Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА

БАУДДИ

(Харц яхьах лаьцна <дацдина> дийцар)

 

Тховса мох балале маьрк1ажан хенахь, жимчу к1отарарчу Мусин Баудди волчу сакъера дукха кегий нах гулбеллера. Дикка сакъийрира цара, кар-кара эцарца дечиган пондар а лоькхуш. Т1аккха цхьана накъостехь ловзо кехаташ а карийна, касоварех ловзуш а дикка 1ийра х1орш. Царах ловза к1ордийча, уьш, кар-кара оьцуш, хабарш дийца хевшира. Х1орш хабарш дуьйцуш 1аш жимчу Кулсума, шортта йоьхь а кхерзина, йоккха сискал а йина, кхарна яа х1ума а елира. Х1орш шен «марвежарий» хиларе терра, кхарна х1оранна - «к1ант» - бохуш, елаелла хилла, шега балу там а бина, Кулсум, дехьа чу а яхана, аг1ор елира. Цул т1аьхьа дукха зама ялале, кху х1усаман да Бауддий, Ахьъяд, Далхьад боху цуьнан ши доттаг1ий воцург, кхиболу кегий нах, тховса хьоькхуш болу мох сацахь, кхана дечиге даха деза шайн аьлла, шайн-шайн ц1а а бахна, х1ара кхо доттаг1а цхьаьна а висна, цхьацца къамелаш деш 1аш, наха жима волуш дуьйна а «иэхь ца хеташ вуй», «т1ахъаьлла стаг вуй» олуш волу 23 шо кхаьчна Ахьъяд:

 

- Баудди! - аьлла вистхилира.

 

- Х1ун бах ахь? - аьлла, Бауддис, шайн поппаран ц1енкъа туй а кхоьссина, шен х1инцца дала тохаделлачу мекха т1е а кхочуьйтуш, шен жимчу бета т1е куьг хьаькхча:

 

- Тхойша х1унда веарий тховса хьо волчу? - аьлла, Ахьъяд юха а вистхилира.

 

- Схьадийцахьа шаьш деъна г1уллакх, х1ун ду и? - аьлла, Баудди вистхилча, Ахьъяда шен къамел д1адолийра:

 

- Баудди, дагадог1ий хьуна, вай х1инцца, цхьа к1ира хьалха орца, к1отара синкъераме а дахана, цигахь дика зудаберашца са а къийрина, г1еххьа хилла маларан кеп а йолуш, х1инца кху чохь волчу вай кхаамма цхьа барт бар?

 

- дог1у суна-м и дага, Ахьъяд, - аьллачу Бауддин бос байра, цуьнан сибато цу бинчу бартана и реза цахилар хоуьйтура.

 

Нара т1ерачу ц1енчу истанга т1е, ши куьг коьрта к1ел дуьллуш, аркъал вижина 1уьллучу Далхьада, шен шога шуьйра юьхь цкъа ела а къажийна, хьала а айавелла, шен хийрачу, яккхийчу цергашна юккъехула, нийсалла кхуссуш санна, дахдеш туй кхоьссира, и туй не1арна юххехь лаьттачу лохачу ц1естан г1умг1анан бухах кхийтира.

 

- Вай, вешан зударий а битина, цу синкъерамехь ваьш кхаамма сакъийрина кхо йо1 яло т1аьхьадовла ч1аг1о йирий, Баудди? - аьлла, Ахьъяд юха а вистхилча, ойлаеш ладоьг1уш 1ачу Бауддис:

 

- Йира, дера, - аьлла, охьа а таь1аш, шен корта схьалецира.

 

- Йира, дера. Вай цу буса, эвлаяэх, кхетта лаьттачу баттах, вешан ворданна йоьжна хиллачу говрах а т1ехь дуйнаш а бууш, ч1аг1о а ма йира. Шозлаг1чу дийнахь оцу 1уьллучу Далхьада а, аса а тхаьшшиннан зударий бита а ма битира,.. - аьлла, Ахьъяда, цкъа соцунг1а а хилла, юха а шен къамел д1адолийра: Х1инца тховса а ахьа хьайн зуда ца йитахь, ахьа тхойшинна бинарг тешнабехк а бу, т1е хьо, тхойшиъ 1овдал хеташ, тхойшиннах воьлуш а ву.

 

- Ахьъяд! Со шуьшинна тешнабехк бан а ца г1иртина, я шуьшиннах вела г1ерташ а, воьлуш а ца лела. Кхин стаг вацахь а, сайн дош кхочушдалла стаг воцуш а ца 1ийна со... Бакъду, х1инццалц схьа, вай и барт бичхьана, цу сайн зудчух Кулсумах къахеташ 1ийна со, х1унда?.. И соьга еъчахьана, иза цуьнан наха шайн ц1а цайитарна а, юьтург цахиларна а, шуьшинна ма-хаъара, и соьга еъча мегар а дац, ц1а а юьтур яц аьлла, цуьнан воккхахволчу вашас а, дас а дуйнаш биъна дела... Ахьъяд, со, аша шаьш гуттар а мА-аллара, адамах атта дог лозуш ву... Иштта сайн дог лазарна 1ийна-кх со и сайн зуда ца юьтуш. Зуда йита-м х1умма а хала дац... Х1е, схьайоьл цкъа! - аьлла, Бауддис дехьачу аг1ор яьллачу шен зудчуьнга Кулсуме мохь тоьхча:

 

- Тхойшиъ чохь волуш-м дийр дац ахь и г1уллакх,- аьлла, Ахьъяд, Далхьад хьалаиккхира.

 

- Валлах1 дера дийр ду-кх, шуьшиъ теш а волуш-м, аьллачу Бауддис юха а мохь туьйхира: - Хьо схьайог1ий? - аьлла.

 

Набарх иккхина Кулсум, чуьрчу шен «марвежарийн» юьхьна ела а къежаш, меллаша не1арх чоьхьа а яьлла:

 

- Х1ун элира аша? - аьлла, шен коьртара к1айн йовлакх тодан х1оьттира.

 

1аьржа б1агор б1аьргашна хьаьвзина, «тешнабехк бина» боху дош мелчу ц1ен сара хилла, массо а пхенах чекхболуш, оьг1азвахна волу Баудди вистхилира:

 

- Ахьъяд!.. Далхьад!.. Шуьшиъ а, т1ера Дела а теш волуш, сайна хьарам а еш, нахана хьанал а еш, исс елахь - иссс, эзар елахь - эзар а ц1е тосуш, и лаьтта Кулсум йити ас.

 

- Вай! Вай Дела! - аьлла, Кулсуман шийла мохь белира.

 

Бехказлонна делахь а, я боккъалла а халахеташ делахь а - «В-ай! В-ай! Ма аьллахь! Ма аьллахь!» - аьлла, Далхьад, Ахьъяд хьалаиккхира. Не1арехь лаьтта Кулсум, ц1ийбина цхьамза 1оьттина дагах чекхбаьккхича санна, ягийнера, иза: «Ма... ма... ма... ма алахьа!» - олуш, ша лаьттачохь охьалахъяла йоьлча, т1ехьаьддачу Ахьъядий, Далхьадий схьалецира.

 

- Вай, нана! Ас х1ун дийр ду? - аьлла, Кулсума цкъа шен жима корта Ахьъядан белша т1е бижийра, дог к1аддала а доьлла. «Х1окху минотехь меттахь ца хилахь, т1аьхьа цхьа бохам хир бу-кх сунна», - аьлча санна, Кулсум, ша г1ортарна делахь а, жимма метта а еъна: «Бегаш бора алийша! Бегаш бора алийша!» - аьлла, Далхьадна т1екхийтира.

 

- В-ай, собардехьа, Кулсум, стаг яц хьо? Сел йохий ма хьовзахьа, цо-м ша д1а бахарий, - аьлла, Далхьад вистхилча, Кулсум, дикка г1оле хуьлуш, оццу меттехь жимма меттаян йолаелира. Амма, шегара цхьа дикка дика болх баьлча санна, шех цхьа къонаха хилча санна, жимма деган токхо а йолуш, цхьана аг1ор, шена Кулсум дукхаезарна, цунах къа а хеташ, мерак1ел каетташ 1ан Баудди:

 

- Далхьад! Ахь хьаштдоцург дуьйцу. Стенна лейо ахь иза, г1уллакх д1адаьлча?.. Кулсум, Далхьада бохург хьуна тамана бохуш ду... Хаалахь, тховса дуьйна хьо сан зуда йоцийла,.. - аьлла вистхилира.

 

Кулсуман хиэда герга дахана деган пхенаш адаман б1аьрга ма гойла, оццу меттехь Кулсумна хеттарг, цуьнан кийра яьлла ц1е адаман синна ма хаалойла. Мел холчу х1оьттинера иза! Ца хаьа, Кулсум оццу меттехь, 1ай довхачу ц1а чу деъна ло санна, ешна д1а х1унда ца елира. Ца хаьа, Кулсум оццу меттехь, ц1ерга тесна не1аран мача санна, хебна д1а х1унда ца елира. Бакъду, Кулсум цу тайпана х1аллакьхуьлуш к1ел ца йиснехь а, цуьнан дег1ерчу пхенаш чухула, тулг1и тухуш, довха ц1ий доладелира, цуьнан кийрара жима дог цуьнан шуьйрачу некхах чухула лета доладелира, цуьнан готтачу хьажа т1ехь 1охку пхенаш кхехкарна алсамдевлла, цуьнан жима корта лаза а баьккхира. Кулсум, са а ца тохаделла, чохь болчу шен «марвежарех» иэхь-бехк а дайина:

 

- Ма алахьа со йити! Ма йитахьа со, хьайх а йоккхуш! Ас х1ун дан деза? Со хьанна т1ета1а еза? Ахьа-м, хьуо суна г1о эшначу меттехь сан ваша хилла д1ах1уттур ву, бехира соьга! Ахьа-х, сан дог ца эшош, хьайн цхьа меже яккхийта реза хир ву, бехира соьга!.. Со-х цхьа г1ийла буо дара, дестечунна хьалха кхиъна. Ма кхоссахьа со д1а, ма ехьа со х1аллак! Ма ехьа со х1аллак! Ас х1ун дийр ду? - аьлла, Кулсум шех хьаьрчича, Бауддин хьалхе дуьйна а кхунна лозу дог лазарна алсамдаьллехь а, шен дош, ша шен доттаг1ашка дийр ду аьлларг кхочуш ца дича вер вац ша аьлла хеташ, ша бина барт х1ора денна бохург санна т1ех ца беттийта, Баудди, Кулсум йита хьовха, шен ц1ийнах ц1е йилла а реза вара, нохчийн 1адата юкъахь ша кхиарна. Цо, шех хьаьрчинчу Кулсуман куьйгаш шен кочара д1а а дохуш, элира:

 

- Кулсум, ахь сатоха, хьуна кху г1уллакхах хало а ма хила, х1ара иштта яздина хилла вай кхоьллинчу Дала. Х1инца хьо суна де-буьйса ца лоьруш коча хьерчарх, хьо хьайн адамалла дицдина суна дукха елхарх, вайшиннан г1уллакх д1адаьлла даьлла, иза кхин... юхадерза йиш йоцуш ду.

 

Бауддис шен кочара ша д1аяккхарх, Кулсум цунна, ч1ог1а дехар а деш, коча хьерчара, амма Баудди т1улгал а ч1аг1велла ваьллера.

 

- Хир дад!.. Хир дац! - аьллий ас хьоьга? Иза кхин юха хир доцуш ду-кх, витахьа со! - аьлла, Баудди, шен карара Кулсум ц1енкъа а кхуссуш, хьалаиккхира, бертал йоьжна Кулсум, жимма 1ийна, хьалаайаелира, цуьнан беснеш т1ехь дукха елхарна б1аьргех ихначу хих хилла хьоькхнаш яра, и 1иллинчу меттехь, поппаран ц1енкъахь къаьсташ гуш цуьнан билхинчу б1аьргаша г1еххьа яшийна меттиг яра. Хьалаиккхина Кулсум ч1ог1а кхераелла яра; цуьнан дег1, арахь хьийзочу буьрсачу дарцана а доцуш, тховса хиллачу бохамна ч1ог1а эгош дара, до халла къурдаш дора, цо Бауддига дух-духа а дехарш дахь а, цунна хаа-м хаьара, Бауддис цкъа ша аьлларг атта дохор доцийла. Делахь а Кулсумна хетарг адам гуттар а цхьанаэшарехь ца латтар дара. Кулсум, т1аьххьара а ша дог диллича, охьахиъна, жимма елха а йилхина, йистхилира:

 

- Ц1а яха меттиг бацара-кх сан. Хьайн зуда ца яхь а, кху хьайн декъа т1ехь мукъана а йитахьа со, - олуш, Кулсум шен кара йожа юха а т1ехьаьдча, Баудди, иза шен карара меллаша нара т1е охьа а кхуссуш, цкъа ирахь лаьтташ волчу Ахьъядей, Далхьадей а хьаьжна, вистхилира:

 

- Кулсум! Хьо сан тхов к1ел 1ийча, ахьа дуу долу сайн ялта доккха х1ума хеташший, хьо кху тхов к1ел 1ар тамаша хеташший-м ца боху аса... хьо кху тхов к1ел ма-сеццинехь, наха ас хьо йитина яц эр ду-кх.

 

Шена сил а дукха везаш волчу Бауддис и шега аьлларг лан кийра боцу Кулсум:

 

- Делахь!.. Делахь ахь со, тилийна, 1ехийна, ялийна Хилла-кх! Со... Хьуна со кийрахь дог доцуш, цхьа 1овдал ю моьттина-кх, хьуна со атта хеташ хилла-кх! - аьлла, араиккхира. Ахьъяд, Далхьад, леррина Бауддига а хьаьжна:

 

- Хьаштдоцург ду-кх х1ара! - аьлла вистхилира, шайн дагахь кхин доллушехь...

 

...Арахь луьра хьийзош дарц дара, и хьийзадора цкъа дуткъачу озаца, т1аккха стоммачу озаца, борз санна, уг1уш, уьдучу шийлачу мохо; иштта хьийзочу буьрсачу дарцехула, дег1ах шийла хьацар детташ, кийра ша биллина, кху юьртан боккхачу ураман новкъахула, мохо нехан серийн а, аннийн а кертех а етташ, гор а етташ, ц1а а еъна, х1инца т1едеттачу дарца к1ел, йогуш лампин серло гучу шайн жимчу кора к1ел, учи т1ехь 1уьллуш яра-кх Бауддин зуда и Кулсум, наггахь садо1уш а, ца до1уш а.

 

Кулсуман да Асхьаб, тохара хьалха санна, кора т1е веъна, цкъа ара а хьаьжна, йовхарш а тухуш, меллаша шайн лоха не1 а йоьллуш, ара а ваьлла, хьоькхучу дарцана ша т1екхоьллинчу шен кхекхан кетарх а хьерчаш, шайн ханнийн божалан не1аре а вахна, шайн буг1анашка хьежа велира.

 

Х1инцца Асхьаб, буг1анашка хьаьжна а ваьлла, чувог1уш, цунна учахь 1уьллу шен йо1 Кулсум гур ю, цо чуьра Кулсуман йоккхахйолу йиша а, Кулсуман десте ларалуш йолу Човка а сама а яьккхина, Кулсум чу юьгур ю. Т1аккха, йоккха ц1е а латаяйтина, Кулсуман дег1ана парг1ато, г1оле лоьхуш, уьш дика хьийзар бу, т1аккха Кулсума эр ду: «Х1ун дийр дара-техьа ас, сайн шу а ца хиллехь? Лийр яра-кх со цу дарцехь, цу шелехь тховса йиснехьара. Ма дика ду-кх шу сан долуш! Ас шаьш бохург ца динехь а, со шайн хиларе терра, 1алашйо-кх аш».

 

Х1ан-х1а, х1инца шайн бежнашка а хьаьжна, вог1учу Асхьабана х1ара ца го, цо-м х1ара, шена гинехьара, чу юьгур ярий, х1ара шен йо1 хиларе терра. Х1ара не1арна гена 1илларна а, кхуьнан когашкахь хьаладоьттина даьккхина 1уьллуш жимма дечиг хиларна а, Асхьабана х1ара ца гин, иза, меллаша шайн не1 а йиллина, чуваха.

 

Вахча х1ун ду Асхьаб х1инца, х1ара а ца гуш, чу, дукха ца хьелуш, аравала а мегий, шайн чохь товханахь йогуш йолу ц1е лахъяларна, иза юха лато кху Кулсуман когашкара дечиг дахьа. Х1ара шена иштта ирчачу буса арахь, наха дохийначу дагца 1уьллуш гича, Асхьабана, ша х1ара Бауддига яхча ц1а юьтур яц аьлла, дуй биънехь а, мел хала хетар ду, мел дог лозур ду цуьнан кху Кулсумах, х1ара шен ц1ийх яьлла, шен доьзалхо хиларе терра.

 

Х1унда йитира теша Бауддис шен зуда Кулсум? Х1унда яьккхира-теша цо жима Кулсум шех?
 

...т1аьхье хир ю <Д. М.>



Источник: http://кавказчат
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (03.05.2008)
Просмотров: 1529


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024