьхана бог1уш ца хилла, ша цхьа кхерам т1ех1оьттича орца даккха ца баг1ахь. Цигахь а, я кхечу боьрша нах гуллучу меттигашкахь а къамелаш деш а ца хилла зударша. Тахана вайна гург кхин сурт ду: майданашкахь, урамашкахь нах гулбеллачохь, мехкан пхьоьханашкахь, боьршачу нахе дош а ца кхочуьйтуш, къамелаш деш бу зударий. Иза вайн къоман оьздангаллин бехкамаш цаларар, уьш бохор ду.

Баккхийчу наха вовшашца лелош хилла дешан раж, вовшашна юккъехь г1иллакх. Нагахь цхьа а вист ца хуьлуш, соцунг1а еъча, цхьатерра шиъ дош ала тохавелча, ший а сацалуш ду, вовшашка дешан раг1 кховдош. Раг1 схьаэцначо: «Баркалла, ахь хьайн дош диц ма делахь», - олий, шен къамел до, дукха дах ца дан а хьожуш. Шайх цхьамма къамел деш юкъаг1уртуш: «Бехк ма биллалахь, вицвалале эр дара ас», - олий, бехказа волу.

Товш дац къамел дечун дош кагдан г1ертар, кест-кеста и «бехк ма биллалахь» бохуш, юкъаг1ерташ я б1аьцанаш еш, я белша т1е куьйгаш детташ, ч1ог1а лер. Дуьйцуш волчунна хетарг хьайна ца тахь, иза нийсса дуьхьал д1аала мегаш ца хилча, «суна-м иштта ма хета иза», олуш, къадоран кепехь ала деза. дешан толам баккха г1ерташ бага лееш, гонаха 1ачу нехан хан яйа мегар дац. Оцу г1уллакхан къаьсттина ойла ян дуккха а нах гулбеллачохь. Шен ала дерг доцца ала деза, х1унда аьлча, оцу гулбеллачарна екъча, цхьанна кхочург бен яц хьан хан. Цундела дош меттара, оьшшург аьлла дерзо деза.

 

 

Маьждиган доккхалла,

Цу нехан дукхалла,

Цкъа аьлча тоьар ду

Дикчу к1ентан дош,

 

 

- боху нохчийн халкъан мехкарийн цхьана эшарехь.

Иштта, кицано а хьехар до вайна: «Муш - беха, дош – доца».

Араваьлла воьдуш, д1акхочу хьо воьдучу хьошалг1а. Салам ахь д1ало хьайна дуьхьал ваьллачу х1усамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу ахь. Куьг кховдоран хьалхе х1усамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, т1евеанчуьнгахь я жимхехь яц. Х1усамдас наь1ара т1екхаччалц, хьалха а волий, хьаша т1евуьгу, т1аккха не1 д1а а йоьллий, чоьхьаволуьйту. Хьешо чуьрачаьрга салам (вайн 1адатца и дала дог1уш делахь) ло я: «Дика мел дерш кху чу»,- олу. «Диканца дукха вехийла хьо а, марша а вог1ийла»,- дуьхьал жоп чуьрачара а ло.

Хьошалг1ахь а ша х1ун лело хаа деза стагана. Уггар хьалха ша тевоьссинчу х1усамдайшка ша бахьнехь дукха къа ца хьегийта хьажа веза. Шолг1а делахь, шена еллачу ларамечу меттехь хиъна 1ен веза, чу веъ-веъначуьнга шен меттиг д1а а ца кхийдош. Нагахь х1ара чохь а волуш, кхин хьаша а веъна, и д1аваха араваьлча, кхунна т1ехь дац цунна т1аьхьа валар. Иза х1усамдас дийр ду, ткъа хьешо хьаша новкъа воккхуш ца хуьлу.

Хьаша веъча, х1усамненан уггар хьалхара декхар ду шен чохь ерг хьалха йиллар (туьхий-сискал). Ткъа и лоруш деш долу пхьор парг1атехь дича а мегар ду. Хьаша лоруш, шен аьтто болчо, уьстаг1 боь. И тайпа х1ума нисделча, уьстаг1ан кхехкийна корта а, пханар а, некхах жижиг а, дуьмин дакъа а, п1ендарийн юьхьигаш а хьалха хьош хилла. «Хьо лоруш оха уьстаг1 бийна», - бохург ду иза, массо аьлча санна меже цунна хьалха яхьар. Хьешо корта, цунах (б1аьрга хьалхара) цхьа жима дакъа доккхий, кхалла а кхоллий, оцу эвлахь шена гергарло (захало, доттаг1алла) таса луучу стагана бохьуьйтуш хилла. 1уьйранна хьаша новкъа воккхуш, бийначу уьстаг1ан т1а дуьллуш хилла хьешан таьлсаш чу.

Шуьнехь юучу х1уманна т1ехь шен чуо чуоьзна хила веза стаг, къаьсттина хьошалг1ахь. «Нехан шуьна т1ехь гай ма дузаде, нехан хьаьвди т1ехь дин а ма бустабе, - иштта боху халкъан хьекъало. «Сай» ц1е йолчу халкъан узам т1ехь далош долчу х1окху дешнаша: «шал шийла шовданаш шен бекъчу кийранна 1аббалца ца молуш», «марг1ала сийна буц шен оьздачу зорханна буззалца ца юуш», - гойту вайна къонахчун юучу х1уманца хила еза юкъаметтиг.

Цхьайолчу к1ошташкахь бехачу нохчийн цхьа г1иллакх а ду: шайна хьалха йиллина х1ума (юкъара шун а доцуш, шен-шена йиллина хилча) мелла а т1аьхьа йитар - шуьнан беркат ду олий. Бакъду, т1аьххьарчу хенахь и г1иллакх мелла а г1елделла, х1унда аьлча, цхьаннах т1аьхьайисинчу х1умнах кхечо пайдаэцар наггахь а нислуш дац вайнехан х1окху заманахь.

Шуьне ховшуш масех стаг хилча, хьаша а, чохь болчарах уггаре воккханиг а баьрчехь хила веза. Барч - иза чохь уггаре а лераме меттиг, наь1арна уггаре генара, лекха меттиг ю. Воккхачо, г1иллакх х1оттош, хьеше шун доладе олу, цо и кхочушдо Делан ц1е а йоккхий, я шега схьакховдийначуьнга юхакховдадо и г1уллакх. Шуьнехь охьаховшар, бехке верг (воккханиг, хьаша, ненахо, стунцахо) лакхахь а, куьг аьтту аг1ор а хаош хуьлу. Вуьшта гергарнаш аьрру аг1ор ховшу. Хийра хьеший баьхкича, цхьаболчу доьзалехь шуьнан тхьамда а хоржу. Иза хьешех харжа йиш яц, дукха хьолахь х1усамдас я х1усамнанас бухарчарах, шен чохь шена эвхьаза а волуш, шен ц1ийнан хьал дика девзаш, лоруш волу стаг хоржу.

Шун х1оттор, иштта цуьнан тхьамда а, тхьамдин г1оьнча а (меттархо я уллонча) харжар, ханеха (тост) алар ч1ог1а лерина лелош хилла вайнаха бусалба дин т1еэцале хьалха, дийнна шарахь кечам а беш. Оцу шуьнехь хьеначу (жижиган) дааршца цхьаьна, тайп-тайпана маларш а хуьлуш хилла. Я шуьнехь болчу наха хоржуш, я х1усамдас х1оттош хилла тхьамда, ткъа цо шен г1оьнча билгалвоккхуш хилла. Шуьнхойн хьашташка хьожуш, оьшург т1ейохьуш хилла леррина билгалбаьхна жимхаш - маклаттархой.

Хоржуш волу тхьамда шуьнехь болчу нахах воккха а, нехан лерам болуш а стаг хуьлуш хилла. Шун синкъерамна я сингаттамна х1оттийна хиларе хьаьжжина дош а олуш, шел т1аьхьа дош олучарна тема билгал а йоккхуш, шун д1акхехьа дезаш хилла тхьамдас. Цуьнгара пурба доцуш дош ала а, я оцу дешан чулацам (харш) хийца а, я шуьна т1ера хьалаг1атта а, илли ала а, хелха вала а йиш ца хилла цхьаьннан а. Керла т1евеъна стаг шуьне оьхьахао а тхьамдин бакъо еза. Доцца аьлча, шуьнехь мел деш дерг тхьамдин лаамца хила дезаш хилла.

Бусалба дин т1еэцарца а, и ч1аг1даларца а и тайпа шун х1оттор а, дуьххьалд1а синкъерамна вовшахбеттабалар а, цу 1алашонца дукха хан яйар а д1аделира вайнахана юкъара, къаьсттина Делан фарзашна, Элчанан – Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна – хьадисашна а т1аьхьа базабеллачарна юккъера. И тайпа маларций, даарций долу сакъерар хийцира, Далла цхьаьна 1амал а еш (джам1атца ламазаш деш, зуькарш деш, салават дуьллуш, мовлад йоьшуш...), кхачанах а кхеташ, хилларш-лелларш а дуьйцуш, хан йоккхуш, вовшех оьцучу марзоно.

Хьешаца лело деза г1иллакхаш дуьйцуш, хьахо деза: нохчаша леррина хьешана аьлла дина оти ц1е йолуш ц1а хуьлуш хилла.

 

 

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь

Кхо ког болчу ж1айг1ента ша лоха лахвелла,

Пондаран кхаа пхенах марг1ал п1елг ва туьйсуш,

Ойлане велир бах жерочун жима к1ант, -

 

 

боху цхьана илли т1ехь. Цул а хьалха, нохчий б1аьвнаш чохь бехаш болуш, оцу б1аьвнан цхьаъ, шиъ г1ат хьешана лерина хилла. Иштта леррина хьашадена 1алашбеш кхача а, мотт а хилла вайнехан муьлххачу а доьзалехь. Хьан не1 а тоьхна, Салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан, дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1а велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъа ваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.

Оцу хьокъехь иштта яздо поэта Бисултанов Аптис:

 

 

Хьо чу кхайкха таро яц сан - лаьхьа бу хьо.

Хьо х1аллакбан бакъо яц сан - хьаша ву хьо.

Масла1ат я зулам дац вайн - маьрша бу хьо.

Хьо д1аг1олахь, сан дозанах балий, х1инца.

Амма хаа, саьрмик хилла юхабаг1ахь,

Юьртан шовда дехка хьуна дагадаг1ахь,

Юкъаметтиг къастор ю вай т1аккха ц1ийца.

 

Хьешана тешнабехк бар, я 1оттар яр, и бохамах лар ца вар доккха эхь хилла нохчийн, диц а ца деш, чкъурера чкъуре долуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар дуьйцуш долу тайп-тайпана дийцарш. Иштта, царах цхьанна т1ехь дуьйцу барзо аьлларг.

Цхьана хьоладен жа дажош волчу 1уьнна т1ееъначу барзо шена цхьа уьстаг1 бехна хилла. 1уьно аьлла, жа шен дац, цундела, жан дега ца хаьттича, шен бакъо яц хьуна уьстаг1 бала. Делахь уьстаг1ашка ша хьожур ю хьуна, д1а а г1ой, пурба даккхахьа цуьнгара, дехна барзо. 1у цецваьлла: барзах муха тешор ду ша уьстаг1ий? Т1аккха барзо дуй биъна: «Шен хьаша наь1арехь а хаийна, баьрччехь 1ен х1усамда хуьлда шех, ша кху уьстаг1ашна т1екхевдар елахь», - аьлла.

Вахна 1у жан дега хатта. Иза, барзо шен дуйнехь ма-аллара, хьаша наь1арехь а хаийна, ша баьрчче а ваьлла, 1аш хилла. 1уьно д1адийцина ша деънарг а, ша жа лардан борз йитар а. Цунах ч1ог1а цецваьлла х1усамда. 1уьно аьлла, барзах ша тийшира, цо шен хьаша наь1арехь а хаийна 1аш волу х1усамда хуьлда шех аьлла, дуй биъча. Х1усамда кхетта и ша тайпа борз хиларх а, цо вийцинарг ша хиларх а. 1уьнна барзана уьстаг1 бала бакъо а елла, шен хьаша хила веззачу баьрче ваьккхина цо.

Хьаша - хийрачу юьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а – г1орасиз ву массо х1уманна хьалха, хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна г1ело я тешнабехк бан, х1унда аьлча, иза цхьалха ву. Цундела и ларар оьздангаллин коьрта лехам (г1ийланиг, мисканиг 1алашвар) кхочушбар ду.

Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Хьаша ца вог1учу керта ирс дог1ур дад», «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу», и. д1. кх.

Хьаша-да т1еэцаран г1иллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац. Иштта, ширчу дийцаро а ч1аг1до.

Къоьзанан-1ам болчохь цхьана хенахь юрт хилла боху. Цига, лелаш, цхьа миска стаг кхаьчна. Буьйса а йоьлла, нехан наь1аршка х1итта воьлла иза: «Х1ей, хьаша оьций аша?» - бохуш. Амма иза цхьамма а чу ца витина, эвла йистехь шен берашца йисина 1аш йолчу цхьана зудчо бен. И доьзал боцург, массо а х1аллак а хуьлуш, хи т1е а даьлла, 1ам х1оьттина цигахь. Иштта кхоллабелла боху Къоьзанан-1ам.

Оцу дийцаран ойла йича а го хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан Дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилар. Нагахь и дохийча, цхьа боккха бохам т1екхачаран кхерам а бу, мацах къоьзанхошна санна. Цундела, мел хан йоцчу хенахь хьешо не1 тоьхнехь а, поэта Хасбулатов Ямлихана ма-аллара:

 

 

Ассалам 1алайкум,

Схьавола, хьаша,

Боккха некъ бай х1ара-м,

Хьо лела марша!

Вайн кет1а беза мохь

Билла ахь, хьаша...

Ассалам 1алайкум,

Бакъ некъан хьаша,

Хьо ваза хьевелча,

Деса ду-кх дахар, -

 

бохучу дешнашца дуьхьал вала веза хьешана.

Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юха хьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь (т1ом, талорхойн тобанаш яржар, царах терра кхин а), хьаша юьртах, я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккху.

Цхьана х1усаме хьошалг1а а воьссина, цу чохь бехачеран туьхех, сискалх кхеттачу стагана т1едужу цхьацца декхарш. Масала, оцу х1усамехь кхиъначу йо1ана т1ехьовзар магош дац хьешана. Иштта я кхитайпа осала х1ума даьллачу стеган ц1е йоьду, шена хьошалла динчу х1усамден «шун бехдинарг» ву иза олий.

Стагана, хьошалг1ахь санна, хаа деза ловзаргахь, синкъерамехь ша х1ун лело деза а. Кхузахь а коьрта, оцу г1уллакхийн низам ца дохош, массеран тидам шена т1еберзо а ца г1ерташ, шен меттиг ларъяр ду.

Вуонехь, тезетахь лело дезаш шен г1иллакхаш ду.

Уггар хьалха ша арабаьккхинчу некъе хьаьжжина хила деза т1едуьйхина барзакъ: коьртахь х1ума (коьрта 1уьйра тезета ваха магош дац вайн 1адатехь), дехха пхьош долу коч, т1елетта йоцуш, парг1ат кхийолу бедар. Х1инццалц схьа коьртахь х1ума йоцуш тезета боьрша нах ца ихина нохчашлахь. Амма, халахеташ делахь а, доца пхьуьйшаш долу коч, спортивни хорма юьйхина, кога пошмакхаш туьйдина нах хаало тахана. Иза оьзда дац.

Кхузахь билгалдаккха деза цхьа х1ума: тезета воьдуш 1аьржа, таь1на бедар юхар я зударшна 1аьржа йовлакхаш тахкар т1ехь дац. Иза бусалба динехь а дац, я вайн нохчийн 1адатехь а дац, иза кериста нахера 1емина цхьаболчарна. Цундела дита дезаш ду.

Тезетана т1евог1уш уггар хьалха Салам дала деза. И дала тамехь доцу кеп х1оьттинехъ, «До1а дейша», - аьлча а чекхдолу. Салам делча, Салам д1а а оьций, тезетахь до1а дийр ду и дан дог1учо. Т1аккха т1евеъначо кадам бийр бу, велларг пхийттара ваьлла стаг (йо1, зуда) велахь, иштта чулацам а болуш: «Дала гечдойла цунна! Дала декъала войла (йойла) иза! Дала иманца собар лойла шуна а, цуьнан дакъа мел кхаьчначунна а! Делан кхиэл хилла-кх!». Нагахь делларг бер делахь: «Дала эхартана пайде войла (йойла) иза! Дала иманца собар лойла шуна а!..» - олу. Кадам д1аоьцучара: «Дела реза хуьлда!» - олий, жоп ло. Кадам бинчул т1аьхьа т1евеънарг, тезетан дайн куьг а лоцуш, кхета везачохь мара а кхеташ, чекхволу, нагахь ша иза дан аьтту болуш велахь (хенаца я гергарлонца), вацахь, кадам а бой, юьстах а волий, д1ах1утту.

Тезетахь нах охьаховшар шен кеп йолуш ду. Кхузахь хьалхе дешначу стагехь ю. Бусалба дин к1орггера 1амийна а, девзаш а волчу стагана баьрччехь, лераме меттиг ло. Цунна улло охьаховшу тезетан дай - баккхий нах, кхид1а - 1еламнах а, вокх-воккханиг лакхахь а, аьтту аг1ор а ховшуш, охьаховшу.

Кегий нах, дукха хьолахь, д1ах1уьттий лаьтта; уьш: кхелхинчун гергарнаш - лакхахь, вуьйш - лахахь латтар г1иллакхехь ду.

Советан заманахь уггар а хийцадалаза нохчийн дисинарг тезетан сурт-сибат дара. Хiетте а, мелла а хийцамаш ца хуьлуш ца дисира иза а. Масала, тезетахь дог1уш доцу къамелаш дар.

«...Базарахь санна, лаьтта и г1овг1анаш, эххар а д1атоь. Куьйгаш лецна, маршаллаш а хиттина бевлча, шайна вевза-вевзачунна улло д1асатарло баккхийнаш, ткъа кегийрхой юьстах бовлий, д1ах1уьттий, бист ца хуьлуш совцу. Кадам бинчул т1аьхьа со-м гуш а ма вац. Я соьца г1уллакх а дац цхьаьннан а. 1адда1а, вовшашна т1е а тийжаш, кара суьлхьанаш а лаьцна, 1асанийн юьхьигаш лаьттах а 1уьттуш, юкъ-юкъа биэларш а лелхаш, цхьацца къамелаш дан буьйлало. Ца дуьйцуш а, ца хьахош а х1ун дуьсу! Мацах цкъа, къона долуш шаьш лелийна синкъерамаш а, дина къоланаш а. Кхузахь дийцаре до юьртан юкъараллин г1уллакхаш а: бежан раг1, саг1анаш дахар, зударий балор, там баккхар, т1еш-некъаш тодар, цхьацца нехан г1иллакхаш. Т1аккха цхьацца вирдашна лен х1уьтту. Эххар а оцу т1ехула вовшашца дов долу. К1ант велла 1ачу суна ца оьшу г1уллакхаш ду хьехораш дерриш а». (А. Айдамиров. «К1ант веллачу дийнахь» дийцар).

Кху кийсигехь гойту суьрташ кест-кеста нислахь а, уьш вайн г1иллакхца дог1уш дац. Тезетахь велларг Деле воьхуш, вуон деъначеран догъоьцуш доцу дешнаш сов ду. Бакъдерг дийцича, тезетан хьал и д1ахьош болчаьрга хьожжий а хуьлу. Нагахь т1ебог1учу нахана некъ гойтуш лаьтташ, карахь г1аж а йолуш, жимха а, до1а дан билгалваьккхина, кест-кеста нахе къулханаш, аяташ деша олуш 1еламстаг а, т1ебаьхкинчаьрга шен хеннахь д1аг1о олуш тезетан дайх цхьаъ а волчу кадамехь г1овг1анаш дукха хир яц.

Тезета вахна стаг шега, коьртах а ваьккхина, д1аг1о аллалц латтар т1ехь ду 1адатехь. И шега аьлча, шена бехке, латта везаш дацахь, стаг юха а вуон деъначаьрга кадам а бой, д1авоьду.

Тезетахь я кешнашкахь стаг д1авуллуш къамелаш дар а, дечу г1уллакхна юьстах латтар а сакхте ду. Х1орамма а, ша ох1ла хиларе хьаьжжина, дакъалаца деза хьанна а т1едеъначу вуонехь: 1еламнаха шайн дакъа д1акхоьхьу (сураташ доьшу, до1анаш до, за1ам доьшу...), билгалбинчу баккхийчу наха - шайна т1едиллинарг (велларг лийчор, д1аволла кечвар...), кегийчу наха - шайна кхочург (каш даккхар, барма д1абахьар, коша чу латта хьакхар...) кхочушдо.

Д1акхелхинарг кешнашка д1авахьа д1аэцча, барма саца а бой, я и д1авоьллинчул т1аьхьа цуьнан коша т1ехь, шен дан долчо тоьшалла до, оцу стеган дика г1иллакхаш, амалш юьйцуш, нагахь боккъал а цуьнан уьш хиллехь. Ца хиллехь, цуьнан гергарчу нахана томана доцург дийца мегар дац.

Дахарехь 1оттало цхьа а киртиг яц нохчийн Iадато, г1иллакхо чу ца лоцуш. Уьш ерриш а ягарйина вер а вац. Х1оранна а доьзалехь дуьйна 1амо дезаш ду, оцу я кхечу хьелашкахь нисвелча, ша муха лела веза. Вуьшта, ойла еш волу стаг шен хьекъалца т1екхуьур ву ша лело дезачунна, нагахь цо оьздангаллин коьрта лехамаш кхочушбахь: ларам баккхийчаьрца, хьешаца, гергарчаьрца, г1орасизчаьрца (зударшца, берашца, заь1апчаьрца) хила беза, аьтто а, хьайн ца беш, церан бан беза, хьайн дег1ан лаамаш юха а оьзна, хьайна улло нисвеллачун хьашташ хьалхадаха деза .



Источник: http://кавказчат
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (11.06.2008)
Просмотров: 13519


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024