[ Новые сообщения · Участники · Правила форума · Поиск · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Бераша дуьйцу..))
DodamДата: П1ераска, 09.05.2008, 21:23 | Сообщение # 1
Майор
Группа: Администраторы
Сообщений: 10
Награды: 0
Репутация: 3
Статус: Offline
Мерза салам-маршалла ду массаьрга а!)
Бераша наггахь цец а воккхуш х1ума олу-кх,
дуьхьала ала х1ума а доцуш вай дуьтуш))
Кху чохь иштта церан хабарш яздай вай? smile )


Хазахетар а, халахетар а - 1азап ду, нагахь санна хьоьца иза декъа уллохь стаг вацахь..)
 
DodamДата: П1ераска, 09.05.2008, 21:32 | Сообщение # 2
Майор
Группа: Администраторы
Сообщений: 10
Награды: 0
Репутация: 3
Статус: Offline
Вайн вешин йо1 ю, Мата ц1е а йолуш)
8 мартехь пхиъ шо кхаьчна цунна..)
Кху чохь цуьнан сурт а ду)
Дукха хан йоцуш вайн чохь лоппаргаш деш ерг
карийна цунна, аса мацах эцна суна йиц а елла 1уьллуш)
Ши де а далале иза яйа а яйина, суна т1аьхьа яьлла Мата:
"Мака (соьх массо а племяшкаша Мака олу),
иза саннарг суна кхин а эца!" бохуш.
Ас бах: "Мата, уьш х1инца а юхкуш хила ма ца хуьлу.
Йохъелча хир ю уьш, ас т1аккха оьцур ю хьуна.."
Цхьа реза йоцуш схьа а хьаьжна бах-кх Матас:
"Аса хьайна туьма делча-м оьцур яра хьуна ахь иза суна!" ))))))))))


Хазахетар а, халахетар а - 1азап ду, нагахь санна хьоьца иза декъа уллохь стаг вацахь..)
 
DEGIДата: К1иранде, 11.05.2008, 01:15 | Сообщение # 3
Рядовой
Группа: Проверенные
Сообщений: 7
Награды: 0
Репутация: 0
Статус: Offline
Тхо керстачу махках 1аш ду.Деги кхузахь садике лелаш ву.Цуна садикехь дуккха хан дуйна цхьа йо1 хазахетара.Гуттара ша и йо1 даймахка д1а йугур ю алара цо,амма дукха хан йоцуш ц1а а веанна и йо1 шена кхин хаза ца хета элира Дегис.Со цец йаьлла "ой х1унда?" -аьлла шега хаьттича "цуьнан кочахь тахана жа1ар гина суна .Хаза а хирвара со кочахь жа1ар йолуш йо1 йалош нохчичу вахача" "Ой т1аккха со нускал доцуш йита воллу хьо"- аьлла ша хьовзича."Д1айала нана вайн ц1ахь хаза йо1арий бан-бац.?Хазаниг ца карайахь ирчаниг а мегар ю вайшинан нохчийн хилчхьана"-аьлла жап делира Дегис.)))
Дегина ц1а а гина бац шен даймохк ,йа шен хенара нохчийн йо1.Массо ханчохь вуьжуш ,г1оттуш 1ад нохчийн чохь х1ар хуьлий ,йа важ хуьлий бохуш хаттараш до цо.


Нохчийн жима к1ант.))
 
DodamДата: Оршот, 19.05.2008, 20:35 | Сообщение # 4
Майор
Группа: Администраторы
Сообщений: 10
Награды: 0
Репутация: 3
Статус: Offline
- Дада, суна вота эцахьа, - аьлла пхи шо кхаьчна волчу Мансура.
- Ахьа иза етташ, суна болх бан новкъарло йийр ма ю.
- Х1ан-х1а, дада, ас новкъарло йийр яц хьуна,
хьо д1авижинчул т1аьхьа бен ловзур ма вац со..))))))


Хазахетар а, халахетар а - 1азап ду, нагахь санна хьоьца иза декъа уллохь стаг вацахь..)
 
papisedarchiДата: Оршот, 22.09.2008, 15:05 | Сообщение # 5
admin.
Группа: Администраторы
Сообщений: 56
Награды: 0
Репутация: 6
Статус: Offline
Жима Сабинас дехар дира шена ингалз мот 1амош г1о де аьлла.
- It's a crocodile( Итс э крокодайл),- элара аса сурта гайтина.
-Собар делахь, суна хаа хьара ху ю,- элара Сабинас.- Итс э петухайл!!!


горжусь тем, что я чеченка
 
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:



Сайт управляется системой uCoz
Copyright MyCorp © 2024