Главная » 2008 » Июнь » 7 » АКХАРОЙ,ОЛХУЗАРШ,НОХЧИЙН МАТТАХЬ
АКХАРОЙ,ОЛХУЗАРШ,НОХЧИЙН МАТТАХЬ | 01:59 |
Ц1ИЭКОГАШБЕРГ
Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар ц1иэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. З1ок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста 1аьржа т1едарчий а долуш. Чукъело к1ай ю, ц1ога а т1оьхлара к1ай ду цуьнан. Шина а т1ома т1ехь к1айн моханаш ю, г1аьттича гуш. З1ок юххера ц1иэ ю. Оьрсаша "Травник" олу цунах. Хин берда йистошкахь 1аьмнашкахь, т1уьнчу тог1ешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка д1ай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра г1еранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. Х1оа диъ хуьлу т1ехь т1едарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар "тю-ли, тю-ли", бохуш ду.
-------------------------------------------------------------
Ц1ИР-Ц1ИР
Ц1ир-ц1ирах оьрсаша "Соловей" олу. Цуьнан бос таь1на мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь, хиш долчу меттехь. Дег1 вукха хьозанчулла бен дац цуьнан. Ц1ога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. Х1оьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан х1оьаш ал бос болуш хуьлу.
-------------------------------------------------------------
ЧОВКА
Човканах оьрсаша "Галка" олу. Коьрта т1ера а, г1орта а сира ю цуьнан. Важа долу дег1 1аьржа ду к1ур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь а хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Цхьана меттехь совций а еха уьш. Яккхийра г1еранаш йой а лела уьш. Баннаш дитташ т1ехь а, дичиган харанаш чохь а до. Бердах а доху цара баннаш. Х1оьаш апрель-июнь баттахь до 4-6. Стигалан басахь, баьццара бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш хуьлу уьш. Екар "кха-а, кха-а" бохуш ду.
-------------------------------------------------------------
Ч1ОБ
Оьрсаша ч1оьбах "Сизоворонка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дег1. Т1емаш таь1ночу басара сийна ду. Ц1ога а оццу басахь ал ду цуьнан.
Ч1оьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка д1ай-схьай кхелхачех ду иза. Ч1оьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тог1ийн кортошкахь а, хин бердашца а до. З1акарца а, м1арашца а охкуш бердах а боккху ч1оьбо бен. Х1оа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш.
Телеграфан сераш т1ехь, я диттан дакъаделлачу гена т1ехь цхьаъ ша 1еш го ч1об дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка д1акхелхаш, цхьанакхетий, г1ера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу х1умнаш ю.
Ч1об буьйсанна дека "Ч1о-об, ч1о-о-об" бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд юкъаюлуьйтуш.
-------------------------------------------------------------
Ч1ЕГ1АРДИГ
Оьрсаша "Ласточка" олу ч1ег1ардигах. Букъ 1аьржа сийна бу цуьнан. Ц1ога к1елахула хаьндарга т1оьхула пурх шуьйра 1аьржа моха ю цунна. Т1емаш а, ц1ога а лиэпаш сийна-1аьржа ду. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. Накха, чук1ело к1айн ю. Ц1оганан шалгу - ши мас еха а, юткъа а ю.
Дахар ярташкахь, г1аланашкахь а, ярташна, г1аланашна юххехь а ду. Г1еранца хуьлу ч1ег1ардигаш. З1енан серашна т1ехь йоккха г1ера хуьлу церан 1еш. Баннаш поппарх до цара юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Баннаш, нехан сеннеш чохь, раг1ош к1елахь, т1ай к1елахь, дог1а ца кхетехь до. 4-6 к1айн х1оа до ч1ег1ардиго, ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. К1орнийн когаш вовшахбоьхку ч1ег1ардиго, уьш бенара охьа ца эгийта, говран кхесах я ц1оганах боьжна мерз бахьа цо церан когаш бехка. Ч1ег1ардиган к1орнеша бен ца бехбо. Т1иэхье бенал арахьа а йоккхий бехло уьш. Ч1ег1ардиган декар иштта хуьлу: "Цхьа-коьна, ши коьна-коьна-коьштара , ч1амарг1ана ч1иж-ж-жикъ" бохуш санна.
-------------------------------------------------------------
ШОРШАЛ
Оьрсаша шоршалах "Синяя птица" олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи 1аьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи к1ур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. Ц1ога деха ду цуьнан, т1емаш доцийра ду.
Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду "къи-къи-къи-къи!" шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш к1елахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан 1еханах, бецах бо цо. Х1оьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано ц1иэ т1едарчий а долуш хуьлу цуьнан х1оьаш.
Х1оьаш май-июнь баттахь до.
**************************************************************
|
Просмотров: 1555 |
Добавил: borzik
|
| |