Главная » Файлы » Мои файлы

КЕРЛА ТУЬЙРА
[ ] 09.09.2008, 23:37

БОРЗ

Цхьа борз хилла гуттар юучух юьзна. Кураяьллачу барзана хьаьжа ц1а яха еза ша аьлла дагадеана. Т1аккха коьллаш юккъе а яьлла, коьртах яраш а хьарчийна, хьаьжа ц1а яха новкъа яьлла иза.
Оьхаш, генна а яьлла йоьдаш хилла борз. Йоьда-йоьдуш вирана т1екхаьчна иза. Кхераделла вир д1аиккхина.
Вир, хьо д1а ма лелха, хьо схьа ма лелха, со дикачу новкъа араяьлла.
Со хьаьжа ц1а яха араяьлла, сох кхерам бац хьуна, аьлла барзо. Цо и аьлча, шен метта яжа д1ах1оьттина вир.
Т1аккха йоьда-йоьдуш тарана т1екхаьчна хьаьжа ц1а йоьдуш йолу борз. Барзах кхера а белла, ту д1аиккхина. Юьзана ша х1ун дийр ду а ца хууш йолчу барзо аьлла:
- Хьо д1а а ма лелха, ту, схьа а ма лелха, ту, со дикачу новкъа араяьлла хьуна, аса х1умма а дийр дац хьуна, сох ма кхера.
Ту бажа д1ах1оьттина, цо и аьлча.
Т1аккха д1айоьдаш йолу борз говрана т1екхаьчна. Хьалха вир а, ту а санна, кхера а елла, д1аиккхина говр. Амма барзо сацийна иза:
- Хьо д1а а ма лелха, говр, хьо схьа а ма лелха, говр, сох кхерам бац хьуна, со дикачу новкъа араяьлла, со-м хьаьжа ц1а йоьдаш яй, - аьлла.
Говр яжа д1ах1оьттина.
Йоьда-йоьдуш гена яьлча, борз мац а елла, г1ел а елла, ша ара беккхинчу некьана дохкохъяьлла. Цунна дагадеана, юха а йирзина, шен коьртах йохку яраш д1а а кхиссина, вир а, ту а, говр а яа. Цо ша-шега аьлла: "Суна х1ун хьашт ду хьаьжа ц1а яха. Цулла а сайна говран жижиг, теран жижиг, виран жижиг а дууш 1аьн яй со".
Эццигахь юха а йирзина, ц1ехьа йолаелла борз. Схьайог1уш говрана т1екхаьчна иза. Говро барзе аьлла:
- Хьуо хьаьжа ц1а йоьду ца бахара ахьа, хьуо дикачу новкъа йоьду ца бахара ахьа?
- Со дера йог1у дохко а яьлла. Сайна виран жижиг, теран жижиг, говран жижиг дууш 1ен яй со, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду х1ета, - аьлла говро, - хьо ялалца а, хьо елча а яал хир ю-кха со хьуна, айхьа со яалай, сан когах боллу хьостам схьабаккхахь, сагатдо сан цо.
Уллий а яхана, барзо ког схьалаьцна:
- Муьлха ког бу хьан иза? - аьлла. Борз улли йогг1ушехь, коьртах мийра тоьхна, говро кхоьссина д1аяхийтина иза.
Шена чу са даллалц йоьжна а 1иллина, хьала а г1аьттина, юха а новкъаяьлла 6орз. Йоьдуш тарана т1екаьчна иза. Юха йог1у борз а гина, таро аьлла:
- Хьо юха ма йог1у, борз, хьуо дикачу новкьа яха араяьлла ца бахара ахьа?
- Со-м дохкояьлла, сайна теран жижиг, виран жижиг а дууш 1ай яй со, оцу дуьнен т1е йоьдачул, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду х1ета, со хьуна яллалц баъал а, елча баъал а хир бу, хьалха сан ма1ан чохь боллуш болу н1аьна схьабаккхахь, - аьлла, дехар дина таро.
- Хьагайтал, мичахь бу и? - аьлла, улле еана борз. Иза хьалхайоллушехь коьртах ма1аш тоьхна 1ункар х1от1ийна иза таро.
Ша метта еача, меллаша хьала а г1аьттина, юха новкъа яьлла борз. Йоьдуш, вирана т1екхаьчна иза. Виро аьлла:
- Хьо юха ма йог1у, борз, хьуо хьаьжа ц1а яха яьлла ца бахара ахьа, хьуо дикачу новкъа йоьдуш ю ца бахара ахьа?
- Со-м дохко яьлла юха ма йог1у, цуллий а сайна виран жижиг а дууш 1аьн яй со, - аьлла барзо.
- Делахь дика ду, со хьуна яллалц а, елча а яъал хир ю хьуна. Цкъа хьалха хьалларчу барза т1е а яьлла, пихмоллин илли алийтахь соьга, - дехар дина виро. Шега т1ехьа я хьалха яла ца аларна х1умма а шек ца яьллачу барзо бакъо елла:
- Алахь, делахь илли а.
Т1аккха барз т1е а яьлла, виро мохь хьакхна:
- Н-на-на-на-на-на, - аьлла.
И мохь хезна нахана. "Ва-а, варраш дойу вай", - аьлла, орца а даьлла, наха шайн вир д1адигна, ткъа барзана баьхьанаш, белаш, г1ожмаш йиттина, эккхийна.
Т1аккха цара ша эккхийча, хьуьнах а яхана, цхьана дуькъачу 1инчу охьа а хиъна, йилхина борз:
- Ах1ий, ах1ий, со хьаьжан ц1а яха хьаьжа вацарий, со говран хьастам хьабаккха пхьар а вацарий, теран ма1ан чуьра н1аьна хьабаккха лор а вацарий, пихмоллин иллига ладег1а замо а вацарий, - ах1ий, ах1ий, - аьлла, кхин а г1ар айина хьуьнан чохь барзо.
Царна г1алдий-булдий, вайна к1айн божжий, мозан 1айггий.

 

Категория: Мои файлы | Добавил: borzik
Просмотров: 1413 | Загрузок: 0 | Комментарии: 4 | Рейтинг: 4.7/3 |
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *:


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024