Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

                                           II дакъа

                                         ( 1 аг1о)

 

НОХЧИЙН КЪОМАН ОЬЗДАНГАЛЛИН КОЬРТА

МЕХАЛЛАШ

 

 

Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта лехам бу адам ларар.

Кхуззахь билгалдаккха деза, адам ларар массо а къаьмнийн синмехалла хилар. Бакъду, цхьайолчу юкъараллашкахь стаг, иза муьлхачу социальни тобанна юкъавоьдуш ву хьожжий, лоруш хилла. Масала, лай бацоран пачхьалкхашкахь - аьр вай, Ширчу Римехь - аристократех верг лоруш хилла, вацошверг хьайбанан хьолехь хилла. Я кхин а гергара масал далор вай. Россехь ткъаессаналг1ачу б1ешаран 60-г1а шераш дуьйла даллалц-лаьттина крепостни бакъо. Оцу *бакъонца* хьоладайша шайн долахь болу ахархой бухкуш а, ж1аьлешца я кхечу х1уманца хуьйцуш а, шайна луъу та1зар царна деш а хилла.

И тайпа социальни декъадалар доцчу нохчийн юкъараллехь муьлххачу, а стеган, иза къиэн, заь1ап, шен схьавалар доккхачу я жимчу тайпанах хиларх, кхечаьрца нийсса бакъонаш а, цуьнан оьздангалле хьаьжжина сий-ларам а хилла. Стаг маттаца, куьйгаца я кхечу кепара сийсазвар магош ца хилла.

Иэхье а, дукха хьолахь ц1ий 1анорца бен д1а ца доьрзуш а хилла стеган куй божор, г1одаюкъ ястар, зудчунна т1екховдар, царах терра кхин а.

Герзаца стагана ницкъ барца нийсса лоруш хилла стаг дашца сийсазвар а. Цундела стага шен дош лар деш хилла, ура-атталла шен мостаг1чуьнга вистхуьлуш а оьзда доцу дош ца долуьйтуш.

Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь телевиденехула наха вовшашка эвхьаза, маьттаза хабарш дийцар - иза вайн къоман оьздангаллин бехкамаш г1елбаларан билгало ю. Иштта луьйчара йохайо вайн дайша эзар шерашкахь йина оьздангаллин ч1аг1онаш, оьздангаллин керташ.

Адаман дахаран мах 1аламат беза хилла нохчашна, нагахь ца хууш цхьаьннан карах стаг велча, и стаг витийта, и волчаьрга дехар дан масийтта юьртара нах вовшахкхеташ хилла. Коьртара куйнаш а дохий, гора а х1уьттий, дехарш деш хилла цара, и стаг витахьара бохуш. Ткъа шена т1ехь ч1ир йолу стаг, марчо юккъе а хьарчавой, барми т1е а вуьллий, валош хилла цига. «Х1ара стаг шегара даьллачунна дохковаьлла, кхид1а дуьненан марзонаш йоцуш, велча санна ву, са чохь велахь а, цундела парг1атваккха х1ара», - бохург ду иза. Нагахь и стаг вуьтуш хилча, ч1ирхоша цаьргара маха эца тарлуш хилла - 70 я 63 етт, я оцу даьхнин хьесапехь ахча, деши.

Стеган дахаран мах оццул беза хилар бусалба динца нийса дог1уш ду. Къуръан чохь аьлла ду, цхьа маьрша стаг вийначунна, дуьненчохь мел долу адам дийча санна, къа ду аьлла.

Ткъа нохчийн халкъан илли т1ехь стаг кхалхар дуьне дохарца дуьстина:

 

 

Дуьне духур ду аьлча,

Суна ма моьттура

И сийна стигланаш, кеглуш,

Т1ейоьлхур ю.

Дуьне дохар хиллийца

Дагна дукха везначу

Накъостах ва ваьлла,

Хьо цхьалха ва висар.

 

Стагаца болу лерам цхьамма бохийча, цунна дечу та1зарийн система дика билгалйина хилла вайнехан. Масала, дашца стаг сийсазвича, цунна лерина та1зар я, масла1ат деш хилча, бала беза там билгал баьккхина хилла. Нагахь т1ара тоьхнехь, цунна шен там хилла. Х1усам эвхьаза яьккхинехь (масала, ша хьошалла лелочу х1усамерчу йо1ана т1ехьаьвзина, и. д1. кх. а), т1ера хеча йоккхуш хилла. Изза деш, я чов еш, я вуьйш хилла зудчух куьйгаш тоьхча, я и сийсазйича.

Зударшца доьзна х1ума 1аламат лерина а, ч1ог1а а лелош хилла нохчаша. Цхьана зудчунна дуьхьал ши боьрша стаг вуьйш хилла. Оццул деза хетта вайн дайшна зудчун дахар а, цуьнан сий а. Хетарехь, иза, цкъа делахь, зуда экама а, боьршачу стагана хьалха г1орасиз а, цунна бехке а хиларна а; шолгiа делахь, зуда - иза нана ю я хинйолу нана ю, ткъа ненан сий дайар - иза даккхийчарах зулам ду.

Стеган сий дар, ларар, цуьнан дахарна т1е куьг кховдо йиш цахилар - иза ю нохчийн къоман оьздангаллин мехаллех уггаре коьртаниг.

Нохчийн къоман философехь йоккха меттиг д1алоцу «сий» бохучу кхетамо. «Сий» - оцу дашехь вайна «са», «ц1ий» бохучу дешнийн чулацам а, церан аьзнаш а хеза. Бакъ а долуш, «сий» стеган сица а, ц1ийца а доьзна ду. «Сий» - иза стагана деза хета, дохо я кхечуьнга дохадайта йиш йоцу, цо ша шен лаамехь т1елаьцна оьздангаллин декхарш а, уьш хаддаза кхочушдеш 1а1ийна дикчу г1уллакхийн мохь а, гонахарчу наха церан мах хадош шен д1аяхна дика ц1е а, и бахьанехь нахана юккъехь корта айбина д1алела юьхьк1айн а хилар ду.

«Сийдоцу стаг» - вай билгалъяьхна и аг1онаш (оьздангаллин декхарш, дикчу г1уллакхийн мохь, дика ц1е, к1айн юьхь) йоцу стаг бохург ду. «Сийдоцу» билгалдош уггаре лахара, вуон мах хадош олуш ду. Масала, юрт йохо баьхкинчу мостаг1ех лаьцна иштта боху цхьана халкъан иллехь:

 

 

Човхабер вай, к1ентий,

Иэхь дайна мостаг1ий.

Х1аллакбер вай, к1ентий,

Сий доцу мостаг1ий!

 

Стеган сий дайа г1ортар (дечуьнца я дашца) и стаг верал дайн ца хетта нохчашна. дукха хьолахь кхечун сий дайа г1ортар и стаг верца, ц1ийца д1анисдеш а хилла. Ткъа шен сий а, шен ворх1е дена, ворх1 т1аьхьенна хьалха жоьпалла а долу стаг кхечун сий дайа г1уртур а вац. Х1унда аьлча, кхечун сий а дойуш, сийлахь хила йиш йоцу дела. Боккъал дерг аьлча, цхьаьннан а таро а яц кхечун сий дайа, и дан г1ерташ цо дойург шен сий ду.

«Стеган сий» бохучу кхетамна гонаха ю кхийолу оьздалгаллин синмехаллаш а.

Уггар хьалха кхузахь хьахо йог1у стеган маршо. И мехалла нохчашна уггар а коьрта хилар гойту вайн нохчийн вовшашка салам далар иштта д1адолалуш хиларо:

«Маршалла ду хьоьга!» - олу стага ша д1а вистхуьлуш.

«Делера маршалла хуьлда хьуна!» - цуьнга жоп ло вукхара.

«Марша вог1ийла!» - олу хьеше.

«Марша 1ойла» - стаг д1авоьдуш, буха буьсучаьрга.

«Марша г1ойла!» - жоп хеза дуьхьал.

Оцу г1иллакхо гойту могашаллел а (оьрсаша, масала, «здравствуйте», олу), машарал а, кхечу диканал а ша шен лаамехь, коьртамукъа, маьрша хилар нохчийн стагана деза хетта хилар.

Амма маршо - иза стага шена луъург лелор дац.

Маршо - иза стага, цхьамма а ницкъ беш а воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду. Стаг диканиг дан парг1ат хилар - иза ю маршонан билгало. Зуламаш дан маьрша хилар - иза къоман оьздангалла йохор ду.

Стеган маршо - ша санна, шена уллора стаг а маьрша вуйла хаар, цуьнан маршо ларъяр ду.

Бакъду, юьззина маршо стеган хила йиш а яц. Х1унда аьлча, стаг дуьненчу валарца тайп-тайпанчу низамийн (1аламан, хенан, валаран, юкъараллин, доьзалан...) гурашкахь хуьлу: цунна лаахь а, ца лаахь а, оцу низамийн 1едална к1елхьара иза вала а лур вац; уьш (и хьелаш) стагах доьзна х1ума данне а доцуш я к1езиг долуш, Дала кхоьллина ду.

Масала, стагана мел ца лаахь а, зама яларца иза къан а ло, шен хан кхаьчча иза д1а а кхелха...

Цундела маршо - иза стагана и хьелаш а (Дала кхоьллинарш а, вуьшта адамаша шаьш юкъадаьхнарш а), цаьрга хьаьжжина шен декхарш а довзар, уьш шена т1елацар а ду. Шен кхетам кхиъна хиларе хьаьжжина хуьлу стага т1елоцучу декхарийн гуо - ша-шена, шен доьзална, юьртана, махкана хьалха декхарш.

Шена т1ехь цхьа а декхарш ца гар - иза, маршо йоцуш, цуьнан б1останехьа болу кхетам бу. Шен дег1ан лаамийн гуо ма-хуьллу гатбеш, сица маьрша хилар - иза ю бакъйолчу маршонан кхин а цхьа аг1о. Ткъа сица маьрша дукхахболу нохчий гуттар а хилла, дахаран хьелаш мел чолхе девлча а, ура-атталла ц1ера даьхна, массо а бакъонех хадийна, хийрачу махкахь хан токхуш а:

«...Цхьа къам дара, ницкъ баран психологина къар ца луш, - къаьсттина адамаш я къийсамхой боцуш, дийнна къам. Уьш нохчий бара... Цхьа а нохчо цхьанххьа а, цкъа а хьаькамна товриг дан я цунна ша дукха везийта г1ерташ вацара, амма массо а хенахь цунна хьалха курра я даррехь цабезам гойтуш вара».

Маршо - адамашна Дала, х1аваъ, хи, малх санна, елла ю дуьненчу довллушехь, - шена 1амалъян, оьзда ваха, лаьтта т1ехь Дика, Серло алсамъяккха.

Маршо стагера д1аяккха г1ертар 1аламат доккха зулам ду; и ца хилча стеган дахар дуьззина, цуьнан сина кхачо еш, хьаам беш хила йиш а яц. Цундела хилла вайнехан б1ешерашкахь латточу къийсамашкахь коьрта лехам - Маршо, ткъа цуьнга кхача йиш яцахь, - 1ожалла. (Кхузара схьа бу «Маршо, я 1ожалла!», «Свобода или Смерть» боху кхайкхам а). Амма и ца хилла, шен 1алашоне ца кхачахь, дийнна халкъ х1аллакьхилла д1адала деза бохург. 1ожалла - иза халкъо шен г1иллакхаш, шен оьздангаллин сурт-сибат, къилбанаш, мотт хийцар а ю, оцу халкъах девлла адамаш даха дисахь а. Ткъа маршонехьа къуьйсуш, шен дахар цакхоор - иза х1орамма ша-ша беш къастам хилла, и къастам бан я ца бан стаг маьрша а хилла.

Кхузахь 1аламат мехала ду аьлла хета има диллин чу нахана маршо - иза уггар хьалха далла 1амал ян, ц1ена дин лело маьрша хилар билгалдаккхар.

Маршо - иза философски кхетам хилла ца 1аш, исторически кхетам а бу. Нагахь Шайх Мансуран заманахь нохчаша ларйинарг шайн мехкан маршо хиллехь, советан 1едал долчу заманахь цара лехнарг шайн а, шайн доьзалийн а чоьхьарчу дахаран маршо яра. Кхин йоккхачу парг1атоне кхача исторически хьелаш дацара х1етахь.

Маршо - иза психологически кхетам а бу. Стаг набахти чохь валлахь а, шен сица маьрша хир ву, иштта хила цуьнан иман а, хьекъал а тоахь. И шиъ дацахь, мел парг1атонехь вахахь а, стаг шен сица маьрша хир вац. Дукхахболу нохчий гуттар а хилла сица маьрша.

Вайн къоман дахаран Коьртачарах цхьа лехам нийсо хилла. Харцлуьйш волчу шен гергарчу стагехьа г1о даккхар - иза иэхь хилла. Мелхуо а, харцлуьйш волу стаг сацощ хилла, шен волчуьнга д1а а хьевеш. Иза кхетавой, човхавой а сацош хилла, ца сецча вуьйш меттиг а нисъелла. Д1ахьеван верас воцу стаг хила йиш яц аьлла хетта нохчашна. Цундела кхолладелча санна хета, тахана вайна беламе долу: «Гитлер, шен волчуьнга д1а а хьевина, сацавайта веза», - боху алар.

Д1аяханчу заманахь оьздачу наха девнехь а ларъеш хилла нийсо. Иштта, боккъал а хилла х1ума ду халкъалахь дуьйдуш дисина. Цкъа цхьана жимчу шина стеган дов даьлла хилла. И шиъ шайн юкъаметтиг латарца къасто юьстахваьлла. Амма цхьаьнгахь шаьлта ца хилла. Т1аккха шаьлта йолчо, довхочунна ша чов йича, иза цуьнга д1аелла: «Х1ан, х1инца ахь тоха», - олуш. Схьа а эцна, кхунна тоха а тоьхна, шаьлта юхакховдийна вукхо. Иштта, вовшашка а кхийдош, и цхьа шаьлта йиттина цу шимма, ч1ог1а эшна, шаьш лаьтта вожжалц. Царах цхьаъ кхелхина, важа ваха висна (шаьлтанан да). Кхелхинчуьн гергарчара ч1ир йитина цунна, девнехь цо и нийсо лелийна аьлла.

«Нийсо шина вешина юккъехь а хила еза», - ч1аг1до халкъан кицано. Нагахь шен нийсо ларъян аьтто боцуш, харцонан ницкъ тоьлла хьал х1оттарх, иза гуттаренна а хила дезаш санна т1елоцуш ца хилла нохчочо. Шен нийсо меттах1оттор цо цхьана ханна д1атоттуш хилла, шен аьтто баллалц. Сихлуш а ца хилла, вицлуш а ца хилла. Собар деш хилла.

Ткъа собар - иза вайн къомо уггаре а ч1ог1а леринчу г1иллакхех цхьаъ хилла.

Мацах цхьа стаг веъна хилла боху, Таймин Биболат волчу. Хьо ч1ог1а майра стаг ву аьлла хезна шена, х1инца шех лата веза хьо, аьлла цо. Амма Таймин Биболата, цу сонтачу стагана чу ца г1оьрташ, собар дина, собар дарца ойла а йина, цунна дуьхьал дала деза жоп а карийна цунна. Ша майралла къовсуш вац, г1иллакх къовсуш ву, аьлла Таймин Биболата, цу т1е ша ч1ог1а кхоьруш стаг а ву. «И бохург х1ун ду? Оццул нахана юккъехь ц1е яхана стаг хьанах кхоьрур ву?..» - цец-ваьлла майралла къовса веънарг. «Со гуттар а юьхь1аьржонах, сайгара цхьа ледарло яларх кхийрина... Майралла соьца ма къовсалахь» - аьлла, и сонта стаг д1ахьажийна Таймин Биболата.

 

«Сихалло са даьккхина, Собаро лам баьккхина», - иштта боху халкъан хьекъало.

__________________



Источник: http://"Братство волка"
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (01.04.2008)
Просмотров: 7628


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024