БОРЗ
Барзах оьрсаша "Волк" олу. Вайн халкъо олуш ду майрачу стагана "борз санна майра", х1ума лачкъош а, ядош а волчунна "Ка тухуш борз ю" олу. Туьйранашкахь цхьогале х1илланца борз 1иэхайойту. И иштта а дац. Борз а ю шеначулла х1ума хууш.
Цхьацца тайпа акхарошна шайн-шайна езаелла меттигаш хуьла: г1амарш, еса аренаш, цанаш, лекха ламанаш, хьаннаш, хин бердан йистош, раьг1наш, тог1еш и д1. кх.
Берзалойн, езаш кхастийна меттигаш яц. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, раьг1нашкахь а, г1амаршкахь а хуьлу. Бакъду яккхийчу хьаннийн к1орге ца еза царна, цигахь ижу лаза хала долу дела.
Борз евзашвоцчунна доккхачу ж1аьлех кхасто хала ду. Бакъду башхонаш ю барзаний, ж1аьлиний юккъехь. Берзан ц1ога текхаш ду, лергаш нисса ирахь лаьтта, я жимма т1ехьа дийша дой а хуьлу. Ж1аьлин санна охьакегделла кхозуш ца хуьлу берзан лергаш. Берзан само ч1ог1а ю. Ижо лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан коьртачу декъана. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхчи, я эса 1аьхчи шиъ-кхоъ километр генахь хеза барзана. Елла бежана хьожанах ца хаало барзана, цунна т1ехула хьийзачу кхийгийн г1овг1анах хаало. Барзана, набкхетта йоллушехь хеза мохо декъа г1а хьадичи а, коган тата а. Йижна уьллучу барзана тоса ца луш т1е ца вахало, кхин долчу акхарошна санна. Барзана дийнахьчул дика го буьйсанна са. Цундела буьйсанна адамах къаьхкина гена ца йолуш, гергахь, къайлайолий д1алечкъа иза. Дийнахь адамах къаьхкий генайолу. Аьхка лорах хьожа йокхуш ца лацало барзе ижо. Пхьагална т1аьхьа едчи, иза коьллашна юкъа а иккхина къайлаяьлчи дан х1ума доцуш юьсу борз.
Барзо ижонна толлу оцу меттигашка а, гондахьа долчу 1аламан хьелашка а хьожжий. Цхьаъ ша хилчи барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго ижу кхечу кепара лоцу: я гондахьа йолий го бой, я цхьаерш к1ела а ховший,вукхара т1етоллуш. Ж1аьлина тешнабехк бо барзо. Иза уьйт1ахь, кертахь долу меттиг а лохий, ша цунна гучуйолу борз. Жйаьла шена летчи, ша кхераелла моттуьйтуш хьалхара йоду. Ж1аьла цунна т1аьхьа долу. Дех кхерам боцчу метте гена яьлчи, ц1еххьана доьхьал а йоьрзий, ж1аьла хьакхадо барзо. Иза ден а доьй д1ахьо.
Борз гураца лаца а хала ду. Елла 1уьллучу бежанна т1е ца йог1у борз шена цхьа жимма а шеко хилчи.
Борз говрийн реманна а, я бажа белахь цунна а юкъаэккха ца яьхьа. Бажо, гоъмаш вовшах а тухий, мо1ийн керт доьхьал х1оттайо цунна. Говраш, кортош чоьхьа а долуш, мийраш барзехьа берзабой, д1ах1уьтту. Мел дуккха го тийсичи а, и дуьхьало ца юху церан. Борз кхин дан х1ума доцуш д1айоьду. Цундела бежна, я говр, ша ца гуччу юьстахйолу ларйо цо.
Т1аьхьа 1у воцуш дисначу жана юкъа лелха берзалой. Ка а етташ уьстаг1ийн дуьмеш хедадо цара. Т1аьхьа 1у воцуш долчу жана цхьана борзо а до доккха зиэ.
Йоккха ижо хьалха нисъелчи къиза йоь берзалойн арданго. Масала боккха сай цхьана барзе бе ца ло. Арданг т1аьхьаяьлчи ка етташ жижиган поттанаш йохуш божабо иза.
Иштта ижонна т1аьхьаевллачу берзалошна шайна юккъе цкъа а, шозза а топ тоьхчи а ца хаьа, оцу ижонна шаьш дечух маслой.
Шаьш дийначу экханах жижиган потта к1езашна хьо берзалоша. К1езий 1амош царна а гойтуш вовшахйоккху берзалоша сайгак а, газа а, пхьагал а. Т1аккхахула, ижу д1аядалур йоцуш лаза а йой, к1езашка шайга вовшахйоккхуьйту.
Берзан к1езий кегий йолуш ц1ийза, латар, уг1ар доцуш. Берзалой уг1у суьйранна а, я буьйсанна, я сатоссуш. Дийнахь борз ца уг1у.
Кхиъна онде евлича, бенара г1овттий, кхерсташ лела берзан к1езий. Цхьана метта ца совцу уьш. Ша ижонна яхна леллачуьра к1езашна юха т1ейог1уш, уьш мичахь ю хаан уг1у борз! "1ав-в-в, ву. Вов-вов". К1езий йоккха г1овг1а йоккхуш доьхбал йог1у Нана-барзо ч1ог1а лардо шен к1езий.
Борз,вай наха ц1ог1а лоруш хилла.Дуккха а иллеш а, дийцарш а ду вай маттахь берзах лаьцна.Дуккха а ,ц1ераш ю вай нехан .Масала Борз-1ела ишта д1а кхин а.Шайна ,Борз … хьалха долуш хууш йолу ц1ераш язйе тхьоьга.
|