Главная » Статьи » Мои статьи

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - ОЬЗДАНГАЛЛА
 НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ-ОЬЗДАНГАЛЛА.
  
                            II дакъа

                                         

 

 

НОХЧИЙН КЪОМАН ОЬЗДАНГАЛЛИН КОЬРТА

МЕХАЛЛАШ

                                                  ( 2-г1а аг1о)

 

И мехалла вайн къоман кхетамехь ч1аг1ъялар, хетарехь, доьзна ду бусалба дин вайнахана юккъехь ч1аг1даларца. Дала Къуръан чохь аьлла, Ша собар динчуьнгахьа ву. Собар - шена т1екхаьчначу муьлххачу бохамна, г1елонна, воьхна ца хьийзаш, сихаллехь, ойла яр доцуш цхьаъ ца деш сацавала, хиллачух нийса кхета а, маь1на дан а хьекьал кхачар ду.

 

Собаран барам тайп-тайпана хуьлу. Поэта Сулейманов Ахьмада олура, къонах, собар кхачийна хилча а, собар карош хила веза.

Оцу тайпанчу собаран доккха масал ду Зандакъарчу Г1еза-Хьаьжас динарг. Зуда ялийначу шолг1ачу дийнахь к1ант вийна Г1еза-Хьаьжин. Юьртарчу кегийчу наха лаьцна схьавалийна зулам динарг, Г1еза-Хьаьжина хьалха д1ах1оттийна, х1ун диэ шаьш кхунна аьлла.

 

«Х1ун бахьана дара ахь шен к1ант веран?» - хаьттина Г1еза-Хьаьжас. Зуламхо дуьхьалваьлла и ца дуьйцуш. Эххар а, Г1еза-Хьаьжа 1анне а ца 1ийча, дийцина цо бахьана. «Хьан к1анта ялийна йо1 езаш вара ша. И йо1 а яра иштта шега безам болуш а, маре ян реза а. Амма йоь1ан дас-нанас, цунна ца луъушехь, хьан к1анте елира иза; елира хьо бахьанехь, хьан, эвлаяан, к1ант ву аьлла. И ца лалуш вийна ша хьан к1ант».

Делан дуьхьа шен к1ентан ч1ир а юьтий, ялийначу шолг1ачу дийнахь к1антах йиснарг шен ч1ирхочуьнга д1а а лой, цу шиннан мах а бой, шена уьйт1а ваьлча гуччохь цаьршинна ц1енош а дойтий, и шиъ царна чохь ша дуьненчуьра д1аваллалц даха дуьту Г1еза-Хьаьжас.

 

Оцу цхьана г1уллакхо а гойту Зандакъара Г1еза-Хьаьжа бакъ эвлаяъ а, цуьнан иман ч1ог1а а хилар. Цундела халкъалахь «шайт1анан букъ кагбина Зандакъара Г1еза-Хьаьжа» аьлла ц1е д1аяхна цуьнан.

 

 

Г1еза-Хьаьжас динчун маь1на дан г1оьртича билгал долу:

- собар доза доцуш хилар; кхид1а сатоха ца оьшу аьлла меттиг т1екхаьчча а, шегахь собар лохуш а, и карош а стаг хила везар;

 

- Г1еза-Хьаьжин собар ийман ч1ог1а долчу стеган бен хила йиш йоцчу барамехь хилар. Дала Къуръан чохь «Ша собар динчуьнгахьа ву» бохучу дешнаша г1о дина Г1еза-Хьаьжина оццул доккха собар шегахь каро;

- тахана шен лаамо бохург а дина, зуламхочух дог 1аборал дукха Делехьара шена хинйолу ял езна устазана;

 

- и зулам бакъ а хетта гечдина дац Г1еза-Хьаьжас зуламхочунна. Цунна кхиэл яр дерриге х1ума гуш а, хууш а волчу, Лаккхарчу Нийсонан да волчу Делехь дитина цо; ткъа шена Делера ял а лехна цо, шен доза доцчу собарца.

 

И тайпа тамашийна х1ума сихха даьржаш хилла Нохчийчохь, иза доккха масал а хилла дов дерзон а, собарца шена ял яккха а луучунна. Цу тайпанчух лаьцна дийцира шен цхьана статья т1ехь яздархочо Атсаламов Идриса:

 

«…Иштта, цкъа девнехь цхьаьннан карах велла хилла доьналла хиларна г1араваьлла волчу ворх1 вешех цхьаъ. Хетарехь, дов даларан бехк веллачун хилла.

Тезет д1адирзина кхозлаг1чу дийнахь веллачун ялх ваша вехачу керта дукха адамаш гулделла, сов хьалхе 1уьйранна.

 

Вежарех воккханиг, шен кертахь гулделла адамаш ма-гиннехь, хьем ца беш царна дуьхьал вахана. Вог1уш лаьтташехь: «1уьйре дика хуьлда шун, Сий долу хьеший. Шун мачин айрин меха вацара-кх со, шу х1унда 1а горх1иттина? Доьху ас шуьга, сихонца г1овтта. Со теша, томехь доцу дехар дийр дац аш. Муьлхха а шун лаам кхочушхилла бу» - аьлла цо.

Воккхачунна улло д1ах1иттина вуьйш вежарий а.

 

Т1аккха вистхилла дехарна хьалха верг:

- Кхин цкъа а оха хьоьга кадам бо хьан вешех. Шун дегнех кхета тхо. 1ийжаш ду уьш. Хеназа велларг Дала декъала войла. Беркате дахар т1аьхьенан хуьлда. Тхан дехар хала дац. 1адатехь лелларг ду. Х1ун бехк бу берийн - бодашкахь доьлхучеран? Х1ун бехк бу нанойн - кораш а 1арждина, дезарш а дитина, ладоьг1учеран? Доьху-кха оха хьоьга, лураллин беза мохь битахьа цхьанна, декъаза кхаж шена баьллачунна. Куьг бехке боцурш маьрша бита.

 

Вистхилла вежарех воккхах верг т1аккха:

 

- Шун Дала Сий дойла, къонахий, къаной. Шу дахккал, аш деххал доккха а дацара-кх аш деъна дехар. Делахь а оццул тхан сий дина, оьздангалла ларйина шу керта даьхкина. Оьшуш хилча, шун дуьхьа тхох х1ора а лийр вара. Тхан ваша велла-кх, 1ожаллин кхаж баьлла. Девнехь шимма вовшашна чевнаш йина. Вешина доьг1на хилла-кх царах вала. Тхан ч1ирхо зуламан ох1ла цахилар а хууш ду тхуна. Ткъа дов дов ма ду. Аьлла ду-кх вайн дайша - дов к1алд-даьтта дац. Ткъа шу, кхуза гулделларш, сий долу къонахий, шун дуьхьа, х1ора а нохчочун нанас шен к1ант техкош 1енийначу б1аьрхийн дуьхьа, вай кхоьллин а, кхалхо дезачу а Аллах1ан а дуьхьа дош лур ду шуна. Хьем хилахь а доьху, кхуза схьавалаве тхан ч1ирхо а...

 

Геланчаша лурвоьлларг барми т1ехь сихонца кхачийна схьа. Вежарех воккхачо кхайкхина шайн нене:

 

- Нана, схьайолахьа. Ахь хьайниг санна, цхьана нанас аганахь техкийна и 1уьллург а ву-кх. Цуьнан нана елхарх, хьан йоьлийла дац-кха. Веллачунна метта к1ант вехьа цунах. Эхартахь цхьаъ а, дуьненахь ворх1 а хир ву хьан х1инца. Къинт1ера ялахьа, и мара а воллий, доьхна дог къовлахьа, доьналлин шад бай.

 

- Х1ай нах,- аьлла цо кхит1е а,- шух девлла дуьненахь лелийла дац-кха тхан. Шун дуьхьа вити оха лурвоьлларг хьалха...

 

Цу масалша а гойту вайн дайшгахь хилла барам боцу собар. Амма х1инцлера заманахь собар цу тагехь хилча цуьнан мах хадо сихло вайнах, ца хаъ цу нахана цу собари боккъал долу маь1на.

 

Амма дуккха а нислуш хилла цул а атта д1адерзо аьтту болу дов д1адерззол собар доцуш, т1ебаьхкинчу дехаран дайн а, цаьрца цхьаьна баьхкинчу дуккхаъчу нехан а юьхь ца еш, жоьпан дай боьхна хьийзаш меттигаш а. Царах цхьаъ ялайо оццу авторо шен билгалъяьккхинчу статья т1ехь:

 

«...Кхузткъе итт шо а сов хьалха лаьмнийн ярташкахь цхьаьннан карах, ца хууш пел бахна х1оъ а кхетта, жима стаг вийна. Дуккха а нах, гонахарчу ярташкара а т1ехь, гул а белла, веллачу стеган да волчу керта бахна, дехар эцна. Дехар дала дезаш волу стаг, шаьш дог1ийла хиъча, ц1ера валарна а кхерабелла, цуьнга д1ахаийтина х1ума а доцуш, дукха 1уьйранна сахуьлучу хенахь бахна уьйт1ахь а, кертахь а гораэгна хилла дукха адамаш, керт а, урам а д1алаьцна. Ирахь лаьтташ, дехарна хьалхаваьлла 1абдул-Хьалим-молла воцург, цхьа а ца хилла.

 

Сахуьлуш корах арахьаьжча, гулделла шен кертахь дукха адамаш гина чохь волчу х1усамдена. И сурт шена гича, т1еюха ца кхуьуш мачаш а туьйдина, кетар т1е а ийзош, араиккхина дехар дала дезарг. Дукха реза воцуш, оьг1азвахна, гулбеллачарна яппарш еш схьахьаьддачу цо, Салам-маршалла хаттар доцуш, к1оршаме хабар долийна:

 

- Хаьттина-аьлла х1ума доцуш, сан керта шу х1унда даьхкина? Шуьга хьан кхайкхина? Д1адовла сан кертара. Сан г1уллакх дац шуьца...

 

Иштта карзахваьлла иза хьаьвзича, дехарна хьалхаваьлла 1абдул-Хьалим воха а воьхна, дош кара а ца дог1уш, сацавелла.

 

Оццу хенахь цунна уллохь горах1оьттина лаьтта 1ума-Хьаьжин Исраил, хьала а г1еттина, т1евахна, карзахе хьийзарг къевллина мара а воьллина, вистхилла:

 

- Во, хьенех! Тхо-м хьо волчу тойне ца дог1урий, хьоьга хьалххе хаам бан. Дог1ийла хиъча, хьо тхайх хьулваларна кхоьруш, дуьхьал ца варна кхоьруш, тхайн дехаре ахь ладог1а лууш, ладоьг1ча тхох кхетаре дог дохуш дай оха динарг-м. Хьо лоруш, хьан сий деш лелий тхо-м. Собаре хилахьа. Д1ахьажахьа хьайна хьалха гораэгначу нахе. Ладог1ахьа хьайга дехарца кхойкхучу церан дегнашка.

 

Оццу юкъана вохар д1а а даьлла, меттавеъначу 1абдул-Хьалима къамел шега эцна. Ма-дарра цо динчу къамелан чулацам вайна ца бевза. Амма цу къамелан герггарчу хьесапехь маь1на декъазчу адамийн кхолламех, зуламийн эрчаллех, къоман оьздачу г1иллакхех, къонах собарх, барт-яхь йолчеран ницкъах, шен диканах-вонах вала йиш цахиларх, иштта д1а кху чолхечу дахаран амалех-битамех хилла хилар ц1ена бакъду.

 

Делахь а къора хилла дехарна дуьхьал х1оьттинарг. Дечу къамелана хьере хилла, дехаршка шовкъаш оьхуш, гораэгна нах тергалбеш ца хилла цо. Лацаделла долу дог1маш хьала ца нисдеш, делкъенга бевлла нах...

 

Бакъонца-нийсонца шега дечу дехарна дала жоп доцург диканна дуьхьал дика а, вонна дуьхьал вон а дан къонах ца лерина вайнаха.

 

Оццул долу адам горах1оьттина, нахалахь ц1е йоккхуш мел болчу наха шега доьхуш, ца хууш ларамза даьллачунна гечде бахар дуьхьаларчо тергал ца деш дитича, хьалхаваьлла горах1иттинчу нахана юкъара къаьстина, ханна дукха воккха вацахь а, нахалахь ц1е йоккхуш вевзаш волу Айдамаран Ризван. «Х1а-х1а, нах, - аьлла цо. – Ладог1алаш соьга! Деза а, сийлахь а мел долчу х1уманан а дуьхьа, ларамза шен карах стаг веллачунна гечдар дехар вайн жоп доцуш диси. Д1ахоийла шуна тахана х1окху халкъана дехарна дала жоп доцчу кху стагехьара цхьа а тайпа кхерам цахилар. Х1ара къонах вац, кхуо стаг а вуьйр вац, х1ара шена не1алт хиларг ву. Хьалаг1овтта, д1адоьлху вай».

 

Собарца йоьзна ю майралла а. И амал наггахь а, шен меттехь а гучуяккха езаш хилла. Кхид1а собар дича, г1уллакх оьздангаллин гурара д1а а даьлла, осалалла тулуш хилча, и ца хилийта оьшу г1уллакхаш дан доьналла хилар ю майралла. Цкъа хьалха собарца долчу хьолера к1елхьаравала гечо а ца лохуш, девнна т1ег1ертар, хиндолчун ойла а ца еш, т1амца чуг1ертар, майралла йоцуш, сонталла ю. Вайнаха стагана т1ехь доккха сакхат лоруш а хилла иза. Майраллиний, сонталлин юккъера башхалла, хетарехь, иштта ю: майралла - иза нийсо меттах1отто, оьздангалла ларъян оьшург дан кийча хилар; ткъа сонталла - зулам д1адоло кийча хилар.

 

Собар боху дош а, цуьнан дуьззина долу маь1на вайн къоман синкхетамехь ч1аг1делла бусалба дин вай нахана юкъахь, даржарца. Ткъа «яхь» боху синмехалла вайн къоман амалехь цул хьалха дуьйна а хилла чух тера ду, цу т1е вайнехан синкультурин башхалла гойтуш шатайпа г1иллакх а ду иза.

 

Нохчийн къоман турпалаллин иллеш, дукха хьолахь, х1окху я кхарах терра чулацам болчу дешнашца чекхдовлу:

 

Нанас дена ма волда яхь йоцу ва к1анат,

И вича ма кхиа цу дийнан делкъалца;

Нанас дена ма волда тешам боцу ва к1анат,

И вича ма кхиа яра дуьне ва даа!

Яхь йоцчу ва к1антал яхь йолу йо1 тоьлу,

Ма дала вай, к1ентий, бохуриг ца хуьлуш,

Ма дала вай, к1ентий, вовшех безам ва байна!

Вайн дахар хуьлда-кха Нийсачу бартаца,

Хьоькхучу ва мохо цабезам д1акхоьхьуш,

Хьоькхучу ва мохо безам т1е ва кхоьхьуш!

Яхь йоцчу ва к1антал торг1ал етт ма тоьлу,

Тешам боцчу ва к1антал бордах етт ма тоьлу.

 

Оцу дешнийн маь1ан кхеташ волчунна, ч1ог1а маь1ан долуш дешнаш ду уьш.

 

Х1ун маь1на леладо оццул ч1ог1а вайн нохчийн кхетамехь дехачу «яхь», дашо. Хетарехь, яхь - иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь (комаьршаллехь, майраллехь и. д1. кх. а) кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду. Оцу хьолехь стаг ша х1ума хаъал хилчхьана велла д1аваллалц хуьлуш хилла. Хийла даккхий хьуьнарш гойтуш, хийла шега лалур яц аьлла халонаш ловш хилла стага гонахарчу нахаца я билггал волчу цхьана стагаца йохье а волий. Стага яхь лелош верг цуьнан заманхо хила а тарло, я цкъа мацах ваьхна махкахь а ц1е яхна стаг хила а мега.

 

Нохчийн маттахь олуш ду «оьзда яхь» боху дешнаш. Иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ертахь а, и дархьама лелориг оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун кхиамех воккхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван а ницкъ кхочучу стеган яхь ю. Иштта яхь ю вайнаха иллешкахь юьйцуш а, хестош а.

 

Масала, схьаоьцур вай «Г1ебартойн Курсолтин илли». Цу т1ехь дуьйцу ша волчу хьошалг1а веъначу шен доттаг1чун Г1ебартойн Курсолтин «сирла б1аьрг т1ехь сецна» Дадин хаза йо1, шена сил а дукха иза езаш хилар лачкъадой, Жерочун жимчу к1анта хьешана т1аьхьах1оттаярх лаьцна. Амма ц1а кхаьчча, Нохчийчуьра далийна нускал г1ийла гича, хаттаршка ваьлла Курсолта т1аьхьакхуьу дерригенна а. Т1аккха цо, нохчийн к1антаца оьздачу йохье а волий, Нохчийчу юхаялайо Жерочун жимчу к1анта шена ялон лерина йолу Дадин хаза йо1. Юхаялайо, шен безамах догу дог г1иллакхан, оьздангаллин гурахь а сацадой. Т1аккха цуьнца йохье ваьллачу Жерочун жимчу к1анта далийначу буссехь, шех бехк боцу бахьана а хилла, д1адахна Курсолтин к1айн нускал духадаладо.

Ишттачух олу оьзда яхь.

 

Цуьнан кхин а тамашийна масал карадо 1илманчас Джамбеков Ша1ранис д1аяздинчу ширчу дийцарехь.

 

Мацах цкъа ламчохь цхьа г1иллакх хилла, шара чохь масехазза массо а юкъ йихкинчу стаге цхьана лома буьххье кхойкхуш, шен герзаца, динца, сатоссучу заманахь. Уггар а т1аьхьависинчун корта боккхуш хилла, махкана цхьа бохам т1екхаьчча а изза дийр ду цо олий. Цкъа цхьана 1уьйранна иштта кхайкхича, уггаре а т1аьхьависинчу цхьана жимчу стаге хаьттина къаноша, хьуо т1аьхьависаран бахьана дийцахьа хьуо веле хьалха аьлла. Вукхо жоп делла: «Сийсара зуда ялийнера ас. Цундела шен хеннахь новкъа валар ца хилла хьевелла со...» «Дан х1ума дац, дайн 1едал кхочушдаза ца довлу тхо», - аьлла къаноша. Амма кхиэл кхочушйина уьш бовлале, цул т1аьхьависина бере кхаьчна цига. Цундела цуьнан баьлла валаран кхаж, цул хьалха виэн кечвинарг к1елхьара а волуш.

Цуьнга а хаьттина къаноша т1аьхьависаран бахьана. Вукхо жоп деллера: «Сийсара т1ехьийза йо1 маре яханера сан. Иза яхана к1ант кхуза ван хьеваларна кхоьруш лома бухехь лаьттара со, хьалххе схьа а веъна... Суна ца лаьара и йо1 сел хьалхе дог доьхна юьсийла... Ткъа со кийча ву шун кхиэлана».

Оцу к1ентан дешнаша цецбаьхна къаной дуккха а 1ийна хилларг дуьйцуш. Эххар а сацам т1еэцна цара:

 

«Х1ара тайпа яхь йолу, ц1ена к1ентий вайна юккъехь мел бу, вайна кхераме вац цхьа а мостаг1а. Цундела дайн шира 1едал тахана дуьйна вайна юккъера д1адоккху вай...

 

Теша хала долуш, доккха хьуьнар а, оьзда яхь а ю оцу т1аьххьарчу к1анта гайтинарг.

Коьрта дац и х1ума дахарехь хилла я ца хилла бохург. Коьрта и тайпа оьздангаллех, серлонах, къинхетамах дуьззина дийцарш вайн халкъо кхоллар ду. Цо а гойту вайн къоман дукхахдолу адамаш хьалха заманахь дуьйна гуттар а сирлачуьнга кхийдаш хиллий, цуьнан дахаран къилбанаш синкхетаман лекхалле хьовсийна хиллий.

 

Вай юьйцучу оьздачу йохьаца цхьаьна, вайнахана юкъахь еха харц яхь а. Иза стага, нахаца йохье а волий, цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду. И тайпа харц яхь дика гайтина Бадуев Са1идан «Баудди» дийцарехь. Цу т1ерачу турпалхочо, хьекъал доцчу шен накъостаца йохье а волий, мелла а волуш шен багара даьлла дош кхочуш ца дича, наха стаг вац эр ду шена олий, ша керла ялийна зуда юьту, цхьа а бехк а, гуьнахь а доцуш. И бахьанехь х1аллак а хуьлу Кулсам, цхьа буьйса яккха а чохь а ца юьтуш, дорце, бодане, шелоне шен майрачо ара а йоккхий. (Нохчийчохь деха дуккха харц г1иллакхаш довза таро ю и дийцар теллича. Цундела иза х1окху декъан чаккхенехь даладо вай.).

 

__________________

         
                    
 
 
 (т1аьхье хир ю)


Источник: http://Кавказ.чат
Категория: Мои статьи | Добавил: borzik (07.04.2008)
Просмотров: 7407


Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024