Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА
 НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ-ОЬЗДАНГАЛЛА.
  
                            II дакъа

                                         

 

 

НОХЧИЙН КЪОМАН ОЬЗДАНГАЛЛИН КОЬРТА

МЕХАЛЛАШ
                  
                                  ( 4-г1а аг1о)
 

«Къонах» боху кхетам гуттар а цхьана хьолехь х1оьттина лаьттина бац. Зама хийцаяларца хийцабелла цуьнан чулацам а. Иза дика го нохчийн халкъан турпалаллин иллеш доьшуш.

 

Иштта, ша кхоьллинчу замане диллича, уггаре а ширачарах долчу «Жоьрабабин к1ентан а, ямартчу Манцин а иллехь» къонахчо къуьйсург шен бакъо, шен нийсо ю. Шена т1ете1очу харцонна къера а ца хуьлуш, шен г1уллакх дан доьналла а, майралла а йолуш хилар - и ю оцу иллехь гучуйолу къонахчун коьрта билгало. Цуьнца цхьаьна – доттаг1чунна тешаме хилар а. И билгалонаш дика ган а гойту Жоьрабабин к1анта ша х1аллакван а, шен «мерза езар» д1аяккха а дуьхьалваьллачу ямартчу Манцех, туьйранийн турпалхочух 1аьржачу Хожех леташ, цаьрца къуьйсуш.

 

Хетарехь, цул мелла а т1аьхьа кхоьллинчу «Зайтан Шихмирзин иллехь» къонах кхечу кепара го вайна. Иза хийрачу махкахь (таркхойн Шовхал волчохь) шен дахарна кхерамечу къовсамехь дакъалоцуш ву. Кхузза т1ейоуьйту тайп-тайпанчу къаьмнех болчу к1енташна таркхойн Шовхала шен йо1, кад а боуьйтуш, дин маса болчо, герз нийса тухучо, зуда тешаме йолчо д1амала олий. Кхуззе а Зайтан Шихмирзас д1амолу кад, цхьамма а ца молуш соцунг1а хилча (кад д1а а мелла, къовсамехь эшнарг вуьйш хилла). Молу, шена уллохь 1ачеран сий лахдан а ца г1ерташ, г1иллакхе дешнаш а олий:

 

 

Шул хьуьнарна тола х1ума дацахь а,

К1ентийн маршонна молу ша...

 

Цо иштта бахахь а, кхаа къовсамехь тулу Шихмирза. Гуш ма-хиллара, къонахчун васт кхуллуш, илланчас билгалйоху цуьнан амалш: маса дин болуш, топ нийса тухуш, зуда тешаме йолуш («Ах стаг зудчо во», - олуш ду халкъалахь), нахана юккъехь лела хууш, г1иллакхе хилар.

 

Таркхойн Шовхал волчохь нохчийн къонахчо лардийриг шениг хилла да 1аш, шен къоман сий а ду. Х1унда аьлча, цигахь цо цхьа юьхь1аьржо йинехь, Кавказан къаьмнашлахь «Шихмирзас» ца олуш, «нохчочо ледарло ялийтина» эр дара. Бакъду, оцу къовсамехь (таханлерчу спортан къийсадаларех тера болчу) дакъа ца лаьцнехь а, кхин галдолуш х1ума-м дацара Шихмирзин шен а, нохчийн къоман а. Кхузахь турпалхочо шен лаамехь дакъалоцу Шовхалан ловзарехь а, цо т1едожочу хьелашна реза а хуьлий.

 

Цунах мелла а къаьсташ ю «Баьчча Балух долчу илли» т1ехь къонахчунна т1ех1оьттина киртиг. Нахана т1е харцо тоьттучу элана дуьхьал г1оттий, и воь Балус. Кхузахь билгалдаккха деза, халкъан юкъара бала д1аойуш велахь а, къонах шен къийсамехь цхьалха хилар.

Ткъа кхечу иллин турпалхо Адин Сурхо цхьалха вац, иза халкъан тхьамда санна дуьхьал х1утту вайна. Бакъволчу къонахчун ша-тайпа амалш гойту оцу иллехь Адин Сурхос. И турпалхо хьалхе езаш, нахана хьалхавала лууш стаг вац. Иза юьртан тхьамданашна шайна дагавог1у:

 

 

Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,

Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон,

И Сурхо воьхур вай Сурхо винчу цу нене...

 

Иштта Сурхон нене к1ант воьху юьртан тхьамданаша. Нанас вала а ло иза царна:

 

 

Дег1аха мерза са цара хьайга ва дехахь,

Ахь даккхий д1алолахь дег1аха мерза са...

 

И дан ша реза хилар юьртахошка олу Сурхос, амма царна хьалхавала сих ца ло иза, и мел жоьпалла дуйла хууш. Х1унда аьлча, кхунах, кхуо боккхучу когах, олучу дашах а доьзна ду оцу нехан хиндерг, тарло уьш а, х1ара а х1аллакьхила, тарло толаме кхача а. Цундела церан Мусостаца къовсаме бовла лаам мел ч1ог1а бу хьожуш, цо г1иллакхехь олу:

 

 

Ма довла дакъаза, х1ай юьртан тхьамданаш,

Вежарий дукха бу цу эла Мусостан,

Ша ваьхьар вуй-техьа

Мусостан олалла дожийна дерзадан?..

 

Амма юьртахойн лаам ч1ог1а буйла а, ша царна билггал оьшуш вуйла а хиъча, реза хуьлий, хьалхаволу Адин Сурхо.

 

Оцу иллехь гойтучу къонахчун мехала амалш билгалйохур вай:

 

- шега дехар дича бен нахана хьалха цавалар, ша т1елоцучун доккха жоьпалла гар;

- ненан лаамна т1ехь хилар;

- халкъан юкъара бала д1аайа, са д1адала а кийча хилар;

- ша-шех тоам бина, сонта, кура цахилар;

- собаре а, амма эшча каде а, майра а, доьналле а хилар

 

Иштта амалш йолуш хила везаш хилла оцу заманахьлера къонах.

 

Къонахчун сибаташ дуьйцуш, тайп-тайпана произведенеш кхоьллина нохчийн яздархоша. Тхуна хетарехь, царах тоьлларг Сулейманов Ахьмада язйинарг ю. Цу т1ехь шел хьалха цхьамма а ца динчу кепара «къонах» бохучу кхетаман маь1на до цо:

 

 

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» -

Хоьттура соьга ахь тойнехь 1аш вай.

Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!

Х1ара дуьне-м къонахийн белшашт1ехь дай.

 

Ламанца дин лелац, ца хилча ленаш,

Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин...

Иштта бу къонахий, х1ар дуьне латтош,

Къонахий д1абевлча - духур ду и...

 

...Терзан т1е ца дуьллу цо деший, даьхний,

Халонехь хадочехь хьуьнаран мах.

Ахдуьне мах болу шен корта буьллу,

Вайн маршо ларъечохь саг1а до шех.

 

Къонахийн собар ду лекха лам баккхал,

Собар ду сов доккха, кхача ца луш!

Къонахийн и собар кхачийча-м, боккъал,

Х1ар маьлхан вайн дуьне духур ма ду!..

 

Х1окху стихотворенехь вайна билгалволу къонах - иза цхьана къоман, цхьана мехкан г1уллакхаш кхочушдина ца Iаш, х1окху дерриге дуьненан г1уллакх а, дола а дан г1ерташ, цуьнан г1айг1анаш айа, шен дахар д1адала («саг1а до шех») кийча стаг ву.

 

И стихотворени кхоьллина зама - зарратан (атоман) а, кхитайпа а кхераме герз 1а1ар, 1алам талхор, керл-керла цамгарш яржар бахьанехь латта х1аллакьхиларан зила т1е кхачийна, дуьненан а кхоллам цхьадолчу адамийи лаамах боьзна болу вай деха зама ю. Цундела бакъволу къонах цхьана мехкан дозанашкахь соьцур вац, иза дуьненна а пайде хила хьакъ ву. Лаьтта т1ехь миччахь елахь а, харцо цунах хьакхалуш хила еза, иза эшо, нийсо меттах1отто цо шен хирг дан а деза.

 

Х1окху стихотворенехь кхузза хьахадо «дуьне дохар», иза къонахашца дузуш. «Х1ара дуьне-м къонахийн белшаш тiехь дай», - бохург, цхьана аг1ор, поэтически метафора (хаздина, дестийна аьлла дош) а ю. Амма, цуьнца цхьаьна, кхузахь доккха философски маь1на а ду: дахаран терза дикчу наха, оьздачу наха - къонахаша, вуон сов ца долуьйтуш, харцо ца толуьйтуш, нийса ца латтадахь, Дала шен оьг1азло т1еелхорна кхерам бу.

 

Бусалба дин халкъан кхетамехь ч1аг1даларца мелла а хийцабелира «къонах» дешан чулацам. Хьалха сийлахь хетта цхьадолу г1уллакх исламан серлонехь сийсаза хилар гучуделира. Масала, х1онце эхар. Яц «к1айн», «1аьржий» х1онц... Ший а 1аьржа ю, хьарам йолу дела. Шен доцчу х1уманна т1екховдар, х1уъу бахьана делахь а, мел ч1ог1а и хаздан г1ортахь а, - къола ду. Ткъа иза даккхийчарах къа а ду, Делах тешаш волчу стага лелон йиш йолуш х1ума а дац.

 

Бакъболу къонахий хилла вайнахана юкъахь баьхна устазаш. Нах динна т1еберзош, церан дегнаш ц1андеш, Делан дуьхьа къахьегна цара, шайн дог1мийн лаамаш бихкина, царна аьтто ца лоьхуш. Церан беркате кхетаман болх бахьанехь, 1еса г1иллакхаш дуьтуш, 1оттабаккхамаш жимлуш, цхьана барте дог1уш хилла нохчийн халкъ. Амма хийрачу къаьмнийн 1едалша хадийна церан и хьанала къинхьегам.

 

Билгалдаккха деза, вайнехан устазаша нахана юккъехь серлонан, хьехаман болх бина ца 1аш, оьшучу хенахь вайн иллешкахь буьйцучу турпалхойн коьрта амалш гучуйохуш а хилла - майралла, доьналла, т1еман говзалла... Масала, Шайх-Мансур хьехамча, дин даржорхо хилла ца 1аш, б1обаьчча а хилла; Шемалан наиб хилла Сесанара Ташу-Хьаьжа; шайн доцу латтанаш д1алоьцуш, вайнахана ницкъ бечу г1алаг1азкхашца гуттар а т1амца къийсам латтийна Шайх-Денис; Г1ойт1ахь деникинхошца хиллачу т1амехь куьйгалла деш хилла Ибрах1им-Хьаьжа; советан 1едална дуьхьал шен мурдашца цхьаьна къийсам латтийна Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжас...

 

Амма вайн иллийн турпалхойн санна т1емаш бар, толамаш бахар коьрта 1алашо ца хилла устазийн, вовшашца йохье буьйлуш, нахалахь шайн ц1е д1аяхийта г1ерташ а ца Хилла уьш. Церан 1алашо, церан некъ кхин хилла. Цунах лаьцна мелла а дуьззина вай дуьйцур ду жимма т1аьхьа. Ткъа х1ара къамел д1адерзош билгалдан лаьа: «къонах» боху кхетам 1аламат мехала бу т1екхуьу т1аьхье оьзда, хьекъале хьалакхиорехь. Иза х1ора беран, жимчу стеган дагчохь хила а беза. Х1ора нохчо, ша дуьненахь мел веха, кхийда а веза

«къонах» ц1е йолчу сийлахьчу лакхалле.



Источник: http://кавказчат
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (24.04.2008)
Просмотров: 7892


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024