Харц яхь бахьанехь, наха цхьамма т1ехтохам бича, нахах эхь хетий, мацах цхьаьннан карах цхьаъ веллера олий, тухий, куьгбехке воцу, маьрша стаг вуьйш меттигаш а нисло вайн дахарехь. Амма нахах эхь а хетта, и зулам дале хьалха Делах эхь хета деза: Дала доьхкуш ма ду бехк боцуш зуда йитар, я куьгбехке воду стаг ч1ирана виэр.
Харц йохьан къеггина долу масал дара масех шо хьалха цхьана дикчу г1уллакхна ахчанаш тасийта вовшахтоьхначу телемарафонехь хилларг. Дика д1адоьдуш дара саг1ийна х1ума ялар, нах вовшашца йохье а буьйлуш. Ехха раг1 х1оьттинера ахча чу тосучу яьшки т1екхача г1ертачу нехан. Амма телетрансляци чекх а яьлла, камераш болх бечуьра севцча, и раг1, хила а ца хилча санна, д1асаелира. Шаьш махкана гойтуш хилча ахча дала реза хилларш, и «гуш доцу» саг1а дала лаам болуш бацара.
Харц йохьана уллохь ю хьаг1. Иза а къовсавалар ду, ша къовсавеллачунна вуон болх хила лаарца къовсавалар: иза шел тоьлча, и лан оьздангалла йоцуш, цунна тешнабехк бан а, харц цiе кхолла а, х1уъу дан а кийча а волуш. Гуш ду иза стеган амалехь 1аламат доккха сакхат а, доккха къа а хилар. Делан Элчас - Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна аьлла: «Хьог1о ягайо шун 1амалш»
Кху дуьненахь дуьххьара хьаг1 гучуялар Къабила шен ваша Х1абил верца хилла. Цо ца лайна Х1абилан саг1а Дала т1еэцар а, шайн дена иза дукхавезар а. Ойла ц1ан а йина, нисваларан метта, цо шен дог д1ало вешица йолчу хьог1ана. Х1етахь дуьйна адамашна юкъахь даккхийчу зуламийн бахьана хилла еха хьаг1.
«Яхь», «хьагь» боху кхетамаш, дуьхь-дуьхьалара маь1на долуш белахь а, мелла а вовшашца з1е йолуш а бу. Цу шиннан а бухахь - къовсавалар ду. Цундела
стаг гуттар а сема хила веза шен яхь хьог1е ца йоьрзуьйтуш, шен лаамера шайт1анан лааме ца волуш (ткъа хьаг1 - шайтiанан лаам бу). Коьрта долчунна, и ца хилийта лоцуш хилла хьалха къонахаша шайна оьздангаллин хехой.
Бакъ а долуш, яхь вайн къоман дахарехь кхетош кхиоран мехала г1уллакх кхочушдеш хилла, къаьсттина вайнаха бусалба дин т1еэцале хьалха. Иза къоман дахаран диканан-вуонан терза вуонехьа ца то1уьйтуш, гуттар а дика аг1о еза лоттуьйтуш, ца хилча йиш йоцу хiума а хилла.
Амма бусалба дин к1оргга довзарца, бакъболу бусалба нах алсамбовларца, кхечаьрца къовса а велла деш долу диканаш д1адовла декхар ду. Боккъал Делах тешачу стага, цхьаьнцца а къовсам ца хилча а, я цхьанна а ца гича а бен а ца хеташ, Дала шена и т1едиллина долу дела дан деза дика гiуллакхаш. Цо иштта дийр а ду уьш, ша цхьа а стаг воцчу г1айри т1ехь нисвелча а, я дика масал эца, шеца йохье вала стаг шайна юкъахь воцчу, харцонна т1аьхьабазабеллачу нахана юккъе нисвелча а.
Иза дац «яхь» боху кхетам вайна юкъара д1абала беза бохург. Х1ан-х1а. Яхь Дала де боху дика г1уллакхаш Делан дуьхьа дарехь хила еза, оцу маь1нехь вайна юкъахь лела а еза.
Иштта, цхьанна а гайта а ца г1ерташ, я цхьаьнцца а йохье вуьйлуш воцуш, нахана пайде г1уллакхаш деш г1иллакх а хилла вайнехан: некъ боккхуш, т1ай туьллуш, шовда тодеш, дитт дуг1уш... Оцу тайпанчу г1уллакхах лаьцна дуьйцу поэта Арсанукаев Шайхис шен «Новкъахь» ц1е йолчу стихотворени тiехь:
Г1елвелла вог1у со,
Ткъа кийра - хьогалла богу.
Д1ахьаьжча:
Къена кхор.
Луьста гiа -
1индаг1а тайна.
Кхура к1ел ведар го,
Ткъа генах кхозуш бу чами.
Г1ант лаьтта, бохуш соь:
«Схьавола, сада1а хьайна!»
Т1евахна,
Шовданан хи мелла,
Кийра ас 1абий...
«Мила ву техьа и -
Х1оттийнарг кхузахь г1ант суна?
Шовдан т1е яхана,
Хи деънарг мила ю техьа?
Масаммо аьлла те,
Т1ехволуш,
Баркалла цунна?» - Ойлане хьоьжу со:
Адам дац гуш кертал дехьа.
Иштта, нахана шайн ц1е йовзийта а ца г1ерташ, г1уллакхаш дийраш бу ийман а, лаккхара оьздангалла а йолуш.
Вайн къоман оьздангаллехь йоккха меттиг д1алоцу къинхетамо. Адамашца а, ткъа иштта массо а гонахарчу садолчу х1уманца а къинхетаме хилар - стеган уггар а хьалхара декхар ду. Муьлххачу хьолехь стага шегара къизалла гайтар осалалла хилла.
Уггар а къинхетам хила йиш йоцучу меттехь – т1амехь я девнехь, - вовшийн виэн дуьхь-дуьхьал х1оьттинчу хенахь а, шина мостаг1чо хадо йиш йоцуш къинхетаман доза хилла - вовшашна шаьлтанаш ца 1иттар. Х1унда аьлча, тоьхна йина чов хала яц, иза ерза а тарло. Ткъа 1оьттина йина чов, ц1ий чухьовзар бахьанехь, дархочунна т1ех лазаме а, дахарна ч1ог1а кхераме а ю. Цундела вайн къоман оьздангалло дихкина хилла 1уттуш чов яр. «Шаьлта 1уттур яц къот1алг1а вина воцчо» - боху халкъан кицано.
Адамашца болу къинхетам вайн къоман юкъараллехь гучуболуш хилла буоберашца, жоьрахь бисинчу зударшца, ваша воцчу йишица, во1 воцчу деца, къеначу нахаца болчу лерамца. Иза вайна дика го нохчийн иллийн чулацам бевзича а: яхь йолчу к1енташа лаьллинчу реманах я кхитайпанчу к1айчу х1онцах доккхах долу дакъа вай лакхахь хьахийначу г1ийлачу нахана луш хилла цара.
Билгалдаккха деза: Делан бакъ дин - дерриге а адамех Дала бина къинхетам бу. «Шу вовшашца къинхетаме хилахь, Ша шуьца къинхетаме хир ву», - боху Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь.
Къинхетам боьзна бу кхечу синмехаллица - комаьршаллица. Я кхечу аг1ор аьлча, комаьршалла - иза стеган къинхетам гучубаларан кепех цхьаъ ю. Ша «комаьрша» боху дош иза «ка (куьг) д1адаьстина (маьрша дитина) » бохург ду. Шен дерг, буй бина, къайла ца доккхуш, цунах нахана дакъа деш ву боху маь1на ду цу дешан. Стеган комаьршалла уггар хьалха шен чохь а, гергарчарна а, т1аккха лулахошна а гучуйолу. Лулахошца мегаш а, цаьрца комаьрша а хилар 1аламат деза лерина вайн дайша. Цундела кхоьллина цара иштта хьекъале кица: «Уллора лулахо тоьлу генарчу вешел».
Комаьршалла къаьсттина билгалйолу хьешана х1оттийначу шуьнехь. Х1усамден комаьршалла - иза шен ерг хьалха йиллар ю. Ткъа, Мамакаев Мохьмада ма-аллара, «сискалца и муьста берам догц1ена ахь хьалха биллахь» тоьар ду... И иштта делахь а, хьаша веъча, шен т1аьххьара уьстаг1 я бежана йийна а, шен яцахь йолчуьнгара юхалург ехна а, хьешан г1уллакх дан хьажар г1иллакх хилла нохчийн стеган.
Нохчийн х1усаман комаьршаллех кхечу поэта Сулейманов Ахьмада аьлла:
Цу кхерчарчу ц1арочул а,
Хьаша вохвеш йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош.
Хьаша ларарх а, цуьнан йозаллех а вай кхул т1аьхьарчу декъехь а дуьйцур ду, кхузахь мелла а эр вай. Хьаша нохчаша генара мел хили ч1ог1а лоруш хилла, кхечу къомах хилча-м муххале а. «Мехкан воцу хьаша - иштта йоккхуш хилла генара веанчун ц1е. Иза ларвар, 1алашвар, цуьнан хьаште хьажар - иза т1евоьссинчу х1усаман ден хилла ца 1аш, оцу ерриг юьртан а г1уллакх хилла. Х1унда аьлча, мехкан воцчу хьешана т1е, лар ца веш, цхьа бохам кхачийтича, ерриге юьртана а иэхь хилла.
Хьешан йозалла гойтуш ду цкъа мацах вайн ламчохь хилла х1ара бакъдерг. Пхьа хьаьрчина цхьа стаг хилла ламчу веъна. Лорах баьхкина ч1ирхой т1аьхьакхиъна, цара т1ом а бина, и пхьа хьаьрчинарг т1евоьссинчу х1усамден к1ант вийна. Х1усамдас аьлла: «Хьаша ларвар шен декхар ду, х1окху сан хьешо вийначунна дуьхьал д1алара шаьш вийна к1ант». Иштта ч1ирах хьалхавитина х1усамдас шен хьаша.
Къаьмнаш къастош доцуш тосуш хилла нохчаша доттаг1алла. Иштта, вайн иллешкахь дуьйцу хийла ваша воцу цхьалха к1ант шена доттаг1а лаца аравалар а, иза кхечу къомах волчу стагана т1евоссар а.
Вай кхузахь хьахийначу «Г1ебартойн к1ентан илли» т1ехь жерочун жима к1ант, ша цхьалха волу дела, шена доттаг1а лаца Г1ебарта воьду. Цигахь оьздангаллица, къонахаллица ц1еяханчу Курсолтина т1е хьо цо ша арадаьккхина г1уллакх. Вукхо т1еоьцу кхуо кховдийна доттаг1алла. Шен оцу буса далийна нускал доллушехь, х1ара чохь а вуьтий, кхуьнан г1уллакхна ара а волу. Оцу буса Жерочун жима к1ант шен майра ву моьттуш чудеъначу цуьнан «кiайчу нускалх» петухуш къаьхка генара хьаша, ткъа ларамза шен цунах хьакхабелла ши п1елг, шаьлта тухий д1а а боккхий, коре охьабуьллу цо. Х1унда аьлча, доттаг1алла - иза уггар а хьалха тешам бу. Цундела, ларамза хиллехь а, доттаг1чун езарх хьакхавалар а осалалла лору оьздачу нохчочо. И д1анисдеш, ларамза «осалбаьлла», «тешаме ца хилла» ши п1елг а д1ахадабо цо...
Тешам бу доттаг1аллехь уггаре а ч1ог1а оьшург а, ца хилча йиш йоцург а. Тешам боцчу доттаг1чух кхераме мостаг1а хила а йиш ю. Цунах лаьцна дуьйцу поэта Кибиев Мусбека:
Цхьаволчу доттаг1чул
Да вийнарг тоьлу, -
Хьоьца шен ч1ир нисъеш,
Ч1ирхо ца воьлу.
Кхиволу доттаг1а
Вешел ву г1оле, -
Т1ехьа и соьцучохь,
Хьалха и волу.
Х1аъ, бакъволчу доттаг1чо тоьпан даьндаргах шен дег1аца ларвийр ву доттаг1а. Оццул деза ду доттаг1алла. Доттаг1а дел, вешел эвхьаза ву стагана, цу шинга ца дуьйцург (сингаттам, дегалазам) доттаг1чуьнга дуьйцур ду цо. «Ваша ваша вац, и хьан доттаг1а вацахь», - боху халкъан хьекъало.
Вайн къоман иэсехь бу «дуй биъна доттаг1а» боху кхетам. Иза цкъа а къаста йиш йоцу доттаг1ий бу бохург ду.
Тешаме доттаг1а ч1аг1онан б1ов ю баьхна вайнаха. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар а. Ша леш шен цхьаъ бен воцчу к1анте весет до дас, х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1алахь, олий. Иза кхелхинчул т1аьхьа ойлане хуьлу к1ант, шен ден весетан маь1нех ца кхеташ. Оцу к1ентан х1усамнанас кхетийна иза: х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1а бохург, хьоьга цхьацца доттаг1а лаца бохург ма ду.
Доттаг1а кхечу къаьмнашна юкъара лоцуш хиларца доьзна, кхин цхьа вайнехан амал хьахо йог1у кхузахь. Иза кхечу къомах волу, ч1ир хьаьрчина, я кхи тайпана бохам бахьанехь, я дуьххьалд1а нохчийн г1иллакхаш, ламасташ шена герга хетта, я къелла бахьанехь т1евеъна стаг, цунна юьртан юкъарчу лаьттах дакъа а дой, охьахаош хилла. Т1евеъначо, шен керла меттиг беркате хилийта, тухий сту а боьй, саг1а доккхуш а хилла.
Иштта веъна стаг юьртахойх цхьамма-шимма, цхьана ц1ийно я некъино, цуьнан дола дан а, цуьнгара ледарло ялахь жоп дала а т1елоцуш хилла. Хан хене яларца цу т1еэцначу стеган т1аьхье д1ауьйш хилла юьртахойх, шаьш т1елаьцначу некъин (гаран, тайпанан) декъашхой а хуьлий. Церан ларам а цара дечу гiуллакхашка, церан оьздангалле хьожжий беш хилла, кхечу къомах схьавалар тидаме а ца оьцуш.
Муьлххачу а къомах волчу стеган оьзда г1иллакхаш, церан доьналла, къонахалла билгалйоккхуш а, хастош а хилла вайнаха. Цунна тоьшалла до нохчийн турпалаллин иллеша. Царна т1ехь дикачу аг1ор хьахийна бу тайп-тайпанчу къаьмнийн: гуьржийн, г1ебартойн, г1умкийн, ног1ийн... - векалш. Цхьадолчу иллешкахь уьш нохчийн к1ентел толош а хуьлу (масала, «1аьржачу Ногiех долчу илли» тiехь), уьш бакъ болуш меттиг хилча.
Оцу дерригено а гойту нохчийн къам (цуьнан хьекъале, оьзда дакъа) ша-шех тоам бина, шена чохь д1акъовладелла доцуш, дерриге а къаьмнашна д1адиллина хилар; цунна коьрта шен къомалла (нохчолла) ца хилла, коьрта адамийн юкъарниг (адамалла) хилла. Нохчолла оцу адамалла бохучу синмехаллин цхьа дакъа хилла.
Нохчочунна шен къоман г1иллакх-оьздангалло т1едожош, цо гуттар а дагахь латтош цхьа дош, цхьа кхетам хилла - Декхар. Декхар - кхузахь вай мел хьахийначу синмехаллийн лехамашна жоп луш ваха, декхар - шен дена, нанна, доьзална, юьртахошна, халкъана хьалха дерг. Ткъа уггаре а коьрта декхар - Далла хьалха долу декхар.
И дерриге а Декхарш шена т1ехь дуйла хаар - иза стеган иэхь-бехк хилар ду. Иэхь-бехк доцчу стагана массо а шена хьалха декхар хета, ткъа ша цхьанна а декхар ца хета. Гуш ма-хиллара, и кхетам шина дашах лаьтташ бу. Иэхь - иза шен декхар кхочуш ца дича, я цхьа оьзда доцург далийтича, стеган сий дожар ду. Иэхьо йожайо стеган ц1е, мах бойу цуьнан дикчу г1уллакхийн, иэхьо стеган синтем бойу, нагахь иза хета иэхь долуш, халкъо ма-аллара, «ц1ийяла юьхь» йолуш велахь.
Бехк - иза стагана, шен гергарчарна, лулахошна, юьртахошна, халкъана хьалхара декхар ца хиъча, наха олу дош ду. Бехк баккхар - ахь ледарло ялийтарна, я хьайца йолу дегайовхо бакъ ца ярна юьхь яккхар ду. Амма иза кхиэл яц, я сардам а бац, бехк царал мелла а байн мах бу стеган хадош, оьздангаллин г1уда а ду цунна тухуш; цо шен декхарш кхочуш а дина, шена т1едоьжна и г1уда д1атакхаре, ша бахьанехь кхечунна хилла вас д1аяккхаре сатийсам а бу.
Билгалдаккха деза, вай кхузахь мел йийцина синмехаллаш цхьаъ вовшашца йоьзна хилар, цхьаъ йоцуш важа хила йиш йоцуш. Масала, сий доцчу стеган иэхь-бехк хила йиш яц, иэхь-бехк доцчун тешам хир бац, тешам боцчохь доттаг1алла хила йиш яц, доттаг1алла лелалуш воцчуьнгахь яхь а хир яц...
Лакхахь вай йийцина и ерриге а синмехаллаш шегахь йолу стаг вайн къоман оьздангаллехь уггаре а лакхара дарж долуш хуьлу - къонах.
Къонах боху дош шина декъах лаьтта: «къо» + «нах» - нехан къо (к1ант), халкъан к1ант бохург ду иза. Къонах - иза халкъо кхоьллина, боьрша стаг муха хила веза бохучу хаттарна жоп луш, массо х1ума а меттехь долчу стеган васт ду. Иза х1ора нохчочунна уггаре а лекха 1алашо а хилла, дерриге а дахарехь и шена т1екхача г1ерташ. «Къонах ву алар уггаре а доккха совг1ат хилла нохчочунна. И ц1е тиллар, нах а гуллой, цхьана пхьоьханахь хуьлуш ца хилла, иза х1инца мидал ма-яллара луш а ца хилла. (Бакъду, х1инца-м стаг жим хьал долуш хилча я цхьанхьа даржехь хилча, сиха ала тарло цунах къонах, амма вай дуьцург вайн дайшкара ц1енна схьадеънарг ду). И цiе стеган г1уллакхашка, г1иллакхашка хьаьжжина, ша-шах нахалахь йоьдуш хилла, иштта ша-шах южуш а хилла, стагера цхьа ледарло яьлча.
«Къонах» аьлла ц1е яханчунна юкъараллера я нахера хуьлуш цхьа а пайда, дуьненан х1ума ца хилла. Церан декхарш а, церан адамашна хьалхара жоьпалла а алсамдолуш хилла. Бакъду, къонахчун сий даьржаш хилла, цунах лаьцна иллеш а, дийцарш а кхуллуш а хилла халкъо.
Уггаре а хала х1ума х1ун ду аьлла, шега хаьттича, «Уггаре а хала х1ума къонах хилар ду», - аьлла боху Шемалан наиб хиллачу 1успанан Са1дуллас. Цул а хала х1ун ду аьлла хаьттича, цо жоп делла: «Цул хала, къонах а хилла, чекхвалар ду».
Изза Сулейманов Ахьмада а олура, бакъду, жимма хийцина дара и дешнаш: «Уггар а хала нохчо хила ду, цул а хала нохчо хилла вахар а, чекхвалар а ду». Амма кхузахь «нохчо» бохург «къонах» бохучу дешан маь1нехь далийна ду, х1унда аьлча, къомах нохчий а болуш, хийла атта бехаш нах а болу дела а, хилла дела а; муьлхха а нохчо хила хала дац, «нохчо-къонах» хила хала ду. Иштта маь1на лелош ду Дикаев Мохьмадан евзаш йолчу стихотворенехь а «нохчо» боху дош.
«Къонах» боху ц1е шен д1а муха яхана дуьйцуш, Таймин Биболата аьлла боху: «Уггар а хьалха зудчо лерира ша, т1аккха доьзало лерира ша, доьзало лоруш гича, лулахоша лерира ша, лулахоша лерича, юьрто а лерира ша, юьрто лерича, махко а лерира». Иза букха къонах хила луучунна чолхе боцу бустам. Дуьххьара хьаьжча хетахь а, иштта атта а дац оцу хоршахула шен 1алашоне кхача. Кхузахь доккха хьекъал ду: мел даккхий хьуьнарш ахь гайтарх, хьо хьайн доьзалан хила ма-веззара да вацахь, я хьо хьайн лулахочуьнца ж1аьлица цициг санна велахь, хьуна халкъо «къонах» эр дац.
Къонахчо гайтинчу даккхийчу хьуьнаршца нийсса мах болуш а, нахалахь даьржаш а хилла цуьнгара даьлла хаза г1иллакх а, цо аьлла хьекъале дош а. Царах нахана масал хуьлуш а хилла.
Иштта, Исмайлин Дудица доьзна ду цхьа халкъан дийцар. Цхьана дийнахь Дуда хилла боху юьртан бажа бажош. Ахiи-декъехь йоьлхуш д1айоьдучу цхьана жимчу зудчух б1аьрг кхетта цуьнан. Цуьнга вист а хилла, и саца а йина, и елхаран бахьана хаьттина цо. Зудчо дийцина: «Маре яханчуьра ден ц1а яхана яра ша. Х1инца юха меран ц1а дiайоьдуш ю ша, хьуна ма-гарра, цхьа а совг1ат а дац шена дина. Марзахошна дуьхьал муха х1уттур ю ша? Царах иэхь хеташ йоьлху ша...».
Исмайлин Дудас, и юьртан бажа берриге а шен бу хьуна аьлла, уггар а тоьлла етт т1аьхьа а х1оттийна, д1а яхийтина шена х1етталц евзаш а ца хилла зуда.
Тахана Исмайлин Дудин т1еман хьуьнарш кхин ч1ог1а дуьйцуш а дац, ткъа и тайпа цуьнан хаза г1иллакхаш кест-кеста хьахадо.
(т1ехье хир ю ...)