НОВР А, Г1ОЖАКЪ А
Дуккха а хьалха заманчохь, Теркайистахь вехаш хилла боху ши наьрт-эрстхо: Новр а, Г1ожакъ а. Новр ц1е йолу наьрт-эрстхо х1инца Лакха-Невре ц1е йолчу юьртахь вехаш хилла. Цуьнан ц1арах техкина боху Теркал сехьарчу нохчий ярташна - "Лакха-Невре", "Лаха-Невре" аьлла а, Неврена дуьхьал, Теркал дехьа йиллинчу г1алг1азкхийн г1алех (станицех) "Новр-г1ала" аьлла а ц1ерш. (Оьрсийн маттахь "Нижний Наур", "Верхний Наур", станица "Наурская" олу царах).
Наьрт-эрстхо Г1ожакъ Ног1амирзин-юьртахь вехаш хилла. Теркайистехь Ног1амирзин-юьртахь вехачу Г1ожакъан хилла цунна ч1ог1а дукхаезаш, хаза зуда Белши. Иза Г1ожакъе маре яхарх лаьцна иштта дуьйцу: Башха хаза, куц долуш хиларал совнаха, дег1ехь ч1ог1а ницкъ болуш, онда стаг а хилла Белши. Ша маре г1онйолу стаг шенчул ницкъ а, хьуьнар а алсамдолуш, тоьлла хила веза аьлла кхайкхийна Белшис. Охьатохарех шех летта стаг, ластавой охьатухий, шен коьртах чоьш а дохий, цаьрца д1авоьхкуш хилла боху цо. Белшин хьуьнарш а, цуьнан хазалла йийцар а шена хезчахь, говрахь иза йолчу веана Г1ожакъ. Белшис ша маре г1онйолу некъ бийцичахь, цунах лата кечвелла иза. Белшас аьлла Г1ожакъе: "Хьо сох лата веанехь, говрара охьавосса, летар ду вайша". Т1аккха Г1ожакъа жоп делла Белшина: "Хьо зуда хиларна, охьа а воьссина, хьох латар бехке хета суна, говрахь воллушехьа летар ву со хьох". Белши, мухха а волу стаг говрахь к1елхула хьакха ца луш чекх-валалуш, лекха хилла. Цу меттехь тасаделла вовшахлетта и шиъ. Г1ожакъан ницкъ Белшинчул тоьлла. Белшин пхьарс а лаьцна, иза ирх а кхоьссина, охьайогг1ушехьа катоьхна схьа а лаьцна, говрахь сацийна Г1ожакъа. Шен ницкъ цуьнчул эшчахь, къера а хилла, Г1ожакъе маре яхна Белши. Гожакъа, ижуна талла воьдий, дуккха а зама йоккхуш хилла. Ша иштта ваьлла лелаш хиларна, шен зуда т1ебог1учу кхерамах ларъярхьама, Ног1амирзин-юьртана къилбехьа, рег1ахь, Белши т1ехь 1айта, лекха барз-гу бина Г1ожакъа. Цхьаболчара бахарца, и гу Белшис шен кучахь латта а кхоьхьуш бина. Цу барзах кху сохьта а "Белшин-корта" олу. Ткьа барз беш шена чуьра латта кхехьначу орнах "Г1ожакъан 1уьрг" олу, иза а цу юьртана уллохь ду. Лакха-Неврена къилбехьа боьрах даьккхина а ду "Новран 1уьрг" олуш, доккха, стаг чу а вахалуш, 1уьрг. "Новран 1уьрг" дикка к1орге, лаьттах чу а доьдий, лаьтта бухахула Теркаца охьадоьду. Нахана юкъахь дуккха а хьалха заманчохь дуьйна дуьйцуш хабарш ду, иза Девлатгирин-эвлахула "Бираз" тог1ехула чекхдолуш ду бохуш. Цу меттигах "Сатит1е" олу. Ткъа Лакха-Неврений, Девлатгирин-эвланий юккъехь кхузткъа километр хир ю. Цул совнаха, Лакха-Неврера "Новран-1уьрг" Ног1амирзин-юьрта уллохь долчу Г1ожакъан 1уьргах д1акхеташ ду боху аьлча а, Лакха-Неврера дуьйна, лаьтта бухахула Ног1амирзан-юьрта удлохула чекхдолуш ду бохуш дуьйцу. Оцу шина юьртана юккъера некъ шовзткъе итт километр сов беха хир бу. Цу кеппара Лакха-Неврера дуьйна Теркайистехула хьала Ног1амирзин-юьртахула а, Лакха-Неврера Теркан йистонца охьа Девлатгирин-эвлахь "Сатит1е" олучу меттехула а чекхдолуш ду боху и ши 1уьрг. Наьрт-эрстхойн Новран а, Г1ожакъан а истори иштта юьйцу. Кест-кеста х1онсана лела воьдуш волу наьрт-эрстхо Новр, Ног1амирзин-юьрта кхочуш хилла. Цигахь вехаш волчу Г1ожакъан, хазалла г1ара а яьлла, Белши боху зуда хааелла Новрана. Цига вахчахь, Новрана Белши ч1ог1а езаелла, дагайоьхна. Х1уъу а дина, а, велла а, висна а иза ялоза 1ийр ма вац ша аьлла, ч1аг1о йина цо. Г1ожакъера Белши яккхар т1ехь Новрана г1о дина г1ебартойн эло. Кхабанаш чохь кечдина ниха а эцна, Г1ожакъан махка вахана г1ебартойн эла. Г1ожакъ лела ваханчуьра ц1а вог1у хан а ларйина, иза схьавог1у волчу новкъа ниха чохь долу кхабанаш ехкина эло. Хьаг а, мац а велла ц1а вог1учу Г1ожакъа, т1е мел кхаьчначу кхабанаш чуьра ниха мелла. Шен ц1а кхоччуш, вехна кхид1а а ца вахавелла, не1аргехь бертал охьавоьжна Г1ожакъ. Лечкъина къайла а ваьлла, иза ц1а вог1у ларвеш 1ачу г1ебартойн эло, меллаша, цунна ца хоуьйтуш т1е а вахна, тур тоьхна Г1ожакъан корта баьккхина. Цуьнан корта а бахьаш, Лакха-Неврерчу наьрт-эрстхочунна Новрана т1евеана эла. Баьккхина Г1ожакъан корта барна, Новра, шен реми юкъара хаьржина, дикаллехь а, хазаллехь а цхьабосса йолу ткъеитт говр елла г1ебартойн элана. Цул т1аьхьа Белших шен зуда 1ина Новра. Девлатгирин-эвла юххехь ехаш хидла Новран важа зуда Сатиха. Цуьнан ц1арах олуш ду цу меттигах "Сатит1е". Лакха-Неврерчу "Новран 1уьргана" хьалха а хиъна, Новра дечган пондар лекхча, цу 1уьргаш чухула пондаран эшарш а хезий, шаьш йолчохь: Девлатгирин-эвлахь Сатиха а, Ног1амирзин-юьртахь Белши а хелхайолуш хилла. Оцу 1уьрга чухула хаам а бой, шен зударий болчу сакъера воьдуш хилла боху Новр. Хьашт махилланехьа, т1ехиина ваха дика дой долуш йоккха говрийн рема а хилла цуьнан Лакха-Неврехь кхобуш. Цхьана сарахь, "Новр1уьргахула" пондар локхуш шен мар Новр а волуш, Сатит1ерчу тог1ехь хьелашкара шура йоккхуш йоллуш хилла Сатиха. Етт узучу татанах хиъна Новрана Сатихас шура кхаби чу ца йоккхуш, лаьтта охьа1енайойла, шега ладег1а а яьлла. Т1аккха шен пондарца Новра Сатихана йиш лекхна боху:
- Узу, узу, доккха зуьдиг, - К1айн шура лаьтта узу. - Доккха зуьдиг, лаьтта узу!
Цу кеппара йиш Ног1амирзин-юьртахь ехачу вукху зудчунна Белшина а локхуш хилла боху Новра.
|