Главная » Файлы » Мои файлы

Туьйра
[ ] 08.07.2008, 00:46

Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а

Цхьана юьртахь вехаш вара миска стаг. Цуьнан ц1ийнан нана а, к1ант а кхелхина хилла. Цу къехочун ч1ог1а тидаме а, г1иллакхе а, къахьега хьуьнаре а, оьзда а йо1 яра. Х1усам а, керт-аре а, чуьра йийбар а, кога юхург-т1еюхург а, пхьег1аш а, массо а х1ума ц1ена латтайора йо1а. Ч1ог1а хьекъал долуш яра иза.
Мискачу стеган бахам жима бара. Цуьнан даьхни а, бажа а, рема а, жа а дацара. Бакъ ду, къехочун ворда а, цхьа говр а яра. Цхьана дийнахь генарчу юьрта ваха везаш г1уллакх хилла цуьнан. Иза шен цхъаъ бен йоцчу говрана нуьйр а тиллина, т1е а хиъна, новкъа велира. Иза гурахь дара. Къечу стага сарралц некъ бира. Маьрк1ажа бода х1оытина хан яра. Къехо а, цуьнан говр а ший к1адделлера. Некъана нац1къар а яькхкхина, ворда а сацийна, буьйса якхкха сецча, стаг гира цунна. Иза хиллера совдегар. Мискачу стага, т1е а вахана, салам делира. Иза йохка х1умнаш яхьаш вог1уш хиллера. Цо мискачу стаге аьлла, арахь 1арж а елла, буьйса яккха новкъхь сецна ша. Къехо а резахилла, буьйса йокхкхуш, цигахь саца. И шиъ, буьйсанна хан яллалц, къамелаш деш а 1ийна, шайна х1ума а кхаьллина, д1авижира. Мискачу стеган кхел, совдегаран ворданна юххе а яхана, д1айижина хиллера. Оцу кхело сахилале бекъа йина.
Миска стаг 1уьйранна самавелира. Цунна гира шен кхело йина жима бекъа. Хазахеттачу къехочо, совдегар сама а ваькхкхина, цунна бекъа д1а а гойтуш, элира:
— Хьажахьа, сан кхело сийсара бекъа йина!
Совдегара, шен йуьхьа т1е куьг а хьокхуш, мекх схьа а лоцуш, мискачу стаге аьлла:
— И бекъа кхело йина моьта хьуна?!
— Ткъа стен йина и?
Ца вешаш, вела а къежна, совдегаро жоп делла:
— Эшахь, ас дуй а буур бу хьуна, и бекъа кхело ца йина, сан вордано йина, аьлла.
Къоьвсира цу шимма. Совдегар къарвала туьгуш ца хилла.
— Вордано еш хуьлу бекъа?! — аьлла, миска стаг цецваьлча, совдегаро, шек в воцуш, х1умма а бехк а ца хеташ, элира:
—  Хуьлу дера, вордано бекъа еш ма хуьлу1 И а ца хаьара хьуна?! Хьо ас бохучух ца тешахь, вайшиъ кхелахочун т1е гlyp ву. Цо хоуьйтур ду хьуна, со бакъ вуйла.
Уьш кхелахо волчу бахара. Цо цу шинга ла а дуьйг1ира, т1аккха шен маж а шарйина, вела а къежна, элира:
— Шух бакъ мила ву къасто атта дац. Х1ун дан деза аьлча, х1инца шуьшиъ ц1а гlo. Кхана 1уьйранна со волчу схьавола. Уггаре а ерстинарг а, уггаре а хазаниг а, уггаре а масаниг а ялош, ван веза. И ас бохург кхочушдинчуьнан хир ю бекъа.
Къехо кхелахо волчуьра кхоьлина д1авахара. Уып шена мичара карор ю, и ша муха кхочушдийр ду, бохуш, сагатдора мискачу стага. Цундела иза сингаттаме ц1а кхечира.
Хьекъал долчу йо1а шен дена хьалха юрг йиллира. Х1ума а кхаьллина, иза парг1атваьлча, йо1а цуьнга хаьттира:
—  Дада, хьо г1айг11ане х1унда ву? Х1ун хилла вайна, соьга х1ун гlo далур дара хьуна? Схьадийца, ас сайга далу накъосталла дийр ду хьуна.
Дас йо1е дерриге а ма-дарра д1адийцира. Йо1, ойла а йина, елакъежира:
— Дада, ахь цига х1умма а яхьа ца еза. Суна хаьа, хьуна муха гlo дан деза. Цо цунна, иза дика кхета а веш, дан дезарг а, ала дезарг а дерриге а
д1адийцира. 1уьйранна миска стаг а, совдегар а кхелахо волчу д1акхечира. Къехо х1умма а йоцуш вахара, ткъа вукхо берстина Iaxap а, хаза йо1 а, маса дин а бигира. Iaxap, «б1аь» бохуш, 1оьхура, говро, ког а уьйуш, лаьттах берг еттара, йо1, ела и къежаш, самукъане лаьттара. И дерриге а гуш, самукъадаьлла волу совдегар, шен толам хир бу, бохуш, вела а къежаш, самукъане а, векхавелла а вара. Совдерагна резахиллачу кхелахочо цуьнга а хьожий, корта та1абора. Мискачу стагехьа а воьрзий, цо хотту:
— Къен стаг, ахь х1ун еана? Къехочо аьлла:
— Кхелахо, ас х1умма а ца еъна. Уггаре а ерстинарг ас муха яхьар яра, иза массо а тайпа стом а, ялта а, рицкъа а луш, йог1уш йолу токхе гуьйре хилча. Гуьйре х1инца йолуш ю-кх хьуна. Ахь цунах тоам бан а беза-кх. Уггаре а хазаниг ас муха яхьар яра, иза массо a aгlop тоелла, хазъелла йог1у б1аьсте хилча! Уггаре а масаниг ас муха яхьар яра, шина б1аьрго схьалоьцучу аренна шина б1аьргал маса а, кхин якхкхий аренаш юкъалоцуш хилча, ойланал маса а х1ума ца хилча! Х1ума ган б1аьргаш а, х1уманах кхета ян ойла йолуш, хьо-хьо а ву. Цунах кхачам бан а беза.
Кхелахо кхоьлина д1ах1оьттира. Шен можах ка етташ, цо, къехочуьнга а хьоьжуш, ойла йора: «Мискачу стага говза эли. Цо аьлла хьекъале дош къобал ца дича-м, суна 1овдал ву ала а тарло». Резавоцуш, дагна цатам а болуш, кхелахочо элира:
— Миска стаг, ахь делла жоп нийса ду. Бакъ ду, суна хетарехь, ахь и хьайн хьекъалца ца аьлла. Хьуна и цхьамма хьехна. И хьан хьехна хьуна?
Дагахь йилбазалла доцчу къехочо, шена и йо1а хьехна, аьлла.
— Ахь вай дийцинарг дохийна. Ахь арахьара гlo лехна, цундела и хир дац. Ахь бекъа д1аоьцур яц, кхин а цхьа г1уллакх кхочуш ца дича. Хьайн йо1е ала, ша волчу йола: новкъа а ма йола, нацкъар а ма йола, карахь х1ума йолуш а ма йола, йоцуш а ма йола, — аьлла совдегаро.
Миска стаг, г1айг1ане воьжна, д1авахара. Цо ойла йора: «Х1ун дан деза? Новкъа а, нац1къар а йоцуш, карахь х1ума йолуш а, йоцуш а, муха яха еза иза?». Къехо ц1а кхечира. Йо1а дега хаытира:
— Дада, хьо х1инца а г1айг1ане х1унда ву? Бекъа схьа ца ели хьуна?
Дас йо1е кхелахочо бохург ма-дарра д1адийцира. Йо1а цу г1уллакхан дика ойла йира. Цул т1аьхьа йо1а дега хаза, эсала элира:
—  Дада, суна хаьа дан дезарг. Со яха ма-еззара цига а гГур ю, ала дезарг бакъонца д1а а эр ду, вайн бекъа схьа а ялор ю. Х1инца цига дахьа хьоза лацахьа суна.
Цу кеппара, дега шена хьоза а лацийтина, и йо1 кхелахо волчу яха кечъелла. Шолг1ачу 1уьйранна йо1 новкъа яьлла. Новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, новкъа йолуш, юха а нацкъар йолуш, меттиг хуьйцуш, карахь хьоза а долуш, яхана иза кхелахо волчу. Цу кепара, иза новкъа а ца яхана я нацкъар а ца яхана.
Яхана д1акхаьчна иза кхелахо волчу. Чуяхара, карахь хьоза а долуш. Шен карара хьоза кхелахочунна д1агайтина, д1ахецна йо1а, Цо аьлла:
— Со схьакхечи. Кхелахочо йо1е хаьттира:
— Йо1, ас аьлларг, нийса кхочушдиний ахь? Муха еара хьо?
— Кхелахо, ахь аьлларг ас нийса кхочушдина. Х1инца суна хезаш а алал. ахь муха йола аьллера. Йо1а и хаьттира кхелахочуьнга х1илланца, тайп-тайпана хабарш дийцийта.
Йо1е вукхо элира:
— Ас хьоьга хабар даийтира, новкъа а ма йола, нацкъара а ма йола, йог1уш карахь х1ума хила а, ца хила а мегар дац, аьлла.
—  Ас иза дерриге а нийса кхочушдина: со еъна новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, юха а новкъа йолуш, массо а ханна меттиг хуьйцуш. Со новкъа а ца еъна я нацкъар а ца еъна. Цхьаъ и ду. Шолг1а, со йог1уш сан карахь хьоза дара. Иза хьуна а гуш, сан карара дедда д1адахара. Цу кеппара, со йог1уш, сан карахь х1ума йолуш а, йоцуш а хили. Ас иза дуьззина нийса кхочушдина. Ахьа-м изий бен ца аьллера. Нагахь ахь, ян ма йола, ца йог1уш а ма 1е аьллехь а, хуур дара суна дан дезарг.
Кхелахочо хаьттина йо1е, ша и аьлча, т1аккха х1ун дийр дара ахь аьлла. Йо1а аьлла, хьуна б1аьргана гучу кхаччалц, схьайог1ур яра ша, хьуна со а, сайна хьо а гайтина, хьуна т1е а ца йог1уш, д1аг1ур яра ша. Т1аккха еънарг а, цаеънарг а хуьлура ша.
Цецваьллачу кхелахочо йо1е хаьттира:
— Оццул хьекъал долу хьо, доьзалехь х1ун яош кхаьбна?
— Юьртарчу бахархоша ц1е ягийна йисна овкъарш, эвла йисте д1акхуьссура. Цу овкъаршна юкъахь м1ерий в доьг1уш, ч1ерий а лоьцуш, и ч1ерий а даош, кхаьбна со доьзалехь, аьлла йо1а.
Кхелахочо элира:
— И бакъ дац, цунах цхьа а тешар вац.
—  Цунах х1унда ца теша? Вордано бекъа йина аьлча, хьо а тешний и! Х1илла дага а ца лоьцуш, тхан кхело йина бекъа схьало, — аьлла, йо1а шайн бекъа схьаяьккхира.

Категория: Мои файлы | Добавил: borzik
Просмотров: 1533 | Загрузок: 0 | Рейтинг: 5.0/1 |
Всего комментариев: 0


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024