ПХЬАГАЛ
Пхьагалах оьрсаша "Заяц" олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тог1еш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий 1уьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостаг1чух к1елхьара ца йокху. Цуьнан мостаг1ий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чаг1алкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, г1ирг1анаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой ж1аьлешца т1аьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан ц1ока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а к1елхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен ж1аьлешца лорах т1аьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула т1ехволуш 1адда юьжий 1уьллу. Варданца я машинашца д1а-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йог1ий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга г1ерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, к1езиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн г1ад дожу цара.
Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. Х1ора моссазза ехка пхиъ я ялх, я ворх1 к1орни йо цо. Нанас к1езиг терго йо к1орнийн. Уггар атталла бен а, я буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра к1орнеш вовшех а хьаьрчий 1охкуш карайо. К1езиг тосало царна юххехь нан. К1орнеш якха а йой царна юххера д1айоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало к1орнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен к1орнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела к1орнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу к1орнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, д1атосу нанас шен к1орнеш.
Цхьана а экхана хьожа ца кхета к1орнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла т1е ца 1оттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, т1ехь чо болуш а хуьлу пхьагалан к1орнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан к1орнеш. Кара1еминчу пхьагало ж1алийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара х1ума а йоу, дижна 1уьллучу ж1аьлин коьрта т1ехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
---------------------------------------------------------------------
К1АЙН ПХЬАГАЛ
Оьрсаша к1айчу пхьагалах "Заяц-беляк" олу.
Вукху пхьагалах къасто цхьа а кхин тайпа башхонаш яц к1айчу пхьагалан 1ай бос хийцалуш к1айялар бен.
Ло диллинчу хенахь акхаройх ларъялан аьтту беш ду цуьнан к1айн духар. Амма ло доцчу хенахь оханаш т1ехь а, шерачу арахь а, мел генара а гуш хуьлу иза. 1ай хьаннашкахь хуьлу к1айн-пхьагал дукхах йолчу хенахь. Аьхка вукху пхьагална санна аренца меттигаш еза цунна синтарш долу хин бердан йистош, эрз болу тог1еш, ирзош, диттийн кондарш.
Вайн Союзехь Европан дакъошкахь къилбехьа Киевски областе кхаччалц а, Азехь Къилбехьа Казахстане кхаччалц а, Малхбалехьа Камчатке, Сахалине кхаччалц а долчу мехкашкахь хуьлуш ю к1айн пхьагалаш. Шаш бечу океанан бердаш т1е кхаччалц йолчу меттигашкахь а хуьлу уьш. Яжа меттигаш хоьржуш, цкъа цанен аренашкахула лела уьш, т1аккха ялтийн аренашкахула кхерста. Стоьмийн бошмашкахь а, хесашкахь а ежа уьш.
Диттийн г1а дужучу хенахь хьуьн чуьра арайовлу к1айн пхьагалаш. Кхин бахьана дац цу хенахь цара хьун тесна йитар, охьаоьгучу г1ан татанех кхерар бен. Охьадоьжначу г1ан патаршлахь олхазарша садолу х1уманаш лоьхуш деш долу "шах-шах" а тоьа царна кхераяла.
К1айчу пхьагалан яжар а ду, вукхуьнан санна садайчи а, буьйсанан цхьана декъехь а. Ткъа, беттан сих сахиллалц ежа иза. Важа пхьагал санна шарахь кхузза-доьазза ехка иза. Вукхо санна х1ора моссазза ехка пхиъ-ялх я ворх1 к1орни йо цо. Уьш 1алаш яр а, уьш юзор а, кхиор а вукхуьнан санна ду.
Цхьа башхо ю к1айчу пхьагалан дахарехь. Къилбаседехь 1 метр к1орга лайх чу йоьлхий баннаш до цара. 1-2 метр латта охкуш лаьттах баннаш а доху...
---------------------------------------------------------------------
ЛАЬТТАН ПХЬАГАЛ
Оьрсаша лаьттан пхьагалах "Тушканчик" ола. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш д1ай-схьай саттадо цо. Т1аьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. Ц1ога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала к1айн к1уж а болуш. Дийнахь шен бенахь 1а иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен т1аьхьарчу шина кога т1ехь кхиссалуш до цо. Ног1ийн махкахь дукха хуьлу уьш.
---------------------------------------------------------------------
|