Главная » Файлы » Мои файлы

Туьйра
[ ] 08.07.2008, 00:48

Цахилларг къовсар

Цахилларг, хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да, хьалдолу стаг. Цахилларг, хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжк1аш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжк1аш ахьа веана цхьа миска нохчо.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
— Цхьацца гирда хьаьжк1аш а яхкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
— Къовса дера, — резахилла миска стаг.
Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла, бохуш, бакъдина:
— Башха дика кхобуш цхьа котам яра сан. Цхьана дийнахь котам ц1а чу а йоьллина, ваьлла г1уллакхе вахара со. Шолг1ачу дийнахь, ц1а ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу ц1а чу хьаьжира со. Тамашийна х1ума гира сан б1аьргашна: чоь юьззина xloaш а дина, арахула, к1ур хьалаболучу туьнкалгана т1е а хиина, Iaш яра сан котам. Х1ун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой   а   гулбина,   баьхьаца   хьаьккхина   ара   а  дахийтина,   х1оаш   ара волавелира со. Оцу х1оиэх керт юьззина котамаш а, борг1алш а йоьвлира суна. Т1аккха оьг1азваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула д1а-схьа лелхийра уьш. Цул т1аьхьа и ерриге а котамаш а, борг1алш а, цхьа котаммий, цхьа борг1аллий хилла, д1ах1иттира.
Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
— Иза ду-кх сан цахилларг.
— Делахь дика ду, — аьлла къечу стага, — х1инца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладог1алахь.
Йоккха мазлаг1а яра сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхар-мозашна юкъахь ерриге а мазлаг1ана ха деш, иза ларъеш, цхьа боккха эла накхар-моза бара. Мича баха а ца хууш, т1апъаьлла бахана байра и эла накхар-моза.
Иза кароза 1ийр ма вац, аьлла, ц1ера ваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама яьлча, суна хезира, сайн накхар-мозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу, аьлла. Цига вахара со. Лелааш, вахана оцу метте д1акхаьчча, ялх стуца готанна д1а а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а яийна, латта охуш лелош карийра суна сайн накхар-мозийн эла.
Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхар-моза парг1ат а баьккхина, иза а балош ц1а а веана, нахе хаьттира аса:
— XIoкxy накхар-мозийн элан яийна ворта муха талур яра-техьа? — аьлла. Хьекъал долчу наха суна жоп делира:
—  Б1аран т1амарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул т1аьхьа лазийначу вортан т1е дилла-уггаре а дика дарба ду хьуна и.
T1e хьакхар а тоьхна, лерина хьийна б1арийн т1амарш а кечйина, уьш накхар-мозийн элан яийначу вортан т1е ехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана д1авижира со. 1уйранна, х1ун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна х1ума: накхар-мозийн элан вортан т1е даьлла лаьтташ доккха б1аран дитт дара, т1ехь б1араш а долуш.
Цхьажимма б1араш эго дагахь, дитта т1е г1орза кхоьссира аса, иза, хьаьлакхоьссинчохь, дитта т1ехь йисира, охьа а ца йог1уш. Лаьттан г1орзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.
Ялх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. Т1аккха цу т1е хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, х1ун хьал ду-техьа цаьргахь, аьлла, хьаьжира со. Сайн кха т1ехь дика хьийкъина хорбазаш а, 1аламат йоккха цхьа паста а карийра суна.
Х1уъу а дича а, паста ц1а а ца яелла, тур детташ юккъехула ши ах йира аса пастанах.
Пастанан ши ах д1аеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна т1аьххье дуккха а таллархой а. Т1аккха д1а чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу т1е хьаьжначу суна йоза гира: «Хьаьжк1ийн гирда мискачу стагана бог1у», аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна.
Мискачу стага ши гирда хьаьжк1аш яьхна.

Категория: Мои файлы | Добавил: borzik
Просмотров: 1106 | Загрузок: 0 | Рейтинг: 5.0/2 |
Всего комментариев: 0


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024