Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

ТОЛАМХО

Чадин Асхьабана

 

 

Бахьана х1ун дара - дага ца дог1у.

Цхьаъ бакъ ду-кх: цхьа х1ума бахьана дацар,

Дашо ца дерзадеш хиллал дар-дацар...

Амма ша бакъ вира курачу Махьмас.

«Ша бакъ ву, бакъ шен ду» - элира 1алхас.

Кхойттаммо бакъ дира: «Нийса ву Махьма!»

Кхин кхойтта г1еттира, къобалвеш 1алха.

Кхузарчу назманчас хастийра Махьма.

Цигарчу назманчас хастийра 1алха.

Кхузарчу пхьеро йи Махьмина шаьлта.

Цигарчу пхьеро йи, 1алхина аьлла.

Стигланаш къевкъира цу Махьмин ц1ен т1ехь.

К1ур беста белира цу 1алхин кхерчахь.

«Ва дела!» - йилхира цу Махьмин нана.

«Ва дела!» — йилхира ду 1алхин нана.

Тайпанна дов кхайкхош, г1аьттича Махьма,

Тайпане дов кховдош, г1аьттира 1алха.

Махьмица г1аьттира кхузара кхойтта.

1алхица г1аьттира цигара кхойтта.

Баттара шаьлтанаш ехира цара.

Мажаран тоьпаш а ехира хьалха:

Т1ехула хьаьвзира хьарг1анаш 1аьржа,

1аьржачу т1амаршца д1ахьулбеш малх а;

«И хилла дели-кха!» - егийра аре.

Мотт сецна, х1оьттира ахкара хи а.

Махьмин а, 1алхин а хила ца кхиъна

Доьзалаш билхира ца гучу б1аьрхих.

 

Махьмига хьоьжжушехь цу 1алхин мажар,

1алхига кхевддашехь цу Махьмин шаьлта, -

«Ва собар, собаре къонахий, маржа!» -

Цхьаъ-м юкъаиккхира, мохь-ц1ог1а аьлла.

Ца хаьа, х1ун къамел дира цо цаьрга.

«Мел г1орасиз волчо мел тоьлларг вуьйр-м ву,

Амма мел тоьллачо а велларг денвийр вуй?» -

Цо иштта хаьттина хир дара-кх цаьрга.

Я мега цо ала: - Ва, дика к1ентий,

Хьаннашца лелла ша, варшашкахь вижна,

1ома т1ехь висна ша, неканах тешна,

Ницкъ болуш хилла ша, де эшна висна, -

Я хьолехь, я къеллехь, арахь я ц1ен т1ехь,

Диканехь я вонехь шен аг1о хила,

Кху Лаьттан адам бен, х1ума-м ца хилла!

Я аьлла хир доцца, ладог1а шега,

Ца хаьа, шун къовсам стенах бу, амма

Дашо ца дерзадан дов хаац-кх шена,

Дашо ца ерзаян чов хаац-кх шена, -

Дош ала, ва 1алха, дош ала, Махьма!

 

Ца хаьа, цу стага х1ун къамел дина,

Амма цо цу девнехь масла1ат дина.

Назманчас уьш девнна ир-кара х1иттийна,

Пхьераша цу девнна шаьлта ирйина,

Да, ваша довхошна т1аьхьах1оьттина,

Ткъа оцо, цу стага и дов сацийна,

Цу стага цу довхойн барт, машар бина!

 

Толамхо ца хилла, хьан боху, цигахь?

Толамхо и вара-кх – масла1ат динарг,

Тур, мажар айина куьг сацадинарг, -

Вайша сел сатесна лоьхург кху дийнахь!

Вайша сел догдог1уш лоьхург кху дийнахь!!

Вайша сел йиш йоьхна лоьхург кху дийнахь!!!

 

…Сан латта! Мичахь ю ишттачу к1ентийн

Лендоцчу йозанца язйина ц1ераш;

Д1акхайкхош ишттачу къонахийн сийнна,

Гулбина дуьненан сийлахьа пхьераш,

Х1иттийна х1олламаш, латийна ц1ераш?!



Источник: http://Кавказчат. форумера
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (27.06.2008)
Просмотров: 1561


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024