Гуш ма-хиллара, ишттачу къийсадаларша а, х1еталметалша а беран хьекъал кхиош хилла, ткъа кхечу ловзарша – т1ахъаьлла хилар, ницкъ, майралла. Кхуьуш дог1учу берашна къаьсттина доккха зер хилла кешнашка куй билла вахар. Цунах лаьцна дуккха а дийцарш а ду вайнехан. Куй билла воьдург кхерон к1елонаш еш меттигаш нислуш а хилла кхечу бераша. Ткъа вукхуьнан декхар – х1уъа шена дуьхьал х1оттарх, вуха ца волуш, воха ца вухуш, шен 1алашоне д1акхачар. Цхьамма охьабиллина куй схьабан воьдуш хилла кхин к1ант.
Божаберашна лерина тайп-тайпана ловзарш хилла вайнехан. Ткъа цу аг1ор мелла а къиэн хилла зудаберийн ловзарш. Церан коьрта долчунна тайнигех ловзар хилла. Уьш дукха хьолахь нанас ша еш хилла кегийчу г1ожмех, к1адин цуьргех а, тайх а пайда а оьцуш. Йо1 х1ума хаъал хилчхьана чохь ден г1уллакхаш 1амош, шен хиндолчу х1усамненан дахарна кечъеш хилла нанас.
Берана мотт ма 1емми, «Бисмилла» даккха 1амош хилла. Х1ума яа охьахиъча: «Бисмиллах1иррохьманиррохьийм! Везандела, маьрша яийталахь, могаш лелийталахь»; йиъна ваьлча: «Алхьамдулиллах1! Дела, хьуна хастам бу!» - ала 1амош хилла. Ткъа ворх1 шо кхаьчча, Элчанан - Делера Салам-Маршалла хуьлда цунна - хьадисо ма бохху, ламаз 1амадо берана.
Къуръан деша 1амон а доладо ийман долчу доьзалшкахь. (Бакъду, и дан аьтту к1езиг бара советан заманахь). Бусалба дин марздан, цуьнан хазалла а, йозалла а йовзийта мовлад йоьшучу, саг1а доккхучу, 1еламнаха хьехам бечу дуьгу бераш. Уьш иштта п1ерасканан буса саг1ийна х1ума яла а дохуьйту. Къаьсттина боккха т1е1аткъам бо берашна марха достучу дийно. Оцу сийлахьчу дийнах болу дагалецамаш гуттаренна а буьсу церан кхетамехь.
Берийн ловзарех къаьсташ ду дог1а дехар – «къоршкъури» ц1е йолу шира ламаст. Иза, хетарехь, дукха хьалха, 1есачу заманахь кхолладелла г1иллакх ду. Бусалба дин ч1аг1даларца хийцабелла цуьнан чулацам, ткъа ша г1иллакх дисна. Иза иштта ду: дог1а ца дог1уш, йокъа х1оьттича, бераш цхьана эвла йисте гулло, шайх цхьанна т1е яккхий яраш я дечиган генаш ухку цара, буьххьера д1а а доьхкий. Иза юкъа а х1оттавой, юьртахула дуьйлало бераш, х1ора наь1арга х1уьттуш, шайн илли а олуш:
Къоршкъури х1ара ю,
Дог1а даийта, Дела,
Я Аллах1 Дела.
Стиглахь сиха даийта,
Лаьттахь мела даийта,
Ден дуо бузийта,
Ненан ога дузийта.
Берашна дуьхьалъяьллачу х1усамнанас генашна бухахь воллучунна т1е хи туху (и мосазза туьйхи, важа, кхосса а луш, вегало), саг1ийна х1ума а ло - ахча, х1оаш, стоьмаш, марзаллаш... Суьйранна, я юьртах шаьш чекхдевлча, бераша шайна делла саг1а доькъу, генашна бухахь хиллачунна алсам а кхачош.
Беран пхийтта шо кхаьчча, д1айоьрзу цуьнан бералла. И баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн доллу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку. Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а: пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а, лелочух а жоп дала деза Далла хьалха. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух Далла хьалха жоп дала дезаш. Цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоьпалле верг.
Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а, цунна Далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика г1иллакх а ду, х1унда аьлча, ша воккха хиллийла иштта д1а ца аьлча, ца хууш, шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш (воне, дикане вахар, Салам далар, и. д1. кх. а) т1е ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.
Иштта саг1а доккхучохь гулбеллачу 1еламнаха, юкъараллехь сий-ларам болчу баккхийчара довзуьйту пхийтта шо кхаьчначунна т1едужу декхарш, ловцаш бо, совг1аташ до... Пхийтта шо кхаьчнарг юкъаозаво шайца цхьаьна далла 1амал ян: жам1атца ламаз дан, зуькаре, мовлад ешаре, и. д1. кх. а. Гулбаларна «бехке волчуьнга, цуьнан хааршка хьожжий, дакъалоцуьйту: ламазна кхойкхуьйту, сураташ доьшуьйту, салават дуьллуьйту. . . Баккхийчара иштта тидам баро пхийтта шо кхаьчначунна шен хенан жоьпалла довзуьйту, сихха керлачу декхарийн дахаре вала аьтту хуьлуьйту.
Хьалха заманахь, пхийтта шо ма кхеччи, д1аоьцуш ца хилла к1ант т1емалошна юкъа. Х1онце, мостаг1ашна дуьхьал лата боьлхучу т1емалоша шайца воуьйтуш ца хилла цхьа билггала долчу зерех чекхваьлла воцу жима стаг. Иштта, хилдехьаройн махка уллохь цхьа боккха кхера бара. Жима стаг шен дерриге а герзашца цхьаьна, ведда воьддушехь, куьг а ца 1уттуш, оцу кхерана буьххье т1евала везаш хилла. И дан ницкъ ца кхочург т1емалочун декхарна кийча лоруш ца хилла.
Жима стаг т1емалочул декхарш кхочушдарна кечвеш, тайп-тайпана къийсадаларш, хьуьнарш зер д1ахьош хилла. Царах шиннах лаьцна шен цхьана статья т1ехь дийцира яздархочо Тагаев Сайд-Хьасана. Оцу зерех цхьаъ иштта хилла: шен г1одаюккъал ма болу ц1улла-дечган серийн ц1ов цкъа тур тоьхна хадийча, и тур лелон бакъо луш хилла. Цундела г1одаюкъ готта мел хили а, атта хилла тур лелон бакъо яккха. И серийн ц1ов охьабилла а, к1аг а баьккхина, цу чу ирахбог1а а, цхьана х1умнах хьалаолла а могуьйтуш хилла, цкъа тур тоьхна и хадийчхьана. Иза нахана гуш дан дезаш а хилла. Ткъа тур мел ира хила деза! Мел ницкъ а, говзалла а, сихалла а оьшу и тайпа серийн ц1ов хадон жимчу стагана!
ОЦу зерех чекхваьллачо дакъалаца дезаш хилла кхечу къовсамехь а. Ши жима стаг, настарийн голанех ши кахьар а йоьхкий, хьалхаваларх водуш хилла, буса а, дийнахь а ца соцуш, кхаа юьртах чекхваллалц. Хiуъа хиларх, тцаьхьа жцаьла даларх, я цхьамма герз я мохь тохарх, орца дохуш хиларх, вухахьажа йиш а ца хилла, х1унда аьлча, и дича, са к1езиг долуш а, кхеравелла а лоруш хилла. Оцу зерах чекхваьллачунна секха1ад, т1аьхьуо - топ а лелон бакъо луш хилла.
Кхиъна вог1у к1ант г1иллакхехь, къинхьегам безаш, онда, каде хила, герз лелон - доцца аьлча, дахарна 1амон, махкахь а ц1е яхначу къонахашка д1алуш а хилла. Ша санна долчу берашца цхьаьна, хьехамчас т1едехкина декхарш кхочушдеш, цуьнан ц1ен т1ехь бан беза белхаш беш, масех шо а доккхий, вухавоьрзуш хилла к1ант. И тайпа бераш кхетош-кхиоран кепаш дика гайтина яздархочо Гайсултанов 1умара шен «Болат-г1ала йожар» ц1е йолчу повестехь.
К1ант кхиъна ваьлча, цуьнан бакъо ю зуда яло, ткъа кхиъна яьллачу йоь1ан - маре яха. Кегийрхошна вовшийн довзар, дукха хьолахь, нах гуллучу меттехь хуьлуш хилла: хийистехь, белхешкахъ, синкъерамехь, ловзаргахь... дуккха а нах вовшахкхеташ, къайле хила йиш йоцуш меттигаш ю уьш. Нохчийн г1иллакхо т1едуьллу к1ентан, йоь1ан юкъаметтигаш тешаш болчохь хилийтар, теш воцуш цхьаьнакхетар - и осала лоруш а, магош а ца хилла.
Оцу г1уллакхна хийист къастор ша тайпа маь1на долуш ду. Цкъа делахь, х1ора йо1 а хийисте (шовданна т1е), кхайкха ца оьшуш, ян езаш ю. Цундела цигахь и ган аьтту бу к1ентан, цу т1е шен говрана хи мало дезаш а хилча, к1ентан а ду цига ван бахьана. Шолг1а делахь, хи т1е дуккха а нах бог1у дела, кхин леррина тешаш кхайкха а ца оьшуш, шиннан цхьаьнакхетар дуккха а нахана гуш хуьлу. Кхоалг1а делахь, сацар доцуш, гуттар а д1аоьхучу ц1еначу хин, чу хьаьжча бухара т1улгаш а гуш, сирлачу хин йистехь кхоллало юкъаметтигаш иштта сирла а, ц1ена а хиларе сатийсам а бу иза.
Хийист иштта гойту Бадуев Са1ида шен «Бешто» повестехь:
...Кху хина пурх шина а аг1ор т1ебог1учу новкъахула кегийчу наха, хит1а а кхуьйлуш, шайн дой суьйранна чудерзо чехкка д1а кхуьйлура. Царах цхьаболу кегий нах, кегийчу берашка шайн дой ц1а а кхуьйлуьйтуш, хийистехь а соьцура. Уьш боцурш, кхин дуккха а кегий нах кху хит1а баьхкина бара, х1инцца хит1а оьхуш дуккха а мехкарий хиларна. Цу зудаберашца кегийчу наха, куьйгаш а туьйсуш, маь1-ма1ехь къамелаш дора. Церан дешнашна дуьхьало ца еш, церан массо а дашна дуьхьал там беш, зудабераш, ч1ог1а царах са а къералуш, г1адъоьхуш доьлура. Цу зудаберийн чамеш к1удалех детталуш, ц1естан г1овг1анаш а яра хезаш. Кху юьрта юккъехула чекх а буьйлуш, хина дехьий-сехьий оьхучу кегийчу наха, цу зудаберашна т1екхаьчча, шайн дой т1етуьйсуш, еттачу шодмийн татанаша хийист наг-наггахь екайора. Цу хьешийн дешнашна а зудабераша дуьхьало ца йора. Царах цхьамма «йо1, йолахьа соьга маре аълча, йо1а, шена иза дуьххьара гуш воллушехь, «дера, йог1ур ю-кх со-м», - олура. И зудабераш, шайн къамелаш ца хадош, меллаша хих к1удалш а юзий, юхадахка, чехкка д1а оьхура. Уьш ц1а а ихина, шаьш бисча, кегийчу нахах наггахь волчо олура: «Дала х1ун боху-м ца хаьа, бакъду, и жима к1орни нахе далийта безам бац сан». Цул т1аьхьа кхечо олура: «Вешан дагахь долу зудабераш вайна кхачо бен, вай цу Дала кхоьллина а дад, шек ма довлалаш, кiентий». Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах, цу дешнех синкъерам болий, г1адъоьхуш, куьйгаш вовшах а детташ, буьйлура».
Источник: http://kavkazchat |