Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

ДОЬЗАЛ А,

БЕРАШ КХЕТОШ-КХИОР А

 

 

«Доьзал» дешан маь1на дан г1оьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь шен маь1ница «х1у» дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна х1окху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». И бохург цхьа а лар а йоцуш, т1аьхьадисина цхьа цуьрриг х1ума а доцуш стаг вар ду. Доьзал - и доь (х1у) хилар, доь долор ду.

Доьзал - иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн 1адатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца 1а. Доьзал - иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана ц1ийнан нах бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.

Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (т1ера да, я нана д1аяьлла; я ший а д1адаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1ийца гергарло хилла ца 1аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.

Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийдинчух...), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1езиг х1ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.

Доьзал - иза шина аг1ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а х1ума а дац к1езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1уллакхе.

Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тиллар т1едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу т1ехь винчу к1антана ц1ераш къестош ден доттаг1ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:

 

 

«Ма леха эрна аш

К1антана йоккха ц1е,

Пхийттара валийта

Вайн керла юьртахо,

Цхьаьнгга а ца хоьттуш,

Халкъо ц1е туьллур ю

Махкана цо дечу

Г1уллакхе хьаьжжина.

 

Бакъду иза, адаман г1уллакхашка, г1иллакхашка хьаьжжина наха ц1е туьллур а ю цунна. Амма и иштта дара аьлла, ц1е бен а доцуш, шена дагаеънарг, бегашийна тилла мегар дац. Ткъа и тайпа бен а доцуш ц1ераш тахкар нохчашна юккъехь хьалха а нислуш хилла, х1инца а нисло. Иштта ца хилча, хир ярий вайнехан х1ара тайпа ц1ераш: Ц1ога, Талча, Ма1аш?.. Ткъа т1аьххьарчу хенахь цхьацца пачхьалкхийн, къаьмнийн ц1ераш юкъаевлла. Цул сов, дукха яьржина кхечу пачхьалкхийн куьйгалхойн, артистийн, кхечу маттахь хилчхьана, х1ун ю а ца хуу ц1ераш а.

Оцу дерригено а гойту вайн цхьаболчу наха стеган ц1е - ша тайна х1айкал, цуьнан дахаран коьрта маь1не хьаьрк ларар дицдина хилар. Ц1е хазйийриг стеган г1иллакхаш делахь а, цуьнца цхьаьна мелла а т1е1аткъам стеган кхолламна цуьнан ц1аро а бан тарлуш ду.

Цунах кхеташ хиллачух тера ду вайн генара дай. Ширчу ц1ерашкахь вайна го нохчийн къоман дуьнене хьежамаш, цуьнан 1аламца болу лерамаш, цунна деза хетта г1иллакхаш, амалш. Масала, дитташца, бецашца, хишца йоьзначу ц1ераша (Нажа, Колла, Хьуьна, Шовда, Зезаг, Заза, и. д1. кх. а) гойту халкъан цаьрца йолу сий-лараме юкъаметтиг. Изза маь1на ду олхазарийн, акхаройн, сагалматийн ц1ераш адамашна тахкаран а (Леча, Хьоза, Полла, Кхокха, Дода, Барза, Лоьма, и. д1. кх. а).

Нохчийн ширчу ц1ерашкахь шайн маь1на атта дан йиш йоцурш а нисло: божарийнаш - Моьсаг, Аказ, Очча, К1уштани, Теса, Хьама, Г1убач, Довт, и. д1. кх. а; зударийнаш - Пера, Таху, Баху, Заху, Шайлаг1аз, Гунег1аз, и. д1. кх. а.

Бусалба дин юкъадарца а, ч1аг1даларца а дуккха а керла ц1ераш яьхкина вайнехан матта юкъа. Г1иллакх хилла д1ах1оьттира берашна пайхамарийн, безчу нехан ц1ераш тахкар.

Т1аьххьарчу б1ешерашкахь, Нохчийчоь Россин олаллина к1ел яханчул т1аьхьа, алсамъевлира оьрсийн а, Европан кхечу къаьмнийн а д1ераш. Нохчийн шира ц1ераш тахкар г1елделира. Советан 1едал вайн махкахь ч1аг1деллачу хенахь цу хьокъехь поэта Хасбулатов Ямлихана яздора:

 

 

Борз боху буьрса ц1е

Сов к1езиг туьллу вай,

Йовш лаьтта стигларчу

Баьччин ц1е - Аьрзу...

 

Берана ц1е къаьркъанаш муьйлучохь, эрна хабарш дуьйцучохь тилла мегар дац, х1инццалц цхьаболчу нохчийн доьзалшкахь и хуьлуш ма-хиллара. Ц1е тиллар Дала оцу беран дена т1едиллина ду, цунна т1ера хьакъикъат а дуьйш. Иза, бер дуьненчу даьллачул т1аьхьа ворх1 де даьлча, деш хуьлу.

Д1аяханчу заманахь доьзалхо дуьненчу ваьлча, иштта саг1а даьккхина ца 1аш, говраш хохкуьйтуш а, ловзар деш а хилла. Берана дикалааран ловцаш (луьйцаш) беш а хилла гергарчара, хьешаш:

- Дала беркате доьзалхо войла!

- Дала дукха вахавойла!

- Ворх1 вешин ваша (йиша) войла (йойла)!

- Хьо вехийла Органна чо баллалц!

- Хьо вехийла цицигана ма1а яллалц! - царах терра кхин а.

Бер динчул т1аьхьа масех денна я к1иранна да лечкъаш хилла, ша гергарчарна, баккхийчу нахана ца гойтуш. Оцу 1алашонца чуьра д1авоьдуш а хилла. Иза а, дуьхьал бехке стаг кхетча, шен карара бер охьа а дуьллий, нана букъ берзабой д1ах1утту г1иллакх а, хетарехь, дукха генара схьадог1уш долчух тера ду. Цуьнан маь1на дан г1оьртича, ойлано адамийн зуьрет долалучу юхавуьгу. Дала бихкина болу стом биъна, Адамий, Хьавассий латийначу дуьххьарлерчу къинан иэхь дуй-те дений, нанний шайн бер бахьанехь хетарг?

И мухха делахь а, нахана хьалха шен бер хьастар, кара лацар, ура-атталла цуьнан тидам бар а г1иллакхехь дац вайнехан 1едалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да. Бакъду, беран дахарна я цуьнан могашаллина кхерам хилча, г1иллакхаш лелор т1ехь дац стагана. Цигахь милла велахь а, берана (муьлххачу стагана а) орцахвала веза. Цундела С. Бадуевн цхьана дийцарехь марда хьалха ву аьлла, шен бер к1елхьара ца доккхуш, нанас г1у чу дожийтар, - иза г1иллакх дац, иза къизалла ю.

Иза дика го нохчийн «дадин-юрт яккхарх» долу халкъан илли дешча а:

 

 

Вай керлах балийна вайн оьзда несарий,

Марзойн ц1ераш ва йохуш кхойкхучу цу дийнахь...

 

Оцу дийнан халоно (мостаг1а т1е а летта, юрт х1аллакьеш) дицдайтина г1иллакхаш, иза оьздангалла йохош а дац.

Бер кхиъна даллалц цунна мелла а «юьстах» лаьтта да. Амма иза дац дас оцу г1уллакхехь дакъалоцуш а ца хилла бохург. Берана цуо беш болу т1е1аткъам ненехула хуьлуш хилла, ткъа нанас гуттар а ден сий а, ц1е а ларъеш, йовзуьйтуш, кхиош хилла бер.

Да берана массо х1уманна т1ехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь вевзаш хилла цуьнан г1уллакхашца а, ненан б1аьргашца а. Нохчийн г1иллакхаш ч1ог1а лелочу доьзалшкахь бераш дена хьалха охьаховшуш а, х1ума юуш а ца хилла. Кхиъна, кога даххалц бераца ден кхин башха уьйр хуьлуш а ца хилла. Цхьана воккхачу стага дуьйцура, шен кхозлаг1чу дас (кхо зуда а, цара бина доьзал а хилла цуьнан) чохь бер а долу ага арахь д1агулдинчу лайла тоьхнера бохуш, дехьачу горгам хьокхуш зудчо иза ша волчу чу х1оттийна аьлла, оьг1аз а вахна. И тайпа х1ума дар-м нийса дац, делахь а оцу масало гойту, мел ч1ог1а ларлуш хилла вайн генара дай берашца эвхьаза хиларх.

Амма доьзал г1еххьа. боккха хилча, царна ненехула т1е1аткъам бина ца 1аш, ша хьехам беш а хилла дас, къаьсттина боьршачу берашна. Цунах лаьцна яздо Бексултанов Мусас шен цхьана дийцара тIехь:

«Ворх1-барх1 шо кхаьчна тхо долуш, х1аъ. Цу хенахь дуьйна схьа дуьйцура тхуна дас хабарш, тхо наь1ара улло хьала а х1иттадой. Цкъацкъа вицлой, ч1ог1а лоьра тхоьга, шух нах хир дац, х1умма а хир яц шух бохуш. Т1аккха шен денда вуьйцура. Иштта берриш а буьйцура цо тхуна, ворх1е да а. «Къа дац ткъа цу нехан, - олура цо, - шайна вонна ала а дош ца дуьтуш чекхбевллачу, цхьа ледара т1аьхье а кхиъна х1аллакьхилча... Ду. Вайн ц1е йоккхучу хенахь церан ц1ераш ма йовлу, хьенеха-минехан к1ант олий. Беллачу нехан юьхь лара ма еза. Шен орам бовза ма беза стагана, иза мичара схьабог1у хаа ма деза. Шен гай, дег1 лардича, къонаха чекхвер вара баьхна-кх х1ума хуучу наха. Гай а хала ма ду. Комаьршо хила ма еза къонахчуьнца... Буй д1абостуш хила беза, хецца д1абостуш. Цоллуш ч1ир а ца хилча, нисдан дезаш дов ца хилча, шуна х1ун хала ду нах хила. Комаьршой, г1иллаккхий шуьца хилчхьана, шу чекхдевлла-кх...».

Да гуттар а ву тхоьца ишта: оьг1азе а, хьасене а, дера а, к1еда а. (М. Бексултанов. Мархийн к1айн г1арг1улеш, Грозный, 1985).

Х1окху жимчу кийсигехь тидам т1ебахийта безаш масех маь1не меттиг ю:

- дас хьехам бо берашна, «дера», «дов деш», х1унда аьлча, дай аьлла х1ума беран кхетамо д1а ца лаца тарло;

- дас шен денда а, ворх1е да а хьахаво, берашна царна хьалха долу жоьпалла довзуьйтуш. Цуьнца цхьаьна дас берашна хоуьйту уьш шайна луъург лелон «маьрша» доций, царна т1ехь дайн сий лардар а дуйла; (Бакъду, х1инца заманахь вайна ма хаар, к1еззиг бу и сий лардеш берш а. Ч1ог1а эрча девла вай)

- дас билгалдоккху, шена хетарехь, стагана уггаре ч1ог1а оьшург: комаьршалла а, г1иллакх а. Цо иштта стагана уггаре хала ю аьлла хета киртигаш а билгалйоху (ч1ир, такха ца даллал доккха декхар);

- кхузахь дас шен хьехамда а, шен дай хьахорца а ша тайпа кхетаман болх бо берашца. Ткъа уьш кхетош-кхиорна т1ехьажийна хилла хьалха заманахь нохчийн доьзалехь дас, нанас, дендас, денанас, кхечу баккхийчу гергарчара мел олу дош а, мел боккху ког а, мел ден г1уллакх а.

Бер жима долуш нанас олу аганан эшарш а хилла кхетош-кхиоран маь1на долуш:

 

 

Дижалахь, жиманиг,

Мерзачу набарца,

Г1атталахь, жиманиг,

К1оргачу хьекъалца.

Мерза наб кхетийла

Жимачу к1орнина.

 

Дуьйшуш, г1оза дийшалаш,

Г1овттуш, г1оза г1овтталаш,

Дийшалаш, дийшалаш.

Дала дахадойла шу,

И долу г1а санна,

Дала дебадойла шу.

 

1аламат мехала ду ненан бераца йолу юкъаметтигаш ц1ена хилар. Цунах куьг тухуш «Бисмилла» доккхуш, хи т1ехь долуш иза дузорах ларлуш, ламаз карахь а долуш иза некхе хьош, Къуръанан аяташ цуьнан лерехь доьшуш (къулхьанаш, ламазан сурат, масала) кхиош долу бер ийманехь а хир ду, вуочу х1онах а ларлур ду.

Цхьаболчу доьзалшкахь лелош г1иллакх ду: жимчу беран дуьххьара хедийна м1араш Къуръан юкъа йохкуш - 1еламстаг хилийта, чорха чу кхуьйсуш (йоь1ан м1араш) х1умнаш тега говза хилийта... Шайн бер хьанала къахьоьгуш, дика адам кхиийта, цуьнан дахар ирсе хилийта лаам бу дас-нанас оцу г1уллакхца гойтург. Амма бусалба дино т1едиллина (бух болуш х1ума дац) хIума-м дац иза.

Бер жимма доккха хилча, нанас иза 1амош хилла массо а дикачунна, ц1ена лела, ялтин хама бан. «Бепиган цуьрг охьа ма дожаде, цу т1е ког ма баккха; яьгна х1ума йиъча, майра хуьлу; еттинчу хьаьжк1аж бух биъча, ницкъ болуш хуьлу, бохь биъча, хаза хуьлу; пхьид йиэн мегар дац, и йийча, етт ле; нуй тоха мегар дац, и тоьхча, ирс дов...» ,- бохуш, хьехамаш гуттар а беш хилла нанас.

Боьрша бер г1еххьа хьалакхиъча, цунна т1екхочу доккха де - сунтваран де. Х1ора бусалба стеган декхар ду шен к1ант ламазна кийча хилийта сунтвар. Цхьадолчу бусалба къаьмнийн - масала, 1аьрбийн - боьрша бер дина дукха хан ялале деш ду иза. Ткъа нохчийн 1адат ду и г1уллакх беран ворх1 шо кхачале чекхдоккхуш. К1ант сунтвечу дийнахь, уьстаг1 а боьй, нах а кхойкхий, мовлад а йоьшуьйтуш, мерза яах1ума а йой, цунна т1ера саг1а доккху.

Оцу саг1а доккхучохь гулделлачу берашна хазийта, царна пайде болу хьехамаш бо баккхийчу наха, 1еламнаха.

Беран ира хьекъал, кхетам кхиорна т1ехьовсийна хилла царна 1амадо дагардарш а, тайп-тайпанчу ловзаргашкахь олу дешнаш а, х1етал-металш а. Къаьсттина берийн хьекъал кхиош хилла «Хаттар - жоп» бохучу бустамехь долчу х1етал-металша. Царах цхьаъ далор вай кхузахь:

 

 

- д1о йоьдург х1ун ю?

- 1аьржа-1аьржа къиг ю.

- Цуьнан багахь х1ун ю?

- Боча-боча б1ар ду.

- И охьадожахь х1ун дер?

- К1ела палс лоцур.

- Палс бат1ахь х1ун дер?

- Мехаца тоьгур.

- Маха каглахь х1ун дер?

- Пхьере хоттуьйтур...

 

Иштта д1а, дахлой, и хаттарш-жоьпаш генна д1адоьлху. Масала, «Шайт1а къардар» бохучу берашна леринчу халкъан произведенехь ткъе ялх хаттар а, жоп а ду. Ша мел хала хаттар делча а, шена дуьхьал жоп дала хьекъал долуш к1ант (я йо1) вуйла хиъча, и ца лалуш, дог а эккхий, шайт1а ле. И дешан къовсам иштта д1аболало:

 

 

- Цхьаъ х1ун Ду?

- Цхьана сил мерза х1ун ду?

- Шиъ х1ун ду?

- Шина б1аьргал сирла х1ун ду?

- Кхоъ х1ун ду?

- Кхо ког болу г1ант х1оттийнчохь лаътта.

- Диъ х1ун ду?

- Биъ са болу г1ала йоьгг1инчохь лаьтта.

- Пхиъ х1ун ду?

- Пхеамма вихкинарг цхьанна васта хала хир ду...



Источник: http://Кавказчат. форумера
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (27.07.2008)
Просмотров: 8030


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024