Иштта, и гlиллакх дуьйцуш, вайн къоман иэсехь дисина цхьа дийцар ду. Говрахь вогlучу Исмайлин Дудина шен бераца дуьхьал йогlу цхьа жима зуда, и бер охьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говрара воьссина Дуда, оцу берaна тle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, цунна юххе cовг1атнa шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукха Вахавойла Хlapa», - аьлла, дlавахна. Tlaккxa и гlиллакх хIоттийна стаг мила ву а хиъна, оцу жимчу к1ентан дас Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина. Иштта керла гергарло кхолладалийтина оцу хазчу гlиллакхо.
Вай далийначу масалша гойту халкъийн юкъара гlиллакхаш – дегlана хьулам бар, баккхий нах ларар – нохчаша мел чолхе даьхна шайна, мел даздина цара уьш, мел чlагlбина цара шайна и бехкамаш.
Юкъаметтигийн, гIиллакхийн атталла а ца лоьхуш, мелхуо а уьш ма-хуьллу чIогIа, хала лелор – иза ю вайн къоман оьздангаллин башхаллех цхьаъ.
Аьллачунна жамI деш, билгалдоккхур вай. Нохчийн къоман дика гlиллакхаш шайн коьртачу билгалонашца кхечу къаьмнийнчаьрца догlуш ду (цуьнан бахьана лакхахь вай далийра). Амма кхечу къаьмнех схьакъаьсташ, шен ша-тайпана синмехаллаш а кхоъллина нохчийн халкъо. Царах цхьаерш шайн оьздангаллин мах лакхара болуш, кхечу къаьмнашна а, массо адамашна а йовзар пайде хир долуш а ю. Цхьаерш вай кхузахъ йовзийтира, вуьйш кхидlа а юьйцур ю.
Къоман гlиллакхаш хиларх ца тоьа, уъш довза а деза. Йоза-дешар ца хиллачу къаьмнийн гуттар а дас вole дуъйцуш, чкъурера чкъуре дуъйлуш схъадаъхкина уьш. Амма наггахь нислуш хилла, цхьа бакхий исторически хиламаш бахьанехь (тloм, цlepaдaxap, цунах тера кхин а), чкъурашна юккъера и зlе хедaш а. Цундела цхьадолу гlиллакхаш дицдина, дlадевлла нохчашна юкъара. Амма йоза-дешар вайн къоман долу а бlе шо гергга зама ю, xleттe а хlинццалц схьа гlиллакх оьздангаллина лерина цхьа а жайна ара ца даьлла, билггалчу теманашна лерина цхьаццайолу Iилманан статьяш ца лерича.
ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь xIумa лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь xIумa йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кeтIa а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Тахана и гIиллакх цкъа а хила а ца хилча санна дIадаьлла. Бакъду, коьртахь xIумa йоцуш тезета-м цабоьлху нохчийн божарий хIинца а. Коьртахь xIумa лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Ia. Иза шен кIopггepa маьIнa долуш xIумa хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду xIapa тайпа могIанаш:
Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
Дlайиллинарг ца юуш, уьйтlахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
Уьйтlахь жlаьлеш угlуш - оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагlий, Iаьржа латта мел хьоьшу...
Кхузахь адамийн г1иллакхаш долуш гайтина говраш, ж1аьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн ц1ийнан оьздангалла, оцу кертахь долу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:
Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догlий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.
Кхин а чIогIа тамашийна сурт xIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина, хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу к1ант шозза хи тIe веъча, xIуммa а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
- Ас, хьашаволу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIe веъча а, xIуммa а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIнa хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа xIoкху лаьтта тIexь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман xIopa а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела xIopa нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев Руслана аьлла:
Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дlахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.
Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара –
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
3амано а отур ю и атта.
Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо –
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIapaш кIелахь дисна латта –
Хьан Даймехкан латта ду иза!...
Нохчийн гlиллакх-оьздангаллин гlала замано а йохор яц, нагахь вайх xlopaммa а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, вовшеха ларарца, дечу гlуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийи къам мел деха, Дала Мукълахь!
__________________