ЛОМ
Оьрсаша лоьмах "Лев" олу. Майра а, ницкъ болуш а экха ду иза. Аккхаройн паччахь ду олу цунна. Лоьмо мохь тоьхчи цуьнан ц1ог1анах кхералой д1атоь акхарой. Боьршачу лоьман кхес хуьлу лергаш т1е кхаччалц г1ортан т1ехь. Кхин д1а а дег1а т1ехь лоха а, луьста а, морса чо хуьлу. Деха ду цуьнан дег1. Корта боккха бу. Ц1ога деха а, жимма охьадирзина а ду, йоьххьехь к1ужал а йолуш.
Стечу лоьман кхес ца хуьлу. Дег1а т1ехь цхьабосса лоха а, луьста а, морса а чо бу цунна.
Лоьман к1еза шиъ хуьла дукха хьолахь. Лом т1ехьаьжчи эсала хеташ экха ду.
--------------------------------------------------
Ц1ОЬКЪАЛОМ
Оьрсаша ц1оькъалоьмах "Тигр" олу.
Вайн Кавказан лаьмнашкахь цхьана хенахь хилла ц1оькъалоьмаш. Х1инца уьш тосалуш дац.
Иза онда а, ницкъ болуш а, майра а экха ду. Дег1 деха ду цуьнан 110-180 см, ц1ога 80-110 см. Настарш йоций а, стоммий ю цуьнан. Чо луьста а, боца а бу. Ц1ока сирла а, т1ехь т1едарчий долуш къорза а ю. Бос кхоьлано можа бу, томмаг1наш мокха ду.
Ц1оькъалом хуьлуш долу меттигаш: 1аннашкахь, аьрцнашкахь, т1улг1ийн бердац ,лаьмнашкахь, къилбехьа Туркменин ,Бабатаг а, Актау а лаьмнашкахь хуьлу, Иранехь, Афганистанехь, Пакистанехь а ду .Церан даар сеш, лунаш, масарш, и.д1.кх. дийнаташ ду. Олхазаршна таллар к1езиг ду церан. Доладелла лелар меллаша ду лар таьхь ца лела ц1оькъалом. Дитта т1е а далало ,къашка хьала а долу, мел ирхе йолуш т1улган <...> Ижо лахар к1елхоий ларош, я т1аьхьа долий экка лоцу цо.
Бен ламанан чхарашлахь, херонаш йолчохь хуьлу цуьнан. Декабрехь, январехь оре дог1у уьш. Ц1оькъалоьман к1еза шиъ хуьлу. Диъ к1еза деш меттиг а хуьлу.
--------------------------------------------------
|