Амийн дала хьешех юьззина латтайойла
вайн хIусамаш, доттагIий!
Хьаша-да цIентIе кхачар Делера деза совгIат ду. Ткъа аса, сан къона доттагIий, хьаша тIелацарех
сайна хууш долу ши-кхо кост дуьйцур ду шуна:
1. ХIусамдас шун хьалха доло деза, хецца кхача
баан беза, хьаша йиъна ваьллачул тIаьхьа бен
гIатта ца веза.
2. Кхачех кхеттачул тIаьхьа бен хьеше ша деъна
гIуллакх ца хотту.
3. Хьошалла ваханчохь тIера бедар, карар хIума
йицъян мегар дац.
4. Нагахь санна йицъелла йиснарг тIехьа дIа а ца
йохьуьйтуш, иза юхаваллац Iилло еза хIусамдас.
И йицйина бохуш кхайкхо а ца еза.
5. КетIахь стаг кхайкхича аравалар сиха хила деза.
ТIе бедар юьйхина кечам бина вацахь, ша чохь
вуйла хаийта деза. ТIаккха кечам бан паргIато ю
цунна.
(ХIара гIиллакхаш Берсанов Хожа-Ахьмадас даздина "ГIиллакхийн хазна - ирсан некъаш" цIе йолчу жайни тIера ду.)
Марша Iойла, сан къона доттагIий!