ХЬОЗА
(Воробей)
Хьозий тайпа олхазарш вайн махкахь 312 беса а, кепа а ду. Церан тайпанаш 96 ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ т1иэхьа биъ п1елг хуьлу оцу тайпанех долу олхазарийн. Х1оьаш кхин долчу олхазарийн кепара ду. Т1едарчий долуш а, доцуш а. К1айн а кхоьчу басахь а. Церан дахар тайп-тайпанарчу хьелашкахь, мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, г1аланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, 1аннашкахь, тог1ешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Ялташна зуламе садолу х1умнаш цара х1аллакьярна, пайдехь лерина уьш. Аса х1инца дуьйцар ду вайн кхузахь Къилбаседа Кавказехь долчех лаьцна.
--------------------------------------------------------------------------------------------
БУЬЙСАНАН МОКХА ХЬОЗА
(Козодой)
Деха ц1ога а долуш, деха т1емаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. Т1ера мас нилха а, к1еда а ю цуьнан, когаш боций, б1аьргаш баккхий бу. З1ок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. З1акара юххехь шина а аг1ор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн т1ехь, я лаьттахь 1адда хоий 1а иза. Оьрсаша "Козодой" олу цунах. Коьрта т1ехь а, белаш т1ехь а, дег1ан дохалла а 1аьржа мог1анаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхачу хенахь г1еранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха х1ума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. Х1оа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса т1едарчий а долуш. Т1ома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, "кувык, кувык" бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу х1уманаш а йоу цо, дедда доьддушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш.
--------------------------------------------------------------------------------------------
ХЬУЬНАН ХЬОЗА
(Певчий дрозд)
Б1аьста дитташна г1а даьллачу хенахь, хьаннийн кортошкахь хаза декаш хуьлу хьуьнан хьоза. Оьрсаша "Певчий дрозд" олу цунах. Эрза шедаган аз санна зевне хуьлу цуьнан аз. "...Чукаричу-у-къ" "х1инц-х1инц". Ира йоца з1ок а йолуш, мокха хьоза ду иза, чук1ело къорза а йолуш. Хьаннашкахь а, аренашкахь а, лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа хьозий. Б1аьста баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш стен, боьршан. Важа йолчу хенахь г1еранашца хуьлу. Лаьтта а, диттан кондарш т1е ховшу уьш. Баннаш дитта т1ехь а, диттин кондарш т1ехь а до цара. Х1оьаш стигалан басахь сийна хуьлу, 1аьржа т1едарчий а долуш. Тойна апрель-июнь баттахь доккха. 4-5 к1орни доккху цо.
--------------------------------------------------------------------------------------------
1АЬРЖА ХЬОЗА
Оьрсаша "Черный дрозд" олу оцу 1аьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан з1ок а, б1аьрган х1азарш а можа ду ц1иэ бос а бетталуш, дерриге а дег1 1аьржа ду. Стечу хьозанан таь1на мокха бос бу, з1ок 1аьржа ю.
Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тог1ешкахь стоьмийн бошмашкахь ду 1аьржачу хьозанан.
Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка д1акхелха 1аьржа хьозий, б1аьста, апрель баттахь вай долчу юха дог1у. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Г1еранахь лелар к1езиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш т1е а, диттан генаш т1е а ховшу уьш. Когаш т1ехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дег1 меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан "чок-чок" "терре-чок-чок". Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 х1оа до 1аьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.
--------------------------------------------------------------------------------------------
Т1УЛГАН Г1АЙРЕНАШКАРА ХЬОЗА
(Каменка)
Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, т1улгийн г1айренашца хуьлуш ду, т1оьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, з1акарна т1ера б1аьрга т1оьхула д1а корти, г1орти хотталучу кхаччалц 1аьржа томмаг1 долуш хьоза. Оьрсаша "Каменка" олу цунах т1улган г1айрешца иза хуьлу дела.
Т1емаш 1аьржа ду цуьнан. Ц1оганна шина аг1ор к1ай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. Ц1ога йоьххьера хадийчи санна нийса а, 1аьржа а ду. Цунах хотталуш ц1оганна юккъе кхаччалц дег1 долчу аг1ор схьадог1а 1аьржа сиз. Чук1ело а лаг а к1ай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. Х1оьаш 4-7 до.
--------------------------------------------------------------------------------------------
Ц1ИК-Ц1ИК ХЬОЗА
Оьрсаша "Камышовка барсучок" олу "ц1ик-ц1ик" хьозанах.
Генарчу малхбалехь Хьасан 1оман берда йистошца ду Ц1ик-ц1ик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг яц билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа 1аьсан тог1ий йоцург. Оцу 1аьсан тог1и чохь 1аьржачу толлан кондаршна т1ехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна т1е а хоий декара иза иштта. "Ц1ик-ц1ик-ц1ик-ц1ир-р-р-р!" олий. Дуткъа дег1 а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. Х1оьаш к1айн хуьлу ал т1едарчий а долуш 4-5. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу х1умнаш йоу цара. 1аьсан тог1ийна лаххьа Шалажца йолчу Далинтог1и чохь а, Бекшан тог1и чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.
--------------------------------------------------------------------------------------------
БЕШАРА ХЬОЗА
Бешарчу хьозанах оьрсаша "Лазаревка" олу. Т1емаш а ц1ога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж к1ай ду цуьнан, беснеш а к1ай ю, лаг 1аьржа ду, хандаргана т1оьхула а 1аьржа мас ю. Накха можа бу, чук1ело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш т1ера каде ду г1аттар, кхечу гаьн т1е хаар. Бен диттан хари чохь бо. Х1оьаш апрель-май баттахь до 5-10. Х1оьаш к1ай хуьлу, ц1иэ бос бетталуш, ал т1едарчий а долуш. Декар иштта ду: "Ци-ци-ц1ир-р-р".
--------------------------------------------------------------------------------------------
|